Тидар



20 - Сурат Т1o , х1а
/Маккахь доьссина , 135 аят ду/.
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетам Да волчу



1.Т1а , х1а /Аллах1ана т1ех дика хаа Шена царех луург/
2.Оха ца доссийна хьуна т1е /х1ара/ къуръан хьо дакъазвалийта ,
3.хьехамна бен /ша/ кхоьручунна ,
4.Ша латта а , лекха стигалш а кхоьллинчуьнгара доссорах
5.Къинхетамениг 1арша т1ехь д1атарвели /д1анисвели/
6.Цуьнан /долахь/ ду стиглашкахь а , лаьттахь а , цаьршинна юкъахь а , /варх1е/ лаьтта бухахь а /мел/ дерг
7.Ахь къамел ч1ог1а дахь /ца дахь/ , баккъалла а Иза хууш /ма/ ву къайлахниг а , /цул/ сов хьуламниг а .
8.Аллах1 - кхин дела вац Иза бен , Цуьнан ю хаза ц1ераш .
9.Кхаьчний хьоьга Мусан /хьокъехь долу/ хабар ?
10.Ц1е гира цуна , т1аккха цо элира шен доьзале :"Шу /кхузахь/ совца ! Баккъалла а суна ц1е тусаелла /хааелла/ , цуьнах шуна цхьа хаьштиг /алу/ ян тарло аса , я суна карон /мега/ ц1еран  т1ехь нийса некъ /т1е воккху билгало/"
11.И цунна т1евеанчу хена цуьнга кхайкхира :"Х1ай Муса !
12.Баккъалла а Со - Хьан Дела ву . Хьан ши мача д1аяккха , баккъалла а хьо езачу Т1ува - тог1ехь ву
13.Ас /къастийна/ хаьржина хьо , ладог1а /х1инца Ас хьайга/ хьохучуьнга
14.Баккъалла а Со - Аллах1 ву , кхин дела вац Со бен , Суна 1ибадат де , ламаз х1оттаде Со хьехорна
15.Баккъалла а /къемат дийнан/ сахьт дог1ур /ма/ ду
, со герга ву и хьулдан , массо а синна бекхам хилийта цо къахьоьгучуьнца /лоьхучуьнца/
16.Хьо цуьнах /тешарх/ д1ахьовза ма войла ша цуьнах ца тешачо , шен /дег1ан/ лаамна т1аьхьаваьзна /волу/ - т1аккха /и бахьанна/ хьо х1аллак хила .
17."Х1ай Муса ! И х1ун ю хьан аьтту куьйгахь ерг ?"
18.Цо /Мусас/ элира /жоплуш/ :"Иза сан 1аса ю , /новкъаца/ со цунна т1е а тевжа , ас цуьнца сайн жана г1аш а дегадо , цуьнгахь кхин пайданаш а бу сан"
19.Цо элира :"Х1ай Муса ! Охьакхосса и !"
20.Цо охьакхоьссира и /1аса/ , т1аккха цуьнах лаьхьа хилира сетташ /текхаш/ .
21.Цо элира :"Схьаэца и , ма кхера . Оха берзор бу и /лаьхьа/ - хьалхалера хьоле .
22.Хьан куьг хьан т1ома /пхьаьрса/ к1ела /я чета/ долла , иза арадера ду к1айделла /шеца цхьа а/ сиркхо йоцуш , кхин билгало хилла .
23./Оха дина и/ Тхаьш хьуна Тхан яккхийчу билгалонашха /цхьадерг/ гайтархьама
24.Фир1авн волчу г1о , баккъалла а иза /дозанал/ т1ехваьлла" .
25.Цо /Мусас/ элира :"Х1ай сан Дела ! Схьабеллахь суна сан накха /кийра/ ,
26.аттадехь суна сан г1уллакх ,
27.бастахь сан маттах /болу/ шед ,
28./т1аккха/ сан къамелах кхетар бара уьш ,
29.вехьа суна сан ох1ланах /волу/ г1оьнча -
30.- сан ваша - Х1арун .
