Тидар

 



11 - Сурат ХIуд
/Маккахь доьссина ‚ 123 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу

 



1.Алаф , лам , ра . /х1ара/ Жайна ду , шен аяташ /лерина/ ч1аг1дина /нисдина/ , т1аккха кхетамечунна , хуучунна /говзанчанна/ гергара даьстина ,
2.шоьга Аллах1ана бен 1ибадат ца дайтийта . Баккъалла а со шуна Цуьнгара /1азап/ д1ахьедийриг а , /ялца/ кхаъ боккхург а ву .
3.шоьга шайн Деле гечдар дехийта а , т1аккха /1ибадатца/ Цуьнга дерзийта а - /т1аккха/ Цо шоьга дикачу зовкхаца зовкх хьоьгуьйтур ду ц1етоьхначу ханналц , массо /дикадечу/ комаьршаллин дена Шен комаьршалла лур ю . /ткъа/ Шу д1адерзахь , баккъалла а со кхоьру шуна т1ехь доккхачу дийнан 1азапех .
4.Аллах1е ду шун дерзар . Иза массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ву .
5.Ва /нах/ ! Баккъалла а цара хабадо /д1адерзадо/ шайн накхош Цуьнах хьулбалархьама . Ва ! Цара /шайха/ шайн бедарш хьарчочу хена Цунна хууш ду цара хьулдийриг а , гучудоккхург а . Баккъалла а Иза хууш ву кийранашкахь дерг .
6.Цхьа дийнат дац лаьттахь шен рицкъа Аллах1ана /комаьршаллин/ т1ехь долуш бен . Цунна хаа цуьнан 1ойла а , цуьнан латтийла . Дерриг билгалчу жайнахь /д1аяздина/ ду .
7.Иза ву Ша кхоьллинарг стигланаш а , латта а ялх дийнахь . Цуьнан 1арш яра хи т1ехь . Шу зерхьама , муьлха ву шух 1амалехь г1оли верг . /Делора/ Ахьа аьлча :"Баккъалла а шу деллачул т1аьхьа /дендина/ г1овттор ду" , шаьш /Делах/ цатешначара эра ма дара :"Х1ара ма дац билгала /долу/ бозубанчалла бен"
8./Делора/ Оха царех 1азап т1аьхьатеттича леринчу /ягарйинчу/ хене , цара эра ма дара :"Cте сецадо и ?" Ва ! И /1азап/ царна дог1учу дийнахь /цхьаммо/ царех д1ахьовзор дац . Царна т1едог1ур ду уьш шех кхаьрдаш /цабешаш/ хилларг .
9./Делора/ Оха адаме Тхайгара къинхетамех чам баккхийтана , т1аккха цуьнах и д1абаьккхича - баккъалла а иза догдуьллург , /Делах/ ч1ог1а цатешарг ма ду
10./Делора/ Оха цуьнга зовкхан чам баккхийтача , цуьнах хьакхабеллачу баланал т1аьхьа , цо эра ма дара :"Д1адаха соьх вонаш" , Баккъалла а иза /шен карарчух/ воккхавуьйш , дозалла деш ма ву .
11.Шаьш /баланна/ сатоьхнарш а , диканаш динарш а боцурш . /ткъа/ Уьш - царна /Делера/ гечдар а , йоккха ял а ю .
12.Ахьа /д1ацакхачош/ хьайга /Дала/ хьоьху цхьадерг дита тарло , цуьнца хьан накха гаттабала а /тарло/ цара аларна :"Цунна т1е хазна йоссийнехьара , я цуьнца малик деанехьара" . Баккъалла а хьо д1ахьедийриг ву . Аллах1 массо х1уманна т1ехь векал /юкъархо/ ву .
13.Я цара олу :"Цо /шегара/ кхоьллинера иза-м" . Ахьа ала :"Т1аккха аша даладе цунах тера итт сурат , /шайгара/ кхоьллина /долу/ , кхайкха /г1оьнна/ шайн йиш йолчуьнга , Аллах1 воцуш /кхечуьнга/ , шу бакълуьйш хиллехь .
