Тидар
                                           

33 - Сурат Альахьзаб /Тобанаш/
     /Маккахь доьссина , 73 аят ду/
 Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Х1ай пайхамар ! Аллах1ах кхера /Цунна муьт1ахь хиларца/ , хьо муьт1ахь ма хила цатешачарна /керстанна/ а , мунепикъашна . Баккъалла а Аллах1 хуург , кхетамениг ву .
2.Хьо т1аьхьах1отта хьайга хьан Делера хьоьхучунна . Баккъалла а Аллах1 хууш вара аш дийриг .
3.Аллах1ан т1етовжа /болх Цунна т1е билла/ . Аллах1 тоьар ву /хьуна/ т1етовжа /векал/ .
4.Аллах1а ца дина стагана шен кийрахь шиъ дог . Цо ца бина шун зударий - аш /шайн нанойн баккъашха тарбарца шайна/ шаьш хьарамбийраш - шун наной . Цо ца бина аш /дай х1иттина/ шайн долабаьхнарш шун к1ентий . Иза /деккъа багахула/ шайн батошца шун алар ду . Аллах1а бакъ дерг олу , Цо нийса новкъа а воккху.
5.Аш кхайкха /бехка/ уьш /долабаьхнарш/ шайн дайшка /церан ц1ерашца/ , иза нийса /г1олий хир/ ду Аллах1ан гергахь . Ткъа шуна церан дай ца бовзахь , шун вежарий а бу уьш динехь , шун гергар а бу /уьш/ . Шуна т1ехь къа дац , шу шеца /ца хууш/ г1алатдоьвлачун . Амма шун дегнашна лиъначун /къа ду шуна/ . Аллах1 гечдеш , къинхетаме ву .
6.Пайхамар хьакъ /къинхетаме , пайден/ ву муъманахех - царел /шайл/ а . Цуьнан зударий - церан /муъманеха/ наной /санна/ бу . Гергарнаш - царех цхьаберш вукхарех /вовшех ирс эцарехь/ хьакъ бу Аллах1ан жайнахь , муъманахел а , махкахбевлачарел а . Аш шайна уллерчарна /безачарна весет дарца/ дика дар доцург . /Аллах1ан/ Жайнахь д1аяздина дара и .
7.Ийцира Оха пайхамаршкара церан ч1аг1онаш : хьоьгара а , Нохьера а , Ибрах1имера а , Мусагара а , Мареман к1антера 1ийсагара а . Ийцира Оха царгара йоккха /ч1ог1а/ ч1аг1о .
8.Бакълуьйчарга /элчанашка/ хаттархьама церан бакълерах /дин д1акхачадарехь/ . Цо кечдина цатешачарна /уьш/ лазбен 1азап .
9.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Аш хьахаде шайн т1ийра Аллах1ан зовкх . Шуна /т1елата тобанашкахь керистан/ эскарш даьхкинчу хена Оха царна т1е тесира мох а , /малийкин/ б1ахой а , шаьш шуна гина боцу . Аллах1 вара аш дийриг /лелориг / гуш .
10.Уьш /керстанаш/ баьхкира шуна шун т1оьхула а , шун к1елхула а , /ткъа шун/ б1аьргаш /мостаг1 аг1ор доьхна а/ к1елд1ашхула /гома/ хьаьжира , дегнаш /кхерамна/ къамкъаргашка кхечира , Аллах1ех цхьацца /шеконан/ хетадаларш хета дуьйла делира шуна .
11.Эццехь зийра муъманах . Бегийра /ластийра , хьабира/ уьш ч1ог1а бегорах
12.Мунепикъаш а , шайн дегнашкахь цамгар йолчара а олу :"Аллах1а а , Цуьнан элчано а вайна йина ч1аг1о 1ехор /харцо/ бен ма яц"
13.Царех цхьана тобано элира :"Х1ай Йасриб бахархой шун /синтем хир болун/ меттиг яц /кхузарниг/ , духадерза /шайн ц1а/ !" Царех цхьана тобано пайхамаре /д1абаха/ пурба доьху , цара олу :"Тхан х1усамаш ларйаза /1уналла доцуш йисан/ ю" . Уьш ма яц ларйаза . Уьш лууш /ма/ бац /т1амах/ бовдар бен .
