Тидар
105 - Сурат Альфийл
/Пил/
/Маккахь доьссина , 5 аят ду/.
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да
волчу
1.Хьуна ца гина хьан Дала пилан дайх х1ун
дина ?
2.Ца йира церан мекарло тилар чохь ?
3.Цо хьажийра царна т1е ардангашкахь олхазарш
4.Цаьрна поппаран т1улгаш детташ
5.Цо бира уьш диъна /дисина/ даххаш /1арчаш/ санна .
|