14./ткъа/ Цара шайна жоп ца деллехь , шуна хаийла баккъалла а и /къуръан/ Аллах1ан 1илманца доссийна дуй , баккъалла а кхин дела воций И бен . Дуй шу бусалба ?
15.Ша /шен 1амалца/ дуьненан дахар а , цуьнан хазалла а лууш хилларг /милла велахь/ - Оха цу /дуьнен/ чохь кхоччуш д1алур ю царна шайн 1амалийн ял , уьш цу /дуьнен/ чохь /х1уманна/ эшор бац .
16.Уьш - шайна эхартахь /жоьжахатин/ ц1е бен йоцурш бу . Эрна дайна цара цу /дуьнен/ чохь динарг , доьхна ду цара деш хилларг .
17./дуьне дезарг санна ву/ Ша шен Делера билгалонна т1ехь хилларг , шена т1аьхьавозуш Цуьнгара теш волуш , цул хьалха Мусан жайна хилла имам а , къинхетам а ? Уьш - цунах тешаш бу . Тобанашха ша цунах цатешарг /милла велахь/ , /жоьжахатин/ ц1е ю цуьнан йиллина хан . Хьо ма хила цунах шеконехь , баккъалла а и хьан Делера бакъдерг ду , делахь а дукхахболу нах ца теша
18.Мила ву Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллинчул а сов зуламе ? Уьш /къемата дийнахь/ шайн Далла хьалха д1ах1иттор бу , тешаш эра ду :"Х1орш бу /уьш/ шаьш шайн Далла т1ехь харцо кхоьллинарш . Ва ! Аллах1ан не1алт хуьлийла зуламхошна ,
19.шаьш Аллах1ан новкъах /нах/ бухабетташ болу , и гома хила лууш болу , уьш бу уьш эхартах цатешарш .
20.Уьш ца хилла /Аллах1/ г1орасиза веш лаьттахь , ца хилла царна Аллах1 воцург /1азап духатоха/ кхин г1оьнчий а . Шозза совдоккхур ду Цо царна 1азап , уьш бацара ладог1а ницкъ кхочуш , бацара гуш а
21.Уьш - шаьш шайн дог1машна эшам бинарш бу . /доьхна/ Д1атилла царех цара кхуллуш хилларг .
22.Дера /шеко йоцуш/ баккъалла а уьш ма бу уьш эхартахь уггар эшнарш
23.Баккъалла а шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а , шайн Далла муьт1ахь хилларш а - уьш ялсаманин дай бу , уьш цу чохь гуттур 1ийр бу .
24./оцу/ Шина тобанан масал - б1аьрзе , къора волчух а , б1аьрса гуш , хезаш волчух а тера ду . Юй и шиъ /тоба/ масалехь цхьатерра ? Шу ца кхета ?
25./Делора/ Бакъдолуш Оха вахийтина Нухь шен къоме /ша олуш/ :"Баккъалла а со шуна билггала д1ахьедийриг ву ,
26.Аллах1ана бен 1ибадат ма де . Баккъалла а со кхоьру шуна т1ехь лазочу дийнан 1азапех"
27.Цуьнан къомах болчу шаьш /Делах/ цатешначу элаша элира :"Тхуна хьо ца го тхо санна адам бен , тхуна хьо ца го хьайна т1аьхьах1иттина шаьш тхоьх лахарнаш /беркъанаш/ болуш бен , дагахь х1ума доцуш болу . Тхуна ца го шуна тхайна т1ехь цхьа а дозалла . Мелхо а , тхуна шу харцлуьйш хета" .
28.Цо /Нухьаса/ элира :"Х1ай сан къам ! Гой шуна , со сайн Делера цхьана цхьана бух т1ехь хилча , Цо суна Шена гергара къинхетам белча , т1аккха /Цо/ шух и хьулбича , Оха шуна т1е /муха/ божор бу и , шу и цабезаш долуш ?
