84 - Сурат Альиншикъакъ /Ят1ар/
/Маккахь доьссина , 25 аят ду/
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу



1.Cтигал яьт1ча ,
2.Цо шен Деле ладоьг1ча , хьакъ ма-дарра
3.Латта даржийча ,
4.Шен чохь дерг цо аратесча , и парг1ат даьлча
5.Цо шен Деле ладоьг1ча , хьакъ ма-дарра
6.Х1ай адам ! Баккъалла а хьо къахьоьгуш ду хьан Далла къахьегарх а , хьуна карор ду и .
7.Ткъа шена шен тептар шен аьтту куьйга делларг ,
8.Цуна атта хьесап дийра ду
9.И воьрзур ву шен доьзале воккхавеш
10.Ткъа шена шен тептар шен букъ т1ехьахула делларг ,
11.Цо кхойкхур ду х1аллак хиларе
12.Иза г1ур ву жоьжахата
13.Баккъалла а иза хилла шен доьзалехь самукъане
14.Баккъалла а цуна моьттира ша вухавоьрзур вац
15.Х1аъ , баккъалла а цуьнан Дела и гуш ма вара .
16.Х1ан х1а . Аса дуй ма буу ц1ечу тачанца ,
17.Буьйсанца , цо шена чулоцучунца ,
18.Беттаца а , иза буьзча ,
19.Шу девра ма ду хьолан т1ера хьолан т1е
20.Х1ун до цара иймане цабог1уш ,
21.Шайна къуръан дешча , гора ца г1уш ?!
22.Мелхо а , шаьш цатешначара харцдо .
23.Аллах1 т1ех дика хууш ву цара ша гулдийраг
24.Кхаъбаккха царна лазочу 1азапца
25.Шаьш тешнарш , диканаш динарш боцучарна , царна хедар йоцу ял ю