31.Ч1аг1дехьа цуьнца сан г1ора ,
32.декъавалавехьа и сан г1уллакхана ,
33.оха Хьуна дуккха а теспахь дан а ,
34.оха Хьо дуккха а хьехо а ,
35.баккъалла а Хьо вар-кха тхо гуш !"
36.Цо элира :"Х1ай Муса ! Бакъдолуш , /Оха/ хьуна делла ахь доьхург .
37./Делора/ Бакъдолуш , Оха дикадина /къинхетам бина/ хьуна тохара /х1окхул хьалха/ а /цкъа/ .
38.Оха хьан нене хьоьхург /дагчу/ хьехначу хена :
39."Т1орказа чу а вилле , х1орда чукхосса иза , /т1аккха/ х1ордо йистаха кхоссийла и , схьаоьцур ву и Сан мостаг1чо а , цуьнан мостаг1чо а".
Ас тесира /хьан мостаг1чун кийра/ Сайгара хьоьга безам , хьо кхиавайта Сан б1аьрхьалха"

40.Хьан йиша йог1уш , цо олучу хена :"Ас шу нисдай ша цуьнан доладийр долчун т1е ?" Оха хьо вухаверзийра хьан нене /Оха цуьнга ч1аг1о ма-ярра/ , /хьо гарца/ цуьнан б1аьрг бузийта а , /хьоьх къастарна/ цуьнга г1айг1а ца яйта а . Ахь /цхьа/ дег1 /са/ дийра , Оха хьалхаваьккхира хьо /ч1иран/ баланах . Оха зийра хьо зерашца . Хьо 1ийра Мад-яна ох1ланехь /вехаш/ шерашкахь . Цул т1аьхьа , хьо веара шен хеннахь , х1ай Муса !
41.Ас хаьржина хьо Сайна
42.Хьада г1о хьо а , хьан ваша а Сан билгалонашца , мал /к1ад/ ма лолаш Со хьехорехь
43.Шу шиъ г1о Фир1авнна т1е , баккъалла а т1ехваьлла иза .
44.Аш шимма цуьнга ала к1еда дош , /т1аккха/ меттаван я кхеравала мега /тарло/ иза
45.Цаьршимма элира :"Х1ай тхан Дела ! Баккъалла а тхо кхоьру цо тхуна т1ехь сихо ян , я г1ело ян"
46.Цо /Дала/ элира :"Ма кхера ! Баккъалла а Со шоьца ву , хезаш а , гуш а .
47.Иза волче а г1ой аш шимма ала :"Баккъалла а тхой шиъ хьан Делан шиъ элча ву , ахь бахкийта тхоьца Исраилан к1ентий , царна 1азап ма де . Бакъдолуш , тхо даьхкина хьуна т1е хьан Делера билгалонца . Салам /маршалла/ ду ша нийсачу новкъана т1аьхьаваьзначунна .
48.Баккъалла а тхуна /Дала дагчу/ хьехна , баккъалла а 1азап ду /хир долуш/ ша /аяташ/ харцдинчунна а , /Далла муьт1ахь хиларх/ д1авирзинчунна а т1ехь"
49.Цо /Фир1авнас/ элира :"Мила ву шу шиннан Дела , х1ай Муса ?"
50.Цо элира :"Тхан Дела ву , Ша массо а х1уманна шен кхоллар /васт/ а делла , т1аккха /иза нийсачу новкъа/ нисдинарг"
51.Цо /Фир1авнас/ элира :"Хьалхалера чкъоьрнийн /умматийн/ х1ун хьал ду /аьлла хета хьуна/ ?"
52.Цо элира :"Церан /хьолах долу/ 1илма сан Далла гергахь /лавхьулмахьфуз/ жайнахь ду . Сан Дела гал ца волу , виц ца ло"
53./Иза ву/ Ша шуна латта ага /санна/ динарг , шуна цу чохь некъаш динарг , стиглара /дог1ан/ хи доссийнарг , Оха цуьнца /лаьттах/ хьаладаьхна шина кепара /долу/ бес-бесар ораматаш .