29.Х1ай сан къам ! Аса шоьга ца боьху цу /дин/ т1ехь бахам , сан ял яц Аллах1ан т1ехь бен . Со вац шаьш /Делах/ тешнарш лелхор болуш . Баккъалла а уьш шайн Далла дуьхьал х1уьттур бу . Амма суна шу го сонта нах .
30.Х1ай сан къам ! Со хьа ларвийр ву Аллах1ех , аса уьш лелхийча ? Шу ца кхета ?
31.Аса шоьга ца боху :"Cоьгахь Аллах1ан хазнаш ю". Къайле ца хаа суна . Аса ца боху :"Баккъалла а со малик ду" . Аса ца боху шун б1аьргаш /шайха/ цадешачарна :"Аллах1а царна цхьа дика лур ма дац" . Аллах1 т1ех дика хууш ву церан дог1машкахь дерг . Баккъалла а /аса и бахахьара/ со т1аккха зуламхойх /хир/ ма ву" .
32.Цара элира :"Х1ай Нухь ! Бакъдолуш тхоьца къийси ахьа , шорта ди ахьа тхоьца къийсар , вола тхуна айхьа тхуна ч1аг1о ечуьнца , хьо /цуьнгахь/ бакълуьйчарех хиллехь"
33.Цо элира :"Баккъалла а цуьнца Аллах1 вог1ур ву шуна - Шена /и сихдан/ лаахь - шу дац /И/ г1орасиз вийр волуш .
34.Шуна пайда бийр бац сан хьехамо . Суна шуна хьехам бан лиъча а . /нагахь санна/ Аллах1 шу тило лууш хиллехь . Иза ву шун Дела , Цуьнга доьрзур ду шу .
35.Я цара боху :"Цо /шегара/ кхоьллина иза" . Ахьа ала :"Иза аса кхоьллинехь , суна т1ехь ду-кх сан къа , со ц1ена ву-кх аша дечу къинойх"
36.Нухье /Дала/ хьийхира :"Баккъалла а хьан къомах /Делах/ тешар вац , ша х1инцале тешнарг бен . Ахьа г1айг1а ма йе цара деш хиллачунна .
37./х1орда/ Кема де Тхан б1аьр хьалха , Тхан хьехарца . Соьга вист ма хила зулам динчеран хьокъехь . Баккъалла а уьш хи буха бохуьйтур бу .
38.Цо кема дора , /ткъа/ цуьнан къомах /болу/ элий цуна юххехула чекх мел бовлу цуьнах /цабешаш/ боьлура . Цо элира :"Шу /х1инца/ тхоьх делахь , баккъалла а тхо шух доьлур /ма/ ду шу /тхоьх/ ма-деллара .
39.Т1аьхьа хуур ду шуна , мила ву и шена 1азап дог1ур дерг , ша сийсазвеш долу , шена т1е дуссур дерг диллина лаьтта 1азап"
40.Тхан омру деача , пеш кхихкича , Оха элира :"Ахьа хьо цу /кеман/ чохь массо шина кепарчух /сте-боьрша/ шиъ а , хьан доьзал а /царех/ шена т1ехь /Дела/ дош хьалха даьлларг воцург , ша /Делах/ тешнарг а" . Цуьнца /Делах/ ца тийшира к1еззиг /нах/ бен .
41.Цо элира :"Ховша цу /кеман/ чу ! Аллах1ан ц1арца ду цуьнан лелар а , цуьнан сацар а . Баккъалла а сан Дела гечдийриг , къинхетамениг ма ву"
42.И лелара цаьрца лаьмнаш санначу тулг1енашкахь . Нухьас кхайкхира шен к1анте , /кеманна/ нацкъара вара и :"Х1ай сан жима к1ант ! Т1е хаахь тхоьца , ма хилахь керстанашца !"
43.Цо элира :"Лам т1е вер ву со , цо ларвийр ву со хих" . /Нухьас/ Элира :"Аллах1ан омрунех ларвархо вац тахана /цхьа а/ , Цо /шех/ къинхетам бинарг воцург" . Тулг1ено д1асакъастийра и шиъ , иза хилира хи буха бахийтинчарех .
