Тидар



24 Сурат Аннур /Серло/
/Мадинатехь доьссина ‚ 64 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман да волчу

 


1./х1ара/ Оха ша доссийна а , Оха ша /парз дина/ т1едожийна /т1едиллина/ а сурат ду . Оха диссийна оцу /сурат/ чохь билгала айаташ . Шоьга ойла йайтархьама .
2./зина деш/ Нахацалела зуда а , нахацалела стаг а - цаьршиннех х1оранна а /г1уданна/ б1аь1а /б1е/ г1аж тоха ! Шу /совцийна/ д1амалацийла цаьршиннах къахетаро Аллах1ан динехь /долу хьукманаш кхочуш дарха/ , /нагахь санна/ шу хиллехь /делахь/ тешаш Аллах1ах а , т1аьхьарчу /къемата/ дийнах а . Цаьршинан 1азапна /цигахь хьожуш хиларца/ тешх1оттийла муъманахех /цхьа/ тоба .
3.Нахацалелачу стага ца ялайо нахацалела зуда , я /Делаца/ декъаховийриг бен . Нахацалела зуда - и ца ялайо нахацалелачу стага , я /Делаца/ декъаховечо бен . /Дала/ Дихкина и /дастаме белхаш/ муъманахана .
4.Шаьш оьздазударшна /зинаца , нахацалеларца/ ц1екхуллурш , цул т1аьхьа шаьш /аьллачуна/ виъ теш ца валош - езткъа г1аж тоха царна , /кхин цул т1аьхьа/ церан тешалла къобул ма делаш цкъа а . Уьш бу /шуна/ уьш песакънах .
5.Шаьш цул /харц ц1екхоьллинчул/ т1аьхьа дохко а боьвла , /шайн хьелаш/ тадинарш боцурш . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
6.Шаьш шайн зударшна /зинаца/ ц1екхуллурш , шаьш бен /цу т1ехь кхин/ тешаш боцуш , царех цхьанна тешалла - Аллах1аца диъ тешалла /дар/ ду - баккъалла а ша бакълуьйчарех ма ву /аьлла/
7.Пхоьазлаг1а - баккъалла а Аллах1ан не1алт /ма/ ду шена т1ехь , /нагахь санна/ ша харцлуьйчарех хиллехь /алар ду/ .
8.Цуьнах /зудчух/ 1азап духатуху , цо Аллах1аца диъ тешалла даро , баккъалла а и /шен майра/ харцлуьйчарех ма ву /аьлла/
9.Пхоьазлаг1а - баккъалла а Аллах1ан оьг1азло ю /хуьлийла/ шена т1ехь , /нагахь санна/ и /сан майра/ бакълуьйчарех хиллехь /алар ду/
10.Аллах1ан комаьршо а , къиинхетам а бацахьара шуна т1ехь , баккъалла а Аллах1 къинт1ераволург а , кхетамениг а вацахьара /сийсаздина х1аллак дийр ма дара Цо шу/
11.Баккъалла а шаьш /доккхачу/ эладитанца баьхкинарш , шух цхьа тоба ю . Аш ма лара и /эладита/ шайна во , мелхо а дика ду шуна и . Царех х1ор стагана а къинах цо лехнарг /хир/ ду . Царех ша цуьнан /эладитан/ доккха дакъа лаьцнарг , цуна доккха 1азап /хир/ ду .
12.Шайна и /эладита/ хезначу хена , дика моьттинехь муъмастегаршна а , муъмазударшна а шайх /а шайн вежарех а , йижарех а/ , цара аьллехь :"Х1ара /аш дуьйцург/ билгала /аш кхоьллина/ эладита /ма/ ду"
13.Уьш /и эладита кхоьллинарш/ баьхкинехь цу /эладитан/ т1ехь виъ тешца . Ткъа уьш ца баьхкинехь тешашца , Аллах1ан гергахь харцлуьйраш ма бу уьш
14.Аллах1ан комаьршо а , Цуьнан дуьненахь а , эхартахь а болу къинхетам а бацахьара шуна т1ехь , аш дахдина дийцанчуьнгахь /эладитанехь/ доккха 1азап хьакхалур ма дара шух .
