Тидар

 

12 - Сурат Юсуф /Юсуп/
/Маккахь доьссина ‚ 111 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу




1.Алиф , лам , ра /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург/ . Х1орш билгалчу жайнан /къуръанан/ аяташ ду .
2.Баккъалла а , Оха доссийна и къуръан 1аьрбийн /маттахь/ , шу /цуьнах/ кхетийтархьама .
3.Оха дуьйцу хьоьга /вуно/ хаза дийцар , Оха х1ара къуръан хьоьга хьехарна , баккъалла а хьо цул хьалха чидам боцучарех ма вара .
4.Юсупа шен дега /Я1къубе/ элира :"Х1ай сан да ! Баккъалла а суна /г1енахь/ гина цхьайтта седа а , малх а , бутт а - суна гина уьш сайна горадахна" .
5.Цо элира :"Х1ай сан жима к1ант ! Ма дийцалахь хьан г1ан хьан вежаршка , /ахьа дийцахь/ т1аккха цара хьуна цхьа мекарло йийра ю . Баккъалла а шайт1а адамна билгала мостаг1 /ма/ ду .
6.Иштта , хьо хоржур ву хьан Дала , хьуна 1амор ду Цо /г1енахь/ хилларш тидар , кхочуш дийр ду Цо Шен зовкх хьуна т1ехь а , Я1къубан доьзална т1ехь а , Ша хьалха кхочуш ма-дарра хьан шина дена - Ибрах1имна а , Исхьакъана а т1ехь . Баккъалла а хьан Дела хууш верг , кхетамениг ву .
7./Делора/ Бакъдолуш , Юсупехь а , цуьнан вежаршкахь а билгалонаш хилла хоьттучарна .
8.Цара /вовшашка/ элира :"/Делора/ Юсуп а , цуьнан ваша а вайн дена вайл дукха ма веза , вай /цхьа/ тоба елахь а , баккъалла а вайн да билгалчу тиларчохь ма ву .
9.Ве Юсуп , я /генарчу/ махка д1акхосса иза , т1аккха мукъаера ю шуна шун ден юьхь , шу хир ду цул т1аьхьа дика нах" .
10.Царех цхьаммо элира :"Ма вейша Юсуп , /шаьш 1анне ца 1ахь/ г1унан к1оргалле /бухе/ кхоссийша иза , схьаоьцур вара иза цхьаболчу /д1асхьа/ лелачара , шу делахь /цунна цхьаъ/ дийра долуш"
11.Цара элира :"Х1ай тхан да ! Хьуна х1ун /хилла/ , Юсуп тхьох тешна /ма/ ца вуьту ахьа , баккъалла а тхо цунна /даггара/ дика лууш ма ду ?
12.Ваийтахь иза тхьоца кхана , самалхадер цунна , ловзур иза , баккъалла а оха ларвийр ма ву иза"
13.Цо /Я1къуба/ элира :"Баккъалла а со г1айг1ане ма во аша иза вигаро , со кхоьру иза барзо ваарна , шу цунна т1ехь чидам боцуш долуш"
14.Цара элира :"/Делора/ Барзо иза ваахь , тхо /цхьа/ тоба йолуш , баккъалла а тхо т1аккха эшнарш ма ду"
15.Уьш цуьнца д1абаханчу хена , цара барт бира иза г1унан к1оргалле кхосса . Оха цуьнга хьийхира :"/Делора/ Ахьа цаьрга хоуьйтур ма ду х1ара церан г1уллакх , царна хаа ца луш /хьо мила ву/"
16.Уьш баьхкира сарахь шайн да волчу боьлхуш
17.Цара элира :"Х1ай тхан да ! Баккъалла а тхо даханера /хьалха довла/ къовсадала , Юсуп тхайн х1умнаш уллехь витина , /т1аккха/ барзо виира иза , хьо тхьох тешара-м вац , тхо бакълуьйш делахь а"
18.Уьш баьхкира цуьнан куьйча т1ехь харц ц1ийца . Цо /Я1къуба/ элира :"/барзо ца виъна и/ Мелхо а , шун синош хаздина шуна /цхьа/ г1уллакх /дар/ , /делахь/ собар хаза ду , /цхьа/ Аллах1 ву /аса/ шега г1о доьхург , аша кхуллучу /харцонна/ т1ехь" .
