тидар


18 Сурат Алках1ф (Хьех)
(Маккахь доьссина , 110 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу

 


1.Аллах1ана (ша хьакъ волун) хастам бу , Ша Шен лайна (сийдолчу Мухьаммадна) т1е (къуръан) жайна доссийна (волчу) , (Ша) цу чохь (маь1анаш) гома (чуьчча , харцоне тийжаш) ца деш
2.(ша) Нийса (а долуш) , Шиэна гергара ч1ог1а 1азап хирг хилар (къуран харц динчунна) д1ахаъийтархьама а , шаьш дика 1амалаш йечу , (къуранах) тешачарга кхаъ баккхархьама а , баккъалла а , царна (Далла гергахь) хаза ял (ялсамане хирг) хиларца
3.Оцу чохь (шаьш) гуттара а бехар болш
4.(иштта) Аллах1ан доьзалхо ву бохучарна кхерам тасархьама а
5.Цаьргахь а , я церан (и аларца д1абаханчу) дайшкахь а , цуьнах (шаьш кхуллучу дашах) 1илма (т1етовжа х1ума) дац , (къилахь) доккха хили церан багахула (бетера) арадолу (харц) дош , (цун хьокъехь) харц дерг бен ца олу цара
6.Хьайн дег1 (х1ай сийдолу Мухьаммад) бале лаьцна (хила тарло) ахьа , цара х1окху къамелна (къуранна) букъ тохарна , (хьайна) халахетна (дог дохо ца оьшу хьуна!)
7.Баккъалла а , Оха лаьтта т1ехь мел дерг дина и (латта исбаьхьа) хазадеш , уьш зер дуьхьа (Далла) доггах (и хазалла а йитина) г1улкх дарехь царех тоьлург муьлха ву (хьовса)
8.(иштта) Баккъалла а , Оха оцу латта т1ехь мел дерг (х1аллак дарца и) д1ашардина (шена т1ехь х1ума доцуш) декъа дийр ду
9.Бакъ долуш хьуна (х1ай Мухьаммад) хетнера хьех а , тептар а дай тхан билгалонашха т1ех тамашийна (цул дуккха а тамашийна билгалонаш ю хьуна тхан)
10.(ахьа хьахаде) Кегирхой (шаьш ийманах бохорна кхера белла) хьехчу левчкъина , т1аккха (цара) элира : "Х1айн тхан Дела ! Хьайн гергара (совг1ат дай) къинхетам бехьа тхоьх , тхан болх (хьал) бакъонца (нийсонца берза) бехьа .
11.Оха наб т1етесира цаьрна хьехчохь (дуккха а) шерашкахь .
12.Цул т1аьхьа Оха (набарха) г1иттийра уьш , хаар доьхьа цу шина тобанех (царех дерг хаарехь йекъаелла йолу) муьлханиг ю (хаарехь) т1ех герга , цара (хьехчохь) яьккхина хан мел ю .
13.Оха дуьйцур ду хьуна царех дерг бакъонца (ма дарра) , баккъалла а , шайн Делаца имдиллина кегирхой бара уьш , (т1аккха) Оха сов бехира уьш ийманехь .
14.Церан (кегирхойн) дегнаш (бакъ дерг алар т1ехь собарца) ч1аг1дира Оха , шаьш г1евттина цара элира : "Тхан Дела , стигланийн а , латтан а Дела ву , оха (кхайкханне а) кхойкхур ма вац кхин дела , (кхечунга кхайкхар) бакъ долуш т1ех (харц) хир дара и тхан алар .
15.Х1окху тхан (вайн) къомо Иза (Аллах1) витина (ц1уй) деланаш (бина) лецна , билггала бух (т1етовжийла) балабахьара цара шайн 1ибадатна (Аллах1ан омар и хилар) . Мила ву ткъа т1ех зуламе ша Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллинчул а ?(цхьа ма вац) .
16.Шаьш царех а , Аллах1 воцуш (цара) лолла дечух (ц1уйх) а (къаьстина) гена девлича (нацкъардевлича) , хьехе дерза ! Шун Дала шух (рицкъа даларца) къинхетам бийр бу , шун болх эсала (к1еда) берзор бу .
