Тидар
30 - Сурат Аррум /Румой/
(Маккахь доьссина ‚ 60 аят ду)
Аллах1аа ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а
болу къинхетаман Да волчу
1.Алиф,лам,мийм . /Аллах1 т1ех дика хууш
ву царех
Шена луург .
2./г1ажароша/ Эшийра румой
3./шайна/ юххерчу /уллерчу/ лаьттахь . /амма/
Уьш /румаш/ шайн эшарал т1аьхьа тоьлар болш бу /г1ажарошна
т1ехь/
4.масийтта /масех/ шо даьлча . Аллах1ан ду омру
/цул/ хьалха а , т1аьхьа а . Оцу дийнахь /хазахетна/
баккхийбийр /г1адг1ур/ бу муъманах
5.Аллах1ан г1оьнца . Цо г1о до /толам ло/ Шена
луучунна . Иза сийлахь , къинхетаме ву
6.Аллах1ан ч1аг1о ю /и/ . /ткъа/ Аллах1а йоха ца
йо Шен ч1аг1о . Делахь а дукхахболчу нахана ца
хаа /и/
7.Царна хаа /девза/ дуьненан дахарах гушдерг /т1оьхулдерг/
. Уьш шаьш эхартах чидам боцуш /ледара , терго
йоцу нах/ бу
8.Ойла ца йина цара шайн дог1машкахь ? Аллах1а
ца кхоьллина стигланаш а , латта а , цаьршинна
юккъехь мел дерг а бакъонца а , ц1етоьхначу
ханна а бен . Баккъалла а адамашха дуккха а ,
шайн Далла /шаьш/ дуьхьалкхетарха /дуьхьалх1иттарха/
тешаш бац /керста бу/
9.Уьш ца лелла тов лаьттахула , ца хьаьвсина тов
/церан ларашка , т1аккха шайна га , гича ойла йа/
муха хилла шайл хьалхарчеран чаккхе /бекхам/ ?
Уьш /ма/ бара царел ч1ог1а /дег1ан/ ницкъехь ,
латта лелийра цара , бехира уьш цу т1ехь уьш
баьхначул а дукха . Царна баьхкира шайн элчанаш
билгалонашца . Аллах1 ма вацара царна /бехк
боцуш/ зулам дийр долш , амма уьш /шаьш/ бара
шайн дог1машна зуламе
10.Т1аккха шаьш вон динчеран чаккхе /цул доккха/
вон хилира , цара Аллах1ан аяташ харцдарна а ,
уьш царех кхаьрдаш /ца бешаш/ хиларна а .
11.Аллах1а доладо /адам/ кхоллар , т1аккха /и
адам пана хилла д1атилча/ юхакхуллу /карладоккху/
Цо и . Цул т1аьхьа Цуьнга дерзор ду шу .
12./къемат дийнан/ Са1т х1уттучу дийнахь /саб1арзлой
дог эшна д1асовцу/ догдуьллу къадечара
13.Ца хилира царна шайн декъахойх /шафа1атца/ т1ех1уьттурш
. Уьш хилира шайн декъахойх цатешаш
14./къемат дийнан/ Са1т х1уттучу дийнахь - оцу
дийнахь д1асхьакъаьстар бу уьш /бусулба а ,
керста а/
15.Амма шаьш /Делах/ тешнарш а , диканаш динарш
а - уьш /ялсаманин/ бешахь г1адбохуьйтур /бакххибоьйтур
бу , царна там бийр/ бу
16.Амма шаьш /Делах/ цатешнарш а , Тхан аяташ а
, эхарт дуьхьалкхетар а харцдинарш а - уьш 1азапе
балор бу /царна та1зар дийр ду/
17.Аллах1 ц1анве шаьш суьйренга девлача /суьйранна/
а , шаьш 1уьйренга девлача /1уьранна/ а ,
18.Цунна бу хастам стиглашкахь а , лаьттахь а ,
буьйсанна а /ц1анве аш И/ , делкъхена а .