19./д1асхьа/ Леларш баьхкира /г1у йисте/ , цара вахийтира шайн /хи/ т1евоьдург /хи дан/ , /вахана г1у чу/ охьахийцира цо шен чийлик /т1аккха цуьнах Юсуп тасавелча/ , цо элира :"Х1ай кхаъ - я1 ! Х1ара-м к1ант /ма/ ву" . Цара хьулвира иза совдегаран х1ума лерина . Аллах1 хууш ву цара дийриг .
20.Цара воьхкира иза ладамбоцучу мехах - к1еззиг /масех/ соьмех , уьш бара цуьнгахь г1ехьа .
21.Ша иза Мисрара эцначо шен зудчуьнга элира :"Дикаделахь цуьнан /вайгахь/ 1ар , вайна пайда бан мега цо , я вай лоцур иза /вайна/ доьзалхо /вина/" . Иштта /к1елхьара ма ваккхара/ , Оха ч1аг1вира Юсуп лаьттахь /Миср махкахь/ , Тхаьш цунна /г1енах/ хилларш тидар 1аморхьама . Аллах1а толам боккху Шен балха т1ехь , делахь а дукхах болу нах хууш бац и .
22.Иза шен г1еметтах1оттаре кхаьчча , Оха делира цунна хьукма дар а , хаар а . Иштта /цунна санна/ , Оха бекхам бо дикадечарна .
23.И /Юсуп/ шен х1усам чохь /1еш/ ерг /шена/ иза /везаваларна/ 1ехо г1оьртира , /массо/ не1арш д1акъевлина цо элира :"Схьавола /кхуза/ !" Цо элира :"Аллах1а ларвойла /со/ ! /муха хир ву со ямарт/ Баккъалла а иза сан эла /ма/ ву /ша/ сан 1ар дикадина /волу/ , баккъалла а декъал хир /ма/ бац зуламхой" .
24./Делора/ Бакъдолуш , /безамца/ т1емаг1оьртира и /зуда/ цунна . Шена шен Делан бакъо ца гинехьара , и /Юсуп/ а т1ег1оьтур ма вара цунна . Иштта , цуьнах вониг а , боьханиг а юхатохархьама . Баккъалла а иза Тхан догц1енчу лешха ву .
25.Не1аре хьаьдира и шиъ , т1ехьара /катоьхна/ цуьнан /Юсупан/ коч ят1ийра цо , не1арехь цуьнан /Зулийхан/ элана т1е1оттаделира /т1енисделира/ и шиъ . Цо элира :"Х1ун бекхам бу хьан доьзална вониг лиъначунна , набахти чуволлар , я лазош /долу/ 1азап доцург ?"
26.Цо /Юсупа/ элира :"Со 1ехо г1оьртира иза" . Цуьнан доьзалх /цхьана/ тешо тешалла дира :" /нагахь санна/ Цуьнан коч хьалхара ят1ийна елахь , т1аккха иза бакълийна , /ткъа/ и /Юсуп/ харцлуьйчарех ву .
27./нагахь санна/ Цуьнан коч т1ехьара ят1ийна елахь , т1аккха иза харцлийна , /ткъа/ и /Юсуп/ бакълуьйчарех ву" .