17.Хьуна уьш (кегирхой) гича гур бара , малх ша хьала баьлча , церан хьехна аьтто аг1ор тийжаш , ткъа ша д1абузуш (уьш бите) царна т1екъарзар доцуш (церан лерамна 1индаг1ца) аьрро аг1ор т1ех буьйлуш , уьш цу хьехан сонехь (к1ожанехь) ва болуш , и (вай хьахийнарг) Аллах1ан (ницкъ хилар , цаьрца к1еда хилар) билгалонашха ду . Аллах1а ша (шен дин т1е) нисвинарг , иза нийсонан т1ехь ву , ткъа (Цо) тилийнарг , хьуна (каронне а) карор ма вац и нисван накъост .
18.(хьайна уьш гича) Уьш сема хетар (бар) хьуна , шаьш (набарца) бийшана болшнехь а (биллинчу б1аьргашна) , аьтто а , аьрро а аг1ора керча уьш (латте дилха ца талхадайта) , церан ж1аьла а ду шен (хьалхара) ши ког а хецна не1ар саг1анехь хиъна (уьш санна ша меттах хьаьвш). Хьайна уьш гича букътоьхна царех водур ма вара хьо , царех (болчу) кхерамо кийра бузур ма бар хьан. (18)
19.Иштта (оцу хьолехь латтабарх терра) , г1иттийра (самбаьхна) Оха уьш вовшашка хаттийта (шайн хьолех лаьцна) . Царех цхьаммо элира : "Мел лаьттина шу" , цара элира : "Дийнахь я (оцу) дийнан муьргехь". Цара элира : "Шун Дела т1ех дика хууш ву шун оцу (чохь) латтарха (дерг) , шайх цхьаъ хьажаве х1окху детийца (ахчанца) х1окху (шаьш ара девлачу) шахьаре , и хьажийла даарха муьлха ду чомана г1оли (мерза) , цуьнах рицкъ дохьийла (цо) шуна , ларлуш хуьлийла (иза) , (т1аккха) цхьанне а хуур дац шух дерг" .
20.Баккъалла а , царна шу гучудовлахь , т1улгаш тухур бу (цара) шуна (дойъур ду шу) , я шайн дине дерзор ду шу , т1аккха (шу церан дине дерзахь) цкъа а (хилне а) декъал хир ма дац .
21.Иштта (уьш г1итторха терра), Оха цаьрна (церан къам) т1екхачийтира - царна (къоманна) хаийта , баккъалла а , Аллах1ан (кханалерчу дийнахь г1иттор хилар) ч1аг1о бакъ хилар , (иштта) баккъалла а , къемат де (х1оттар) шегахь шеко йоцуш хилар - уьш (бусулба , керста) шайна юккъехь церан болх (кегирхойх дан дезарг) къуьйсуш бохкуш , цара (керстачара) элира : " (хьуламанна) Г1ишло йе царна т1ехь (гонаха) , церан Дела т1ех дика хууш ву царех дерг" , ткъа царех тоьллачара (ийманехь болчара) элира :" Оха (вай) данне а дийр ма ду царна т1ехь (гонаха) маьждиг " .
22.Цара (уьш мас-мел хилла къуьйсучара) эра ду : " Кхоъ ву (уьш) цера диолг1аниг церан ж1аьла а долш " , (иштта) цара олу : " пхиъ ву (уьш) цера ялхолг1аниг церан ж1аьла а долш " 1илма доцуш аларца , (юха а) цара олу : " варх1 ву (уьш) церан барх1олг1аниг церан ж1аьла а долш " . Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад) ала : " Сан Дела т1ех дика хууш ву церан дагардалар и (дагардалар , мас хилла уьш) хаац к1еззиг болчарна бен " . Ахьа ма къовса церан (кегирхойн) хьокъехь (Делера) бухболчу къовсамца бен , хьо дага ма вала церан (дагардалар) хьокъехь царех (тептар ох1ланех) цхьаннех а .
23.Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад алне а) ма ала х1уманна , баккъалла а , аса дийр ду иза кхана (я т1ейог1учу заманахь) .
24.Аллах1ан лаамца бен ("Дала мукъ лахь" аьлла бен) , хьайн Дела хьахаве хьо вицвелча , ахьа ала : " Сан Дела герга ву со нисван (суна яла) х1окхулла (вай хьахийначул) а герга нийсонан т1ехь (хилар билгалонаш) .
