Тидар



14 Сурат Ибрах1ийм
/Маккахь доьссина ‚ 52 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу
 


1.Алиф , лам , ра /Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург/ . /х1ара/ Оха ша хьоьга доссийна /долу/ жайна ду , хьоьга /шеца/ нах церан Делан пурбанца арабахийтархьама боданашкара серлонга - Сийлахьчун , Хастамечун новкъа .
2.Аллах1 - Ша , стигалшкахь /мел/ дерг а , лаьттахь /мел/ дерг а Шен /долахь/ дерг ву . /ма/ Бала /хир/ бу-кх /Делах/ цатешачарна буьрсачу /луьрачу/ 1азапех .
3.Шаьш дуьненан дахар эхартал г1оли хеташ /дезаш , хоржуш/ , Аллах1ан новкъах /нах/ сецош , и /некъ/ гамбан г1ерташ берш - уьш генарчу тиларчохь бу
4.Оха ца ваийтина /цхьа а/ элча шен къоман маттаца /дин кхайкхош/ бен , цуьнга царна /ша деанарг/ билгалдайтархьама . Аллах1а тилаво Шена луург , нисво шена луург . Иза сийлахь , кхетаме ву .
5./Делора/ Бакъдолуш , Оха ваийтира Муса Тхан аяташца /цуьнга омру деш/ :"Арадаккха хьан къам боданашкара серлонга , дагадахкийта царна Аллах1ан /зовкхан/ денош /аьлла/" . Баккъалла а цу чохь билгалонаш ма ю массо а садеттачунна , баркаллечунна .
6.Мусас элира шен къоме :"Дагадаийта шайна т1ера Аллах1ан зовкх - Цо шу к1елхьара дехира Фир1авнан доьзалх , шаьш шуна вон /луьра/ 1азап деш /болчу/ , шаьш шун к1енташна арсаш хьоькхуш , шун зударий дийна буьтуш /болчу/ . Цуьнгахь шун Делера доккха зер ду /шуна/" .
7.Шун Дала д1акхайкхийра :"/Делора/ Шу /Сан зовкхашна/ баркалле хилахь , Аса шу совдохур ма ду . /амма Делора/ Аша хама-пусар ца дахь , баккъалла а Сан 1азап ч1ог1а /луьра хир/ ма ду /шуна/"
8.Мусас элира :"Хама-пусар ца дахь аша а , лаьттахь болчу массаьра а , баккъалла а Аллах1 /шун баркалле хьаштвоцуш/ хьалдолуш , хастаме ма ву"
9.Шоьга ца кхаьчна /тов/ шаьш шул хьалха хиллачеран хабар - Нухьан къоман а , 1адан а , Самудан а , шаьш царел т1аьхьа хиллачеран а /хабар/ ? Уьш ца бевза Аллах1ана бен . Царна баьхкира церан элчанаш билгалонашца , шайн куьйгаш шайн батошка даьхьира цара /царех кадетташ/ , цара элира :"Баккъалла а тхо цатеша шу шеца дахкийтинчух , баккъалла а тхо билгалчу (тешамбойъучу) шеконехь ма ду аша тхо шега кхойкхучух"
10.Церан элчанаш элира :"Шеко ю ткъа Аллах1ехь - стигалш а , латта а Кхоьллинчу ? Цо шу /иймане/ кхойкху , Ша шуна шун къинош гечдархьама а , Ша шу /кхалхарна/ ц1етоьхначу хене т1аьхьататтархьама а . Цара элира :"Шу /ма/ дац тхо санна /долу/ адамаш бен , шайна лууш тхо совцо /д1адерзо/ тхан дайша /шена/ 1ибадат деш хиллачух . /шаьш элчанаш делахь/ Аша балабе тхуна /шаьш бакъхиларан/ билгала бух /бакъо/"
11.Цаьрга церан элчанаш элира :"Тхо /ма/ дац шу санна адамаш бен , делахь а Аллах1а дика /ма/ до Шен лайшха Шена луучунна . Тхан долахь /ма/ дацара шуна цхьа /бакъонан/ бух балабар , Аллах1ан пурбанца бен . Аллах1ана т1етовжийла муъманах"
12.Х1ун ду тхуна /новкъарло йийриг/ тхо Аллах1ан т1е ца товжа , бакъдолуш Цо тхо тхан некъашна т1е нисдина /хилча/ ? /Делора/ Оха сатухур ма ду аша тхо /шеца/ хьийзийначун т1ехь . Аллах1ана т1етовжийла /шаьш/ т1етовжурш
13.Шаьш /Делах/ цатешначара элира шайн элчанашка :"/Делора/ Оха шу тхан лаьттара /махкара/ арадохур ма ду я шу тхан дине доьрзур ма ду" . /т1аккха/ Церан Дала цаьрга /элчанашка/ хаийтира :"/Делора/ Оха х1аллак бийр ма бу зуламхой .