28.Шена цуьнан коч т1ехьара ят1ийна гича , цо элира /шен зудчуьнга/ :"Баккъалла а иза шун мекарлонех ду , баккъалла а шун мекарло йоккха ю"
29."Х1ай Юсуп ! Дитахь х1ара /нахал ца доккхуш/ ! Ткъа ахьа /Зулийха/ гечдар деха хьан къинна , баккъалла а хьо къа латочарех хилла"
30.Шахьарехь /бехачу/ зударша элира :"Элан зуда шен лай 1ехо г1ерта , бакъдолуш цо юьзна иза безамах . Баккъалла а тхуна иза билгалчу тиларчохь ма хета"
31.Шена церан мекарло /хабарш/ хезча , цо /цхьаъ/ вахийтира царна т1е /уьш ша йолчу кхайкха/ , цо кечйира цаьрна д1атовжийла , делира царех х1оранга а урс , /т1аккха/ цо элира :"Аравала царна т1е !" Ткъа шайна иза гича , вазвира цара и , шайн куьйгаш хедийра цара /цецбовларна/ , цара элира :"Аллах1а лардойла /вай/ ! Х1ара-м дац адам . Х1ара /ма/ дац лераме малик бен"
32.Цо /Зулийхас/ элира :"И ву шуна /и/ , ша аша соьгара шен хьокъехь бехк баьккхинарг . /Делора/ Бакъдолуш , со и /безамца/ 1ехо ма г1оьртира , /ткъа/ иза ларвелира . /Делора/ Цо аса шега омру дийриг ца дахь , набахти чувуллур ма ву иза , /шайна/ г1ело йинчарех хир ма ву иза"
33.Цо /Юсупа/ элира :"Х1ай сан Дела ! Набахти дукха ма еза суна , цара со шега кхойкхучул а . Ахьа соьх церан мекарлонаш д1ацахьовзаяхь , /т1аккха/ со /безамца/ цаьргахьа тевжара ву , сонтачарех хир ву"
34.Жопделира цунна шен Дала , д1ахьовзийра Цо цуьнах церан мекарлонаш . Баккъалла а Иза хезаш , хууш ву .
35.Т1аккха , шайна билгалонаш гинчул т1аьхьа , царна /бег1ийла/ хийтира , /Делора/ шаьш и набахти чувуллур ма ву цхьана ханна /аьлла/
36.Цуьнца набахти чувахара /жима/ ши стаг . Цаьршиннах цхьаммо элира :"Баккъалла а суна /г1енах/ со /кемсех/ чаг1ар доккхуш го" . Вукхо элира :"Баккъалла а суна /г1енах/ со го , аса хьуш сайн коьрта т1ехула бепиг , олхазарша шех дууш . Дийцахь тхуна цуьнан тидар /муха ду/ . Баккъалла а тхуна хьо хета дикадечарех"
37.Цо /Юсупа/ элира :"Шу шинна /г1енах/ даар дог1ур дац , ша шу шинна луш долу , аса шу шинга цуьнан тидар дийцина бен , и /тидар/ шу шинга дале хьалха . И ду шуна сан Дала суна 1амийначух дерг . Баккъалла а аса дитина Аллах1ех цатешачу сан къоман дин , уьш бу уьш эхартех цатешарш .
38.Со т1аьхьах1оьттина сан дайн - Ибрах1иман а , Исхьакъан а , Я1къубан а динна . Тхоьца /дог1уш/ ца хилла , оха Аллах1ана х1умма а декъахо яр . И /Дела цхьаъ вар/ Аллах1ан комаьршонах ду тхуна т1ехь а , адамашна т1ехь а , делахь а дукхахбочлу наха баркалла ца олу .
39.Х1ай сан набахти /чуьра/ ши накъост ! Тайп-тайпана деланаш г1оли бу , я цхьаъ волу , нуьцкъала волу Аллах1 ву ?
40.Аша 1ибадат /ма/ ца до Иза /1адда/ витина , ц1ерашна бен , шаьш техкина йолу аша а , шун дайша а , Аллах1а ца йоссийна цаьрца цхьа а бакъо . Хьукма дар дац , Аллах1ан бен . Цо омру дина аша 1ибадат ма де Шена бен /аьлла/ . Иза бакъ долу дин ду , делахь а дукхахболчу нахана ца хаа /и/ .
