Тидар



15 - Сурат Альхьиджр /Тог1е , г1ала/
/Макахь доьссина ‚ 99 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Алиф , лам , ра .
Х1орш жайнан а , билгалчу къуръанан а аяташ ду .
2.Шаьш /Делах/ цатешначарна лаа тарло шаьш бусулбанаш хила
3.Бита ахьа уьш яа а , зовкх хьега а , сатийсаро д1алаца а . /т1аьхьа/ Хуур ду царна .
4.Оха х1аллак ца йина цхьа юрт , шен тоьхна хан йолуш бен
5.Цхьа къам шен /тоьхначу/ хенал хьалха ца долу , /цунах/ т1аьхьа а ца дуьсу .
6.Цара элира :"Х1ай шена т1е хьехор /къуръан/ доссийнарг ! Баккъалла а хьо хьераваьлла /телхина/ ма ву"
7.Ахьа /хьайна теш х1итта/ тхуна малийкаш далийча , хьо бакълуьйчарех хилча
8.Оха малийкаш бакъдолчуьнца бен ца диссадо /ткъа диссийча/ , т1аккха уьш хир бацара т1ахьатеттинарш
9.Баккъалла а Оха досса а дина /х1ара/ хьехор /къуръан/ , баккъалла а Тхо и лардийраш ма ду .
10./Делора/ Бакъдолуш Оха хьоьл хьалха а /ма/ бахийтина хьалхалерачийн тобанашка /элчанаш/
11.Царна /цхьа/ элча ма ца вог1у , уьш шех кхаьрдаш /цабешаш/ хилла бен
12.Иштта , Оха дуьллу и къадечеран дегнашчу ,
13.уьш шех тешаш боцуш . Бакъдолуш , д1адахна хьалхалерачийн 1адат а .
14.Оха царна стигалха цхьа не1 схьайиллинехьара , уьш цуьнах хьалабовлуш хуьлуш ,
15.цара эра ма дара :"Баккъалла а тхан б1аьргаш дахийна , мелхо а тхо /шена/ бозбуанчалла дина къам /нах/ ду"
16./Делора/ Бакъдолуш , Оха стиглахь хилийтина седарчийн гулам , Оха кечйина и /стигал/ хьовсучарна
17.Оха ларйина и /стигал Дала/ эккхийначу массо а шайт1анах .
18.Ша /шена/ хеззарг лачкъийнарг доцучух , ткъа цунна т1аьхьаболу сирла /къегина/ седа .
19.Латта даржийна Оха , цу т1ехь лаьмнаш доьг1на , /шен/ барам болу массо х1ума кхиийна Оха цу т1ехь ,
20.Оха цу т1ехь юург хилийтана шуна а , аша /рицкъа луш/ ша кхобуш йоцучунна .
21.Цхьа а х1ума /ма/ яц , Тхуна гергахь шен хазнаш йолуш бен . Оха ца йоссайо и /х1ума/ билгалчу барамехь бен .
22.Оха дахкийтина /шуна/ беркате /пхаръевлла мархаш йохьу/ мехаш , доссийна Оха стиглара /мархашкара дог1ан/ хи , Оха малийна и шуна , шу дац и /хи/ лардийраш /доуьйтурш/
23.Баккъалла а Тхо ма ду /белларш/ денбийраш а , /дийнаберш/ кхалхораш а , Тхо ду /бухдуьсу/ верасаш .
24./Делора/ Бакъдолуш , Тхуна хиъна шух хьалхабевлларш /муьлш /бу/ а , /Делора/ бакъдолуш Тхуна хиъна /шух т1аьхьабиснарш /муьлш бу/ а .
25.Баккъалла а хьан Дала - Цо гулбийр бу уьш . Баккъалла а Иза кхетаме верг , хууш верг ву .
26./Делора/ Бакъдолуш , Оха адам кхоьллина бекъачу /боькучу/ , /шен/ кепйинчу поппарх - сацкъарх /саззах/ .
27.Жинн /да Иблийс/ а кхоьллина Оха /цул/ хьалха чахчочу /морцучу/ ц1ерах
28.Хьан Дала малийкашка элира :"Баккъалла а Со адам кхолла воллу бекъачу /боькучу/ , /шен/ кепйинчу поппарх - сацкъарх /саззах/ .
29.Ткъа Аса иза /кепехь/ нисвина , Сан сих цунна чу садиллича , шу эга цунна гора /суждане/ .