54.Даа шайна /цуьнах/ , шайн даьхни а дажаде , баккъалла а цу чохь билгалонаш ма ю хьекъалдолучарна
55.Цуьнах /кхолла а/ кхоьллина Оха шу , цу /лаьтта/ чу дерзор /долуш/ а ду Оха шу , цуьнах хьала а дохур ду Оха шу кхин цкъа а .

56./Делора/ Бакъдолуш , Оха цуьнга гайтира  Тхан /шина элчано еана/ ерриге а билгалонаш , /амма/ цо харцйира /уьш/ , /т1е ца оьцуш/ юхатуьйхира цо /уьш/
57.Цо элира :"Хьо тхуна веана , хьан бозбуанчаллийца тхо тхан махках /ара/ даха , х1ай Муса ?
58./Делора/ Тхо /дахкане а/ дог1ур ма ду хьуна цуьнах терачу бозбуанчаллийца . Йе тхуна а , хьайна а юкъахь , оха а , ахьа а ша йохор йоцу йиллина хан - /йиллина/ нийса меттиг /шера аре/ .
59.Цо элира :"Шун /гуламна/ йиллина хан - /шу 1ийдана/ кечдаларан де ду , 1уьйранна нах гулбо /де/"
60.Д1авахара Фир1авн , шен мекарло гулйира цо , т1аккха /вуха/ веара иза
61.Мусас цаьрга элира :"/Дала/ Шаьш бале лацарш ! Ма кхолла Аллах1ана т1ехь харцо , /т1аккха и бахьан долуш/ Цо шу х1аллак дийр /ма/ ду /Шегарчу/ 1азапца . Бакъдолуш /эша ма/ эшна ша /Аллах1ан т1ехь харцо/ кхоьллинарг" .
62./вовшашца девне бевлла/ Шайна юкъахь къевсира цара шайн г1уллакх , хьулдира цара /шайн/ къамел .
63.Цара элира :"Баккъалла а х1ара шиъ бозбуанча ма ву , шайн бозбуанчаллийца шу шайн махкара /ара/ даха а лууш , /иштта/ шун масале /дика/ некъ /дин , нах шух/ д1атило а /лууш/ .
64.Шайн мекарло /кийтарло/ д1а а гулъяй , т1аккха мог1арехь дуьйла ! Бакъдолуш , тахана декъала хилла /тоьлла/ ша лакхе яьккхинарг"
65.Цара элира :"Х1ай Муса /харжа/ ! Я ахьа кхуссу , я тхо хуьлу ша хьалха кхоьссинарг"
66.Цо /Мусас/ элира :"Мелхо а , аш кхосса /хьалха/" . /цара охьакхийсира уьш/ Т1аккха церан машшаш /чуханаш/ а , церан 1асанаш а мотталора /хеталора/ цуна - церан бозбуанчаллех - баккъалла а уьш меттаххьуьй .
67./адам дакъаздаларх/ Кхерар хааделира Мусана шен дег1ехь
68.Оха элира /цуьнга/ :"Ма кхера ! Баккъалла а хьо ма ву ша лакхе йоккхур ерг .
69.Охьакхосса хьан аьтту куьйгарниг , цо д1акхоллур /д1ахудур/ ю цара йинарг . Баккъалла а цара йинарг , бозбуанчан кийтарло /мекарло/ ю , аьтто /толам , кхиам/ хир бац бозбуанчан миччахьа велахь".
