22 - Сурат Альхьадж /Хьадж/
/Мадинатехь доьссина , 78 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къиинхетаман Да волчу


 


1.Х1ай нах ! Шайн Делах кхера ! Баккъалла а /къемат дийнан/ сахьтан /хьалхар/ дегар доккха /кхераме/ х1ума ду /шуна/ .
2.Оцу дийнахь шуна гур ду , х1ор /бер/ дакхориг ша /дукхадезаш/ дакхийначух /балан боккхаллийна/ йицлуш /цо шен хьомечу доьзалхочух д1алоцуш/ , х1ор доьзалхочух ерг /кхераман ч1аг1аллийна/ шен /кийрара/ доьзалхо /остаяьлла/ охьатосуш . Нах гур бу хьуна /техкаш/ бехна /болуш санна/ , бехна /ма/ бац уьш , делахь а /уьш 1адийна долу/ Аллах1ан 1азап ду /ша/ ч1ог1а /дерг/ .
3.Нахах ву , ша Аллах1ан хьокъехь /шегахь нийса/ 1илма доцуш къуьйсург а , /Далла/ дуьхьалдаьллачу х1ор шайт1ана т1аьхьах1уттург а .
4./Дала/ Цуна /шайт1ана/ т1ехь /кхел йина/ яздина , баккъалла а ша цуна т1аьхьах1оьттинарг /милла велахь/ , баккъалла а цо иза /нийсачу новкъах/ тилаво , ц1еран 1азапе иза нисво /аьлла/ .
5.Х1ай нах ! /нагахь санна/ Шу делахь /деллачул т1аьхьа Оха шаьш/ г1овтторах шеконехь , /х1ета/ баккъалла а Оха /кхолла ма/ кхоьллина шу /шун да Адам/ лаьттах , т1аккха /шу кхоьллина сте-боьршийн хина/ т1адамах , т1аккха ц1ийн улхах /деттачу ц1ийх/ , т1аккха кхиъна , кхианза долчу талхах , Тхаьш шуна /оцу ражца/ билгалдархьама /Тхан ницкъ кхачар шу г1овтто/ . Оха тардо /нанойн/ кийрашкахь Тхайна /ша дита/ луург /дуьнен т1едала/ ц1етоьхначу хене /кхаччалц/ , т1аккха Оха арадоху шу /ненан кийрара/ бер хуьлий , цул т1аьхьа /Оха/ шу /дуьту/ шайн ондалле /г1еметтах1оттаре/ кхачийта . Шух ша /ондавалале/ кхалхориг ву , шух ша гужамалле /хьекъалах эшаре , къаналле/ верзориг ву , цуна х1умма ца хаийтархьама /цуьнан/ хаарал т1аьхьа . Латта го хьуна /ша/ дакъаделла , ткъа Оха цуна т1е /дог1ан/ хи доссийча , /денделла сеноца/ меттаххьаьвра и , севсира , цо хьаладалийтира х1ор хаза /долш/ шина кепара /ораматаш/ .
6.И /вай хьахийнарг/ ду , баккъалла а Аллах1 - Иза бакъдерг долун дела а , баккъалла а Цо /ша и латта ден ма-дарра/ белларш денбо дела а , баккъалла а Иза массо х1уман т1ехь ницкъкхочуш волун дела а ,
7.баккъалла а /къемата дийнан/ сахьт , шегахь шеко йоцуш , дог1ур долун дела а , баккъалла а Аллах1а кешнаш чохь берш /денбина/ г1овттор болун дела а .
8.Нахах ву , ша Аллах1ан хьокъехь /шегахь оьшу/ 1илма доцуш , нийса некъ боцуш , /Делера/ нуьре жайна доцуш къуьйсург ,
9./кураллийца/ шен яь1на /ворта/ сеттош , Аллах1ан /динан/ новкъах /нах/ тилорхьама /къуьйсург/ . Цуна дуьненахь сийсазалла ю . Къемата дийнахь Оха цуьнга 1овшуьйтур ду ц1еран 1азап .
