Тидар



23 - Сурат Альмуъминуна /Муъманах/

/Маккахь доьссина , 118 аят ду/.
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу
 


1.Бакъдолш , декъалхилла муъманах ,
2.шаьш шайн ламазехь /Далла/ хьастабелла болу ,
3.шаьш /къамелехь/ эрначух /десачух/ д1абирзина болу ,
4.шаьш /гуттар/ закат доккхуш болу ,
5.шаьш шайн бехкеметтигаш /хьарамчух/ ларъеш болу ,
6.шайн зударий , йа шайн аьттучара доладинарш /г1арбаш/ а боцучарех . Баккъалла а уьш бехказа бу /цаьрца лелочу юкъаметтигехь/ .
7.Ша цул /сов дерг дезаделла/ дехьа кхевдинарг , уьш бу уьш /дозанех/ т1ехбуьйлурш .
8./декъалхилла муъманах бу/ Шаьш шайн тешамаш а , шайн ч1аг1о а ларъеш болу ,
9.шаьш шайн ламазаш /хенашца/ лардеш болу .
10.Уьш бу уьш /хьакъ болу/ верасаш ,
11.шаьш ирсана фирдавс /ялсамани/ схьаоьцур йолш болу , шаьш оцу чохь гуттар лаьтташ .
12./Делора/ Бакъдолш , Оха адам кхоьллина ц1енчу поппарх /дина/ ,
13.т1аккаха Оха т1адам хилийтина и /нена кийрарчу/ тешамечу меттехь ,
14.т1аккха Оха т1адамех ц1ийна улх йира , ц1ийнан улхех талх йира , талхах даь1ахкаш йира , д1аь1ахкаш т1е дилха диллира , т1аккха Оха /чу са а диллина/ цуьнах кхин кхоллар дира /хилийтира/ . Беркате /сийлахь/ хили кхуллучарех уггар говза /тоьлуш/ волу Аллах1 .
15.Т1аккха , баккъалла а шу цул т1аьхьа лийр долш ма ду .
16.Т1аккха , баккъалла а шу къемата дийнахь /дендина/ г1овттор ду .
17./Делора/ Бакъдолш , Оха шуна т1ехула т1ек1ел варх1 стигал ма кхоьллина . Тхо дацара халкъах чидам боцуш .
18.Стиглара /оьшучу/ барамца /дог1ан/ хи а доссийна , лаьттахь сацийра Оха и . Баккъалла а /шу баркалле ца хилахь/ Тхо и /шух/ д1атилор т1ехь ницкъ кхочуш ма ду .
19.Оха кхиийра шуна цуьнца хурман а , кемсийн а бошмаш а , шайна чохь шуна шортта стоьмаш долу , аш царех /и стоьмаш/ дууш йолу ,
20.Сайнаъ ломах хьаладолу /зайтун/ дитт а /кхиийра Оха шуна/ , ша /зайт/ даьттаца а , дуучарна чамбечунца а хьаладолу .
21.Баккъалла а шуна , даьхнешкахь /хьайбанашкахь ойла ян/ хьехам ма бу . Оха шуна малайо церан гайш чохь йолчух /шуьреш/ , /кхин а/ шортта пайданаш бу шуна цаьргахь , царех /жижиг а/ дуу аша .
22.Царна т1ехь а , х1ордкеман т1ехь а д1асхьалеладо /кхьоьхьу/ шу .
23./Делора/ Бакъдолш , Оха хьажийра /вахийтира/ Нухь шен къоме . Цо элира :"Х1ай сан къам ! Аллах1ан 1ибадат де . Шун вац И воцург цхьа а /шена 1ибадат дан хьакъ волш/ дела . Шу /Цуьнан та1зарх/ ца кхоьру ткъа ?"
24.Цуьнан къомах /болчу/ шаьш /Делах/ цатешначу элаша элира :"Х1ара /ма/ дац , шу санна адам бен , шена шун т1ехь тола /даздала/ лууш /долу/ . Аллах1ана /элча ваийта/ лиънехь , малийкаш диссийна хир ма дара Цо . Тхуна ца хезна х1окхунах /лаьцна/ тхан хьалхарчу дайшкахь .
25.Иза /ма/ вац , шеца /жиний хьуца/ талхар долу стаг бен . Аш тергал /лар/ ве и цхьа хан-зама яллалц /кхаччалц/ .