70./т1аккха/ Гор ийгира бозбуанчаш , цара элира :"Тхо тийши Х1арунан а , Мусан а Делах"
71.Цо /Фир1авнас/ элира :"Шу цуьнах /муха/ тийши /аш иза бакъ муха ви/ ас шайна пурба а далале ? Баккъалла а иза шун коьртаниг ма ву , ша шуна бозбуанчалла 1амийна /волу/ . /Делора/ Аса хедор ма ду шун куьйгаш а , шун когаш а дуьхь-дуьхьал , ас шу д1атухур /д1аухкар/ ма ду хурман г1одмаш т1е , шуна /хаъне а/ хуур ма ду /т1аккха/ муьлха ву тхоьх 1азапехь /т1ех/ ч1ог1аниг а , сов бухавуьсур верг а"
72.Цара элира :"Оха хьо /г1оли хетна/ хоржур ма вац , ша тхуна билгалонашха деанчунна а , Ша тхо кхоьллинчунна а т1ехь . Де /х1инца тхоьца/ айхьа /та1зарх/ дийриг . Баккъалла а /деъа/ х1окху дуьненахь дийра ду-кх ахь /и тхоьца/"
73.Баккъалла а тхо тешна тхан Делах , Цуьнга тхайна гечдайтархьама тхан къиношна /бехкашна , ледарлонашна/ а , бозбуанчаллех ахьа тхоьга нуьцкъала дайтинчунна . Аллах1 ву тоьлуш верг а , /гуттар/ бухавуьсур верг а .
74.Баккъалла а , ша шен Далла т1е къинош дина вог1ург , баккъалла а цунна жоьжахате ю , и цу чохь лийр вац , /я/ вехар вац .
75.Ткъа ша Цунна т1е муъмастаг хилла вог1ург , бакъдолуш диканаш дина /волу/ , уьш - цаьрна лаккхара даржаш /хир/ ду -
76.- вахаран /1адн/ бошмаш , шайна к1елахула татолаш лелаш /йолу/ , /шаьш/ цу чохь гуттар лаьтташ . Иза ша ц1анвеллачун бекхам бу .
77./Делора/ Бакъдолуш Оха Мусан дагчухьехна :"/Мисрара/ Аравала буьйсана /жерахь/ Сан лайшца , билла царна х1орда чохь бекъа некъ . Ма кхера /уьш хьайна/ т1екхиарх а , ма кхера /хи бухавахарх а/ !"
78.Т1аьхьавелира царна Фир1авн шен эскарца , /амма/ хьулбира уьш х1ордах ша уьш хьулбинчо .
79.Тилийра Фир1авнас шен къам , нийсачу новкъа ца дигира .
80."Х1ай Исраилан к1ентий ! Бакъдолуш , Оха шу к1елхьарадехира шун мостаг1ах , Оха хан йиллира шуна /- Мусана Синаъ/ ламан аьтту аг1ор , Оха доссийра шуна т1е манн а , салва а /олу мерза х1уманаш/"
81.Даа Оха шайна деллачу рицкъан ц1енчарех /хьаналчух/ , т1ех ма дийла цуьнгахь , т1аккха Сан оьг1азло хьакъ хир /хьаьрчар/ ю шуна т1ехь , /ткъа/ шена т1ехь Сан оьг1азло хьакъ ерг /йоьссинарг/ , /жоьжахатан ор чувоьжна/ х1аллак хилла .
82.Баккъалла а Со , сов гечдийриг ма ву ша /тоба дина/ дохковаьллачунна , /Делах/ тешначунна , диканиг динчунна , т1аккха нисвеллачунна .
83."Х1ай Муса ! Сте сихвина хьо хьан къомах ?"
84.Цо элира :"И д1оранаш сан лар т1ехь /т1аьхьа кхиъна бог1уш/ бу , ас Хьоьга сихо йира , х1ай сан Дела , Хьо суна сов реза хилийта" .
85.Цо /Дала/ элира :"Баккъалла а Оха , бакъдолуш зийра хьан къам /иза/ хьоьл /гена хиллачул/ т1ахьа , Самирхочо тилийра уьш"
86.Вухавирзира /вухавеара/ Муса шен къоме /ч1ог1а/ оьг1азе /дера/ , г1айг1ане /волуш/ . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Шун Дала шуна хаза ч1аг1о ца йинера ткъа , /Дала йиллина/ хан яхъели шуна я /цхьаъ доьхнарг дина/ шайн Делера оьг1азло шайна т1ехь хьакъ хила /йосса/ лии шуна , /шаьш/ суна йина ч1аг1о йохий аш ?"