30./т1аккха/ Горадахара малийкаш - уьш дерриге , массо .
31.Иблийс доцург , дуьхьалделира и ша горадаханчаьрца хиларх"
32.Цо /Дала/ элира :"Х1ай Иблийс ! Хьуна /лууш дерг/ х1ун ду , хьо горадаханчаьрца ца хиларехь ?"
33.Цо /Иблийсо/ элира /жоплуш/ :"Со /лууш/ ма дац горадаха адамна , Ахьа ша бекъачу /боькучу/ , /шен/ кепйинчу поппарх - сацкъарх /саззах/ кхоьллина долчу" .
34.Цо /Дала/ элира :"Делахь , арадала цу чуьра , баккъалла а хьо эккхийна ду .
35.Баккъалла а хьуна т1ехь не1алт ду бекхаман де кхаччалц"
36.Цо /Иблийсо/ элира :"Х1ай сан Дела ! Делахь , со т1аьхьататтахь уьш /денбина/ г1овттор болчу дийне"
37.Цо /Дала/ элира /жоплуш/ :"Делахь , хьо баккъалла а т1аьхьатеттинчарех ду-кх ,
38.билгалчу хенан дийне"
39.Цо /Иблийсо/ элира :"Х1ай сан Дела ! /Делора/ Ахьа со тилорна , аса царна хаздийр ма ду лаьттахь /1еса мел дерг/ , аса уьш тилор ма бу берриге а ,
40.царех Хьан догц1ена лайш боцурш"
41.Цо /Дала/ элира :"Х1ара /бакъонан/ некъ Суна нийса бу .
42.Баккъалла а Сан лайш , хьан дац царна т1ехь урхалла /бакъо/ , тиллачарех ша хьуна т1аьхьах1оьттинарг воцучунна" .
43.Баккъалла а жоьжахати церан хан йиллина меттиг ма ю - массеран а .
44.Цуьнан ворх1 не1 ю , царех х1ор не1аран къастийна /декъна , хьажийна/ дакъа ду
45.Баккъалла а /Делах/ кхоьрурш /ялсаманин/ бошмашкахь а , шовданашкахь а /хир/ бу .
46./царга эра ду :/ "Чу г1о царна машарца , /шаьш/ маьрша /кхерамза/ долуш !"
47.Оха д1аяаьккхира церан кийранашкахь йолу хьаг1 /гамо , цабезам , ачо , догволла/ , вежарий хилла , маьнгеш т1ехь дуьхь-дуьхьал бирзина
48.Цу /ялсамани/ чохь царех ца хьакхало к1адбалар /г1елбалар/ , уьш цу чуьра арабохур бац .
49.Д1акхайкхаде Сан лайшка , баккъалла а Со гечдийриг , къинхетамениг вуй .
50.Баккъалла а Сан 1азап - иза лазош /долу/ 1азап дуй
51.Д1ахаийта царна Ибрах1иман хьешех /дерг/ .
52.И волчу баьхкина цара элира :"Салам маршалла /ду шуна/" . Цо /Ибрах1има/ элира :"Баккъалла а тхо шух кхоьруш ду"
53.Цара элира :"Ма кхера ! Баккъалла а , оха кхаъ боккху хьуна хьекъалечу к1антаца"
54.Цо элира :"Аша суна кхаъ баьккхина , со къаналло схьалаьцна волуш , стенца кхаъ боккху аша ?"
55.Цара элира :"Оха кхаъ баьккхина хьуна бакъдолчуьнца , хьо ма хила догдиллинчарех !"
56.Цо /Ибрах1има/ элира :"Хьа догдуьллу шен Делан къинхетамех , тиллачара бен ?"
57.Цо /Ибрах1има/ элира :"Х1ун 1алашо ю шу ? Х1ай геланчаш !"
58.Цара элира :"Баккъалла а тхо дахкийтина къадечу къоме /уьш х1аллакбан/ ,
59.Лут1ан доьзал боцург . Баккъалла а оха к1елхьарбохур бу уьш - берриге ,
60.цуьнан зуда йоцург . Оха кхелйина , баккъалла а иза бухабуьсучарех ма ю"
61.Лут1ан доьзал болчу геланчаш баьхкинчу хена
62.Цо элира :"Баккъалла а шу /суна/ девзаш доцу /хийра/ нах ду"
63.Цара элира :"Мелхо а , тхо даьхкина хьо волчу уьш шегахь шек хиллачуьнца .
64.Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца , баккъалла а тхо ма ду бакълуьйш .