25.(цара элира :) "Уьш лаьттира (набарахь) шайн хьехахь кха баь1а шарахь (маьлха шерашца) шаьш ис шарахь сов бовлуш (бетта шерашца)" (25)
26.Ахьа ала : " Аллах1 т1ех дика хууш ву цара (хьехахь) яьккхина хенах дерг , стигланийн а , лаьттан а къайле Цуьнгахь ю , мел дика гуш ву Иза , мел дика хезаш ву Иза , цаьрна (стиглар а , лаьттар а кхолламна) ван ма вац Иза воцург г1оьнча , Шен хьукмангахь цхьа а Шен декъашхо ца во Цо
27.Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад) деша хьайга (Дала) хьехнарг хьайн Дела жайнах (къуранах) , Цуьнан (къуран) дешнаш хийца да вац , хьуна (каронне а) карор вац Иза воцург т1етовжийла .
28.Хьайн дег1 сацаде (хьо охьа хаа) , 1уьйренца , суьйренца доггаха (Далла муьт1ахь хилар лууш) шайн Деле кхойкхучаьрца , хьо д1амакъаста царех дуьненан дахар хазалла (шайгахь йолу тоба) йезарна , хьо муьт1ахь ма хила Оха Тхаьш хьахорха (къуранах) шен дагт1е мух1ар тоьхначунца , шен (дег1а) лаамна (Делаца накъост варна) т1аьхьа х1оьттина , шен болх зене (пунче) хилла волу
29.Ахьа (цаьрга) ала : "(иза къуран) Шун Делера бакъ (дерг) ду , шена луъчо имдилла , шена луъчо керстаналла де , баккъалла а , Оха кечйина зуламдайшна (жоьжахатан) ц1е , шен керто (пенаро) царна го биллан йолу , (и ца лайна) цара орца дехча , царна орца хуьлу (ша бете даьхьча) юьхьмаш йотту (кхехкочу) хица , ша лалийна даш санна долу , ма во малар ду-кх (иза) , (д1атовжа) ма во х1усам ю (и жоьжахате)"
30.Баккъалла а , шаьш имдиллина , дика 1амалаш йинарш , баккъалла а , Оха ша 1амал ярехь дикахилчунна ял зе йойъур яц
31.Уьш (вай хьахийнарш) , цаьрна (ялсаманан) дагйуккъера бошмаш хир ю , шайна к1елахула лелаш татолаш долуш , оцу чохь (уьш) кечбийр бу дешин (куьйгаха духкучу) х1азаршца , царна духур ду , дуткъачу , стоммачу (дезачу) дарен баьццара духарш , оцу чохь (шаьш) маьнгеш т1ехь тевжина , ма хаза ял ю (и бекхам) , ма дика х1усам ю (и ялсамани)
32.Ахьа царна (керстана) дала де , шина къонахчун масал , Оха цаьршинах цхьанна (керстанна) кемсийн шиъ беш йеллера , хурман диттах Тхаьш цаьршинна го бина , цаьршинна юккъехь ялта дира Оха
33.Х1ора бешо шен стоьмаш делира , цхьа а эшам боцуш , Оха цаьршинна юккъехула татолаш дахийтира (лелийтира)
34.(тайп-тайпана) Бахам бара цуьнан (и шиъ беш хилла ца 1еш) , т1аккха (цу керстано) элира шен накъосте , цуьнца (дазаллийца) къамеле волуш : " Со хьоьл дукха даьхни долш ву , тоба йоккха йолш ву "
35.Шен беша велира (иза) шен дег1ана (куралла ярна) зуламе ша волуш , (цо) элира (шен накъосте дазалло кийра буьзна) : " Х1ара цкъа а х1аллак хир ду (д1адерду) аьлла ца хета суна "(шен кхетам бацарна)
36."Къемат де х1оттарха тешаш вац со , нагахь санна (и ахь хир ду боху къемат де бакъ хилла) сан Деле со верзавахь , суна (каронне а) карор ма ю х1окхулла а тоьлла воьрзийла ".
37.Цуьнан накъосто (бусалбано) элира цуьнга (керстане) ша цунна (къамелана) жоп луш : " Хьо лаьттах , цул т1ахьа (к1айчу) т1адамах (хих) Ша кхоьллина , т1аккха (кхачаме суьртахь) стаг вина д1ах1оттийначуьнца керстаналла (х1унда) ди ахьа ?"
38."Амма (суна дог1ачу декъана) Иза Аллах1 сан Дела ву , сайн Делаца цхьа а накъост ца во аса (38)
39.Хьайн беша ваьлча (хьайн дагна хилчу тамана) ахьа аьллехьара (хьайн дагца) : "(х1окху бешахь) Аллах1ана лиънарг хиллакх (ма шааллах1) , Аллах1аца бен (таро-бахам хиларехь) ницкъ кхачар дацкха ". Хьуна со гахь хьайла к1еззиг даьхни а , доьзал а болуш ,
40.Сан Дели герга ву суна (эхартахь) хьан бешал тоьлларг дала , оцу (хьан беша) т1е стиглара 1азап доссо , т1аккха цуьнах (лаца х1ума доцуш) шера латта хир долш .
