Тидар

 


36 - Сурат Ясин /Еса/
(Маккахь доьссина ‚ 83 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .
 

1.Я , син . (Аллах1 т1ех дика хууш ву цунах Шена лууш дерг)
2.Кхетамечу (массо а х1ума шен-шен метта дуьллучу) къур-анца дуй буъу аса (Аллах1а)
3.Баккъалла а хьо (х1ай сийдолу Мухьаммад) элчанашха (геланчашха) ма ву
4.Нийсачу (билгалчу) новкъа т1ехь (ву хьо)
5.(х1ара ахьа беана некъ , дин , къур-ан) Х1умано ша г1ора-сиз ца вечу , (бусалба лайшна) даиманна а болу къинхетам да волчу Дала доссийна ду .
6.Хьоьга халкъе д1адовзийта (д1ахаийта) , церан (гергара) дайшна ца девзинарг (ца хиънарг) , хаар дац царгахь (сема бац уьш) .
7.(ч1аг1о йо аса) Бакъ долуш 1азап хьакъ ма хилла царах (халкъах) дукхах болчарна , иймане бог1ар болуш бац уьш .
8.Баккъалла а , (иймане бог1ург ца хилар Далла гергахь сецнарш , церан куц (хьал) нийсоне кхочург ца хиларехь) Оха шайн кочах буржалш тоьхна , (диканна маьрша доцуш ши куьг дихкина , гулдина логехь) ч1енге кхаччалца , шаьш кортош айъина (хьалха хьажа йиш йоцуш) болу (чарах тера ду , массо а дикачух бихкана хиларехь)
9.Иштта Оха царна хьалха а т1ехьа а (гуобаьккхина) пардо дина , б1аьрзе бина Оха уьш (бакъ долчух) , гуш бац уьш (бакъ дерг , цунах пайда эца )
10. (шаьш керстаналла динчарна хьуна т1е доьссинчух) Цхьатерра ду (биэ дац) царна ахьа кхерам тесчи а , ца тесчи а , тешаш бац уьш
11.Баккъалла а , (пайда оьцу) ахьа кхерам тасарха къур-анан т1аьхьа ваьзначуо а , доза доцуш шорта болу къинхетам да волчух (Делах) къайлаха кхоьручуо а . Ахьа (х1ай сийдолу Мухьаммад) кхаъ баккха цунга ; гечдарци а (цуьни къиношна) , (йоккха , хаза) лераме ял хирг хиларци а .
12.Баккъаллла а , Тхо белларш ден беш ма ду (къемата дийнахь) . Цара йина 1амалш а , царал т1ахьа хир йолу (дика , вуо) лар а д1аязйо Оха , иштта массо а х1ума (кхолламаш) яздина (нис дина , лардина) ду билгалчу жайнахь ("Лавхьулмахьфуз1" олуш долу)
13.Балабе царна (хьуо харц винчу хьай къомана) масална (ц1уйшна лолла деш хилла болу) юьрта дай (нах) , шайна геланчаш (элчанаш) баьхкина (болу) ,
14.Оха шайна шиъ геланча ваийтича харц вира цара (и шиъ) , т1аккха кхолаг1чунца ч1аг1 вира Оха и шиъ , "Баккъалла а , тхо дахкийтина шуна (шу кхоьллинчу шун Дала , ша цхьаъ варца , шена лолла даре кхойкхуш) " элира цара (геланчаш)
15."Шу ма дац тхо санна (адамаш) бен , доза доцуш шорта болу къинхетам да волчуо (Дала) доссийна х1умма а ма дац , харц луьйш ма ду шу " элира цара (юьрта дайш) .