87.Цара элира :"Оха ца йохийна хьуна йина ч1аг1о тхан доланца /ницкъаца , лаамца/ , делахь а тхуна т1едоьттина дара нехан /кечбаларан/ хазаллех /дуьзна долу/ маххьаш , Оха /ц1ерга/ кхийсира уьш . Самирхочо а кхоьссира иштта".
88.Цо дира цаьрна /лалийначу хазаллех/ дег1долу эса , шен 1ахар а долуш . Цара элира :"Х1ара шун дела а , Мусан дела а ву , /делахь а/ цуна вицвелла /иза/"
89.Цаьрна ца го те , баккъалла а и /эса/ шайга дашца ца дерзар /дист ца хилар/ а , цуьнан долахь /карахь/ дац цаьрна зен дар , дац пайда бар .
90./Делора/ Бакъдолуш , Х1арунас элира цаьрга /Муса юхаварал/ хьалха :"Х1ай сан къам ! Баккъалла а шу зийна цуьнца , /ма де цуна 1ибадат/ , баккъалла а шун Дела - Къинхетамениг /ма/ ву , суна т1аьхьах1итта , сан омрунна муьт1ахь хила !"
91.Цара элира :"Тхо /совцане а/ совцур /долуш/ ма дац цунна /1ибадатна/ д1ах1иттина 1арх /латтарх , и дитина/ , Муса тхуна т1е вухаверззалц"
92.Цо /Мусас/ элира /ша вухавеача/ :"Х1ай Х1арун ! Сте сацийра хьо хьайна уьш /эсан 1ибадат дарца/ тилабелла гича
93.суна т1аьхьах1оттарх ? Cан омрунна /весетана/ 1еса хили хьо ?"
94.Цо /Х1арунас/ элира :"Х1ай сан ненан к1ант ! Ма лацахь /со/ сан маж т1ера а , /ма лацахь/ сан коьрта т1ера /месаш/ а ! Баккъалла а со кхийрира ахьа аларх :"Исраилан к1ентий бекъна ахьа , сан дош тергал /лар/ ца дина ахьа"
95.Цо элира :"Х1ай Самирхо ! Х1ун 1алашо ю хьан /оцу ахьа динчух/ ?"
96.Цо элира :"Суна гира /хиира/ царна ша цагинарг /цахиънарг/ , /т1аккха/ аса ийцира геланчан /Жабраил малийкан динан берган/ лорах /цхьа/ кана /латта/ , аса кхоьссира и /Исраилан к1ентийн хаззаллех динчу эсан т1е/ . Иштта хьийхира /хаздира/ суна сан сино"
97.Цо /Мусас/ элира :"Д1авало /тхуна юкъара/ ! Баккъалла а хьуна /г1уданна/ ду /хьан/ дахарехь ахьа алар :"/соьх/ Хьакхадалар /йиш йолуш/ дац /шуна/" Баккъалла а хьан /1азапна/ йиллина хан ю , /Дала/ хьоьх ша /йохаянне а/ йохор йоцу /хьо шех хьалхавер воцу/ . Хьажа хьан деле , хьо шена /1ибадатна/ д1ах1оьттина лаьттинчу , /Делора/ Оха иза вагор ма ву , цул т1аьхьа Оха варжор ма ву иза х1орд чохь - варжорах а .
98.Баккъалла а шун Дела - Аллах1 ву , Ша Иза бен кхин дела воцург . Цо чулаьцна /д1алаьцна/ массо а х1ума хаарца" .