26. /т1аккха/ Цо /Нухьас церан ийманах догдиллина/ элира :"Х1ай сан Дела ! Г1о дехьа суна цара /со/ харцварна !"
27.Оха цуьнан дагчухьийхира :"Х1ордкема де ахь Тхан б1аьра хьалха /Тхан 1уьналлийца/ , Тхан дегхьехамца . Ткъа /уьш х1аллакбарца/ Тхан омру деана пеш /хих/ т1ехъеача , оцу /кеман/ чу /т1е/ даха х1ора /дийнатах сте-боьрша/ ши тайпа а , хьан доьзал а , царех шена т1ехь /х1аллакварца Делан/ дош хьалхадаьлларг /сецнарг/ воцург . Ахь соьга ма беха шаьш зуламдинарш . Баккъалла а /Оха/ уьш хи бухабохуьйтур /болш/ бу" .
28.Ткъа х1ордкеман т1ехь хьо а , ша хьоьца верг а д1атарвелча , ахь ала :"Хастам букх Аллах1ана , Ша тхо зуламечу къомах к1елхьарадаьхначу"
29.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! Воссавехьа со беркатечу меттиге , Хьо варкха биссочарех уггар тоьлуш верг" .
30.Баккъалла а цуьнгахь /Оха динчуьнгахь/ билагалонаш ма ю /нахана/ , баккъалла а Тхо ма дара /уьш/ зуьйш .
31.Т1аккха кхоьллира Оха царел т1аьхьа кхин чкъоьрнаш /къаьмнаш/
32.Оха хьажийра цаьрга царех /волу/ элча :"Аллах1ан 1ибадат де , шун вац И воцург кхин дела . Шу ца кхоьру /Цуьнах/ ?" /аларца/ .
33.Цуьнан къомах /болчу/ шаьш /Делах/ цатешначу , эхартан дуьхьалкхетар харцдинчу , Оха шайга дуьненан дахарехь зовкх хьегийтанчу элаша элира :":"Х1ара /ма/ дац , шу санна адам бен , аша шех юучух ша юуш , аша молучух ша молуш /долу/ .
34./нагахь санна/ Шу шаьш санна долчу адамна муьт1ахь хилахь , шу т1аккха баккъалла а эшнарш ма ду .
35.Шуна ч1аг1о йо цо , баккъалла а шу /дала а/ делла , шух латта а , даь1ахкаш а хилча , баккъалла а шу /лахьтийчуьра/ арадохур ду /аларца/ .
36.Ма гена дара-кха , ма гена дара-кха шуна /шеца/ ч1аг1о йийриг /хила , дожа/
37.И ма дац , вайн дуьненан дахар бен . Вай /ла а/ ле , вай /даха а/ деха . Вай /ма/ дац /деллачул т1аьхьа/ г1овттор /долуш/
38.И ма вац , ша Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллиниа стаг бен . Вай /ма/ дац /цо дуьйцучуьнгахь/ цуьнах тешаш" .
39.Цо /Салихьа/ элира :"Х1ай сан Дела ! Г1о дехьа суна цара /со/ харцварна !"
40.Цо /Дала/ элира :"Кеста /дукха ца 1аьш/ дохко бевра бу уьш"
41./Делера уьш/ Хьакъ болу /механ/ ц1ог1ано д1алецира уьш . Оха /х1аллак/ бира уьш /1оврашо йохьу/ нехаш /санна кегийна/ . /Дала Шен къиинхетамах/ Генадоккхийла зуламе къам /и х1аллакдарца/
42.Т1аккха кхоьллира Оха царел т1аьхьа кхин чкъоьрнаш /къаьмнаш/ .
43.Цхьа а уммат шен 1ожаллел хьалха а дера дац , т1аьхьа а дуьсур дац
44.Цул т1аьхьа , т1етт1а Тхан элчанаш бахкийтара Оха . Х1оразза цхьана умматна шен элча мел вог1у харцвира цо и . Царех цхьаберш вукхаьрна т1аьхьа хьовсийра Оха /х1аллак барехь/ . Оха царех /т1аьхьа бог1учарна вонна далон/ дийцарш /масалш/ дира . /Дала Шен къиинхетамах/ Генадоккхийла /Делах/ цатеша къам /и х1аллакдарца/ .