19.Еллачух /х1уманах/ дийнаниг а схьайоккху Цо ,
дийначух еллариг а схьайоккху Цо , латта а дендо
Цо и /дакъа/ деллачул т1аьхьа . Иштта шу а
арадохур ду /Цо кешнашкара/
20.Цуьнан /Ша сийлахь хиларан/ билгалонашех ду -
Цо шу /шун да Адам/ лаьттах кхоллар , т1аккха шу
/садолу/ адам /а хиле/ д1асхьадаьржа /д1алела/
21./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - Цо шуна шух
/шайх , шун дог1мех/ зударий кхоллар а царех шун
синтем хилийта , шуна юккъехь марзо /безам/ а ,
къинхетам а бар а . Баккъалла а цуьнгахь /оцу
балхехь/ билгалонаш ма ю ойлаечу къомана /нахана/
.
22./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - стигланаш а
, латта а кхоллар а , шун /буьйцу/ меттанаш а ,
шун беснаш а тайп-тайпана /башха/ хилар а .
Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю /массо а/ 1аламна
/дуьненна/ а .
23./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - шун наб а
буса а дийнахь а /аш еш йолу/ , шун лахар а
Цуьнан комаьршо . Баккъалла а цуьнгахь
билгалонаш ма ю ладуг1учу къомана /нахана/
24./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - шуна
стелахаьштиг /ткъес/ гайтар а /шу цуьнах/
кхерийта а , /шоьга дог1ане/ сатийсийта а /догдахийта/
а , стиглар /дог1ан/ хи доссор а шеца латта
дендеш цуьнан /дакъа/ даларал т1аьхьа .
Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю хьекъалечу
къомана /нахана/
25./иштта/ Цуьнан билгалонашех ду - Цуьнан
омрунца стигал а , латта а /г1ортор йоцуш/ х1оттар
/1ар , сацар/ , цул т1аьхьа Цо шу кхайкхича
лаьттарчу кхайкхамца , т1аккха шу /сихонца/
арадевра ду
26.Цуьнан /долахь , лай/ ву стигланашкахь а ,
лаьттахь а /мел/ верг . Массо а Цунна муьт1ахь /хьаставелла/
ву
27.И ву Ша /адам/ кхоллар долориг а , т1аккха и
/адам пана хилла д1атилча/ юхакхуллург /карладоккхург/
а . Иза т1ех /ч1ог1а/ атта ду Цунна . Цунна ду /Ша
цхьаъ хиларехь/ лаккхара масал стиглашкахь а ,
лаьттахь а . Иза сийлахь , кхетаме ву
28.Шуна /Шена декъахой бинчарна/ шайх масал
далийна /дина/ Цо . /и масал/ Буй ткъа шуна /х1ай
маьрша нах !/ , шун аьттучара доладинчарех /г1арбашех
, лешха/ Оха шуна /дуьненах/ деллачуьнгахь
декъахой , шу цуьнгахь /рицкъангахь/ цхьанийсса
а долш , царех кхоьруш шаьш кхерарх терра шайн
дог1мех /шаьш санна чарех/ ?! Иштта билгалдо Оха
аяташ хьекъалечу /ойлаечу/ къомана /нахана/
29.Мелхо а , шаьш /шайна/ зуламдинарш т1аьхьах1иттара
/т1аьхьабезара/ шайн /дог1машан/ лаамашна /шайгахь/
хаар /1илма/ а доцуш . Ткъа хьа нисвийр ву Аллах1а
ша тилийнарг ? Церан бац /шаьш 1азапех
хьалхадаха/ г1оьнчаш .
30.Ерзае /нисйе/ хьайн юьхь дин т1е /бакъоне
тевжина/ нисвелла ! Аллах1а чудиллинарг ду /и
бакъоне тийжар/ , ша /Дала/ адамаш цу т1ехь
кхоьллина долу . Хийцар дац Аллах1ан кхолларна .
Иза нийса дин ду , делахь а адамех дукхах
болчарна ца хаа /и/
31./дохко довларца/ Цунна т1едоьрзуш , кхера
Цуьнах /Цуьнан тергоярца/ , ламаз /х1отта/ де ,
ма хила /Цунна/ декъахойбинчарех ,
32.шайн дин а декъна , тобанаш хилчарех . Х1ор
тоба а шегахь долчух йоккхаеш ю .