99.Иштта , Оха дуьйцу хьуна , бакъдолуш ша /хьалха/ д1адаханчун хабаршха /дерг/ . Бакъдолуш , Оха хьоьга делла Тхайна гергара хьахор /къуръан/
100.Ша /и къуръан харцдина/ цунах д1авирзинарг /милла велахь/ , баккъалла а цо хьур /ма/ бу къемата дийнахь /къинан/ мохь ,
101./шаьш/ Гуттар цу /жоьжахат/ чохь лаьтташ . Ма вон хили-кх царна и /мохь/ бахьарехь къемата дийнахь -
102.- зурманчу х1уп олучу дийнахь . Оцу дийнахь Оха /денбина/ г1овттор бу /дуьненахь/ къинош динарш /б1аьргаш/ сенделла /шаьш б1аьрзе болуш/ ,
103.шайна юкъахь /къайлаха/ шабар-шибар деш /шаьш олуш/ :"Аша ца даьккхина /дуьненахь/ итт /дебуьйса/ бен"
104.Тхо т1ех дика хууш ду цара /шайна юкъахь/ олург /дуьйцург/ . Царех некъехьа /леларца уггар/ масалечо /хьекъалечо , нийсачо/ боху :"Аша ца даьккхина /цхьа/ де /буьйса/ бен"
105.Цара хьоьга хоьтту лаьмнех /хиндерг/ , ахьа /цаьрга/ ала :"Сан Дала /царех чан а йина мохехь/ даржор ду уьш даржорах а ,
106.Цо дуьтур ду и /лаьмнаш шена т1ехь хилла латта/ шера аре хилла ,
107.хьуна гур яц цу /латта/ т1ехь чутаь1на /к1аг болу/ меттиг а , айъаелла /гу болу гома/ меттиг а
108.Оцу дийнахь уьш т1аьхьах1уьттур бу /махьшар майдане/ кхойкхучунна , шен гамдалар /д1асхьате1ар/ доцучу , аьзнаш д1атийна /хир ду/ Къинхетамечунна , хьуна хезар дац шабар-шибар бен .
109.Оцу дийнахь пайда бийр бац /цхьана а/ т1ех1оттаро /шапа1ато/ , Къинхетамечо шена /цхьанна т1ех1отта/ пурба деллачунна /т1ех1оттаро/ а  бен , /иштта/ И шена вистхила реза хиллачунна /магийначунна/ а /бен/
110.Цунна /Далла/ хаа царел хьалха хилларг а ‚ царел тIаьхьа хиндерг а , цара цуьнан го ца бо хаарехь
111./муьт1ахь хилла/ Хьастаелира /къинош динчеран/ яххьаш /даимна/ Дийнаволчунна , /хьашташна/ Д1ах1оьттина волчунна , бакъдолуш эшна ша /Далла дуьхьал воьдуш/ зулам даьхьнарг .
112.Ша диканаш динарг /милла велахь/ , ша /Делах/ тешаш а волуш , и кхоьрур вац /къинош совдахаран/ зуламах а , /шен диканийн/ эшамах а .
113.Иштта , Оха доссийра и /аяташ/ 1арбийн /маттахь/ къуръан долуш , Оха /юх-юха/ билгалбира цу чохь кхерам уьш /1есаллех/ ларбалийта я царна цуьнах хьехам хилийта
114.Лакхавели Аллах1 - бакъ паччахь волу . Сих ма ло къуръанца хьайга и /хьан дагчу/ хьехар /доьссина/ кхачадалале /д1адешарца/ . Ахьа ала :"Х1ай сан Дела ! Совваккхахь со /къуръанан 1илма/ хаарехь"
115./Делора/ Бакъдолуш , Оха Адамех тешна /т1едиллина весет/ дитира /царел/ хьалха , /делахь а/ дицделира цунна /и/ , Тхуна ца карийра цуьнгахь /собар дан/ ч1ог1алла .
116.Оха малийкашка элира :"Адамна /лерамна/ горг1о !" . Гордахара уьш Иблис доцург . /куралла йина/ Дуьхьал хилира иза .
117.Оха элира :"Х1ай Адам ! Баккъалла а х1ара /Иблис/ мостаг1 ду хьуна а , хьан зудчунна а . Цо шу шиъ арамадоккхийла ялсамани чуьра , т1аккъа хьо дакъазавала .
118.Баккъалла а хьуна цу чохь мац ца валар а , верзина ца хилар а ду .
119.Баккъалла а хьо цу чохь хьаг ца валар а , бурко ца волар а ду" .
120.Шайт1ано /вониг/ хьийхира цунна , цо элира :"Х1ай Адам ! Аса хьо нисвай гуттаренан дитт т1е а , д1адера доцчу паччахьаллин т1е а ?"