45.Цул т1аьхьа , Оха хьажийра Муса а , цуьнан ваша Х1арун а Тхан билгалонашца а , билгалчу бухца а
46.Фир1авн а , цуьнан элий а болче , /амма/ цара куралла йира /ийман дилларх/ , айделла /дазделла/ къам хилира уьш .
47.Цара элира :"Тхо /муха/ теша ткъа , тхо санначу шина адамах , цу шинна къам тхан /муьт1ахь/ лайш хилча ?"
48.Харцвира цара и шиъ , /цундела шаьш/ х1аллакбинчарех хилира уьш .
49./Делора/ Бакъдолш , Мусага /Товрат/ жайна ма делира Оха . Уьш нислур бацар те /аьлла/ .
50.Оха йира Маръяман к1антах а , цуьнан ненах а /нахана тамашийна/ билгало . Оха /хьуламна/ дерзийра и шиъ тийна вехийла а , шовда а долш йолчу айъаеллачу меттиге .
51.Х1ай элчанаш ! Ц1енчарех /хьаналчух/ даа /рицкъа/ , дика /мелдерг/ де . Баккъалла а со аш дийриг хууш ву /шуна/ .
52.Баккъалла а х1ара шун уммат /шун дин/ цхьа уммат ду , Со /цхьаъ/ ву шун Дела , Соьх  кхера /Ас шайна та1зар дарха/ .
53.Цара хадийра /дийкъира/ шайн /динан/ г1уллакх шайна юкъахь дакъошка /тобанашка/ . /царех/ Х1ор тоба а , шегахь долчух яккхийеш /тамашбеш/ ю .
54.Бита ахь уьш шайн /тиларан/ сонталлехь цхьа хан яллалц .
55.Царна моьтту те , баккъалла а Оха бахамех а , к1ентрех а шайна /дуьненахь цхьа дакъа/ далар ,
56.Оха шайна диканашкахь сихо яр ду ? /х1ан-х1а/ Мелхо а , царна ца хаало /иза шаьш зер хилар/ .
57.Баккъалла а шаьш шайн Делах кхерарна ларлурш /ийзалурш/ а ,
58.шаьш шайн Делан аяташха тешарш а ,
59.шаьш шайн Далла декъахо ца вийраш а ,
60.шаьш /нахана/ лург , шайн дегнаш /и къобул ца дарна/ кхоьруш а долш лурш а , баккъалла а шаьш шайн Деле боьрзур болун дела ,
61.уьш - цара диканашкахь сихо йо , уьш цера дуьхьа /кхечарел/ хьалхабуьйлу .
62.Оха /цхьанне а/ сина т1е ца дуьллу , цуьнан ницкъ кхочург бен , Тхоьгахь ду /ша/ бакъонца дистхуьлу /адамийн 1амалш т1еязйина/ жайна , царна зулам дийр /долш/ дац /цу т1ехь/ .
63.Мелхо а /х1етте/ , церан дегнаш /тиларан/ сонталлехь /ма/ ду х1окхунах /къуръанах/ . Церан ю 1амалш , уьш йоцурш а , цара шаьш йеш йолу .
64.Оха царех зовкх хьоьгурш 1азапца схьалецча , т1аккха /орцанца/ мохь болу цера .
65./цаьрга эра ду/ "Тахана /орца доьхуш эрна/ мохь ма бетта ! Баккъалла а шуна Тхоьгара г1о хир /долш/ дац" .
66.Бакъдолш , Тхан /къуръанан/ айаташ дара шуна доьшуш , ткъа шу /шайн к1ажаш т1ехь/ юхаг1ерташ дара
67. дазалла деш цунах /хьаж-ц1ийнах/ , шаьш буьйсана /хьаж-ц1ийна гонаха/ гуллой /элчанна , къуръанна/ луьйш .
68.Цара ойла ца йина /Делан/ дешан /и довзархьама/ ? Йа цаьрга церан хьалхара дайшка ца деанарг деана /цара и т1е ца лаццал/ ?
69.Йа царна ца вевзина шайн элча /дика мел долчунца/ , /йа вевзина хьаг1-гамо лаьцна/ юхатуха цара иза ?
70.Йа цуьнца /жиний хьуца/ талхар ду боху цара ? Мелхо а , иза царна бакъонца веана-кх , х1етте царех дукхахберш бакъо езаш /ма/ бац .