41.Х1ай сан набахти /чуьра/ ши накъост ! Шу шиннах цхьаъ - цо шен элана чаг1ар малор ду /хьалха санна/ , амма важа - и д1атухур /ирх уллур/ ву , олхазарш дуур ду цуьнан коьртара . Аша шиммо хоьттучу белхан кхел сецна .
42.Цо /Юсупа/ элира , баккъалла а шена цаьршиннах к1елхьаравер ву /аьлла/ хетначуьнга :"Со хьахавелахь хьан элана гергахь !" . Шайт1ано дицдира цунна шен эле /и/ хьахор , т1аккха и лаьттира набахти чохь маситта шарахь .
43.Паччахьо элира :"Баккъалла а суна /г1енах/ го берстана ворх1 етт шаьш ворх1 озачо бууш , /иштта/ баьццара ворх1 кан а , вуьйш /ворх1/ дакъаделла а . Х1ай элий ! Сацам бе суна сан г1енан , шу г1ан туьдуш делахь"
44.Цара элира :"/уьш ийначу/ Г1енашин ц1евнаш /ду/ . Тхо дац г1енаш тидар хууш"
45.Цаьршиннах ша /верах/ к1елхьара ваьллачо элира , цунна дагадеара цхьа хан яьлча :"Аса дуьйцур ду шуна цуьнан тидар , вахийта со /Юсуп волчу/ !"
46."Юсуп - х1ай бакълуьйриг ! Сацам бехьа тхуна берстана ворх1 аттах /лаьцна/ шаьш ворх1 озачо бууш /болчу/ , /иштта/ баьццара ворх1 кенах а , вуьйш /ворх1/ дакъаделла /долчу/ . Со вухаверза мегар нахана т1е . Царна хаа мегар" .
47.Цо элира :"Аша /ялта/ дуьйр ду диллина ворх1 шарахь . Ткъа шаьш гулдинарг - аша и дита шен кенахь , шаьш дуучух /долу цхьа/ к1еззиг доцург .
48.Т1аккха дог1ур ду цул т1аьхьа ворх1 халанаш , шаьш дууш аша шайна /ялтанех/ кечдинарг , аша д1адуьллучух /долу/ к1еззиг доцург .
49.Т1аккха цул т1аьхьа дог1ур ду /цхьа/ шо , шена чохь нахана дог1а доуьйтуш /долу/ , цу /шар/ чохь цара /стоьмех/ мутт доккхуш .
50.Паччахьо элира :"Схьавалаве и суна т1е !" . Ша волчу /элан/ геланча веача цо /Юсупа/ элира /цуьнга/ :"Юха хьан элан т1е г1ой ахьа цуьнга хатта , х1ун хьал ду шайн куьйгаш хидийначу зударийн , баккъалла а сан эла церан мекарло хууш ву /хьуна/"
51.Цо /эло/ элира /зударшка/ :"И х1ун дара шуна шаьш Юсуп 1ехо г1ерташ /лиънарг/ ?" Цара элира :"Аллах1а лардойла ! Тхуна ца хиъна цуьнах цхьа вониг" . Элан зудчо элира :"Х1инца къаьсти бакъдерг . Со яра и 1ехо г1оьртинарг , баккъалла а иза бакълуьйчарех ма ву"
52./Юсупа элира :/ "/аса/ И /ц1ано лоьхура/ цунна хаийтархьама , баккъалла а со цунна къайлах ямарт ца хиллий а , баккъалла а Аллах1 ямартчеран мекарло нисйеш воций а .
53.Аса ца ц1андо сан са , баккъалла а /массо а/ са вочуьнца омру деш ма ду , ша сан Дала /шех/ къинхетам бинарг доцург . Баккъалла а сан Дела гечдийриг , къинхетамениг ву" .