15.Шайн меттанашца /кар-кара оьцуш/ т1елоцу аш и /эладита/ , шайн батошца шайна шех хаар доцург дуьйцу аш , дай /жима къа/ хета шуна и /шаьш дуьйцург/ , /амма/ иза Аллах1ан гергахь /та1зар дарехь/ доккха /ма/ ду .
16.Шайна и /эладита/ хезначу хена , аш аьллехь :"Тхоьца дог1уш /товш/ дац оха и /къамел/ дийцар . Ц1ена ву-кх Хьо /хастаме Дела/ . Х1ара /дера/ ду доккха эладита /харцдерг/"
17.Аллах1а хьехар до шуна и санна чуьнга шу цкъа а юхацадерзийта , /нагахь санна/ шу муъманах хиллехь /делахь/ .
18.Аллах1а билгалдо шуна айаташ . Аллах1 хуушверг , кхетамениг ву .
19.Баккъалла а шаьш тешначаьрна юкъахь боьханиг /дастамениг/ даржар дезарш , царна лазавен 1азап /хир/ ду дуьненахь а , эхартахь а . Аллах1ана хаа /къайлахниг/, шуна ца хаа .
20.Аллах1ан комаьршо а , Цуьнан къинхетам а бацахьара а , баккъалла а Аллах1 къахеташ , къинхетаме вацахьара а /сийсаздина х1аллак дийр ма дара Цо шу/
21.Х1ай шаьш тешнарш ! Шайт1ан г1улчашна т1аьхьа ма х1итта . /ткъа/ Ша шайт1ан г1улчашна т1аьхьах1уттург /милла велахь а/ , баккъаллла а цо /цуьнга/ омру до боьхачуьнца а , /шар1аца/ цадог1учуьнца а . Аллах1ан комаьршо а , Цуьнан къинхетам а бацахьара шуна т1ехь , шух цхьа а ц1анлур ма вацара /шен къинойх/ цкъа а . Делахь а , Аллах1а ц1анво /дохкобевлачарех/ Шена луург . Аллах1 хезашверг , хуушверг ву .
22.Дуй ма баийла шух комаьршонан а , /хьолан/ шортонан а дайша , гергарчарна а , мисканашна а , Аллах1ан новкъахь /Цуьнан дуьхьа/ махкахбевлачарна а /саг1а/ ца даларца /цара эладита дийцинера але/ . Къинт1ера бовлийла уьш , /бехках /хьалхабуьтийла цара /уьш/ . Шуна ца деза /ца лаьа/ тов Аллах1а шайна гечда . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
23.Баккъалла а шаьш оьзда , /боьхачуна/ чидамебоцу /догц1ена/ , муъмазударшна /зинаца/ ц1екхуллурш , царна не1алт /та1зар/ ду дуьненахь /г1ажъеттарца/ а , эхартахь /балане лацарца/ а . /уьш дохко ца бовлахь/ Доккха 1азап /хир/ ду царна /эхартахь/
24.Оцу /къемата/ дийнахь царна дуьхьал тешалла дийр ду церан меттанаш а , церан куьйгаш а , церан когаш а цара /дуьненахь вочух/ лелош /деш/ хиллачун т1ехь .
25.Оцу дийнахь Аллах1а царна /кхоччуш/ д1алур бу /уьш/ хьакъ /болу/ церан бекхам . /т1аккха/ Царна хаар ду баккъалла а Аллах1 - Иза билгала бакъверг вуйла .
26.Боьхазударий боьхастегаршна /бог1уш/ бу , боьхастегарий боьхазударшна бу , ц1еназударий ц1енастегаршна /бог1уш/ бу , ц1енастегарий ц1еназударшна бу , уьш /ц1енаберш/ гуьнахь /декъахь/ бац цара /вукхара эладитанех/ дуьйцучуна . Царна /ялсаманахь/ гечдар а , лераме /шорта/ рицкъа а /хир/ ду .
27.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шу ма г1олаш шайн йоцчу /хийра/ х1усамашчу шаьш пурба деххалца а , церан ох1лане салам даллалца а . И /г1иллакх/ тоьлуш ду шуна /шун сонта г1иллакхел а/ . Шу герга даркха хьехамэца .