71.Бакъдерг /Аллах1/ церан /дег1ан/ лаамашна /муьт1ахь а хилла царна/ т1ахьа х1оьттинехьара , стигланаш а , латта а , царна чохь /мел/ дерг а телхар ма дара /церан лаамаш телхана болун дела/ . Мелхо а , Тхо даьхкира цаьрга царна хьахорца /къуръанца/ , /амма/ уьш шайна хьахорах д1аберзара .
72.Я цаьрга ял йоьху ахь ? Хьан Делан ял тоьлуш ю /хьуна/ , Иза рицкъалучарех тоьлуш верг ву .
73.Баккъалла а ахь /кхайкха/ ма кхойкху /исламан/ нийсачу некъе .
74.Баккъалла а шаьш эхартех ца тешарш , /нийсачу/ некъах д1абевлларш ма бу .
75./нагахь санна/ Оха царех къинхетам бина , цаьрца долун зен д1адаьккхинехьра , уьш /кхин къар ца луш/ бахлур ма бара шайн тиларехь , шаьш боьхна лелаш .
76./Делора/ Бакъдолш , Оха схьалецира уьш /Тхан/ 1азапца , /х1етте/ уьш муьт1ахь ца хилира шайн Далла , хьаста ца ло /Цуна/ .
77.Оха шайна т1ехь ч1ог1ачу 1азапан не1 йиллича , т1аккъа цара /массо а диканех/ догдуьллу /шаьш хьере хиле/
78.Иза ву и Ша шуна хазар а , б1аьрсаш а , дегнаш а кхоьллинарг . /ма/ К1еззиг баркалла олу-кх аш .
79.Иза ву и Ша шу лаьттахь кхоьллинарг . Цуьнга д1агулдийр ду шу /деллачул т1аьхьа/ .
80.Иза ву и Ша дендийриг а , кхалхориг а . Цуьнан /ницкъаца/ ду де , буьйса хийцадалар . Хьекъале ца хуьлу шу /т1аккха шайна Тхан ницкъ бовза/ ?
81.Мелхо а , цара элира хьалхарчара ма - аллара
82.Цара элира :"Тхо /дала а/ делла , тхьох латта а , /мурйоьлла/ даь1ахкаш а хилча , баккъалла а тхо г1овттор ду те ?
83./Делора/ Бакъдолш , и /г1овтторан/ ч1аг1о тхуна а , тхан дайшна а /Мухьаммад вале/ хьалха йинера . И /ма/ дац , хьалхарчеран туьйранаш /дийцарш/ бен" .
84.Ахь ала :"Хьенан /доллалехь/ ду латта а , оцу чохь /мел/ верг а , шу хууш делахь ?"
85.Цара /къера хилла/ эра ду :"Аллах1ан ду" . Ахь ала :"Аш хьехар ца оьцу ?"
86.Ахь ала :"Мила ву варх1 стигалийн Дела а , сийлахьчу 1аршан Дела а ?"
87.Цара /къера хилла/ эра ду :"Аллах1ан ю /уьш/" . Ахь ала :"/Делах/ Ца кхоьру шу ?"
88.Ахь ала :"Мила ву шен карахь массо а х1уманан олалла /долалла/ дерг , Ша /массо/ ларвийриг , Ша /цхьаммо/ ларцавийриг , шу хууш делахь ?" .
89.Цара /къера хилла/ эра ду :"Аллах1 ву" .Ахь ала :"Т1аккха шу /шайт1ано бакъдолчух/ ле /1еха/ муха до ?"
90.Мелхо а , Оха царна бакъдерг делла , /х1етте/ баккъалла а уьш харцлуьйш ма бу .

91.Аллах1а ца лаьцна /Шена/ доьзалхо , Цуьнца /декъахь/ ца хилла цхьа а дела , /хиллехьара/ т1аккха х1ор дала а д1ахьур ма дара ша кхоьллинарг , царех цхьаберш вукхарел лакхабевр бара . Ц1ена ву Аллах1 цара /Шена/ т1ехь /харцонах/ кхуллучух ,
92.къайлахдерг а , гушдерг а хууш волу , лакха вели И цара /Шена/ бечу декъахойх .