41.Я цуьнан (бешара) хи (лаьтто) д1ахуда (герга ду) , т1аккха хьуна хьала (даккха далне а) даккхалур ма дац иза
42.(Делан 1азапо) Го биллира цуьнан бахамна (я стоьташна уьш х1аллакбарца) , т1аккха (дохко вийларца) шен шиъ куьг керчо (вовшех детта) х1оьттира (иза) , ша (и кхиош) цу т1ехь хьегчу къинна , и (кемсаш) шен г1ортолаш т1ехь хаьрцина йолуш (чардакх чудоьжна) , (ша) олуш : " Сайн Делаца цхьа а накъост ванза веларкха со " .
43.Аллах1 воцург (бала юхатохарехь) шена г1о дан (ша дазалла дина) тоба ца хилира цуьнан , (шен ницкъаца Делан г1уданах) хьалха валар ца хилира (цуьнан) .
44.Цигахь (къемата дийнахь) бакъ волчу Аллах1ан ю (толаман) кхел , (имдиллинчунна дуьненахь , эхартахь) ял яларехь тоьлург , (сатийсанчарна) хаза т1аьхье (ялсамани) яларехь тоьлург Иза ву .
45.Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад) даладе царна (адамашна) масална (шен пана хиларехь) дуьненан дахар , стиглара Оха доссийначу хих (дог1анах) тера долу , лаьттан орамат (сено) шех (дог1анах) ийна ( и маларна ша хаза кхиъна) , т1аккха (хи д1ахадарна) якъаелира (ата елира и сено) мохо (ша) идош , Аллах1 ву массо а (вай хьахийначу) х1уман т1ехь ницкъ кхочуш .
46.Даьхни а , доьзал а дуьненан дахаран хазалла ю , (амма) бухадуьсу диканаш (Дела реза волу белхаш) тоьлуш ду хьан Далла гергахь йолехь а , (дикане) сатийсарехь .
47.(ахьа хьахаде) Оха (чена хьесапахь) лаьмнаш (лаьтта т1ийра) д1атилор долун де , хьуна гурдолу (оцу дийнахь) латта (экъа санна) шера (т1ехь х1умма а доцуш) , Оха шаьш (бусулба а , керста а) гулбина (махьшаран майдане) , царех (адамашха) цхьа а вуьтур воцун (къемат де)
48.Уьш х1иттий Хьан Далла хьалха , мог1аршкахь , (шайга олуш :) "Бакъ долуш шу Тхуна хьалха д1ах1итти , Оха шу дуьххьара ма кхоллара (цхьалха , дерзина , т1ехь - когахь доцуш ) , амма бакъ ду , аша (дуьненахь) бехира Оха шайна (тохне а) тухур ма яц (х1окху къемата дийнахь г1итторан) хан
49.(х1оранна кара) Тептар диллича (делча) , хьуна гурбу керстанаш кхоьруш оцу (шайн тептарш) чохь долчух , цара эра ду (шайн вон 1амалаш гучуевлача) : "Х1ай тхан х1аллак хилар , х1окху тептаром (хьа) ца дуьту (къиношха) дагарданза (язданза) жиманиг я доккханиг , цаьрна карийра шаьш динарг (шайна) хьалха , хьан Дала зулам дац цхьанне а
50.(ахьа хьахаде) Оха элира маликашка : " Сужуд де Адам -(пайхамар)-на , т1аккха цара (сий-лерам баран) сужуд дира , (цхьа) Иблис доцчо , жинех дара иза , шен Далла муьт1ахь хиларх араделира иза , аша (х1ай адамаш) муха лоцу иза (Иблис) а , цуьнан т1аьхье а гергарнаш , Со (царех хийцина) витина (царна муьт1ахь хилла) , уьш шун мостаг1ий ма бу , ма вон хийцар ду и зуламдайшна (50)
51.Аса теш ца х1иттийна уьш (дага ца ваьлла царех) стигланаш а , латта а кхолларехь , (иштта) церан дог1маш кхолларехь а , Со ца хили (адамаш) тилорхой г1оьнчаш лоцуш
52.(хьахаде) И (къемат) де , (Цо) эра долу : "(аша) Кхайкха (х1инца) и шаьш (дуьненахь) Соьца бина Сан декъашхой , т1аккха цара (орца доьхуш) кхайкхира царга (ц1уйшка) , амма цара (шафа1ате) жоп ца делира царна , Оха царна юккъехь жоьжахатан (уьш х1аллак бен) боьра бира .
