98 - Сурат
Албаййина /Билгало/
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу .
1. Ца хилла шаьш цатешнарш , жайнан ох1анах а , декъаховечарех
а болу , д1акъаьстар болуш , шайна билгало яллалц
2. Аллах1ера элча , ша доьшуш волу ц1ена тептарш
3. Цу чохь нийса яздарш ду
4. Бекъа ца белла шайга жайна делларш , шайна билгало еанчул т1аьхьа
а бен
5. Цаьрга омру ца динера , Аллах1ан 1ибадат дарца а - доггах
Цунна дин лелош , бакъоне туьйжуш - ламаз дарца а , закат
даларца а бен . Иза ду нийсонан дин
6. Баккъалла а шаьш цатешнарш , жайнан ох1ланах а ,
декъаховечарех а болу , жоьжахатан ц1ергахь хир бу , гуттар а цу
чохь болуш . Уьш - кхолламах вонаш бу
7. Баккъалла а шаьш тешнарш а , диканаш динарш а , уьш -
кхолламах тоьлурш бу
8. Церан бекхам - шайн Далла гергахь - шайна к1елхула татолаш
лела дахаран бошмаш ю , шаьш гуттар а абаде цу чохь болуш . Дела
реза хилла царна , уьш а хилла Цунна реза . Иза шен Делах
кхийранчунна ду .