44./Дала/ Элира :"Х1ай латта ! Д1ахуда хьайн хи ! Х1ай стигал ! Саца /дог1анах/ !" . Хи лахделира , /оцу/ белхан кхел кхочуш хилира . И /кема/ сецира Джуд-лам т1ехь . Элира :"/Делан къинхетамах/ Генадоккхийла зуламе къам"
45.Нухьас кхайкхира Шен деле , цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а сан к1ант , сан доьзалх ву /и/ , Хьан ч1аг1о бакъ ю , Хьо - кхелахойх уггар говзаниг ву"
46./Дала/ Элира :"Х1ай Нухь ! Баккъалла а иза хьан доьзалх вац , баккъалла а иза дика боцу болх бу . Ахьа ма деха Соьга хьан шех /дерг/ хаар доцург . Баккъалла а Аса хьехам бо хьуна сонтачарех хиларх"
47./Нухьас/ Элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а со ларло Хьоьца айса дехарх сан шех /дерг/ хаар доцург . Ахьа суна геч ца дахь , соьх къинхетам ца бахь - со хир ву эшначарех"
48.Элира :"Х1ай Нухь ! Охьавосса Тхоьгарчу маршонца а , беркаташца а хьайна а , хьоьца долчу халкъашна а . /цхьадолу/ Халкъаш Оха т1аьхьа зовкх хьоьгуьйтур ду цаьрга , цул т1аьхьа царех хьакхалур ду Тхоьгара лазош долу 1азап" .
49.И /дийцар/ къайленан хабарех ду , Оха шаьш хьоьга хьоьхуш долу , вацар и хууш хьо а , дацар хьан къам а х1окхул хьалха . Сатоха ! Баккъалла а чаккхе /Делах/ кхоьручарна ю .
50.1адашка - церан ваша Х1уд /вахийтира/ . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибадат де , шун вац И воцург кхин дела . Шу дац , /харцо/ кхуллурш бен .
51.Х1ай сан къам ! Аса ца боьху шоьга цу т1ехь мах , сан мах бац , Ша со кхоьллинчунна т1ехь бен . Хьекъале ца хуьлу шу ?
52.Х1ай сан къам ! Гечдар деха шайн Деле , цул т1аьхьа /дохкодовларца/ дерза Цуьнга - /т1аккха/ Цо шуна т1е стигал йоуьйтур шортта дог1анца , шу совдохур ду шун ницкъана т1е а ницкъехь , шу /цуьнах/ д1а ма дерза къа дийраш хилла .
53.Цара элира :"Х1ай Х1уд ! Хьо ца веана тхоьга /цхьана/ билгалонца . Тхо дац буьтур болуш тхан деланаш хьан дашна , тхо дац хьоьх тешаш .
54.Оха ца олу , цхьаболчу тхан деланаш хьуна /цхьа/ вон дина /хир ду/ алар бен" . Цо элира :"Баккъалла а аса Аллах1 х1оттаво /сайна/ теш , аша тешалла де баккъалла а со ц1ена хилар аша ша декъахо вечух
55.Аллах1 воцург . Аша массара мекарло йе сунна , со т1аьхьа ма татта .
56.Баккъалла а со тевжина Аллах1ан т1е - сан Далла а , шун Далла а /т1е/ . Цхьа дийнат дац , шен к1ужал лаьцна И волуш бен . Баккъалла а сан Дела нийсачу новкъа т1ехь ву .
57.Шу /цуьнах/ д1адерзахь , бакъдолуш аса шуна д1акхачийна со шоьга шеца ваийтинарг . Сан Дала /шун меттана/ т1аьхьа дуьтур ду кхин къам шу доцург . Аша Цуна зен дийра дац цхьана х1уманца . Баккъалла а сан Дела ву массо х1ума лардийриг" .
58.Тхан омру деанчу хена , Оха к1елхьара ваьккхира Х1уд а , шаьш цуьнца тешнарш а Тхайгарчу къинхетамца , Оха к1елхьара бехира уьш буьрсачу 1азапех .
59.Оцу 1адаша т1е ца ийцира шайн Делан аяташ , уьш 1еса хилира Цуьнан элчанашна , т1аьхьа х1иттира х1ор къизачун , аьрхачун г1уллакхна .