28./нагахь санна/ Шуна ца карийнехь цу /х1усамаш/ чохь /пурбалучарех/ цхьа а , шу цаьрна чу ма г1олаш шайна /и/ пурба даллалц . Ткъа шоьга /чуьрчара/ :"Духадерза !"- аьллехь , духадерзалаш ! Иза ц1ена ду шуна /дагна/ . Аллах1 аш лелориг /дийриг/ хааш ву /шуна/ .
29.Шуна къилахь дац , чохь /нах/ бехаш боцучу а , шайна чохь шун пайда болчу а /юкъара/ х1усамашка /пурба доцуш/ шу чудахар . Аллах1ана хаа аш гучадоккхург а , хьулдийриг а .
30.Ахь ала муъмастегаршка цара шайн б1аьргаш /хьарамчух/ охьадахийтийла /д1адерзадойла/ , шайн /чук1елара/ бехкен меженаш ларйойла . И /г1иллакхаш/ ц1ена ду цаьрна /Далла гергахь/ . Баккъалла а Аллах1 хааш /девзаш/ ву цара дийриг .

31.Ахь ала муъмазударшка цара шайн б1аьргаш /хьарамчух/ охьадахийтийла , шайн бехкен меженаш ларйойла , цара шайн хазалла ма гойтийла /хийрачарна/ , ша цуьнах /дукхахьолахь/ гушъерг йоцург , шайн чоьтнаш т1е /лаг , накха ца гайта/ корталеш тосийла цара , шайн хазалла ма гойтийла цара шайн майранашна а , шайн дайшна а , шайн мардайшна а , шайн к1енташна а , шайн меран к1енташна а , шайн вежаршна а , шайн вежарин к1енташна а , шайн йижарийн к1енташна а , шайн зударшна /бусалба йижаршна/ а , шайн аьттучара доладечарна /г1арбашна/ а , йа божарех зударшка шовкъ /хьашто/ йоцу /шайн/ ялхошна а , йа зударин ерзина меженаш ца евзачу берашна а бен , цара ма беттийла шайн когаш , шайн хазаллех шаьш хьулдийриг /кхечарна/ хаийта . Х1ай муъманах ! Аллах1ана дохкодовла дерриге а . /т1аккха/ Шу герга ду декъалхила .
32./маре дарца/ Цхьанатоха шайх яханза-ялонза берш а , шайн лайшха а , г1арбашха а болу диканаш а . /нагахь санна яханза-ялонза берш/ Уьш къен белахь , Аллах1а Шен комаьршонах аьтто бийра бу церан . Аллах1 шортоерг /тароерг/ , хаарг /девзарг/ ву .
33./сатохарца/ Оьзда /ц1ена/ чекхбовлийла шаьш зудайалон ницкъ ца карораш , Аллах1а Шен комаьршонах шайн /цу т1ехь/ аьтто баллалц . Шун аьттучара доладинчарех /шун лайшха а , г1арбашха/ шайна /шаьш механ дуьхьал маьрша дахар т1ехь/ кехат-барт безарш , цаьрца кехат-барт бе аш /нагахь санна/ шайна цаьргахь дикалла /тешаме хилар/ хааделлехь . Аш ло цаьрна Аллах1а шуна ша беллачу бахамех . Аш /нуьцкъаша/ т1емате1аде шайн зудбераш кхахьпаллийна , царна /ц1ано/ оьздангалла езнехь , шайна дуьненан дахаран /т1аьхьло йоцу/ таро /аьтто/ лахархьама . Ша уьш /кхахьпаллийна/ т1ете1ориг /милла велахь , царна хила деззарг хир ду/ , баккъалла а Аллах1 уьш /зудбераш бертаза/ т1ете1ийначул т1аьхьа /царна/ гечдеш , къинхетаме ву .
34./Делора/ Бакъдолш , Оха шоьга диссийна билгала айаташ а , шаьш шул хьалха д1абаханчарех /долу/ масал а , /Делах/ кхоьрачаьрна /пайден/ хьехам а .