33.Адамех зен хьакхаделча , /доггах/ шайн Деле /хьасталой/
кхойкху цара , /дохкобовларца/ Цунна т1ебирзина
, т1аккха Цо цаьрга Шегара къинхетам 1овшийтача
/чам баккхийтича/ , царех цхьаболчара шайн
Делаца декъахойбо
34.Оха шайна деллачух ца тешархьама /пусар ца
дан/ . Ткъа зовкх хьега аш , /т1аьхьа/ хуур ду
шуна !
35./я/ Оха царна т1е бух боссийна /тов/ , /т1аккха/
и /тешалла дарца/ бистхуьлуш цара шеца
декъахойбеш хилчуьнца ?!
36.Оха адамашка къинхетам 1овшийтича , /хазахетна/
баккхийбийра уьш цуьнах . Ткъа шайна во деача
шайн куьйгаш динчунна , т1аккха уьш догдуьллуш /саб1арзадолуш/
бу
37.Царна ца гина тов , баккъалла а Аллах1а
рицкъа шортадар а Шена луучунна , /кхечарна/ к1езигдар
а . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ма ю /Делах/
тешачу къомана /нахана/
38.Д1ало шен хьакъ гергарчунна а , мискачунна а
, некъахочунна а . И тоьлуш ду шайна Аллах1ан
юьхь /гар/ луучарна . Уьш бу уьш /шаьш/
декъалберш .
39.Аш ша йолана делларг , нехан хьелашкахь
совдалийта /дебийта/ , и совцадолу Аллах1ан
гергахь . Аш ша закатна делларг , Аллах1ан юьхь
лууш , уьш бу уьш /мела хиларехь/ шалха
совбуьйлурш
40.Аллах1 ву Ша шу кхоьллинарг , т1аккха шуна
рицкъа делларг , цул т1аьхьа шу кхалхориг , т1аккха
шу дендийриг . Шун декъахойх вуй ша цуьнах х1умма
а дийриг ?! Ц1ена ву И , лекха хили И цара
декъахойбечух
41.Талхар гучудаьлла /даьржина/ лаьттахь а , хин
т1ехь а /массанхьа а/ нехан куьйгаш /къинойшха/
гулдинчунна , /ша/ цаьрга 1овшийта шаьш динчух
цхьадерг , уьш /нийсачу новкъа/ юхаберзийта а
42.Ахь ала /цаьрга/ :"Лела лаьттахула , хьовса
муха хилла /шоьл/ хьалхарчеран чаккхе /бекхам/ .
Царех дукхахберш /Делаца/ декъахойбеш бара"
43.Ерзае хьан юьхь /Делан/ нийсачу дине , Аллах1ера
шен духатохар /ша цхьаммо а сацор/ доцун /къематан/
де дале /хьалха/ . Оцу дийнахь д1асхьакъаьстар /д1асхьабекъалур/
бу уьш
44.Ша цатешнарг /милла велахь/ , цуна /хир/ ду
шен цатешар /та1зар/ . /ткъа/ Ша /Дела реза волу/
дика динарг , шайн дог1машна кечдо цара /и/ .
