93 - Cурат Аззухьа (1уьйре)
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу .
 

  1.1уьйренора ,
  2.Буьйсанора иза тийча
  3.Д1амацатесна хьо Хьан Дала , ца вахна оьг1аз
  4.Т1аьхьарниг дикаха ма ду хьуна хьалхарчул а
  5.Лур ма ду хьуна хьан Дала , хьо реза хуьлуш
  6.Байлахь карийна дола ца дира Цо хьан ?
  7.Тилла карийна нис ца вира Цо хьо ?
  8.Къе карийна аьтто ца бира Цо хьан ?
  9.Г1ело ма елахь байна !
  10.Эккха ма велахь саг1адоьхург !
  11.Дийцалахь хьан Делан зовкх !