53.Къинойн дайшна (шайн б1аьргашца) жоьжахате (ялийна д1ах1оттийна) гича , (г1айг1а совйаларца) билгалделира , баккъалла а , шаьш цу чуоьгур (г1ур) хилар , царна ца карийра цунах д1ахьавзам (д1абоьрзу некъ) .
54.Бакъ долуш ,Оха билгалдарца далийна х1окху Къуранчохь адамашна (пайденна) массо а куьцара (бакъонна т1енисво) масал , (ткъа керста) адам (дукха хьолехь) хилира т1ех къийсалуш .
55.Адам юхатоьхна ма дац , шайга (къуранан) бакъо йиъча , имдилларха а , шайн Деле гечдар дехарха а , хьалха д1абаханчеран хьал (х1у доцуш х1аллак бар) шайна т1ех1оттадар дехаро (лааро) а , я шайн шина б1аьрганна гуш (ц1аьххьана эхарт) 1азап дар лааро а бен (шайн дакъазаллийна) .
56.Оха геланчаш (элчанаш) хьовсош ма бац , (имдиллинчарна ялсаманица) кхаъ бохьуш а , (шаьш харц бинчарна 1азапца) кхерам тосуш а бен . Шаьш керстаналла динчара къуьйсу харцонна т1е х1итте (и юьхьур лаце) , цуьнца (харцонца) бакъо (къуран) эшо (г1елйан) г1ерташ , Сан (Аллах1ан) аяташ (билгалонаш) а , шайга тесна (1азап хирг хиларца) кхерамаш а кхардарца (ца башарца) т1елаьцна цара (керстано) .
57.Мила ву ткъа (лайшха) т1ех зуламе (шен дег1ана) , шен Дела аяташца шена хьехам бича (ладог1ар доцуш) букъ тоьхна , шен шина куьйго (ша 1асаллех) динарг дицдинчул ?! Оха церан дегнаш т1ехь пардонаш дина , уьш цакхетийтархьама (церан керстаналла бахьан долуш) цунах (къуранах , билгалонах) , церан лерехь (ладог1а ца лааран) къоралла (лерга ч1аг1алла) ю , ахьа уьш бакъоне (иймане) кхайкхича , уьш нисбалне а нислур болуш бац цкъа а .
58.Хьан (х1ай сийдолу Мухьаммад) Дела т1ех гечдеш ву , (шуьйрачу) къинхетаман Да ву .
(Цо) Церан (дуьненахь) ч1ир оьцуш хилча , цара динарг (къинош) бахьан долуш , царна (оцу дуьненахь) 1азап сихдийра (ма) дар (Цо) , (делахь) бакъ долуш (сиха вац Аллах1) , церан (шайна 1азап дала) тоьхна хан ю (къемата дийнахь) , цуьнах лачкъа (бовда) меттиг карор яц царна .
59.И ярташ (оцу чохь даьхна умматаш) , Оха х1аллак йира уьш , цара зуламаш (х1уьттаренца керстаналла) динчу хена ( и дар бахьан долуш) , уьш х1аллак барна хан тоьхнера Оха (иштта шу а ларлолаш цу 1азапах)
60.(ахьа хьахаде х1ай сийдолу Мухьаммад ! 1имрана к1анта Муса - пайхамара) Элира шен жимачу накъосте (Нун к1ант Юша1е) : " Ши х1орд гуллучу (вовшах кхетачу) кхаччалц д1а ца воьдуш со 1ийр (ма) вац , я лелар ву со (д1акхаччалц) ехачу заманахь (аса мел дукха некъ бан безарх) .
61.Ткъа и шиъ (х1орд) гуллучу (вовшах кхетачу) шаьшшиъ д1акхаьчча , шаьшшинна (баа кечбина) ч1ара биц бина (хилар карийра) цаьршимма , (ткъа ч1еро) шен некъ лецира х1ордаха (шел т1аьхьа т1улга) декъа харш дуьтуш .
62.(оцу ч1ара биц бинчу меттигах) Шаьш шиъ (шолг1ачу дийнан делкъа хан хиллалца некъ беш) т1ех ваьлча , (Муса пайхамара) элира шен къоначу накъосте :"Вайн кхача лохь вайна , бакъ долуш х1окху вайн некъах (г1елдалар , к1ад далар) хало ги вайна" .