16."Тхан Далла хаъа , баккъалла а тхо шуна дахкийтана хилар" элира цара
17."Баккъалла а , тхуна т1аьхь дерг шуна билгал дерг (Дала даийтинарг) д1адовзийтар ду" (элира геланчаш)
18. "Баккъалла а , вуочу аг1ор тидна оха шун дахкар , нагахь санна шу ца совцахь , т1улгаш тухар ду оха шуна , иштта лазош хиндолу 1азап лур ду шуна оха" элира цара (юьрта дайш)
19."Шун тидам (керстаналла) шоьга (боьрзаш) бу (къобал бац и) , шоьга (Дела цхьаъ вар) хьаха дарна (шу) и (кхерамаш туьйсаш) далахь , бакъ долуш дозанал т1ех даьлла къам ду шу
20.Юьрта йистера сихачу боларца (орцана) цха стаг веара ,"Х1ай сан къам (юьртахой) геланчаш (бечу кхайкхамна) т1аьхьа х1иттавш"ша олуш
21."Т1аьхьа х1иттавша шайга ял (мах) ца йоьхучарна (шаьш беанчу кхайкхамах) . Нийсона т1ехь ма бу уьш"(шайн кхайкхамехь)
22."Аса х1унда ца деш ду лолла со (хазчу , кхачаме куьцахь) кхоьллинчун (Далла)" (элира цо юьртахошка) . Цунга дерзор ма ду шу а (къемата дийнахь , бекхамна)
23."Аса муха лоца и (Аллах1) 1ад витина (кхин) деланаш (ц1уйш , жа1арш , т1улгаш) ?! . Доза доцуш шорта болу къинхетам да волчу (Аллах1ана) суна вуон дан лиъча , цара (ц1уйш , жа1арш , т1улгаш) духа тухар ма дац и соьх , ле хьалха (к1елхьар) воккхар ма вац со цунах (вуонах)".
24."Баккъалла а , со т1аккха (аса уьш деланаш бина лацахь) билгалчу тиларехь ма ву"
25."Баккъалла а , аса ийман диллина (со тешна) шун Делаца ( Аллах1аца , аша керстаналла динчу) , ладог1авша соьга . (и къамел шайна хезча г1евтина юртахоша и накъост вийна ....аьлла деана жайнахь)
26."Ялсаманичу г1о хьо элира" (цунга Аллах1а , ле малийкаша ийманехь и кхалхарна) . "Сан къоман (юртахошна) хаъаш деларкха " элира цо
27.(ийман бахьан долуш) Сан Дала суна гечдар , ша лерам бинчарах со вар (и хиъча геланчашна т1аьхьа х1уьттар бар уьш)
28.Оха (Аллах1а) ма ца доссийра (даийтира) цуна къомана (юртахошна) т1е цул т1аьхьа (цара и вийначул т1аьхьа) эскар (малийкин б1о , уьш х1аллак бан) Тхо ма дацар доссор долш (царга хьашто йолш)
29.Цхьа ц1ог1а бен дацар иза (Делера 1азапца деана) , (лар йоцуш яйна ц1е санна ) ийгира уьш (беригге а) белла
30.Ма дохко бийлар дукх лайшна (къемата дийнахь) , шайна мел веана елчанах кхардар уьш (харц веш , ца башарца бакъонна букъ бетташ)
31. Царна ца хаъ ткъа Оха мел (керста) къаьмнаш (юрташ) х1аллак дина (хиъначул т1аьхьа пайда а иэца , дукха ма ду уьш) , баккъалла а уьш (х1аллак бинарш) цаьрга (геланчаш харц бе чарга) юха боьрзар цахилар (царна моьтташ ма хиллара шаьш юха ден делла дуьненчу дог1ар ду)
32.Массо а (къаьмнаш , умматаш) тхуна т1е валор ву (бекхамна , хьесапна)
33.Царна билгало ю (Аллах1 хилар , белларш ден бан ницкъ кхочуш) делла (декъа) латта (т1аьхь сиэно йоцуш) , Оха и ден дой (дог1анца) , буьртиг (х1у) болуьйту цунах , т1аккха юъу (кхача бой) цунах цара (а , церан хьайбанаш а)
34.Оха йина (йовлийтана) оцу латта т1аьхь хурманан а , кемсийн а бешмаш , шовданаш (татолаш) а дийлийтина Оха оцу лаьттаха