14./ткъа/ Царна /мунепикъашна , мостаг1ий/ чу а балийна цуьнан /Йасриб шахьаран/ йисташкахула /массо а аг1ор/ , т1аккха /мостаг1о/ царга питан /керста хилар/ дехча , и дийр ма дар цара . Уьш лаьттар ма бацар цу чохь к1еззиг бен .
15.Бакъ долш Аллах1ан ч1аг1о йина бара уьш /цул/ хьалха , /эшна/ т1ехьенаш ерзор яц /довдур , духадевр дац аьлла/ . Аллах1ан /йина/ ч1аг1о жоьпалле ю .
16.Ахь ала /царга/ :"/Шун дала хан кхаьчнехь , т1амах/ Довдаро шун бан пайда бац , /нагахь санна/ шу даларха а , дайъарха а девддехь . /ткъа шун хан ца кхаьчнехь/ Т1аккха /шайна йисанчу хенахь/ к1еззиг бен зовкх хьоьгур дац аша".
17.Ахь ала :"Мила ву и ша , шу Аллах1ах лардийр дерг , Цунна лиъча шуна цхьа во /дан/ , я /И сацон верг/ Цунна лиъча шуна къинхетам /бан/ ?" . Царна карор /ма/ вац Аллах1 воцург верас /доладийриг/ а , г1оьнча а .
18.Бакъ долш Аллах1ан бевза шух новкъарло йийраш /т1амах кхи берш юхабеттарш , сецораш/ а , /шаьш/ олурш а шайн вежаршка :"Схьадуьйла тхо долчу" . Ца бог1у уьш т1аме /вуоне , кхераме/ к1еззиг /ханна/ бен .
19.Шуна сутара /б1аьрмециг/ болш . Ткъа /и/ кхерам /шайна/ беача , хьуна го уьш /кхерабелла/ хьайга хьоьжуш , шайн б1аьргаш хьийзаш /д1асхьа уьдуш/ , ша /дог вон хилла , б1агор хьаьвзина/ валарна охьавужург санна . Ткъа /и т1еман/ кхерам д1абахча /д1абаьлла шаьш пайрг1ат бевлача/ , ирачу меттанашца шуна 1иттарш /чевнаш/ йо цара , диканна сутара болш . Уьш - /баккъалла а Делах/ тешна бац . /цундела / Аллах1а эрна йайъина церан 1амалш . Аллах1ан атта дара и /эрна йайъар/ .
20.Тобанаш д1ацайахна хета царна . Ткъа /и/ тобанаш /юха а/ йаг1ахь , царна лаьра /дара/ баккъалла а шаьш эрна /г1ум/ арахь кхерстачарех хила , шун хабарш хоьттуш . Уьш шоьца /шуна юккъехь/ хиллехь а , цара т1ом бийр бацар к1еззиг /бехказлонна/ бен .
21.Бакъ долш , Аллах1ан элчанехь /эца/ дика масал /ма/ дара шуна , ша Аллах1е /Цуьнан дикане/ а , т1аьхьарчу /къемат/ дийне а догдохучунна а , Аллах1 дукха хьехийначунна а /цунна т1аьхьа х1унда ца х1иттара шу ?/ .
22.Муъманахан тобанаш гинчу хена цара элира :"Х1ара дукх и Аллах1а а , Цуьнан элчано а ч1аг1о йинарг . Бакълийна Аллах1 а , Цуьнан элча а" . Цо сов ца бехир уьш тешамца а , муьт1ахьалца а бен
23.Муъманахех къонахой бу , шаьш /собарца/ бакъйина Аллах1ан йина ч1аг1о , царех бу шен хан текхнарг а , царех ву ша /цуьнга/ хьоьжург а , /амма/ цара ца хийцара /шайн ч1аг1о/ хийцане а .