10./цуьнга эра ду/ Иза , хьан шина куьйго /дуьненахь дина/ хьалхадаьккхинарг бахьанехь ду /хьуна/ . Баккъалла а Аллах1 /Шен/ лайшна /харцо йийр йолш/ зуламе вац .

11.Нахах ву ша Аллах1ана /динлелорехь/ йиста /шекон/ т1ехь /ойла керчаш/ 1ибадат дийриг . Шега дика деача цуьнах синтем /парг1ато/ хуьлуш , ткъа шега /ша халонца , баланца/ зер деача /керста хиле/ шен юьхь т1е вухавоьрзуш . Дуьне а , эхарт а дайъана цо . И ду иза билгала /долу/ дар /эшам , зе/ .
12.Цо кхойкху Аллах1 витина шена ша зе ца дийриг а , шена ша пайда ца бийриг а . И ду иза геннара тилар .
13.Цо кхойкху шен зе /дуьненахь/ шен пайданел а герга дерг . Ма вон эла ву-кх иза , ма вон накъост ву-кх иза .
14.Баккъалла а Аллах1а чубохуьйту шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а шайна к1елахула татолаш лелачу /ялсаманийн/ бошмашка . Баккъалла а Аллах1а , Шена луург до .
15.Аллах1а цуна /Мухьаммадна/ дуьненахь а , эхартахь а г1о дийр дац моьттуш верг , /шен тховха/ хьала муш д1атасийла цо /ирхъоллавалархьама/ , т1аккха /и/ хада бойла цо , /ойланца/ хьожийла иза шен мекарлоно /а , шен х1иллано а/ д1атиладой ткъа /ша/ дарвеш /оьг1азвохуьйтуш/ дерг .
16.Иштта , Оха доссийра и /къуръан/ билгала аяташца , баккъалла Аллах1а нисво Шена луург .
17.Баккъалла а шаьш /Делах/ тешнарш а , шаьш жуьгтийн динехь хилларш а , седарчашна /малийкашна/ 1ибадат дийраш а , 1иса /пайхамаран/ динехь хилларш а , ц1еран /малхан/ 1ибадат дийраш а , шаьш /Далла ц1уйх/ декъахо винарш а - баккъалла а Аллах1а къемата дийнахь царна юкъахь /нийсонца/ кхел йийр ю /цхьаберш ялсамане , вуьйш жоьжахате бахийтарца/ , баккъалла а Аллах1 /церан/ массо а х1умана т1ехь /и хаарца/ теш ву .
18.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1 - Цуна гордоьду ша стиглашкахь , лаьттахь мелдерг а , малх а , бутт а , седарчий а , лаьмнаш а , дитташ /ораматаш/ а , дийнаташ а , адамашха дуккха а , шайна 1азап хьакъ хилла /чарех/ дуккха а ? Ша Аллах1а сийсаз вийриг , цуьнан вац /цхьа а/ сийдийриг . Баккъалла а Аллах1а Шена луург до .
19.Х1ара шиъ довхо /тоба/ шайн Делехь девне /къовсаме/ ваьлла , ткъа шаьш /Делах/ цатешнарш - царна ерина ц1ерах /йолу/ бедарш . Церан кортош т1ехула /царна т1е/ дутту ц1ийдина /кхехкийна/ хи ,
20.шеца церан кийрашкахь дерг а , /церан/ чкъоьрнаш а лалош /долу/ ,
21.царна /та1зарна кечйина/ аьчка чхьонкарш /ж1аьвнаш/
22.Х1оразза царна оцу /жоьжахат/ чуьра - /цуьнан/ г1айг1анера арабовла лиъча , цу чубухку уьш , /цаьрга олу/ :"1овша ц1еран 1азап"
23.Баккъалла а Аллах1а чубохуьйту шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а шайна к1елахула татолаш лелачу бошмашна , оцу чохь уьш кечбо дешица кхелина х1азаршца а , жовх1арца а , церан духар оцу чохь даре /хир/ ду .
24.Уьш нисбина /къуръанан/ хазчу даше , уьш нисбина /дуьненахь/ хастаме /нийсачу/ некъе .