60.Не1алт хьажийна царна т1аьхьа х1окху дуьненахь а , къемата дийнахь а . Ва ! Баккъалла а 1адаш шайн Делах /теша ма/ цатешна . Ва ! /Дала диканах/ Генабохийла 1адаш - Х1удан къам .
61.Самудашка - церан ваша Салихь /вахийтира/ . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибадат де , шун вац И воцург кхин дела . Цо кхиийна шу лаьттах , цу чохь даха ховшийна шу . Гечдар деха Цуьнга , цул т1аьхьа /дохкодовларца/ дерза Цуьнга . Баккъалла а сан Дела /шуна/ гергахь ву , жоп луш ву" .
62.Цара элира :"Х1ай Салихь ! Бакъдолуш хьо вара тхуна юкъахь х1окхул хьалха /хьайга/ догдохийла . Ахьа тхо юхатуху оха 1ибадат дарха , тхан дайша шена 1ибадат дечунна ? Баккъалла а тхо , ахьа тхо шега кхойкхучух билгалчу /тешамбойъучу/ шекон чохь ма ду"
63.Цо элира :"Х1ай сан къам ! Гой шуна , со сан Делера /цхьана/ билгалонна т1ехь хилча , Цо суна Шегара къинхетам белча /Со Цунна 1еса муха хуьлу ?/ . Хьа ларвийр ву со Аллах1ах , со Цунна 1еса хилахь ? Аша сов ца боккху суна эшам боцург .
64.Х1ай сан къам ! Х1ара Аллах1ан эмкал ю - шуна билгало хилла , йиталуш и Аллах1ан лаьттахь йажа , /цхьа/ вониг ма делаш цунна , /дахь/ т1аккха шу д1аоьцур ду гергарчу 1азапо" .
65.Цара урс хьаькхира цунна , т1аккха цо элира :"Зовкх хьега аша шайн х1усамехь кха дийнахь . Иза харц йоцу ч1аг1о ю" .
66.Тхан омру деанчу хена , Оха к1елхьара ваьккхира Салихь а , шаьш цуьнца тешнарш а Тхайгарчу къинхетамца , /Оха к1елхьара бехира уьш/ оцу дийнан сийсазаллех . Баккъалла а хьан Дела - Иза нуьцкъалниг , сийлахьниг ву .
67.Шаьш зуламдинарш ц1ог1ано д1алецира , т1аккха 1уьйренга бевлира уьш белла эгна /тхьузбоьлла/
68.Шаьш цу чохь ца баьхча санна . Ва ! Баккъалла а Cамудаш шайн Делах /теша ма/ цатешна . Ва ! /Дала диканах/ Генабохийла Самудаш .
69./Делора/ Бакъдолуш Тхан геланчаш ма баьхкира кхаъца Ибрах1им волчу . Цара элира :"Cалам-маршалла /ду хьоьга/" . Цо элира /жоплуш/ :"/шоьга ду/ Салам-маршалла" . /т1аккха/ Хьецалуш деттина эса деара цо /царна/ .
70.Шена церан куьйгаш цу т1е ца кхевдаш гича , вуха кхийтира и царех , кхерам хаабелира цуна царех . Цара /цуьнга/ элира :"Ма кхера ! Баккъалла а тхо дахкийтина Лут1ан къоме"
71.Лаьтташ йолу цуьнан зуда елаелира . Оха кхаъ баьккхира цуьнга Исхьакъца а , Исхьакъал т1аьхьа Йа1къубца а .
72.Цо элира :"Бала-я1 ! Аса бера /муха/ дийр ду ткъа , со къена йолуш , х1ара сан майра воккха стаг волуш ? Баккъалла а х1ара тамашийна х1ума ма ду" .
73.Цара элира :"Аллах1ан балхах тамаша бо ахьа ? Аллах1ан къинхетам а , Цуьнан беркаташ а ду шуна т1ехь , х1ай ц1ийнан нах ! Баккъалла а Иза хастаме , сийлахь ву"
74.Ибрах1имах кхеравалар д1адаьлла , цуьнга кхаъ беанчу хена , Лут1ан къоман хьокъехь Тхоьца дийцаре велира и .