24.Аллах1а бакълуьйчарна церан бакълерна /диканца/ бекхам ба а , мунепикъашна 1азап дала а Шена лаахь , я царна /дохко бовлахь/ къинт1ер вала а . Баккъалла а Аллах1 /дохко ваьллачуна/ гечдеш , къинхетаме вара .
25.Аллах1а юхатуйхира /берзийра/ шаьш цатешнарш шайн дераллийца /дарбелла/ , дикане ца кхаьча /аьтто ца хилла/ . Аллах1а хьалхабехира муъманах т1амах . Аллах1 нуьцкъала , сийлахь вара .
26.Цо биссийра , жайнан ох1ланах шаьш царна г1о динарш , шайн ч1аг1онашкара /г1епашкара , б1аьвнашкара/ , Цо тесир церан дегнашчу кхерам ; цхьаберш аш бойъуш , цхьаберш йийсар беш .
27.Цо делира шуна ирсан церан латта а , церан керташ а , церан бахамаш а , аш /хьалха/ хьаьшна доцу латта а . Аллах1 массо а х1уман т1ехь ницкъберг вара .
28.Х1ай пайхамар ! Ахь ала хьан зударшка :"/нагахь санна/ Шу делахь дуненан дахар а , цуьнан хазалла а езаш , схьадуьйла ас шуна там а бина , шу хаза парг1ат /сайха маьрша/ дохур ду" .
29."/амма/ Шу делахь везаш Аллах1 а , Цуьнан элча а , т1аьхьара /ялсаманан/ керт /х1усам/ а , баккъалла а Аллах1а кечйина шух дикадечарна сийлахь-йоккха ял" .
30.Х1ай пайхамаран зударий ! Шух билгала бакъхьа доцург дечунна , 1азап шалха сов /алсам/ доккхур ду цунна /кхечун чул а/ . Аллах1ан атта ду и .
31.Ткъа шух Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а муьт1ахь ерг а , дика дийриг а , Оха шозза ял лур ю цунна . Оха кечдина цунна /ялсаманехь/ лераме /аьхна/ рицкъа
32.Х1ай пайхамаран зударий ! Шу дац /жоьпаллехь/ кхи /болу/ зударий санна . Шаьш /Делах/ кхерахь , шу ма хила /хийрачу божаршца/ дашца к1еда , /т1аккха/ шен дагчохь /кийрахь/ цамгар йолчо дог /ца/ даха . Аш ала /юкъар/ девза дош .
33.Шу совца шайн х1усамашкахь , ма кечло хьалхалер /дин доцу/ сонталлийн /заман зударий санна/ кечдаларха , ламаз /х1отта/ де , закат ло , муьт1ахь хила Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а . Баккъалла а Аллах1ан лаьа шух /къинойн/ боьхо д1атило /д1аяккха/ х1ай ц1ийна нах , шу ц1андарха /къиношха/ ц1анда а .
34.Аш дагадаийта шайн х1усамашкахь Аллах1ан аяташха а , кхетамех /суннатех/ а доьшург . Баккъалла а Аллах1 /шоьца/ к1еда-мерза /т1екере , г1иллакхе/ , /хьал/ девзаш вара .
35.Баккъалла а бусулбастегарий а , бусулбазударий а , муъмастегарий а , муъмазударий а , /Далла/ муьт1ахь /болу/ стегарий а , муьт1ахь зударий а , бакълуьйн стегарий а , бакълуьйн зударий а , собаре стегарий а , собаре зударий а , /Далла/ хьастабелла стегарий а , хьастабелла зударий а , саг1ане /болу/ стегарий а , саг1ане зударий а , мархане стегарий а , мархане зударий а , шайн бехкен /эхьен/ меттигаш /хьарамчух/ ларъен стегарий а , /уьш/ ларъен зударий а , Аллах1 шортта /дуккха а/ хьахавен стегарий а , /Иза/ хьахавен зударий а , Аллах1а царна кечдина гечдар а , сийлахь-йоккха ял а .