25.Баккъалла а шаьш /Делах/ цатешнарш а , Аллах1ан некъах , дихкинчу маьждигах /нах/ бухабеттарш а , Оха ша нахана /1ибадатна/ цхьатерра дина долу - цу /Макка/ чохь 1ечуна а , арарчуна /ца 1ечуна/ а , ша цу чохь зуламца /дин/ т1еравалар луург /милла велахь/ - Оха цунга 1овшуьйтур ду лазочу 1азапех .
26./хьахаде/ Оха билгалйира Ибрах1имна /хьажийн/ ц1ийнан меттиг , :"Ма де соьца х1умма декъахо , ц1анде сан ц1а го тосучарна а , /ламазна/ д1ах1иттанчарна а , /руку1ана/ охьатаь1начарна а , /сужудана/ горбаханчарна а"
27.Кхайкха нахалахь хьадж дарца , уьш бог1ур бу хьуна г1аш а , /шаьш/ массо а генарчу тог1ера /ч1ожера/ йог1учу массо а озачу /эмкална/ т1ехь а ,
28.шайна /хир болу/ пайданашна тешх1итта а , билгалчу /г1урбан/ деношкахь Аллах1ан ц1е хьахо а Цо шайна хьайбанашха деллачу дийнат т1ехь . Шаьш даа цуьнах , декъазчу пекъарна дааде .
29.Т1аккха цара кхочушдойла шайн /хьадж дехкаран уьнахц1аналлийн/ ламасташ /декхарш/ , кхочушйойла шайн ч1аг1онаш , го тасийла ширачу /хьаж/ ц1енна .
30./иштта ду/ И /г1уллакх/ . Ткъа ша Аллах1а дихкинарш /хьурматаш/ лоьрург , иза тоьлуш ду цуна шен Далла гергахь . Шун /даа , пайда эца/ магийна /хьанал дина массо/ хьайбанаш , шуна т1ехь /цамагарца билгалдина/ доьшург доцург . Генадовлалуш ц1уйшха /долчу/ боьхачух , генадовлалуш харц дашах /къамелах/ ,
31./доггаха/ Аллах1е /Цуьнан бакъоне/ туьйжуш , Цуьнца декъахо ца веш . Ткъа ша Аллах1ана декъахо вийриг , баккъалла а ша стиглара /лаьтта/ воьжнарг санна ву , т1аккха ша олхазаро /сихонца/ д1ахьуш , я мохо /вадийна/ генарчу меттиге вожош /вуьгуш/ .
32./иштта ду/ И /г1уллакх/ . Ткъа ша /хьадж дарехь долу/ Аллах1ан ламасташ лоьрург /милла велахь/ , баккъалла а и дегнаш /Делах/ кхерарх ду .
33.Шуна цаьргахь /хьайбанашкахь/ пайданаш бу /цаьрна урс хьакха/ ц1етоьхначу ханналц , т1аккха церан /урс хьакха мега/ меттиг ширачу /хьаж/ ц1енна гергахь ю .
34.Х1ор умматна /бусулба тобанна/ Оха йина динан кеп , цаьрга Аллах1ан ц1е хьахаяйта Цо шайна хьайбанашха деллачу дийнат т1ехь . Шун Дела - цхьа Дела ву , /доггаха/ Цуна муьт1ахь хила . Ахь кхаъбаккха эсалчарна /муьт1ахьчарна/ а ,
35.шаьш /шайна гергахь/ Аллах1 хьахийча шайн дегнаш озаделла /кхийрина/ болу , /иштта халонашха/ шайна т1едеанчуна сатухучарна а , /шен хенахь/ ламаз х1отточарна а , Оха шайна деллачух /саг1ийна/ харжъечарна а /кхаъбаккха/
36.Эмкалш /бежнаш /- Оха йина уьш шуна Аллах1ан /динан/ билгалонашха . Шуна цаьргахь /дуьненахь/ дика ду . Аш хьахайе Аллах1ан ц1е царна /урс хьакхар/ т1ехь , /уьш/ мог1арехь лаьтташ . Церан аг1онаш /урса хьаькхна лаьттах/ кхетча , аш даа цуьнах /жижиг/ , дааде /шегахь долчух/ тоамбечуна , доьхучуна . Иштта , Оха муьт1ахь йина шуна уьш , шоьга баркалла алийта .