121.Цаьршимма кхаьллира цуьнах , т1аккха гучуевлира цаьршинна шаьшшиннан бехкен /эхьен/ меттигаш , и шиъ доладелира /х1оьттира/ шаьшшинна т1е ялсаманин г1аш лето . 1еса хилира Адам шен Далла , тилира иза /нийсачу новкъах/ .
122.Цул т1аьхьа хаьржира и шен Дала , къинт1еравелира Иза цунна , нисвира Цо /иза нийсачу новкъа/
123.Цо элира :"Охьадисса цу чуьра дерриге а , /дуьненахь/ шух цхьаберш /х1ай Адаман т1аьхье/ вукхаьрна мостаг1ий хир бу . Шоьга беача Соьгара нийса некъ , ша Сан нийсачу новкъанна т1аьхьах1оьттинарг - иза тилалур вац , дакъазавер вац .
124.Ша Со хьехорах д1авирзинарг /милла велахь/ , баккъалла а цунна готта /хала/ дахар /хир/ ду , Оха и /денвина/ г1аттор ву къемата дийнахь б1арзе /волуш/ "
125.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Х1унда г1аттий Ахьа со б1арзе , бакъдолуш со /дуьненахь/ са гуш /ма/ вара ?"
126.Цо /Дала/ элира :"Иштта /дира ахьа/ , Тхан /нуьре/ аяташ даьхкира хьоьга , /амма/ ахьа дицдира уьш /церан чот ца еш/ , /цундела/ иштта хьо вицвийр ву тахана"
127.Иштта , бекхам бо Оха ша т1ехваьллачунна а , шен Делан аятех ца тешначунна а . Эхартан 1азап т1ех ч1ог1а а , /дукха/ деха а ма ду
128.Билгала ца дина те царна , Оха шайл хьалха хийла чкъоьрнаш х1аллакдаро ? Церан х1усамашкахула лелаш бу уьш , баккъалла а цу /лараш/ чохь билгалонаш ма ю хьекъалан дайшна .
129.Хьан Делера хьалха даьлла дош а дацахьара , ц1етоьхна хан а /яцахьара/ , и /1азап/ хир ма дара т1едоьжна
130.Ахьа сатоха цара /хьан хьокъехь/ дуьйцучунна т1ехь , хьан Далла хастам барца теспахь де малх схьакхетале а , и чубузале а , буьйсенан сахьташкахь а , дийнан /сахьтийн/ йисташкахь а теспахь де . Схьахетарехь хьо реза хир ву /хьайна еллачу йолана/ .
131.Ма бетта /сутараллийца/ хьан шиъ б1аьрг Оха царех цхьаболчаьрга шеца зовкх хьегийтанчуьнга - дуьненан дахаран хазалла ю иза - Тхаьш уьш зерхьама цуьнгахь . Хьан Делан /ялсаманин/ рицкъа /царна дуьненахь деллачул а/ тоьлуш /г1олий/ а , /гуттаренна а/ бухадуьсур долуш а ду .
132.Омру де хьан ох1луне /доьзале/ ламазца , сатоха цу т1ехь . Оха ца доьху хьоьга рицкъа . Тхо ду хьуна рицкъа луш . Т1аьхье /Делах/ кхерарна ю .
133.Цара элира :"И ваг1ахьара тхуна шен Делера билгалонца" . Цаьрга ца еана тов /къуръанчохь/ хьалхарчу тептарш чохь долчуьнан билгало ?
134.Оха уьш х1аллак бинехьара цул хьалха /долчу/ 1азапца , цара эра ма дара :"Ахьа тхуна элча ваийтинехьара , т1аккха тхо т1аьхьах1итта Хьан аяташна , тхаьш сийсаза а , юьхь1аьржа а хилале
135.Ахьа ала :"Массо а ву /и де лардеш цуьнга/ хьоьжуш , шу а хьежа , т1аккха хуур ду шуна /вайх/ нийса некъан дай муьлш бу а , нисвелларг мила ву а" .