35.Аллах1 - стиглашин а , лаьттин а нур ду . Цуьнан нуьран куц - шена чохь чиркх болчу /пена т1ера/ к1огах тера ду , чиркх - шишан чохь бу , ткъа шиша - баккъалла а ша /серлонца/ лепа седа болш санна ду . И /чиркх/ латабо беркатечу зайтун диттах , /ша/ малхбалера доцу , малхбузера доцу . Цуьнан /хьакхар/ даьтта герга ду ша серло яла шех ц1е ца хьакхаеллехь а . Нур т1е а нур ду /и/ . Аллах1а Шен нуьре нисво шена лаьарг . Аллах1а даладо адамашна масалш . Аллах1 массо а х1уманах дерг хууш ву .
36.Аллах1а шаьш хьаладотта /дог1а/ а , шайна чохь Шен ц1е яккха а магийна /долчу/ ц1еношкахь /маьждигашкахь/ 1уьйренашкахь а , суьйренашкахь а Цуна /И хесторца а , ц1анварца а/ теспахь до
37./цхьана/ къонахоша , шаьш совдегаро а , йохкаро а Аллах1 хьахорах а , ламаз х1отторах а , закат даларах а д1ацалоцучу а , шена чохь дегнаш а , б1аьргаш а /шайн хьолашха/ хийцалочу /д1акерчачу къемата/ дийнах кхоьрачу а .
38./цара теспахь дар а , церан кхерар а/ Аллах1а шайна шаьш динчу уггар дикачуна бекхам бархьама а , Шен комаьршонах Цо шаьш совбаха а /ду/ . Аллах1а рицкъа ло Шена лаьачуна хьесап доцуш .
39.Ша /Делах/ цатешнарш - церан 1амалаш , хьогахчуна /генара хьаьжча/ ша хи ду моьттуш йолу /шерачу/ г1ум-аренахь /бурконна х1утту/ б1алг1а санна /эрна/ ю . Ткъа иза цуна т1евеача , ца карийра цуна и /шена моьттина/ х1ума . Аллах1 карийра цуна шена гергахь , Цо кхоччуш д1аделира цуна шен хьесап . Аллах1 - хьесап чехка долш ву .
40.Йа к1оргачу х1ордчуьра боданаш санна /ю церан 1амалаш/ . Тулг1ено ша хьулбеш , оцу /тулг1ен/ т1ехула шена т1ехула марха йолу /кхи/ тулг1е ю . /уьш/ Царех цхьаберш вукхаьрна т1ехула болу боданаш бу . Цо /оцу х1орд чуваьллачо/ шен куьг арадаькхча , и /шен куьг/ ган герга хир ма вацара и /боданан ч1аг1аллийна/ . Аллах1а шена /нийсонан/ нур ца делларг /милла велахь/ , цуьнан дац /цхьа а/ нур .
41.Хьуна ца гина /ца хиъна/ , баккъалла а Аллах1ана /хестош/ теспахь дар стиглашкахь а , лаьттахь а мелдолчо а , олхазарш а /шайн/ т1емаш даржийна /х1аваэхь/ доьдуш ? Бакъдолш хиъна /девзина/ х1оранна а шен ламаз /до1а/ а , шен теспахь а . Аллах1 хууш ву цара /мел/ дийриг .
42.Аллах1ан ду стиглашин а , лаьттин а олалла /долалла/ . Аллах1е ду /х1оранне а/ верзар .
43.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1а мархаш йохкуьйту /Шена лаьачу/ , цул /уьш йаржийначул/ т1аьхьа гулйо Цо уьш , цул т1аьхьа /оьла санна/ т1ек1ел йо Цо уьш . Т1аккха дог1а го хьуна ша арадолуш оцу /мархийн херонаш/ юкъахула . Цо боссабо стиглара - цигахь /стиглахь/ долчу /мархийн/ лаьмнашкара - къора /ша/ . Шена лаьачуна т1е а туху Цо и , ткъа Шена лаьачух д1а а берзабо Цо и . Цуьнан ткъесан серло /шен ч1аг1аллийна/ герга /ма/ ю /церан/ б1аьрсаш д1аэца .