36.Муъмастагана а , муъмазудчуна а дац , Аллах1а а , Цуьнан элчано а цхьана белха кхелйича , шайн белхах церан харжам хилар . Ткъа ша Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а 1есаверг , бакъ долш тилавелла и билггалчу тиларца
37.Хьахаде ахь алар , Аллах1а шена /ийманца/ зовкх деллачунга , айхьа шена /маьрша ваккхарца/ дика болх бинчунга :"/хьайн/ Долахь йита хьан зуда , Аллах1ах кхера !" Хьан кийрахь хьулдеш Аллах1а ша гучудоккхун дерг , нахех кхоьруш , Аллах1 ма ву /ткъа/ хьо Шех кхера т1ех хьакъ верг . Зайда цуьнах /шен/ хьашто /луург/ кхочуш йинчу хена Оха ялийра и хьуна , муъманахана гатто /новкъарло , къа/ ца хилийта /дай х1иттина/ шайн долабаьхначеран зударшкахь /уьш балабарехь/ , царех шаьш хьашто кхочуш йича . Аллах1ан омру сецна /кхочуш дина/ ду .
38.Пайхамарна къа дац Аллах1а шена т1едиллинчунгахь /магийначунгахь/ . Аллах1ан ламаст ду и хьалха баханчаргахь лелла . Аллах1ан омру сецна /яьлла/ кхел яра .
39.Шаьш Аллах1ан дахьийтарш /халкъе/ кхайкхош болу , Цуьнах кхоьруш , Аллах1 воцчух цхьаннех а ца кхоьруш . Аллах1 тоьар ву /хьуна/ хьесапхо .
40.Мухьаммад ца хилла цхьаннен а да шун божарех . Амма Аллах1ан элча а , пайхамарийн мух1ар а /дара и/ . Аллах1 вара массо а х1ума девзаш .
41.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Аллах1 хьахаве аш дуккха а хьахаварх .
42.Ц1анве И 1уьйранна а , суьйранна
43.И ву Ша шух къинхетам беш , Цуьнан малийкаш а /ду шу доьхуш/ , шу арадаха /тиларан/ боданашкара /нийсонан/ серлонга . Муъманахаца къинхетаме вара И .
44.Церан /вовшашка/ маршалла хаттар Цунна дуьхьал х1уьттучу дийнахь - "Cалам-маршалла" ду . Цо кечйина царна лераме ял .
45.Х1ай пайхамар ! Баккъалла а Оха /царга/ хьажийна хьо /царна т1ехь/ теш /вина/ а , /хьо бакъвинчунна/ кхаьъне /кхаъбоккхуш/ а , /харцвинчунна/ кхерамтосуш а .
46.Аллах1е кхойкхуш а Цуьнан пурбанца , серло лун /нуьре/ чиркх /санна/ хилла а .
47.Муъманахе кхаъбаккха ахь , баккъалла а царна Аллах1ера йоккха комаьршо /ялсамане/ хиларца .
48.Муьт1ахь ма хила /Делах/ цатешначарна /керстанна/ а , мунепикъашна а , йита /бекхамза/ церан новкъарло , Аллах1ан т1етовжа . Аллах1 тоьар ву /хьуна/ т1етовжа /векал/
49.Х1ай шаьш тешнарш ! /нагахь санна/ Муъмазударий бала а бина цул т1аьхьа шаьш уьш битанехь , шаьш царех хьакхадалале , шун бац царна т1ехь аш ша багарбан /тергалбан безаш/ мур . Там а ло царна , хаза парг1ат /маьрша/ а баха /бита/ уьш" .
50.Х1ай пайхамар ! Баккъалла а Оха хьанал бина /магийна/ хьуна хьан зударий а , шайн урдонаш /темаш/ ахь д1аделла болу , хьан аьттучо /куьйго/ дола динарш /г1арбашаш/ а , Аллах1а хьайна /х1онсана/ беллачарех , хьан ден вешин йо1арий а , ден йижарийн йо1арий а , нена вешин йо1арий а , нена йижарийн йо1арий а , шаьш хьоьца махках боьвлла болу , /иштта/ муъмазуда а , /нагахь/ цо шен дег1 пайхамарна деллехь , пайхамарна лиънехь /урдо доцуш/ и ялон , еккъа хьуна /магийна , кхиболчу/ муъманахана йоцуш . Бакъ долш Тхуна хиъна Оха царна т1едиллинарг церан зударшкахь а , церан аьттучара дола динчаргахь а , хьуна гатто /хало , новкъарло/ ца хилийта . Аллах1 гечдеш , къинхетаме вара .
