90 - Сурат Албалад /Шахьар/
/Маккахь доьссина , 20 аят ду/.
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу



1.Х1ан х1а . Аса дуй буу х1окху шахьарца ,
2.Хьо ву вехаш х1окху шахьарахь
3.Деца-ненаца , цара ша винчунца ,
4.Бакъдолуш Оха кхоьллина адам къахьоьгуш
5.Шена т1ехь цхьанне ницкъ кхочур бац моьтту цуна ?
6.Цо олу :"Дукха даьхни х1аллак дина ша"
7.Ша цхьанне ца гина моьтту цуна ?
8.Оха ца бина цуна ши б1аьрг ,
9.мотт , ши балда ?
10.Оха ца нисдина и шина новкъа ?
11.Цо ца лайна хало
12.Сте хаийтина хьуна , х1ун ю и хало ?!
13.Лай маьрша ваккхар ю ,
14.Йа мацаллийн дийнахь кхача балар ю ,
15.Гергарчу бона ,
16.Я къийвеллачу мисканна ,
17.Цул т1аьхьа ша хилла , шаьш тешначарех , собарца весетдинчарех, къинхетамца весетдинчарех
18.Уьш , бакъхьара аг1онан дай бу
19.Шаьш Тхан аятех цатешнарш , уьш харцхьара аг1онан дай бу
20.Царна т1ехь ч1аьг1на ц1е ю .