35.Цаьрга цуьнан стом баийта , церан куьйгаш дина ма дац иза (Делера къинхетамца ма ду иза , стоьмаш , хасстоьмаш хьалакхиар) , (ле маь1на хиЦла тарло : Цаьрга цуьнан стом а , церан куйгаш къахьегнарг а даийта) , хастам х1унда ца бо цара ! (хастам бан ца мега ткъа Дала деллачу наь1маташна)
36.(керстано мел кхуллучу харцонах) Ц1ена ву Иза (Дела) ша латтах хьала мел долу массо х1ума а шина кепара (сте , боьрша) кхоьллина волу , (иштта) царах а (адамах а) , царна ца девзачух а (кхолламах)
37. Царна билгало ю (Аллах1 ницкъ болуш хилар) Оха шех де д1акъастош (серло ца йуьтуш) йолу буьйса , т1аккха уьш боданехь хуьлуш
38.Малх бу лелаш (г1уш) шен (Дала меттиг-хена барам тоьхна) билгал йинчу меттехула , ницкъ болчу (шена дуьхьал баккха кхи ницкъ боцуш) , т1ех дика (массо а меттах хьаьвриг , тийнарг) хууш волчу (Дала) тоьхна барам бу иза
39.(иштта) Бетта (лелар , гучу балар) меттигин барам бина Оха (шераш , беттанаш довзийта) , (якъаяларна гамъеллачу) ширчу хурман таьллингах ша (бутт) тарлой боьрзуш
40.Малх баттан т1е кхиа йиш яц (х1оранна а ше-ше хан , доза ду) , ле буьйса яц дийнал хьалха ера йолуш (шайн-шайн рог1ехь йог1у и шиъ юкъа хан ца йуолуьйтуш) . (царах) Х1ора (малх , бутт , де , буьйса) стигал хула (шен-шен новкъа хула) лела (низамехь нека дар хьесапехь) .
41.Царна билгало ю , баккъалла а , Оха церан т1аьхье (тайпа , доьзалш) доьттанчу (массо дийнатах , хуржанах) х1орда кеманахь яхьар
42.(иштта) Оха кхоьллина (делла) царна цуьнах (х1орда кеманахь) тера т1еховжийла (х1орда-х1аваъа кеманаш , йоьжна ворданаш)
43.Тхайна лиъча хичу бохуьйтур бар Оха уьш (х1орда кеманахь берш) , т1аккха орцах вала да хир вацар царна , ле к1елхьар бохар бацар уьш (цхьаммо а)
45.(делахь , шун лаьттахь , х1ордахь маьрша лелар) , Тхоьгара къинхетамца , хан тоьхна зовкх хьеггалц бен дац
Цаьрга (керстане) аьлчи :"Кхера шайн къиношха а (шайла хьалхарчарна хилчух а) , къемат ден бекхамха а (т1аьхьа дог1учух а ) , шуна къинхетам хила герга дара" .(лаца дог1ара цара)
46.Шайн Делан аяташха аят (Дела цхьаъ вар , элчанаш бакъ бар) ца даг1ар цаьрга , цара шех (аятах) букъ тухаш (ойла яр , т1ецалацар, пайда эцар доцуш) бен
47.Цаьрга (керстане) аьлчи (омар дичи) :"Аллах1а шайна делчух д1алуоша" (къиэчарна , хьаштуо йолчарна) , шаьш керстаналла динчара олура ийман диллинчарга :"Оха муха ло , Аллах1а шена лиъчи лур болчуна кхача ?, билгалчу тиларехь ма ду шу". (тхоьга омар дарехь)
48.Цара (керстано) олу (къемат де х1оттарха ца тиэшарца) : "Маца (т1ех1уттур) ю и ч1аг1о (къемат де) , шу бакъ луьйш хилчи (и дог1ур ду бохуш)
49.Уьш хьоьжур бац цхьана ц1ог1ане (Исрафил - малик мохье) бен , ша уьш д1аоьцур долу (массо а белла иэгор болу), уьш шайн (дуьнена) къийсамашкахь ва болуш
50.Весет дан (ницкъ кхочур бац церан) кхуьур бац уьш (т1ех1оьттинчу хьелан ч1аг1аллийна) , ле шайн доьзалшка боьрзур бац (уьш)