65.Арабаккха хьан доьзал буьйсанан /цхьана/ декъехь , царна т1аьхьа х1отта , вуха ма хьожийла шух цхьа а , д1аг1о шайга омру дечу" .
66.Оха д1ахаийтира цунна и г1уллакх - баккъалла а х1окхеран т1аьхье /х1аллак барца/ хадийна ю /уьш/ 1уьйренга бовлуш .
67.Г1алин бахархой баьхкира баккхийбуьйш
68.Цо /Лут1ас/ элира :"Баккъалла а х1орш сан хьеший бу , со юьхь1аьржа ма х1оттавелаш .
69.Аллах1ах кхера , со сийсаз ма велаш !"
70.Цара элира :"Оха хьуна дехка ца дихкина нах /т1елацар/ ?"
71.Цо элира :"Х1ара сан зудбераш ду-кх /шуна/ , аша /х1ете а , вете а и/ деш хиллехь /бига уьш маре/"
72.Хьан оьмарора , баккъалла а уьш шайн бахарчохь /кеп хиларехь/ тилла лелаш ма бу
73.Садаьржаш ц1ог1ано схьалецира уьш .
74.Оха йира цуьнан /г1алин/ т1ехуле /уьш бертал тоьхна/ цуьнан лахе . Оха делхийра царна т1е /беттинчу/ поппарех /долу/ т1улгаш
75.Баккъалла а цу /хьахийна/ чохь билгалонаш ма ю леррина хьовсучарна /терго ечарна/
76.Баккъалла а и /г1ала/ ма ю /х1инца а нах д1асхьалелаш/ болуш болчу некъаца .
77.Баккъалла а цу чохь билгало ма ю муъманахана
78.Баккъалла а варшан дай /Шу1айбан къам/ зуламхой ма хилла
79.Оха царна д1адекхна /уьш х1аллак барца/ , баккъалла а и шиъ /юрт/ ма ю /нахана/ билгалчу новкъахь /лаьтташ/
80./Делора/ Бакъдолуш , тог1ен /г1алин/ дайша /Самудаш/ харцбира геланчаш
81.Оха елира царна Тхан билгалонаш , уьш царех д1абоьрзуш бара
82.Уьш бара лаьмнех маьрша /кхерамза/ чохь1ойлаш /х1усамаш/ цоьстуш /йохуш/
83.Сахуьллуш ц1ог1ано схьалецира уьш
84.Уьш хьалха ца бехира /Делан 1азапех/ цара лохуш /гулдеш/ хиллачо .
85.Оха ца кхоьллина стигалш а , латта а цаьршинна юккъехь /мел/ дерг а бакъонца бен . Баккъалла а /къемата дийнан/ сахьт дог1ур /долуш/ ма ду , къинт1еравала /царна/ хаза къинт1ераваларца
86.Баккъалла а хьан Дела кхуллург , хуург ву
87./Делора/ Бакъдолуш , Оха хьоьга делла /доссийна юх-юха доьшуш/ карладоккхучарех ворх1 /аят/ а , сийлахь къуръан а .
88.Ма кхийдабе /кхерстабе/ хьан ши б1аьрг Оха шеца царех цхьаболчарга зовкх хьегийтинчуьнга , ма хила царна г1айг1ане а , охьата1абе хьан т1ам муъманахана /к1еда-мерза хила царца/ !
89.Ахьа ала :"Баккъалла а со /шуна 1азап хилар/ билгала д1ахьедархо ма ву "
90.Оха досса ма-дарра доькъучарна т1е
91.шаьш дина /болу/ къуръан дакъош
92.Хьан Делора Оха /жоп/ хоттур ма ду цаьрга массаьрга а
93.цара деш хиллачух .
94./мохь тоххе/ Гучудаккха хьайга омру дийриг , д1аверза /Далла/ декъаховечарех !
95.Оха хьо хьалхаваьккхина /хьоьх/ кхаьрдачарех /хьо хьийзочарех/
96.шаьш Аллах1аца цхьана кхин дела веш болчу . /т1аьхьа/ Хуур ду царна /шайна хиндерг/ .
97./Делора/ Бакъдолуш Тхуна хаа , баккъалла а хьан кийра гаттлой /1аьвжий/ цара /хьайна/ олучух /дуьйцучух/
98.Теспахь де хьан Далла хастам барца , хьо хила /суждане/ горабаханчарех
99.1ибадат де хьан Далла , хьайга билггал дерг /валар/ даллалц .