54.Паччахьо элира :"Схьавалаве и суна т1е , аса сайна /г1уллакхна/ къастор ву и" . Ша цуьнга вистхилча цо элира :"Баккъалла а хьо тахана тхуна гергахь /ч1ог1а/ нуьцкъала , тешаме ву"
55.Цо /Юсупа/ элира :"Со лаьттин хазнаш т1е х1оттавехьа , баккъалла а со т1аламениг , хуург /ма/ ву !"
56.Иштта , Оха Юсуп ч1аг1вира /Миср/ лаьттахь , цуьнах шена луучохь /ваха/ охьахууш . Оха Тхан къинхетам бо Тхайна луучунна , Оха цо йойъу дикадечеран ял .
57.Эхартан ял г1оли ма ю шаьш /Делах/ тешначарна а , /Цуьнах/ кхоьруш хиллачарна .
58.Юсупан вежарий баьхкира /Мисре/ , и волчу чубахара уьш , /т1аккха/ цунна бевзира уьш , /амма/ уьш бацара иза вевзаш .
59.Ша уьш шайн г1ирсаца кечбинчу хена , цо элира :"/шолг1а дог1уш/ Дена вина шайн ваша валавеша суна т1е . Шуна ца го , баккъалла а аса барам кхочуш /лела/ бар а , со шена т1е хьеший буьссучарех уггар тоьлуш верг хилар а .
60.Аша и суна т1е ца валавахь , суна гергахь /оза/ барам бац шуна , суна герга му дуьйла !"
61.Цара элира :"Оха /т1едожош/ воьхур ву иза цуьнан дега , баккъалла а оха дийр ма ду /и/"
62.Цо элира шен ялхошка :"Церан х1уманаш /цара механа елла йолу/ церан п1аьлдигашчу ехка . Царна йовза тарло уьш шаьш шайн ох1луне бирзича . /т1аккха/ Цара /уьш/ юхаян тарло"
63.Шайн да волчу буха бирзича цара элира :"Х1ай тхан да ! /ялтан/ Барам бухатоьхна тхоьх , ваийтахь тхоьца тхан ваша , барам узур бара оха , баккъалла а оха /вочух/ ларвийр ма ву иза"
64.Цо /Я1къуба/ элира :"Хьалха шух тешна цуьнан ваша витарх терра бен вуьтий аса иза шух тешна ?! Аллах1 ву /цунна/ г1оли ларвийриг , Иза ву къинхетамечарех уггар къинхетамениг"
65.Шайн п1аьлдигаш схьадиллича , царна карийра шайн х1уманаш шайна юхаелла . Цара элира :"Х1ай тхан да ! Кхин х1ун оьшу вайна ?! Х1ара вайн х1уманаш вайна юхаелла , тхан доьзална кхача латтор бара оха , тхан ваша ларвийр вара оха , /и вигча/ цхьана эмкалан барам сов девра дара тхо . Атта барам бу-кх и"
66.Цо элира :"Аса шоьца воуьйтур ма вац иза , аша суна Аллах1аца ч1аг1о яллалц , /Делора/ аша суна схьавалор ма ву иза шайн цхьаъ ца хилахь /аьлла/" . Цара шена ч1аг1о йича , цо элира :"Аллах1 ву-кх вай бохучун т1ехь векил"
67.Цо элира :"Х1ай сан к1ентий ! Цхьана не1арехула /кевнехула/ чу ма г1олаш , тайп-тайпана не1арашкахула /кевнашкахула/ чу г1олаш . Аса хьалха ца доккху шух Аллах1ера х1умма а . Кхел яц Аллах1ан бен . Цунна т1етевжина со , Цунна т1етовжийла т1етевжарш"
68.Уьш чубаханчу хена шайн дас /шайга/ омру динчухула , и дацара царех хьалхадоккхуш Аллах1ера х1умма а , Я1къубан дег1ера хьашто йоцург , цо ша кхочуш йина йолу . Баккъалла а иза 1илман да ву , Оха шена 1амийначунна , делахь а дукхахболу нах хууш бац /и/ .