14.Оха шу /церан/ лаьттахь /махкахь/ даха ховшор ма ду царел т1аьхьа . Иза /ирс/ Суна хьалха /дуьхьал къиношца , юьхь 1аьржа хилла/ х1оттарх кхийранчунна а , Сан /1азапца/ кхерамтасарх кхийранчунна а ду"
15.Толам бийхира цара /шайн мостаг1на т1ехь/ , /Дала толийра уьш , т1аккха/ ийшира массо а къизаниг , вухахьарниг /х1уьттаре йийриг , къарцалург/ .
16.Цуьнан хьалха /кечйина/ жоьжахати ю /и шен чуг1ур волу/ , /цу чохь/ малор ду /цунна/ ноткъан хих /долу хи/ ,
17.Цо къурдаш дийр ду цуьнан , /амма/ и /легашха/ чоьхьа даккха герга хир вац иза . Валар дог1ур ду цунна т1е массо а меттигера , /амма/ иза вац велла /парг1ат вер волуш/ , цуьнан хьалха шога /къиза/ 1азап ду .
18.Шаьш шайн Делах цатешначеран масал /куц муха ду аьлча/ - церан 1амалш , дарцечу дийнахь шеца мох ч1аг1белла /бадийна/ чим /юкъ-овкъарш/ санна ю . Церан ницкъ ца кхочу шаьш гулдинчух /даьккхинчух , лехначух/ цхьана а х1уманна т1ехь /и чим гулбан ницкъ ма-кхаччара бен/ . Иза ду и генара тилар .
19.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1а стигалш а , латта а бакъонца кхоллар ? Шена лаахь шу д1адохур /д1атилор/ , керла халкъ далор ду Цо .
20.И /ма/ дац Аллах1ана /дан/ хала /деза х1ума/
21./къемата дийнахь/ Аллах1ана гучубевлира уьш берриге а . /царех/ Г1ийлачара /ледарчара/ элира шаьш /дуьненахь элий хилла/ куралла йинчаьрга :"Баккъалла а тхо дара /дуьненахь/ шуна т1аьхьах1иттинарш . Дуй шу /тахана/ Аллах1ан 1азапех /долчу/ цхьана а х1уманах тхо хьалхадохур /к1елхьардохур/ долуш ?" Цара элира /жоплуш/ :"Аллах1а тхо нисдинехьара , оха шу а нисдина хир ма дара . Цхьатерра ду тхуна оха г1айг1а йича а , я сатоьхча а . Тхуна яц к1елхьардовла меттиг" .
22.Шайт1ано элира /Дала халкъан юкъара/ белхан кхелйича :"Баккъалла а Аллах1а йинера шуна бакъ /йолу/ ч1аг1о , аса а йинера шуна /сан/ ч1аг1о , /амма/ аса кхочуш ца йира шуна /и/ , сан долахь дацара шуна т1ехь /цхьа а/ урхалла , аса шу /тиларе/ кхайкхар доцург , /ткъа/ аша суна /дукха чехка/ жопделар . /цундела/ Суна ма билла бехк , /мелхо а/ шайн дог1машна билла аша бехк . Со дац шуна /тахана/ дан г1о долуш , шу а дац суна дан г1о долуш . Баккъалла а аса керстаналла дина , аша со хьалха /дуьненахь Делаца/ декъаходарца" . Баккъалла а зуламхой , царна лазош /долу/ 1азап ду !