44.Аллах1а хуьйцу де а , буьйса а . Баккъалла а цуьнгахь хьехам ма бу хьекъалечаьрна .
45.Аллах1а массо а дийнат хих кхоьллина . Царех ша шен гай т1ехь леларг ду , /иштта/ царех ша шина кога т1ехь леларг ду , /иштта/ царех ша беа /кога/ т1ехь леларг ду . Аллах1а кхуллу Шена лаьарг . Баккъалла а Аллах1 , массо а х1уман т1ехь ницкъ кхочуш ву .
46./Делора/ Бакъдолш Оха диссийна билгала айаташ . Аллах1а Шена лаьарг нийсачу новкъа нисво .
47.Цара олу /шайн меттанашца/ :"Тхо тешна Аллах1ах а , элчанах а , /цаьршина/ муьт1ахь а хилла тхо" . Т1аккха царех цхьа тоба /ийманех/ д1айоьрзу цул /шаьш и аьллачул/ т1аьхьа /цхьа хан йаьлча/ . Уьш /ма/ бац /догц1ена/ муъманах .
48.Уьш кхайкхича Аллах1е /къуръане/ а , Цуьнан элчане а , цо /элчано/ шайна юкъахь /динца/ кхел йан , царех цхьа /йолу/ тоба /кураллийца/ д1айоьрзу /цуьнах/ .
49.Ткъа /кхечарна т1ехь/ шайна /дог1уш/ цхьа хьакъ хилча , уьш бог1у и волче хьасталой /ладуг1уш хиле , сихонца/
50.Ткъа церан дегнашчохь цамгар ю , йа /динах/ шекбоьвла уьш , йа Аллах1а а , Цуьнан элчано а шайна т1ехь харцо йарна кхоьру уьш ? Мелхо а , Уьш /ма/ бу уьш зуламхой .
51.Баккъалла а муъманехан дош дара , шаьш Аллах1е а , Цуьнан элчане а кхайкхича цо /элчано/ шайна юкъахь /динца/ кхел йан , цара алар :"Хезна тхуна , муьт1ахь хилла тхо" . Уьш бу уьш декъалнаш .
52.Ша Аллах1ана а , Цуьнан элчана а муьт1ахь верг , ша Аллах1ах кхоьрург , ша Цуьнах ларлург а уьш бу уьш тоьлларш /аьтто баьлларш/
53.Цара биира Аллах1аца шайн ч1ог1а дуйнаш , /Делора/ ахь шайга /г1азотана арадовларца/ омру дахь , шаьш арадоьвра ма ду /аьлла/ . Ахь /цаьрга/ ала :"Аш дуй ма баа ! Девза муьт1ахьалла /тоьлуш ду/ . Баккъалла а Аллах1 , аш дийриг хууш ву .
54.Ахь ала :"Аллах1ан муьт1ахь хила , элчана муьт1ахь хила !" Ткъа уьш д1аберзахь , баккъалла а цуна т1ехь /кхайкхадарх/ шена т1едиллинарг ду , шуна т1ехь /муьт1ахьаллех/ шайна т1едиллинарг ду . Шуна цуна муьт1ахь хилахь , нислур ду шу . Элчана т1ехь ма дац , билгала д1акхайкхор /д1акховдор/ бен .
55.Аллах1а ч1аг1о йина , шоьх /Делах/ тешначарна а , шаьш диканаш динчарна а , Ша уьш лаьттахь верасаш бийр ма бу /аьлла/, Ша царел хьалхарнаш верасаш ма - барра , Ша ч1аг1дийр ма ду царна - Ша реза а хилла царна хаьржина долу - церан дин , Ша хуьйцар ма бу уьш маьршонца /кхерамзаллийца/ церан кхерар т1аьхьа . Цара Суна 1ибадат деш , Суна х1умма а декъахо лацар доцуш . Ша цул т1аьхьа цатешнарг , уьш бу уьш песакънах .
56./х1ай адамаш/ Ламаз /х1отта/ де /шен бехкамашца/ , /Дала т1едиллина/ закат ло , /Делан/ элчана муьт1ахь хила , шоьх /шун Дала/ къинхетам бан тарлора .
