96 - Сурат Ал1алакъ (Ц1ийна улх)
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу .



1. Деша хьан Дела ц1арца , Ша кхоьллинчу -
2. кхоьллинчу адам ц1ийна улхах
3. Деша ! Хьан Дела уггар комаьрша ма ву
4. Ша 1амийна волу къоламца
5. Адамна 1амийна цуна ца хиънарг .
6. Х1ан х1а ! Баккъалла а адам т1ехдуьйлу
7. Шена ша гарна хьал долуш .
8. Баккъалла а хьан Деле ду дерзар .
9. Гиний хьуна ша доьхкург
10. лайна , цо ламаз дича ?
11. Муха хета хьуна и нийсонна т1ехь хиллехь ,
12. я кхерарца омру деш хиллехь ?
13. Муха хета хьуна цо харцдинехь , букътоьхнехь ?
14. Цуна ца хиъна ткъа , баккъалла а Аллах1ан гуш хилар ?
15. Х1ан х1а ! И юхацавалахь , оха лоцур ма ю к1ужал -
16. аьшпе , хат1е к1ужал .
17. Цо кхайкхийла шен пхьоьг1а
18. Оха кхойкхур бу г1аролаш .
19. Х1ан х1а ! Цуна муьт1ахь ма хила , горг1о , гергавола
.