23.Шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а /Дала/ бахийтира /ялсаманин/ бошмашчу , шайна к1елахула татолаш лелаш /йолчу/ , /уьш/ шайн Делан пурбанца гуттар 1ийр бу цу чохь . Цу чохь церан т1екере /маршалла хаттар/ Салам /далар хир/ ду .
24.Хьуна ца гина Аллах1а муха далийна масална - шен орам ч1ог1а /лаьттах/ болу , шен га стиглахь долу т1еххаза /ц1ена/ дитт санна долу - т1еххаза /ц1ена/ дош ?
25.Цо шен стоьмаш ло шен Делан пурбанца массо хенахь . Аллах1а даладо нахана масалш , цаьрга /царех/ хьехам эцийта .
26.Боьхачу дешан масал , боьхачу диттах тера ду , ша лаьттах бухдаьккхина , шен /тасадала цхьа/ ч1аг1о йоцуш /долчу/ .
27.Аллах1а ч1аг1бо шаьш /Шех/ тешнарш ч1ог1ачу /бакъонан/ дашца дуьненан дахарехь а , эхартахь а , Аллах1а тилабо зуламхой , Аллах1а до Шена луург .
28.Хьуна ца гина шаьш Аллах1ан зовкх керстаналлах хийцанарш а , шен къам /тилорца/ хаийнарш /чудигнарш/ а х1аллак хиларан х1усамчу -
29.жоьжахатичу , уьш шена чохь богур болу ? Ма вон чохь1ойла ю-кх /и/ !
30.Аллах1ана теранаш /декъахой/ бира цара , /цаьрца/ Цуьнан новкъах /нах/ тилорхьама . Ахьа ала /цаьрга/ :"Зовкх хьега аша /дуьненахь/ , баккъалла а шун доьрзийла ц1ерга ю /шуна/ !"
31.Ахьа ала шаьш /хьоьх/ тешначу Сан лешка ламаз х1оттаде , Оха шайна деллачу рицкъанах харж йе къайлах а , гуш а , шена чохь /бехк такха/ мах бар доцуш , доттаг1алла доцуш /долу къемат/ де дале хьалха .
32.Аллах1 ву Ша стигалш а , латта а кхоьллинарг а , стиглара /дог1ан/ хи доссийнарг а , Ша цуьнца стоьмаш арадаьхна шуна /царех/ рицкъа дина , шуна х1ордкема муьт1ахь динарг а , и лелийта х1орд чохь Шен омрунца , шуна татолаш муь1ахь динарг а .
33.Биллина д1алелаш болу малх а , бутт а шуна муьт1ахь бинарг а , буьйса а , де а шуна муьт1ахь динарг а .
34.Цо шуна делла аша ша дехначух массо а /х1ума/ . Шу Аллах1ан зовкхаш дагардан х1иттача , шуна уьш ларалур /церан хьесап далур ма/ дацара . Баккъалла а /керста/ адам /шен дег1ана/ зуламхо , /зовкхана/ хама-пусар доцург ма ду .
35.Ибрах1има элира :"Х1ай сан Дела ! Ехьа х1ара шахьар маьрша , генаваккхахь со а , сан к1ентий а оха ц1уйшна 1ибадат дарх !
36.Х1ай сан Дела ! Баккъалла а цара тилийна дуккха а нах . Ша /динехь/ суна т1аьхьах1оьттинарг - баккъалла а иза соьх ву , ша суна 1еса хилларг - баккъалла а Хьо гечдийриг , къинхетамениг ву .