37.Аллах1е кхочур дац церан жижигаш а , дац церан ц1ийш а , делахь а Цуьнга кхочур ду шоьгара /Шех/ кхерар . Иштта , Цо муьт1ахь йина шуна уьш , шоьга Аллах1 вазвайта Цо шаьш /нийсачу новкъа/ нисдарна т1ехь . Кхаъбаккха дикадечарна .
38.Баккъалла а Аллах1а 1алашбо /ларбо/ шаьш /Делах/ тешнарш . Баккъалла а Аллах1ана ца веза т1ех ямартаниг , /Делах/ цатешарг .
39.Магийна шайца т1ом бечарна /т1ом бан/ баккъалла /керстано/ царна зуламдарна . Баккъалла а Аллах1 царна /бусулбанашна/ г1одар /уьш толор/ т1ехь ницкъкхочуш ма ву .
40.Шаьш арабаьхна болу шайн керташкара /цхьа/ бакъо йоцуш /бахьан доцуш/ , цара :"Тхан Дела - Аллах1 ву" - алар доцург . Аллах1а 1алашбеш бацахьара нах - царех цхьаберш вукхарца , йохийна хир ма яра /мозг1арш чохь лолла до/ лаппаг1анаш , килсаш , /жуьгтийн/ ламаз чоьнаш , шайна чохь дуккха а Аллах1ан ц1е хьахош долу маьждигаш . /Делора/ Аллах1а г1одийр ма ду Шена г1одечунна . Баккъалла а Аллах1 ницкъберг , сийлахьниг ву .
41.Шаьш - Оха уьш ч1аг1бича лаьттахь , ламаз х1оттийна , закат делла , /диканца/ девзачунца омру дина , цадог1учух /нах/ бухатоьхна болу . Аллах1ан ю г1уллакхийн чаккхе /т1аьхье/ .
42.Цара хьо харцвахь , бакъдолуш царел хьалха харцвина Нухьан къомо , /Х1удан къомо/ 1адаш , /Салихьан къомо/ Самудаш ,
43.Ибрах1иман къомо , Лут1ан къомо ,
44./Шу1айб къомо/ Мадьяна дайша /харцвина шайга веана элча/ , Муса харцвина /къибт1аш/ . Ас /та1зар хан/ т1аьхьатеттира керстанашна , цул т1аьхьа Ас схьалецира уьш . Муха дара Сан /цаьргара/ бехк баккхар /та1зар дар/ ?
45.Хийла юьрт х1аллак йина Оха , и зуламе йолуш . Шайн тхевнаш т1е хаьрцина /лаьтташ/ ю уьш . /хийла/ Г1у ю д1атесна /юкъйелла лаьтташ/ , /хийла/ йоккха г1ала ю /еса лаьтташ/ .
46.Лаьттахула ца лелла уьш /шаьш хьовса Дала х1аллак динчу къаьмнийн ларашка/ , /т1аккха/ царна хила шайца ойла ен дегнаш я шайца ладуг1у лергаш . Баккъалла а б1аьрсаш дац б1аьрзе /дерш/ , амма шаьш кийрашкахь долу дегнаш ду б1аьрзе .
47.Цара сихво хьо /шайна ч1аг1о ечу/ 1азапца . Аллах1а йохор /йолш/ ма яц Шен ч1аг1о . Баккъалла а хьан Далла гергахь /долу цхьа/ де , аш /дуьненахь/ дагардечух эзар шо санна /деха/ ду .
48.Хийла юьрт , Ас /1азапах/ т1аьхьатеттина иза , уьш зуламе йолуш . Цул т1аьхьа Ас схьалецира уьш /1азапца/ . Соьга ду /церан/ берзар .
49.Ахь ала :"Х1ай нах ! Баккъалла а со шуна билгала д1ахьедархо ву"
50.Шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а - царна гечдар а , лераме рицкъа а ду .
51.Шаьш Тхан /къуръанан/ аяташ г1орасиз дан г1ерташ лелларш , уьш /жоьжахатин/ ц1еран дай бу .