45.Ша декхархьама шаьш тешначарна а , диканаш
динчарна а Шен комаьршонах . Баккъалла а И ,
безаш вац цатешнарш /керстанаш/
46.Цуьнан билгалонашха ду Цо мехаш дахкийтар /шуна
дог1анца/ кхаъбаккхийта а , Шен къинхетамах
шоьга чамбаккхийта а , Шен омрунца х1ордкеманаш
лелийта а , Цуьнан комаьршо шоьга лахийта а . Т1аккха
аш баркалла ала тарло
47.Бакъ долш Оха хьоьл хьалха а хьовсийра
элчанаш шайн къоме , уьш баьхкира цаьрга
билгалонашца /амма цара харцбира уьш/ , /т1аккха/
Оха /х1аллак барца/ ч1ир ийцира шаьш къадинчарех
. Тхуна т1ехь декхар дара муъманахан /толамца/ г1о
дар
48.Аллах1 ву Ша мехаш дохкуьйтург , т1аккха цара
/стиглара/ марха лоллу . Цо йаржайо и /марха/
стиглахь Шена ма лаъара /барамехь/ . Цо йо и /марха/
кескаш /дакъош/ , хьуна го цу юккъера дог1а
арадолуш . Т1аккха Цо и /дог1а/ Шен лешха Шена
луучунна даийтача , /хазахетна/ кхаьънаш доху
цара ,
49.шаьш хиллехь а , шайна и даийтале - цул
хьалха /и дарах/ догдиллина /саб1аьрза/
50.Хьо хьажа Аллах1ан къинхетаман ларашка , Цо
муха дендо латта цуьнан /дакъа/ даларал т1аьхьа
! Баккъалла а И , белларш денбийриг ма ву . Иза
ву массо а х1уман т1ехь ницкъкхочург .
51.Оха /ялтанна и дагош бекъа/ мох а бахийтина ,
царна и мажделла гича , цул т1аьхьа а цатешаш /зовкханна
пусар доцуш/ лаьттар /хир/ ма бара уьш
52.Баккъалла а , хьуна хазийталур /кхеталур ма/
дац беллачарна , хьуна хазийталур /ма/ бац /бакъ
долчух/ къорачарна кхайкхам а , уьш /цуьнах/
букътоьхна /д1абирзана/ д1абевдача ,
53.Хьо /ма/ вац , /дагна/ б1аьрзенаш /б1аьрса
доцурш/ шайн тиларх /бакъоне/ нисбийр /д1аберзор
, юхатухур/ болш . Хьуна хазийталур дац Тхан
аяташха тешачунна а бен , уьш бу бусулбанаш .
54.Аллах1 ву Ша шу /шун дог1маш/ эг1азаллех /г1ийла/
кхоьллинарг , т1аккха эг1азаллан т1аьхьа /шоьгахь/
г1ора дина Цо , т1аккха г1оран т1аьхьа /шоьгахь
юха а/ эг1азалла /г1ийла , ледар хилар/ а ,
къеждалар а дина Цо . Шена луург кхуллу Цо . Иза
хуург , ницкъберг ву .
55./къемат дийнан/ Са1т х1уттучу дийнахь
къадечара дуйбуу лаьттина ма дац са1техь бен .
Иштта /дуьненахь болш а/ лебеш /бакъонах д1ахьовзош/
хиллера уьш .
56.Шайна 1илма /хаар/ а , ийман а деллачара
элира :"Бакъ долш , шу лаьттира /дисара/ Аллах1ан
/лайн 1амалаш д1аязйен/ жайнахь /шаьш
кхоьлличхьана/ г1овтторан денналц . Х1ара ду /и
аш харцдина долу , адамаш шайн кешнашчуьра/ г1овтторан
де , делахь а шу /дуьненахь долш/ ца хууш дара /и
де дог1ург хилар/"
57.Ткъа оцу /къемата/ дийнахь , шаьш
зуламдинчарна /шаьш динчух/ церан бехказбовларо
пайда а бийр бац , /я/ цаьрга дохкобовлар а
доьхур дац /юхаберзор бац/
58.Бакъ долш , Оха далийра нахана /уьш бакъонна
т1екхиийта/ х1окху къур'анчохь массо а /кепара/
масалха /мисалш/ . Ткъа /Ас ч1аг1о ма йо/ ахь
царна аят далийча , шаьш /Делах/ цатешначара эра
ма дара :"Шу /ма/ дац харцондай /харцлуьйраш/
бен"
59.Иштта /оцу куьцара/ Аллах1а мух1ар туху /шайга
деанчуьнан чулацам/ цахуучеран дегнаш т1е
60.Сатоха /царех хьайна хуьлучу цатаман т1ехь/ ,
баккъалла а Аллах1ан /орца хьуна кхочур хиларан/
ч1аг1о бакъ ю /хьуна/ . Хьо /собар ца тоьъна/
сонталле ма вуьгийла шаьш доггах цатешачара .