51.Царех хьайна луург т1аьхьа а тоттур /ю/ ахь /шен буьйса яккхаран рог1ех/ , хьайна т1еоьцур /т1елоцур/ а /ю царех/ хьайн луург , ткъа айхьа д1акъастийначух хьайна лиънарг /т1елацар/ , къа дац хьуна . Иза герга ду церан б1аьргаш буза а , уьш г1айг1ане ца хила а , шайна массарна а ахь деллачунна реза хила а . Аллах1ана хаа /девза/ шун дегнашкахь дерг . Аллах1 хууш , эсала вара .
52.Хьуна ца мега /х1окхул/ т1аьхьа /кхи сов/ зударий , /я/ уьш /болш берш кхечу/ зударшца хийца а , церан хазалло хьо цецваьккхинехь а , хьан аьттучо дола динарш /г1арбашаш/ боцурш . Аллах1 вара массо а х1уманан терго /тидам/ еш .
53.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шу ма г1о пайхамаран х1усамашка , шайна шуьне /кхачане дахка/ пурба делча бен , цуьнан /кийча хиларан/ хене ца хьоьжуш /и лар ца еш/ . Амма шаьш кхайкхича , чу г1о . Ткъа шаьш юург йиъча , д1асхьадаржа /ца совцуш д1аг1о/ , къамеле дийлар доцуш . Баккъалла а цо /пурба а доцуш шу чу дахкаро/ пайхамарна новкъарло йо , делахь а цунна эхь хета /бег1ийла ца хета/ шоьх /и ала/ . Аллах1ана эхь ца хета бакъдолчух /бакъдерг ала , цундела шуна ца магдо Цо и/ . Ткъа шаьш цаьрга /элчан зударшка/ цхьа х1ума ехнехь , аш еха /и/ цаьрга пардонна т1ехьахула . Иза ц1ена /оьзда/ ду шун дегнашна а , церан дегнашна . Шуна /мегаш/ ца хилла Аллах1ан элчанна новкъарло яр а , аш цуьнан /цуьнах бисина/ зударий балабар а цул /и кхелхинчул/ т1аьхьа /цкъана/ цкъа а . Баккъалла а /аш/ и /дар/ , Аллах1ан гергахь доккха /къа/ дара .
54.Аш цхьа х1ума гучадаьккхича а , я аш и хьулдича а , баккъалла а Аллах1 массо а х1ума хууш /девзаш/ вара .
55.Къа дац царна /бистхила , пардо доцуш га/ шайн дайшкахь а , шайн к1енташкахь а , шайн вежаршкахь а , шайн вежарийн к1енташкахь а , шайн йижарийн к1енташкахь а , шайн /чуьра бусулба/ зударшкахь а , церан аьттучара дола динчаргахь /г1арбашашкахь/ а . /шу/ Аллах1ах кхералуш /х1ай элчан зударий/ . Баккъалла а Аллах1 , массо а х1уманна теш /т1ех1оьттина/ ву /шуна/ .
56.Баккъалла а Аллах1 а /хеставо/ , Цуьнан малийкаш а /воьху/ декъалво пайхамар /салот дуьллу цунна/ . Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш веха и /Деле/ , маршон салам ло цуьнга .
57.Баккъалла а шаьш Аллах1ана /1есахиларца/ а , Цуьнан элчанна /1иттарш ярца/ а вас йийраш , Аллах1а не1алт аьлла царна дуьненахь а , эхартахь а , Цо кечдина царна сийсазбен 1азап .