52.Оха ца ваийтира хьоьл хьалха /цхьа/ элча а , пайхамар а , цо /Делан дош/ дешча шайт1ано цуьнан дешарна юкъа /нахана дезарг/ кхуссуш бен , т1аккха Аллах1а д1адойъу /д1атиладо/ шайт1ано /юкъа/ кхуссург , цул т1аьхьа Аллах1а ч1аг1до /лардо/ Шен аяташ /шайт1ано юкъа кхуссучух/ . Аллах1 хууш , кхетаме ву .
53.Шайт1ано /юкъа/ кхуссург дархьама , шайн дегнашкахь /шеконан/ цамгар йолучарна а , шайн дегнаш шога долучарна а зер . Баккъалла а зуламхой геннарчу эг1арехь ма бу .
54./Дала и хьал довзуьйту/ Шайна 1илма деллачарна хаийтархьама а , баккъалла а и /къуръан/ Хьан Делера бакъдерг хилар , уьш цуьнах тешийтархьама а , церан дегнаш цуна муьт1ахьхилийта а . Баккъалла а Аллах1 , шаьш /Делах/ тешнарш нийсачу новкъа нисбеш ма ву .
55.Шаьш /Делах/ цатешнарш , сацанза цуьнах /къуръанах/ шеконехь бу , шайна ц1аьххьана /къемат дийнан/ сахьт даллалц я шайна 1ахар /доьхна/ дийнан 1азап даллалц .
56.Оцу /къемата/ дийнахь олалла /паччахьалла/ Аллах1ан ду . Цо кхел йийр ю царна юкъахь . Шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш а зовкхан бошмашкахь /хир/ бу .
57.Шаьш /Делах/ цатешнарш а , Тхан аяташ харцдинарш а , уьш - царна /шаьш/ сийсазбен 1азап /хир/ ду .
58.Шаьш Аллах1ан некъахь махкахбоьвлла , цул т1аьхьа байъинарш я белларш - Аллах1а царна лур ма ду дика рицкъа . Баккъалла а Аллах1 - И ма ву рицкъалучарех /уггар/ тоьлург .
59.Цо чубохуьйтур ма бу уьш , шаьш шена реза болчу /ялсаманин/ чуг1ойлина . Баккъалла а Аллах1 хуург , /собаре/ к1еданиг ма ву .
60.Иштта /ду и г1уллакх/ . Шена /кхечо/ динчул ша /дуьхьал/ та1зар дина /д1адекхна/ , цул т1аьхьа /цо/ шена /юха/ зулам динарг /милла велахь/ , Аллах1а г1одийр ма ду цуна . Баккъалла а Аллах1 къинт1ераволург , гечдийриг ма ву .
61./шен зулам хиллачуна/ И /г1о/ , баккъалла а Аллах1а /Шен ницкъаца/ буьйса денна чуюуллу дела а , де буьйсан чудуллу дела а , баккъалла а Аллах1 хезаш , гуш волун дела а ду .
62.Иза , баккъалла а Аллах1 - Иза бакъдерг хиларна а , баккъалла а Иза витина цара кхойкхург - иза харцдерг хиларна а , баккъалла а Аллах1 - Иза лекханиг , воккханиг хиларна а ду .
63.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1а стиглара /дог1ан/ хи доссор , т1аккха латта хуьлу сенделла ? Баккъалла а Аллах1 к1еда-мерзаниг , хуург ву .
64.Цуьнан /долахь/ ду стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . баккъалла а Аллах1 - Иза /х1умане/ хьаштвоцург /хьал дерг/ , хастамениг ма ву .
65.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1а шуна муьт1ахь дар лаьттахь /мел/ дерг а , х1ордкеманаш а шаьш Цуьнан омрунца х1ордахула лелаш , Цо стигал сацор а лаьтта т1е йожарх Шен пурбанца бен ? Баккъалла а Аллах1 адамашха къахетарг /доглозург/ , къинхетамениг ма ву .
66.Иза - Ша шу /нена кийрахь/ дендинарг а , цул т1аьхьа /1ожаллин хан кхаьчча/ шу кхалхориг /долуьйтург/ а , цул т1аьхьа /эхартахь/ шу дендийриг а ву . Баккъалла а адам /шена динчу диканна/ баркалле ма дац .