57.Ахь /ларне а/ маларийла шаьш /Делах/ цатешнарш /Тхоьх к1елхьарбовларца Тхо/ лаьттахь г1орасиз деш . Церан берзар /чуг1ойла/ жоьжахате ю . Ма вон верзийла ю-кх и .
58.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шоьга /чубахка/
пурба доьхийла шун аьттучара доладинчара /г1арбаш/ а , шоьх г1еметтах1оттазчара а кхузза : 1уьйра ламазал хьалха а , делкъана аш шайн бедарш охьайохучу хена а , пхьуьйра ламазал т1аьхьа а . /уьш/ Ларйаза /1уьналла доцу/ кхоъ /хан/ ю шун . Шун т1ехь а , царна т1ехь а царел т1аьхьа /чудахка/ къа доцуш . /уьш/ Лелаш /хьийзаш/ бу шун т1ехула /ц1ийнан хьашташца шун т1ех1уьттуш/ . Шух цхьаберш /лела/ вукхаьрна т1ехула . Иштта Аллах1а билгалдо шуна айаташ . Аллах1 хуушверг , кхетамениг ву .
59.Шух долу бераша /шаьш/ г1еметтах1иттича пурба дехийла , шаьш царел хьалхарчара ма - деххара . Иштта Аллах1а билгалдо шуна Шен айаташ . Аллах1 хуушверг , кхетамениг ву .
60.Зударех къенаберш , шаьш марене догдохуш боцу , царна т1ехь къа дац шайн /т1ехулара/ бедарш охьайахарехь , хазалла гучуйоккхуш боцуш . /делахь а/ Оьзда /хьулбелла/ хилар тоьлуш ду царна . Аллах1 хезашверг , хуушверг ву .
61.Б1аьзечун т1ехь къа дац , астаг1чун т1ехь къа дац , цомгушчун т1ехь къа дац , шун дог1маш /шун/ т1ехь а дац аш шайн х1усамашкара яарх а , йа шайн дай х1усамашкара а , йа шайн нанойн х1усамашкара а , йа шайн вежарийн х1усамашкара а , йа шайн йижарийн х1усамашкара а , йа шайн ден вежарийн х1усамашкара а , йа шайн ден йижарийн х1усамашкара а , йа шен дог1анаш шун долахь долчуьра а , йа шун доттаг1чуьра а , шун т1ехь къа дац аш цхьана , йа къаьстина /шайн-шайна/ яарехь а . Шаьш х1усамаш чудоьвлча , аш салам ло шайга /вовшашка/ Аллах1ана гергара беркатечу , ц1енчу маршаллийца .
62.Баккъалла а муъманах - шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а тешнарш бу . Шаьш цуьнца /элчанца/ цхьана юкъарчу /гуламечу/ г1уллакхехь хилча , шаьш цуьнгара пурба даккхалца д1ацабахнарш . Баккъалла а шаьш хьоьга пурба доьхурш , уьш бу шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а тешарш . Цара хьоьга шайн цхьаццадолу г1уллакхна пурба дехча , ахь пурба ло царех хьайна лиъначуна , царна гечдар деха Аллах1е . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
63.Аш ма де шайна юкъахь элчане кхайкхар , шух цхьаболчара вукхаьрга /аш вовшашка/ кхайкхар санна . Бакъдолш , Аллах1ана бевза шух /элчан пурба а доцуш/ шаьш /маьждигера/ лечкъина къайлабуьйлурш . Шаьш цуьнан омрана дуьхьало йийраш ларлойла , шайна /т1е шаьш зуьйш цхьа/ бала барах , йа шайна /эхартахь/ лазавен 1азап дарах .
64.Дера ! Баккъалла а Аллах1ан /долахь ма/ ду стигланашкахь а , лаьттахь а /мел/ дерг . Бакъдолш , Цуна хаа /массо а/ шу шена т1ехь дерг /аш дийриг/ . Уьш  Цуьнга  берзочу дийнахь , Цо царна хоуьйтур ду цара /дуьненахь/ динарг . Аллах1 массо а х1ума хууш ву .