75.Баккъалла а Ибрах1им собаре , ах1не /холчух1уттург/ , дохко вуьйлург ма ву .
76./цара элира/ "Х1ай Ибрах1им ! Дитахь и /дийцаре дар/! Баккъалла а /уьш х1аллак барца/ хьан Делан омру х1инцале деана /сецна даьлла/ , баккъалла а уьш - царна дог1ур ду /цхьаммо/ духатухур доцу 1азап"
77.Тхан геланчаш Лут1 волчу даьхкича , оччавелира и уьш бахьанехь , г1оранна гаттавелира и царна . Цо элира :"Х1ара хала де ду"
78.Цуьнан къам деара и волчу , хьаьдда , /цул/ хьалха дара и вонаш деш . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Х1орш сан йо1арий бу /уьш бига маре/ , уьш ц1ена /ма/ бу шуна . Кхера Аллах1ах , ма ве со сийсаз сан хьешашна хьалха ! Вац ткъа шух цхьа нийса стаг ?"
79.Цара элира :"/Делора/ Бакъдолуш хьуна /хаа/ ма хиъна , хьан йо1аршкахь тхан /цхьа/ хьашто йоций , баккъалла а хьуна /хаа/ ма хаа тхуна х1ун лаьа"
80.Цо элира :"Баккъалла а шоьца /ларо/ ницкъ белхьара сан , я т1етовжа онда г1ортор /мукъане/ елхьара /т1аккха шу совцор дара аса/"
81.Цара элира :"Х1ай Лут1 ! Баккъалла а тхо хьан Делан геланчаш ду . Уьш кхочур ма бац хьуна т1е . Арабаккха хьан доьзал буьйсанан /цхьана/ декъехь , вуха ма хьожийла шух цхьа а , хьан зуда йоцург . Баккъалла а цунна т1едог1ург царна т1е деанарг ду . Баккъалла а церан йиллина хан 1уьйре ю . Яц ткъа 1уьйре герга ?"
82.Тхан омру деанчу хена , Оха йира цуьнан /г1алин/ т1ехуле /уьш бертал тоьхна/ цуьнан лахе , Оха делхийра царна т1е /беттинчу/ поппарех /долу/ т1ек1ел /шорта/ т1улгаш ,
83./шаьш х1оран ц1арца/ хьан Далла гергахь билгалдина /долуш/ . Уьш ма яц зуламхойх генахь .
84.Мадйанхошка а - церан ваша Шу1айб /вахийтира/ . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Аллах1ана 1ибадат де , шун вац И воцург кхин дела . Ма эшаде дустар а , озар а . Баккъалла а суна шу го диканца , баккъалла а со шуна т1ехь кхоьру /шуна/ гобуьллучу дийнан 1азапех .
85.Х1ай сан къам ! Кхочушде дустар а , озар а нийсонца , ма эшайе нахана церан х1умнаш , ма лела лаьттахула бохамаш беш !
86.Аллах1а бухадитинарг тоьлу шуна . Шу муъманах хиллехь . Со вац шуна т1ехь /шу/ лардийриг" .
87.Цара элира /цабешаш/ :"Х1ай Шу1айб ! Хьан ламазо омру до хьоьга , оха тхан дайша шена 1ибадат дийриг дитарца , я оха тхан бахамашкахь тхайна луург дар /дитарца/ ? Баккъалла а хьо ма ву собаре , хьекъале" .
88.Цо элира :"Х1ай сан къам ! Гой шуна , со сан Делера билгалонна т1ехь хилча , Цо суна Шегара дика рицкъа делча , суна ца лаьа шуна хилпало ян айса шуна цамагдочуьнгахь . Суна ца лаьа /шу/ нисдар бен , сайн ницкъ мел кхочу . Сан аьтто хилар ма дац , Аллах1аца бен . Цунна т1етевжина со , Цуьнга воьрзу со .