67.Х1ор умматна /бусулба тобанна/ Оха йина динан кеп , цара ша д1алелош йолу . Цара ма къуьйсийла хьоьца оцу г1уллакхехь . Хьан Деле кхайкха , баккъалла а хьо нийсачу некъа т1ехь ма ву .
68.Цара хьоьца /девне боьвлла/ къовсахь , /царца къийса ца къуьйсуш/ ахьа ала :"Аллах1 т1ех дика хууш ву аш дийриг /шуна дог1а та1зар/"
69.Аллах1а кхелйийр ю шуна юкъахь къемата дийнахь , /дуьненахь/ шу шегахь /барт/ оьг1уш хиллачуьнгахь .
70.Хьуна ца хиъна , баккъалла а Аллах1ана стиглахь а , лаьттахь а /мел/ дерг хууш хилар ? Баккъалла а и /цаьршина чохь дерг/ жайнахь /билгалдина/ ду . Баккъалла а иза /хаар/ Аллах1ана атта ду .
71.Цара 1ибадат до Аллах1 витина , Цо шех /лаьцна и магош жайнахь/ бух ца боссийначуна а , шайгахь шех /лаьцна , уьш деланаш бу я бац цхьа/ хаар доцучуна а . /цхьа/ Г1оьнча вац зуламхошна /шаьш Делан 1азапах к1елхьар баха/ .
72.Царна Тхан /къаръан/ аяташ дешча билгалдина , хьуна хаало шаьш /Делах/ цатешначеран яххьашкахь /Тхан аяташка болу/ цабезам /уьш цара т1ецаэцар/ , шайна Тхан аяташ доьшучарна /г1ело ян/ т1екхета /т1елата/ кийча болш . Ахь ала :"/шуна цадезарехь/ Цул вочух /лаце/ дийций ас шуна ?" /жоьжахатин/ Ц1е ю /и/ , Аллах1а шаьш /Делах/ цатешначарна шеца ч1аг1о йина йолу . Ма вон берзар ду-кх /и ц1е/ .
73.Х1ай нах ! Масал далийна /шуна/ , ладог1а цуьнга . Баккъалла а шаьш , аша Аллах1 витина кхойкхурш , цара /цкъа а/ кхуллур ма бац моза /цара х1уъа а дича/, уьш /ц1уйш/ оцуна /дуьхьа/ гулъелча а /кхуллур бац/ . Мозано шайха цхьа х1ума ядийча , царна цуьнгара схьаяккхалур /ма/ яцара и . Заь1ап /г1ийла/ хили /ша/ лохург а , /ша/ лоьхург а .
74.Цара ца вазвира Аллах1 Ша вазван хьакъ ма-варра . Баккъалла а Аллах1 нуьцкъала , сийлахь ма ву .
75.Аллах1а хоржу малийкех а , адамех а геланчаш . Баккъалла а Аллах1 хезаш верг а , гуш верг а ву .
76.Цуна хаа цара хьалха динарг а , цара т1аьхьа дийра дерг а . Аллах1е дерзадо белхаш .
77.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! /руку1ана/ Охьата1а , /сужудана/ горг1о , шайн Далла 1ибадат де , диканиг де . Декъал хила мега шу /декъал хилархьама/ .
78.Къахьега Аллах1ан дуьхьа /шайн бахамашца , меттанашца , дог1машца/ Иза хьакъ волу къахьегарца . Цо хаьржина шу /Шен динна/ . Цо ца йина шуна динехь /цхьа хало/ гатто . /мелхо а парг1ато йина/ Шун ден - Ибрах1иман динехь /ма - ярра/ . Цо бусулбанаш аьлла шух хьалха /диссийна жайнашкахь/ а , х1окху /къуръан/ чохь а , элча шуна /ша д1акхайкхор/ т1ехь теш хилийта а , шу нахана /церан элчанаш царна д1акхайкхор/ т1ехь тешаш хилийта а . Ламаз /х1отта/ де , закат ло , Аллах1ана т1етовжа , Иза ву шун /доладеш волу/ верас /эла/ . Ма дика верас ву-кх /Иза/ , ма дика г1оьнча ву-кх /Иза шуна/ .