69.Уьш Юсуп волчу чубаьхкича , шен ваша шен маракъевлина цо элира :"Баккъалла а со хьан ваша ву , цара деш хиллачунна са ма гатделахь"
70.Ша уьш шайн г1ирсаца кечбинчу хена , цо биллира /терзан/ кад шен вешин п1аьлдигчу , т1аккха кхайкхира кхойкхучо :"Х1ай къепал /ковран дай/ ! Баккъалла а шу къуй ма ду"
71.Цара элира шаьш царна т1ебирзина :"Х1ун яйна шун ?"
72.Цара элира :"Паччахьан /терзан/ кад байна тхан . И схьабеанчунна /совг1атна/ цхьана эмкалан мохь /лур/ бу . Аса дош ло /шуна/ цуьнах" .
73.Цара элира :"Аллах1ора , бакъдолуш шуна /хаа/ ма хаа тхо лаьттахь бохам бан ца даьхкиний а , тхо къуй доций а" .
74.Цара элира :"Ткъа х1ун бекхам бу цуьнан , шу харцлуьйш хиллехь ?"
75.Цара элира :"Цуьнан бекхам - шен п1аьлдиг чохь /шуна/ и /кад/ карийнарг /милла велахь/ , и /ша/ бу-кх цуьнан бекхам . Иштта бекхам бо-кх оха зуламхошна"
76.Иза волавелира /и лаха/ церан п1аьлдигаш т1ера , шен вешин п1аьлдигал хьалха . Т1аккха цо арабаьккхира и шен вешин п1аьлдиг чуьра . Иштта , кийтарло йира Оха Юсупна /дуьхьа/ . Цуьнан йиш яцара шен ваша схьаэца паччахьан динехь , Аллах1ан лиъча бен . Оха ойъу Тхайна луучун даржаш . 1илма долчу массарна т1ехула а ву хуург .
77.Цара элира :"Цо /и/ лачкъийнехь , бакъдолуш хьалха цуьнан вашас а лачкъийнера" . Юсупас шена чохь хьулдира и , гучуцадаьккхира цо и царна . Цо элира /шен дагахь/ :"Шу /кхин/ вон /ма/ ду /х1окху/ меттигехь /хьолехь/ . Аллах1 /т1ех/ дика хууш ву аша куц х1отториг"
78.Цара элира :"Х1ай эла ! Баккъалла а цуьнан воккха , къена да ву /и дукха везаш/ , цуьнан метта тхоьх цхьаъ эцахь , баккъалла а тхуна хьо хета дикадечарех" .
79.Цо элира :"Аллах1а лардойла /тхо/ , тхан х1ума шегахь тхуна карийнарг воцург оха лацарх . Баккъалла а тхо т1аккха зуламхой ма ду" .
80.Шаьш цуьнах догдиллинчу хена , шайна бевлира уьш /вовшех/ дагабуьйлуш . Царех /ханна/ воккхачо элира :"Шуна ца хиъна , баккъалла а шун дас , бакъдолуш шоьгара Аллах1аца ч1аг1о эцний ? Хьалха Юсупан хьокъехь ледарло йира аша . Аса дуьтур дац х1ара /Миср/ латта сан дас суна /ц1а ван/ пурба даллалц я Аллах1а суна кхел яллалц . Иза ву кхелъечарех г1олийниг .
81.Шайн да волчу юхадерзе аша /цуьнга/ ала :"Х1ай тхан да ! Баккъалла а хьан к1анта къола дина , оха /цунна т1ехь/ тешалла ца дина тхайна /билггал/ хиъначуьнца бен , тхо дацара къайле ларъеш /я и хууш тхаьш хьуна дош лучу хена/ .