89.Х1ай сан къам ! Шу ма даладойла соьца эг1аро Нухьан къоманна , я Х1уд къоманна , я Салихь къоманна т1едеанарг саннарг шайна т1едаре . Лут1ан къам дац шуна /ханна/ генахь .
90.Гечдар деха шайн Деле , /тоба дарца/ дерза Цуьнга . Баккъалла сан Дела къинхетаме , /тоба динарг/ везаш ву"
91.Цара элира :"Х1ай Шу1айб ! Тхо ца кхета ахьа дуьцучух дукхах долчух . Баккъалла а тхуна хьо го тхайна юкъахь ледара /г1ийла/ . Хьан гергарнаш бацахьара , оха хьуна /тоххара/ т1улгаш тоьхна хир ма бара . Хьо ма вац тхуна гергахь сийлахь"
92.Цо элира :"Х1ай сан къам ! Сан гергарнаш т1ех сийлахь бу шуна гергахь Аллах1ал ? Шайн букъ т1ехьа витира аша Иза /д1атесна/ . Баккъалла а сан Дела аша дийриг /хаарца/ чулоцуш ву .
93.Х1ай сан къам ! Шайн некъа т1ехь 1амалйе аша , баккъалла а со ву /шуна сайн некъа т1ехь/ 1амалйеш , т1аьхьа хуур ду шуна /вайх/ мила ву шена ша сийсазвеш /долу/ 1азап дог1ур дерг а , мила ву и харцлуьйриг а . Хьоьжуш 1е , баккъалла а со ву шоьца /цхьана/ хьоьжуш" .
94.Тхан омру деанчу хена , Оха к1елхьара ваьккхира Шу1айб а , шаьш цуьнца тешнарш а Тхайгарчу къинхетамца . Шаьш зуламдинарш ц1ог1ано д1алецира , т1аккха 1уьйренга бевлира уьш белла эгна /тхьузбоьлла/
95.Шаьш цу чохь ца баьхча санна . Ва ! /Дала диканах/ Генабохийла Мадйанхой , Самудаш гена ма-баххара
96./Делора/ Бакъдолуш Муса /ма/ ваийтира Оха Тхан аяташца а , билгалчу бухца а
97.Фир1авн а , цуьнан элий а болчу . Уьш т1аьхьах1иттира Фир1авнан балхана , Фир1авнан болх ма бац нийса .
98.Шен къоманна хьалхавера ву иза къемата дийнахь , /жоьжахатин/ ц1ерга балор бу цо уьш . Ма вон ю-кх и /уьш/ чубалон чуг1ойла !
99.Царна т1аьхьахьажийна х1окху /дуьнена/ чохь а , къемата дийнахь а не1алт . Ма вон ду-кх и /царна/ лушдолу совг1ат .
100.Иза яртийн хабарех /цхьа хабар/ ду , Оха дуьйцу и хьуна . Царех /яртех х1инца а/ лаьттарг ю , /царех/ д1ахьаькхнарг /д1ашарйинарг/ ю .
101 .Оха зулам ца дина царна , делахь а цара /шаьш/ шайн дог1машна зуламдина . Царех хьалха ца даьккхира /юха ца туьйхира/ , цара Аллах1 витина шаьш кхойкхуш болу церан деланаш х1умма . Хьан Делан /1азапца/ омру /кхел/ деанчу хена , цара сов ца бехира уьш х1аллак хиларехь /эшамехь/ бен
102.Иштта ду хьан Делан схьалацар , Цо ярташ схьалаьцча , уьш зуламе йолуш . Баккъалла а Цуьнан схьалацар лазош , ч1ог1а ду .
103.Баккъалла а цу /хьахийна/ чохь билгало ма ю /ша/ эхартан /дийнан/ 1азапах кхийранчунна . Иза шена /чохь/ нах гулбийр болу де ду , иза /массарна/ гур долу де ду .
104.Оха т1аьхьа ма ца тотту и /де/ , йагарйинчу хене бен
105.И дог1учу дийнахь цхьа дег1 дистхир дац , Цуьнан пурбанца бен . Царех ву декъазниг а , декъалниг а .