63.Цо элира : "Тидам бирий ахь , вай чхаре дирзича , баккъалла а , аса ч1ара бицбира , и суна дагар ма ца баккхина шайт1ано бен , цо (ч1еро) шен некъ лецира х1ордаха тамашийна (цец воккхуш Муса а , цуьнан г1оьнча а) .
64.Цо (Муса пайхамара) элира : " И (ч1ара д1абахар) даркха (билгало яркха) ша вайна лууш хилларг , (чхаре) вухавеара и шиъ шаьшшинна (некъа) тачанаш (лараш) ларъярца .
65.Цаьршинна карийра тхан лайшха лай (Хизар - Делера салам хуьлда цунна) , Оха Тхайна гергара къинхетам белла , иштта Оха тхайгара шена 1илма 1амийна (волу) (65)
66.Цуьнга элира Мусас : "Со хьоьца ван мегар дарий (х1ай Хизар) , хьуна (Дала) 1амийначух , сайна хьоьга нийсо (к1орггера 1илман бакъо) 1амаяйтархьама ? " .
67.Цо (Хизара , жоп луш) элира : "Баккъалла а , хьан (х1ай Муса) кхачне а кхочур бац , (цхьаъ ца олуш) собарца соьца чекхвала ницкъ,
68.Хьо собаре муха хир ву , айхьа хаарца го ца биллинчунна (го ца лаьцначунна) т1ехь"
69.Цо (Мусас) элира : "Дала мукъ лахь со собаре карор ву хьуна , хьан балхан муьт1ахь хир ву со"
70.Цо (Хизара) элира : "Хьо суна т1аьхьа х1оттахь , соьга махетталахь цхьанне а х1уманах лаций , цуьнах дерг хьайга аса дийццалц !" .
71.Т1аккха (шаьшшинна барт хилчул т1аьхьа , х1орда йистехула) д1аволавелира и шиъ , ткъа и шиъ (уьллехула чекхдолучу) х1орд -кеманна т1ехиъча (хих дехьавала дагахь , цхьа (дечиг) у схьадаккхарца) 1уьрг даьккхира цунна (Хизарс , т1аккха цецваьллачу Мусас сацатохаделла) элира : "Цунна (х1орд-кеманна) 1уьрг даьккхи ахьа , цуьнан т1ийранаш хихбахийтархьама ?! Бакъ долуш тамашийна доккха х1ума ди ахьа (хьо маьхза т1ехаийтинчарна)".
72.Цо (Хизарс) элира : "Аса хьога ца элир , баккъалла а хьан (х1ай Муса кхачне а) кхочур ма бац , (цхьаъ ца олуш) собарца соьца чекхвала ницкъ" .
73.Цо (Мусас) элира : "Со вицваларна суна бехк ма билла ахьа , соьх даьллачунна суна гатто ма йе ахьа халонца
74.(цул т1аьхьа х1орд-кеманара воьссина) Д1аволавелира и шиъ , ткъа и шиъ жимачу к1антана духьала кхетча , цо (Хизарс) вийра иза . Цо (Мусас) Элира : "(дешин буьртиг санна) Ц1ена (къа латонза) са дий-кх ахь (ч1ир яра ала) синна дуьхьал доцуш ? Бакъ долуш (боккха) бехк биллал (ирча) х1ума ду хьоьх даьлларг" .
75.Цо (Хизарс) элира : "Аса хьоьга ца элира , баккъалла а , хьан (х1ай Муса кхачне а) кхочур ма бац , (цхьаъ ца олуш) собарца соьца чекхвала ницкъ " .
76.Цо (Мусас) элира : " Х1окхул т1аьхьа аса хьайга (реза воцуш) х1ума хаттахь , со хьайца ма ваийта , бакъ долуш (т1аккха) соьгара (соьх къаста) бехказло ю хьуна .
77.Кхин д1а вахара и шиъ , ткъа шаьшшиъ (цхьана) юьрта бахархошна (ох1ланна) т1е кхаьчча , оцу (юьрта) ох1лане (хьешан) кхача бийхира цаьршимма , (амма) и шиъ хьаша вина т1елацарха юхакхийтира уьш . Цаьршинна карийра цигахь (юьртахь) пен (чир) , (ша тевжина , разбаьлла) охьабожжа боллуш , цо (Хизарса) нисбира иза , (т1аккха) цо (Мусас) элира : "Хьайн лиънехь , ял (мах) оьцур яркха ахьа цуьнах (и нисбарха) " .