58.Шаьш муъмастегаршна а , муъмазударшна а вас йийраш /луьйраш/ , цара ца динчуьнца /царна ца дог1учунца/ , цара йаьхьна харцо /пуьташ , эладита/ а , билггала къа а .
59.Х1ай пайхамар ! Ахь ала хьан зударшка а , хьан йо1аршка а , муъманеха зударшка а шайн т1е шайн еха бедарш /т1екхуллурш , духурш/ оза /юха/ . Иза герга ду уьш /кхечарех оьздангаллийца/ бовза а , т1аккха сийсаз ца бан а . Аллах1 гечдеш , къинхетаме вара .
60./Ас ч1аг1о ма йо/ Мунепикъаш а , шайн дегнашкахь /маьттаза леларан/ цамгар ерш а , Мадийнатахь харц хабарш /эладитанаш/ даржораш а ца совцахь /юха ца бовлахь/ , Оха хьо царна т1етосур /т1ехоьцур , т1ех1оттор/ ма ву , цул т1аьхьа хьоьца цу /мадийнат/ чохь лулахь бехар ма бац уьш к1еззиг бен .
61./Делан/ Не1алт хилла . Стенггахь /миччахьа/ карабахь /хилахь/ а лоьцур бу , къиза бойъур бу уьш .
62.Аллах1ан ламаст /1едал/ ду и хьалха д1абаханчаьргахь а /ша/ лелла . Хьуна каронне а карор ма дац Аллах1ан ламастна хийцар .
63.Наха хоьтту хьоьга /къемат де х1отаран/ са1тех /лаьцна/ . Ахь ала :"Баккъалла а цуьнах дерг хаар Аллах1ан гергахь ду" . Хьоьга сте хоуьйтур ду /и/ ?! /и/ Са1т герга хила а ма тарло .
64.Баккъалла а Аллах1а цатешначарна /керстанна/ не1алт а аьлла , цаьрна /жоьжахатан/ ц1еран ало а кечйина .
65./шаьш/ Гуттар а абадена цу чохь болш . Царна карор вац /шаьш цуьнах лардан/ верас а , /и юхатоха/ г1оьнча а .
66.Шайн яххьаш ц1ерга хьийзочу дийнахь цара эра ду /дагахьбалламца/ :"Эх1 да вискха тхан /байтамал-я1 тхан/ , Аллах1ан муьт1ахь хилла делар тхо , элчанна муьт1ахь хилла делар тхо"
67.Цара элира :"Х1ай тхан Дела ! Баккъалла а тхо муьт1ахь хилира тхан элашна а , тхан тхьамдашна /баккхийчарна/ а , ткъа цара тилийра тхо /нийсачу/ новкъах".
68."Х1ай тхан дела ! Лохьа царна шалха 1азап , алахь царна доккха не1алт"
69.Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шу ма хила шаьш Мусана /харцо кхолларца/ вас йинарш санна , Аллах1а ц1анвира и цара аьллачу /кхоьллинчух/ . И вара Аллах1ан гергахь лераме /сийлахь веза/ .
70.Х1ай шаьш тешнарш ! Аллах1ах кхера , нийса /бакъон/ дош ала !
71./т1аккха/ Цо шун 1амалш тойийр /къобулйийр/ ю , шуна шун къинош гечдийр ду . Ткъа ша Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а муьт1ахь верг , бакъ долш боккхачу толамца тоьлла .
72.Баккъалла а Оха кховдийра тешам /аманат/ стигалшка а , лаьтте а , лаьмнашка а , амма юхакхийтара уьш и д1абахьарха , кхийрара уьш цуьнах , т1аккха /шега кховдийча/ д1абаьхьара /т1елецира/ и адамо . Баккъалла а зуламе , сонта дара и .
73.Аллах1а 1азап дала /далархьама/ мунепикъстегаршна а , мунепикъзударшна а , /Далла/ декъаховечу стегаршна а , декъаховечу зударшна а . Аллах1 къинт1ера вала /гечдан/ а муъмастегаршна а , муъмазударшна а . Аллах1 гечдеш , къинхетаме вара