82.Хатта тхо /шена/ чохь хиллачу юьрте а , тхо шеца даьхкинчу къепале а , баккъалла а тхо бакълуьйш ма ду"
83.Цо /Я1къуба/ элира :"/х1ан-х1а/ Мелхо а , шун дог1маша шуна хаздина /цхьа/ г1уллакх . /амма/ Собар хаза ду . Аллах1а уьш берриге суна схьабало тарло . Баккъалла а И ву И /сан хьал/ хууш верг , кхетамениг" .
84.Царех д1авирзира и , /шена Юсуп дагавеана/ цо элира :"Х1ай Юсупна болу сан сингаттам !" Г1айг1анна цуьнан ши б1аьрг к1айбелира , и вара /баланна/ садетташ .
85.Цара элира :"Аллах1ора , Юсуп хьехочура /ма/ ца соцу хьо , хьо /цамгарна/ к1елависсалц , я х1аллак хиллачарех хиллалц" .
86.Цо элира :"Баккъалла а аса балхабо сан сингаттам а , сан г1айг1а а Аллах1е , суна хаа Аллах1ера шуна ца хуург .
87.Х1ай сан к1ентий ! Г1ой , талла Юсупех а , цуьнан вашех а дерг , аша дог ма дилла Аллах1ан къинхетамех , баккъалла а Аллах1ан къинхетамех дог ца дуьллу /Делах/ цатешачу наха бен"
88.Иза волчу чубахча цара элира :"Х1ай эла ! Тхоьх а , тхан доьзалах а зен хьакхаделла . Тхо даьхкина к1еззигчу х1уманца , /делахь а/ барам кхочуш бехьа тхуна , саг1ийна /х1ума/ лохьа тхуна . Баккъалла а Аллах1а /диканца/ бекхам бо саг1алучарна" .
89.Цо /Юсупа/ элира /бехк боккхуш/ :"Шаьш Юсупна а , цуьнан вешийна а динарг хаий /дагадог1ий/ шуна , шу /хиндерг/ хууш доцуш ?"
90.Цара элира :"Баккъалла а Юсуп ву хьо ?" Цо элира :"Со Юсуп ву , х1ара сан ваша ву . Бакъдолуш Аллах1а дика дина тхуна . Баккъалла а ша /Делах/ кхоьрург а , /баланна/ сатухург а /милла велахь/ , баккъалла а Аллах1а ца йойъу дикадечеран ял"
91.Цара элира :"Аллах1ора , бакъдолуш Аллах1а /вазвина/ хаьржина хьо тхуна т1ехь , баккъалла а тхо хилла галдевлла"
92.Цό элира :"/аша динчунна/ Тахана шун юьхь яккхар дац , Аллах1а гечдойла шуна , Иза къинхетам бечарех уггар къинхетамениг ву"
93.Цо элира :"Х1окху сан кучаца г1ой , сан ден юьхь те таса и - /т1аккха/ б1аьрса гуш хир ву и . Шу дуьйла со волчу шайн дерриге ох1лунца"
94.Къепал /Миср чуьра/ арайаьлча , церан дас /Я1къуба/ элира /шен доьзале/ :"Баккъалла а суна Юсупан хьожа ма хаало . Шуна со 1овдал ца хетахьара /тешар дара шу соьх/"
95.Цара элира :"Аллах1ора , баккъалла а хьо хьан ширачу тиларчохь ма ву"
96.Кхаъ боккхург веача цо и /коч/ тесира цуьнан /Я1къубан/ юьхь т1е , б1аьрса гуш вухавирзира и . Цо элира :"Аса шоьга ца элира , баккъалла а суна Аллах1ера хаа шуна ца хуург"
97.Цара элира :ЁХ1ай тхан да ! Тхан къиношна /Деле/ гечдар дехахь тхуна . Баккъалла а тхо галдевлла хилла"
98.Цо элира :"Аса доьхур ду шуна сан Деле гечдар . Баккъалла а И ву И гечдийриг , къинхетамениг"
99.Уьш Юсуп волчу чубаьхкича , цо шен да-нана шена т1еийцира , цо элира :"Маьрша дог1ийла Мисранчу , Аллах1ан лиънехь !"