78.Цо (Хизарса) элира : "Х1ара суна а , хьуна а юккъехь къастар ду , аса буьйцур бу хьуна , хьан шегахь собар ца тоьъначух болун кхетам (чулацам) .
79.Амма х1орд-кема , мискачу нехан дара иза , шаьш х1ордчохь болх беш болу , ткъа суна лиира цуьнан дерт (1уьрг) даккха , царна т1аьхьа (вог1уш) вара паччахь (эла) , х1ор (мегаш долун дика) х1орд-кема ницкъаца схьадоккхуш .
80.Амма жима к1ант , цуьнан да-нана бусулба дара , ткъа тхо кхийрира (ша дукхавезарна) цо и шиъ (шен Делан дозанашха) т1ех вийларца , керстаналца (хьийзина) дакъаздаккхарх .
81.Тхуна лиира , цаьршинна Дала хийцина (доьзалхо) вала цул ц1аналлехь (дикаллехь) тоьлург а , къинхетамехь (цул) гергарниг а .
82.Амма пен , юьртарчу шина боберан бара , оцу (пен) к1елахь цаьршинна хазна яра , дика стаг вара цаьршинан да , ткъа хьан Далла лиънера и шиъ анда ваьлла , шаьшшина хазна хьала яккха , хьан Делера къинхетамца . Аса дин ма дац иза (аса дагардинарг) сайн лаамца , иза (дастам) бу хьан шегахь собар ца тоьъначух болун кхетам (чулацаман тидар) .
83.(иштта) Хьоьга (х1ай Мухьаммад) хоьтту (жуьгташ) ши ма1а йолчух (Зулкъарнайнах лаьцна) , ахьа ала (цаьрга) : "Аса дуьйцур ду шуна цуьнах долун хабар" .
84.Оха (массо а х1ума муьтахь дина) ч1аг1вира иза лаьттахь (лелар атта хилийта) , (иштта) Оха белира цунна (оьшуш долчу) массо а х1ума довзаран некъ .
85.(малх бузехьа) Новкъа велира иза (ши ма1а ерг) .
86.Малх бузе (метте) ша кхаьчча , цуна и (малх) карийра (б1аьрган гарехь) даьржина (кхоьхку) шовданах (х1ордах) ша бузуш , цуна (шовдана) гергахь (керста) къам карийра цуна , Оха элира : "Х1ай Зулкъарнайн ! Я ахьа (байъарца) 1азап дийр ду (уьш иймане ца баг1ахь) , я ахьа диканца маьрша (дийна) буьтур бу уьш .
87.Цо элира :"Амма ша (Делаца накъост варца) зулам динарг (милла велахь) , оха цунна (дуьненахь верца) 1азап лур ду , цул т1аьхьа (къемата дийнахь) шен Деле верзор ву , т1аккха Цо лур ду цунна (жоьжахатан) буьрса 1азап .
88.Амма ша имдиллина , дика 1амал йинарг (милла велахь) , цунна диканца (ялсаманица) бекхам хир бу , Оха цуьнга эр ду (т1едуьллур ду) тхайн омранах атта дерг .
89.Цул т1аьхьа , (малх балехьа) новкъа велира иза .
90.Малх бале (метте) ша кхаьчча , цуна и (малх) карийра , Оха шайна а цунна (малханна) а юккъехь (х1усамашха , дитташха , лаьмнашха) пардо (хьуламанна 1индаг1) данза , къомана т1ехь ша хьала болуш .
91.Иштта , бакъ долуш Оха го биллина , цунах (Зулкъарнайнах) долчух , хаъарца .
92.Цул т1аьхьа (малх балехьара) новкъа велира иза .
93.Шина ломах дуьхьалона юккъе кхаьчча , цуна карийра цаьршинна (шина лома) т1ехьа (дехаш) , къамелах (шен маттах халла бен) кхета герга доцу къам .
94.Цара элира: "Х1ай Зулкъарнайни ! Баккъалла а , Яъжуж а , Маъжуж а (тайпанаш) талор лелош ду лаьттахь , оха хьуна (жимма) ясакх (мах) х1оттийчи х1ун дар техьа , ахьа тхуна а , царна а юккъехь (уьш тхуна т1ецакхачийта) дуьхьало йийриг" ?