37.Х1ай тхан Дела ! Баккъалла а аса /баха/ ховшийна сан доьзалх /цхьаберш/ ораматаш /соьналла/ доцчу тог1ехь /боьрахь/ - Хьан дихкинчу /дезачу хьажин/ ц1енна юххехь - цаьрга ламаз х1оттадайта . Дехьа нахех /цхьадолу/ дегнаш цаьрга туьйжуш /сатуьйсуш/ , лохьа цаьрна стоьмашха рицкъа . Цара баркалла ала тарлора .
38.Х1ай тхан Дела ! Баккъалла а Хьуна хаа оха хьулдийриг а , гучудоккхург а . Аллах1ана къайла ца долу цхьа а х1ума лаьттахь а , ца долу стиглахь .
39.Хастам бу Аллах1ана , Ша суна веллачу /сан/ воккхаллийца Исма1ил а , Исхьакъ а . Баккъалла а сан Дела до1а хезаш ма ву .
40.Х1ай сан Дела ! Вехьа ламаз х1оттош со а , сан доьзалх /берш/ а . Х1ай тхан Дела ! Къобал дехьа сан до1а !
41.Х1ай тхан Дела ! Гечдехьа суна а , сан дена-нанна а , муъманахaна а хьесап х1уттучу дийнахь !"
42.Хьуна /хетне а/ ма хетийла Аллах1 чидам боцуш зуламхоша дечух . Баккъалла а Цо т1аьхьатоьтту уьш шена чохь б1аьргаш къаьрзачу /къемата/ дийне
43./шаьш/ Хьаьвдда /бевдда/ , шайн кортош айъина , шайн д1ахьахьажар /къарзар/ шайга юхацадоьрзуш , шайн дегнаш даьсса долуш .
44.Д1ахьеде нахана шайна 1азап дог1ур долу де . Шаьш зуламдинчара эра ду :"Х1ай тхан Дела ! Т1аьхьататтахь тхо гергарчу хене , Хьан кхайкхамна жоплур дара оха , элчанашна т1аьхьах1уьттур дара тхо" . Шу дацара ткъа хьалха /дуьненахь/ дуй биънарш , шайна /дуьненчуьра/ д1атилар дац /аьлла/ ?!
45.Шу /дуьненахь даха/ хевшира шаьш /шул хьалха/ шайн дог1машна зуламдинчеран х1усамашка , шуна билгалделира Оха муха /та1зар/ дина цаьрна , Оха далийра шуна масалш /амма аша хьехам ца ийцира/ .
46.Цара йира шайн мекарло , Аллах1ан гергахь /хууш/ ю церан мекарло . Яцара церан мекарло шех лаьмнаш д1атуьлур долуш /уьш д1атилча а бакъо д1атуьлур йолуш/ .
47.Хьуна /хетне а/ ма хетийла Аллах1 , Шен элчанашна /Ша йина/ Шен ч1аг1о йохор йолуш . Баккъалла а Аллах1 сийлахьнаг , /Шен лешна/ ч1ир оьцург ву .
48.Оцу /къемата/ дийнахь латта кхечу лаьттаца хуьйцур ду , стигалш а . Уьш гучубевра /хьалабевра/ бу /шайн кешнашчуьра/ цхьаъ волчу , нуьцкъала волчу Аллах1ана
49.Хьуна гур бу къинош дерш оцу дийнахь /шайна/ буржалш тоьхна /з1енашца бихкина/
50.Церан бедарш силамах /хир/ ю . Ц1еро д1алоцур ю церан яххьаш .
51.Аллах1а декхархьама х1ор синна ша гулдинарг /леханарг/ . Баккъалла а Аллах1 хьесап чехка деш ву
52.Х1ара /къуръан/ кхайкхам /хьехам/ бу нахана , царна цуьнца /Делан 1азап хилар/ д1ахьеда а , царна хаийта а баккъалла а Иза - цхьа Дела вуй , хьекалан дайшка ойла яйта а .