93.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! /нагахь санна/ Ахь суна /гайтаза ца даьлла/ гайтахь /Ахь/ царна ч1аг1о йийриг ,
94.х1ай сан Дела ! Ма вехьа со зуламечу къоман юкъахь"
95.Баккъалла а , Тхо ницкъ кхочуш ма ду , Оха царна /та1зарца/ ч1аг1о йийриг хьуна гайтар т1ехь
96.Ахь духатоха /нехан/ вониг , ша дика /хаза/ долчунца . Тхо т1ех дика хууш цара /Тхуна/ т1ехь /харцонех/ кхуллург .
97.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! Со Хьоьца ларло шайт1анийн /вочуна/ т1ехьехаршха .
98.Со Хьоьца ларло , х1ай сан Дела , уьш сайна /герга/ дахкарха"
99.Царех цхьанна валар т1едеача , цо элира :"Х1ай сан Дела ! /дуьнена/ Вухаверзавеша со ,
100.дика дан мегара /тарлора/ аса , айса /дуьненахь ас терго йоцуш/ дитанчуьнгахь" . Х1ан-х1а . Баккъалла а , иза цо ша олу дош ду . Царна т1ехьа /хьалха/ дуьхьало ю уьш г1овтторан дийнналц .
101.Зурманчу х1уп аьлча /и лекхча/ , оцу дийнахь гергарлонаш /хир/ дац царна юкъахь , вовшашка /хьал-де/ хоьттур дац цара .
102.Шен терзанаш /диканах/ дазделларг /милла велахь/ , уьш бу уьш декъалнаш .
103.Шен терзанаш /диканах/ дайделларг /милла велахь/ , уьш шаьш шайн дог1машна зе динарш - гуттар жоьжахатахь /хир/ берш бу ,
104.ц1аро шайн яххьаш йагош /морцуш/ , шаьш цу чохь /ц1армат хилла/ кхоьлина болуш .
105.Сан аяташ дацара шуна доьшуш , ткъа шу уьш харцдеш дара ?
106.Цара элира :"Х1ай тхан Дела ! Тхан дакъазалла туьйлира тхуна т1ехь , /т1аккха/ тхо тилла къам хилира .
107.Х1ай тхан Дела ! Арадахахь тхо оцу /жоьжахат/ чуьра , /нагахь санна/ тхо /вонашка/ юхадерзахь , т1аккха тхо /та1зар хьакъ долу/ зуламхой ду-кх"
108.Цо элира :"Д1асовца цу чохь , /дехаршца/ Соьга дист ма хила"
109.Баккъалла а Сан лайшха цхьа тоба яра шаьш олуш :"Х1ай тхан Дела ! Тхо тешна /Хьоьх/ , гечдехьа тхуна , къинхетам бехьа тхоьх , Хьо ву-кх къинхетам бечарех уггар тоьлуш верг"
110.Шу царех кхаьрдира , цара шайна Со хьахор дицдаллац , шу дара царех доьлуш .
111.Баккъалла а , Ас тахана царна /диканца/ бекхамби цара /шун кхардарна/ сатохарна . Баккъалла а , уьш бу уьш /диканца/ тоьлларш .
112.Цо элира :"Мас шарахь 1ийна шу лаьттахь /дехаш/ ?"
113.Цара элира :"Тхо 1ийна дийнахь , я дийнан /цхьана/ декъехь , дагардечаьрга хаттахь"
14.Цо элира :"Шу ца 1ийна к1еззиг бен . Баккъалла а шу хиллехь /и/ хууш /аш хоржур ма дацара панадерг дуьсур долчун т1ехь/"
115.Ткъа шуна моьттинера , баккъалла а Оха шу бегашна /забарина/ кхоьллина , баккъалла а шу Тхоьга дерзор дац ?"
116.Лакхаваьлла /Ша/ бакъ , паччахь волу Аллах1 , кхин дела вац Иза - сийлахьчу 1аршан Дела воцург .
117.Ша Аллах1аца кхин дела кхойкхург /милла велахь/ , /цхьа а/ бух бац цуьнан цуьнца , баккъалла а цуьнан хьесап шен Далла гергахь ду . Баккъалла а /Делах/ цатешарш /къемата дийнахь/ декъал хир бац .
118.Ахь ала :"Х1ай сан Дела ! Гечдехьа /сан къиношна/ , къинхетам бехьа /соьх/ , Хьо ву-кх къинхетам бечарех уггар тоьлуш верг" .