95.Цо элира : "Сан Дала (со шегахь ч1агвеш) суна (бахамах) делларг , (шунчул) тоьлуш ду , аша суна (цулла а) г1о де (шайн адаман г1ирса) ницкъаца , аса йийра ю шуна а , царна а юккъехь (нуьцкъала) буг1а (дуьхьало) .
96.Аша да суна эчиг дакъош (кескаш , ткъа) ша шина лома (йисташка нисса) юкъ (царех юьзна) нисйича , цо элира : "(ц1е) Марса яккха" , (т1аккха) ша и (эчиг лалийна) ц1е санна дича , цо элира : " Схьада суна лалийна ц1еста , цуна (лалийна эчиг) т1едуттур дара аса" .
97.(цул т1аьхьа) Ницкъ ца кхечира церан (Яъжуж , Маъжуж тайпанин) цуна (дуьхьалон) т1оьхул бовла а (лекха , шера хиларна) , я цунах 1уьрг даккха а (буто хиларна)
98.Цо элира : "Х1ара (дуьхьло ян ницкъ кхачар) сан Делера (х1о къомана) къинхетам бу , ткъа сан Дела (уьш ара бовларан) ч1аг1о йиъча (хан т1екхаьчча) , Цо и (духьало лаьттаца) д1ашарйийр ю , (шеко йоцуш) сан Делан ч1аг1о (гуттара а) бакъ хилла" .
99.Оцу (къемата) дийнахь , Оха битира царех цхьаберш кхиболчарех (шайн дукхаллийна) д1ауьйш , (г1овторна) зурманчу (ц1узанчу) "х1уп" аьлла , т1аккха Оха (къемата дийнахь) гулбийр бу уьш (халкъаш) гуламехь (махьшар майданахь) .
100.Оцу (къемата) дийнахь Оха (герга ялийна) жоьжахате гайтарх а (буьрса) гойтур ю керстанашна ,
101.Шаьш , шайн б1аьргаш т1е (нийсо ца езарна) пардо (морха) лаьцна (б1аьрзе) хилболу Со хьахаварха , (иштта) шаьш (Дала бохучунга) ладог1а (ца лаарна) ницкъ ца кхочуш (къорбоьлла) хилболу .
102.Моьттанера (хетара) ткъа (Делаца накъост варна) керста хилчарна шаьш , Со витна Сан лайш гергарнаш (деланаш) бина (1ибадатна) леца (мега) ?! (х1ан-х1ан , мегаш дац иза) Баккъалла а , Оха кечйина жоьжахате керстанна х1усам йина .
103.Ахьа ала : "1амалашкахь т1ех эшаме берш бийца Оха шуна ?"
104.(уьш дера бу) Шаьш , шайн дуьненан дахарехь лелориг (харц хиларна) тиларехь (эрна) хилла , шайна моьттуш (шаьш тешаш) , баккъалла а , шаьш дика (ял хир йолу) г1уллакх деш (бакъона т1ехь) бу .
105.Уьш , шаьш керста хилларш , шайн Дела аяташца (билгалонашца) а , (беллачул т1аьхьа г1иттийна) Цуна дуьхьал бахарх а , церан 1амалаш (эрна) яйна , къемата дийнахь Оха х1оттор бац (лурбац) царна терзан мах (ял) .
106.Иза , церан бекхам - жоьжахате ю , уьш керста хиларна а , Сан аяташха (билгалонашха) а , Сан элчанашха а уьш (цабешаш) кхардарна
107.Баккъалла а , шаьш имдиллина , диканаш динарш , царна (уггара лакхара) фирдавс (даржехь) ялсаманеш (хьешан) х1усам хир ю .
108.Гуттар цу (ялсаманеш) чохь (зовкх хьоьгуш) хир болш , шаьш доьхур доцуш цуьнах д1ахьавзор (д1атилор) .
109.Ахьа ала : "Х1орд (чура хи) хилча сан Делан дешнашна (яздан) шекъа , (уьш яздарехь) х1орд кхачор ма бара , сан Делан дешнаш (яздина) кхачадале , Оха (х1ордаш) деача а и (х1орд) санна (г1оьнна) кхин а сов (х1ордаш)" .
110.Ахьа ала : "Баккъалла а , со адам ду шухтерра , (амма Аллах1а) соьга хьоьху , баккъалла а , шун Дела цхьа (Аллах1) Дела хилар , ткъа ша шен Далла дуьхьал вахаре сатуьйсуш верг , дика 1амал йойла цо , шен Далла лолла дарехь (Аллах1ан) цхьа а декъашхо ма войла .