106.Амма шаьш дакъаза бевлларш - /жоьжахатин/ ц1ергахь /хир/ бу . Царна цу чохь /даккхий/ синош дахар а , узарш а ду .
107.Гуттар цу чохь лаьтташ , стигланаш а , латта а мел ду , хьан Далла /цхьаберш ара баха/ лиънарг доцург . Баккъалла а хьан Дела Шена луург деш ма ву .
108.Амма шаьш декъала хилларш - ялсаманехь бу , гуттар цу чохь лаьтташ , стигланаш а , латта а мел ду , хьан Далла /сов баха/ лиънарг доцург , д1ахадор доцу дика хилла .
109.Хьо ма хила х1окхара 1ибадат дечух шекон чохь . Цара 1ибадат ца до , хьалха шайн дайш 1ибадат ма-дарра бен . Баккъалла а Оха царна кхочуш д1алур ма ду шайн дакъа , эшийна доцуш .
110./Делора/ Бакъдолуш , Оха делира Мусага жайна , т1аккха бекъабелира цуьнгахь . Хьан Делера хьалха даьлла дош дацахьара , царна юкъахь къелйина хир ма яра . Баккъалла а уьш цуьнах тешамаза шеконехь /ма/ бу .
111.Баккъалла а х1оранна , /Делора/ хьан Дала царна кхочуш д1алур ма ю шайн 1амалш . Баккъалла а иза цара дийриг хууш /ма/ ву .
112.Нисло хьайга омру ма-дарра /хьо а/ , хьоьца цхьана тоба динарг а . /дозанел/ Т1ехмадийла , баккъалла а Иза аша дийриг гуш /ма/ ву
113.Ма тийжа шаьш зуламдинчарга , т1аккха шух /жоьжахатин/ ц1е хьакхалур /ма/ ю . Шун бац Аллах1 воцург /шу лардан/ кхин верасаш , т1акхха шуна /цхьаммо/ г1о дийр дац .
114.Ламаз х1оттаде дийнан шина йистехь а , буьйсан жерахьашкахь а . Баккъалла а диканаша д1адоху вонаш . Иза хьехам бу /ша эца/ дагадог1учарна .
115.Сатоха , баккъалла а Аллах1а ца йойъу дикадинчеран ял .
116.Ца хилла шул хьалхарчу чкъорех /болу/ бухадуьсучун /динан/ дай , лаьттахь /бечу/ бохамех /нах/ бухатухуш , царех Оха к1елхьара баьхна /болу/ к1еззиг /боцурш/ бен . Шаьш зуламдинарш т1аьхьах1иттира шайга шегахь зовкх хьегийтинчунна , уьш бара къинош дийраш .
117.Хьан Дела вац зуламца ярташ х1аллакйеш , церан ох1лунаш диканах болуш
118.Хьан Далла лиънехьара , Цо нах цхьа уммат хулуьйтур ма бара . Уьш ца совцу /динехь/ бекъабаларх ,
119.хьан Дала /шех/ къинхетам бинарг воцург . Оцунна кхоьллина Цо уьш . Кхочуш хилла хьан Делан дош :"/Делора/ Аса юзур ма ю жоьжахати жинех а , адамех а - массарех"
120.Дерриге а дуьйцу Оха хьоьга элчанийн хабарех , Тхаьш хьан дог шеца ч1аг1дийриг . Хьоьга деана х1окху чохь бакъдерг а , хьехам а , муъманахана дагадаийтар а .
121.Ахьа ала шаьш /Делах/ цатешачарга :"Йе аша шайн хьолехь 1амал , баккъалла а тхо ду /тхан хьолехь/ 1амалйеш"
122.Хьежа /шайн белхан чаккхене/ , баккъалла а тхо ду /цуьнга/ хьоьжуш /и тергалйеш , ларйеш/"
123.Аллах1ан ю стиглашийн а , лаьттан а къайле . Цуьнга дерзор ду и дерриге г1уллакх . Цунна 1ибадат де , Цунна т1етовжа . Хьан Дела /ма/ вац чидам боцуш /вицвелла 1аш/ аша дечух .