100.Айъира /охьахаийра/ цо шен да-нана 1аршан /васхал/ т1е . Гора ийгира уьш цунна . Цо элира :"Х1ай сан да ! Х1ара ду-кх /и/ суна хьалха /г1енах/ гинчун тидар , бакъдолуш сан Дала бакъ ди и , бакъдолуш сан Дала суна дикадина : набахти чуьра со араваьккхина Цо , есачу /г1ум/ арара шу далийна , шайт1ано суна а , сан вежаршна а юккъе дов тесначул т1аьхьа . Баккъалла а сан Дела к1еда-мерза /озабезаме/ ву Шена луучунна . Баккъалла а И ву-кх И хууш верг , кхетамениг .
101.Х1ай сан Дела ! Бакъдолуш Ахьа паччахьалла а делла суна , хилларш тидар 1амийна суна . Х1ай стигланаш а , латта а Кхоьллинарг ! Хьо ву-кх сан верас /велий/ дуьненахь а , эхартахь а ! Д1акхалхавехьа со бусалба волуш , д1атохахь /кхиавехьа/ со дикачарех !"
102.И /хьахийнарг/ къайлахчу хабарех ду , Оха ша хьоьга /х1ай Мухьаммад/ хьоьхуш /долу/ , хьо вацара цаьрца /цхьана/ цара шайн белхан сацам бечу хена , шаьш мекарло еш .
103.Дукхах болу нах , /уьш Делах тешар т1ехь/ хьо /мел/ сутара хилча а тешар бац .
104.Ахьа цаьрга ца йоьху цу т1ехь /цхьа а/ ял /мах/ . И /къуръан/ дац 1аламашна хьехам бен .
105.Хийла /Дела цхьаъ хиларан/ билгало ю стигланашкахь а , лаьттахь а уьш шена юххехула чекхбовлуш , шаьш цуьнах /ойла ца еш/ д1абирзина болуш .
106.Царех дукхах берш Аллах1ех ца теша , шаьш /Цунна/ декъахо веш бен .
107.Уьш маьрша бевлла те шайна т1е Аллах1ан 1азапех /долу шаьш/ хьулбийриг дарах , я ц1еххьана /къемата дийнан/ сахьт дарах , шайна /и чехка дарна/ хаа ца луш /и дог1уш/ ?
108.Ахьа /цаьрга/ ала :"Х1ара сан некъ бу . Аллах1е кхойкху аса билггала /нийса хилар/ гуш долчунна т1ехь - аса а , ша суна т1аьхьах1оьттинчо а . Ц1ена ву Аллах1 , со вац /Цунна/ декъахо вечарех"
109.Оха ца бахийтина хьоьл хьалха яртийн ох1лунех /болу/ стегарий бен , Оха шайга хьоьхуш /болу/ . Ца лийлира уьш лаьттахула , ца хьаьвсира муха хилла шайл хьалхарчеран чаккхе ? /Делора/ Эхартан х1усам г1оли ма ю шаьш /Делах/ кхийранчарна . Хьекъале ца хуьлу уьш ?
110.Элчанаш /царех/ догдиллича , царна моьттича баккъалла а шаьш /цара/ харцбина /бевлла/ - Тхан г1о деара царна , Тхуна луург к1елхьараваьккхира , Тхан ницкъ буха ца туху къинош дечу нахах .
111./Делора/ Бакъдолуш , церан дийцаршкахь хьехам /кхетам/ ма бу хьекъалан дайшна . И /къуръан/ дацара /цхьамма/ кхуллуш /долу/ хабар , амма /и дара/ шел хьалхарниг бакъдар а , массо а х1ума /билгал дина/ дастар а , нийса некъ а , къинхетам а /Делах/ тешачу нахана .