51.Зурманчу (ц1узанчу) х1уфф аьлла , сихонца шайн кешнашчура Далла дуьхьал г1овттур бу уьш
52.Цара эра ду :"Х1ай тхан х1аллак хилар ! Хьа г1овттийна тхо тхан дийшарха (лахьти чуьра) ?"(аьлла) . "Х1ара (шуна гуш дерг) доза доцуш шорта болу къинхетам да волчуо (Дала) йина , элчанаш (геланчаш) бакъ хилла (шоьга д1ахаийтарехь) йолу ч1аг1о ю" (эра ду царга)
53.И ма дацар (уьш ден бинарг) цхьа ц1ог1у бен , ткъа уьш беригге а Тхуна (хьалха) балор бу (хьиэсапна , биэкхамна) (53)
54.Оцу дийнахь , цхьанне а (динчу) х1уман т1ехь зулам дийр дац . Иштта , аша динчуна бен бекхам хир бац (диканна диканца , вуона нийсонца)
55.Баккъалла а , ялсамани дай оцу дийнахь (шайн хилчу) йолехь (мелехь) зовкх хьоьгуш хир бу
56.Уьш а , церан х1усам наной а (диттийн) 1индаг1ехь маьнгеш т1иэхь тевжина ва болуш
57.Царна оцу (ялсамани) чохь (массо а кепара) стом хир бу , иштта цара са мел теснарг (мел дезнарг)
58. Даиманна а болу къинхетам да волчу Делера салам - маршал ду (шоьга , эра ду ялсамани ох1лане)
59."Д1акъаста (гена довла бусалбанах) х1ай бохам дай (керста) ! таханалерачу (къемата) дийнахь"(эра ду царга)
60.Аса омар (весет) ца динера ткъа шоьга х1ай Адам (пайхамар) т1аьхье (доьзалш) , шайт1анна лолла ма диэлаш (муьт1ахь ма хила луш) , баккъалла а , иза шун билггала мостаг1 ма ду ,
61.Суна лолла диэлаш , иза бу шуна нийса некъ (аьлла , ткъа шу 1еса ма хили)
62.Бакъ долуш шух дукха халкъ (нийсачу некъах) тилийна цо . Ва шу (х1ай керста)хьекъалехь дацар (кхетамца ойла ян) ?
63.Х1ара ю шуна хир ю аьлла (шуна) ч1аг1о йина жоьжахате
64.Оцу чу г1уо (шу) тахана , шаьш керста хиларна
65.Тахана , церан (керстана , мунепикхан) батош т1е мух1ар тухур ду Оха (уьш харц лиэ боьлча) , т1аккха церан куьйгаш дист хир ду Тхоьга , церан когаш тоьшалла дийр ду (Тхуна) , шаьш лиэлийначуна
66.Тхайна лиънехьара церан б1аьр са д1аоьцур дара (Оха) , т1аккха уьш (нийсачу) новкъа хьаьвдича (къийсалуш) , царна муха гур бара иза (гар доцуш)
67.Тхуна лиънехьара куц хийцана хир дара Оха церан шаьш болчехь (тхьузбоьлла) , т1аккха церан ницкъ кхочур бацара д1абаха (хьалха) а , ле юха берза а (т1ехьа)
68.Тхаьш уьмар (хан-зама) яхйинарг , г1орасиз хиларе (заь1апалле) верза ма во Оха , ойла ца йо ткъа цара (оцу белха)
69.Оха хьехна (1амийна) яц цуна (Мохьаммад-пайхамарна) байташ (иллеш) , ле цунца дог1аш дац иза (куц) , иза ма дац (Оха цуна хьехнарг) дагтийсам (хьекъал дайшна) а , билгала долу Къур-ан а бен
70.Цо (Къур-ано) дийна волчуна (сема хьекъал долчуна) д1ахаийта а (кхерам тасарца) , керстана т1ехь (Дела) дош хьакъ хилийта а (бусалбана къинхетам ,керстана 1азап хирг хиларца)
71.Царна ца гина , баккъалла а Оха , Тхан куьйгашца шайна хьайбанаш кхоллар , уьш церан долахь долуш ?
72.Оха царна муьт1ахь дина уьш (хьайбанаш) , ткъа царах цара дужурш ду (мохь бахьа , д1аса ваха) , иштта цара дуъурш ду (кхачана)
73.Царна царах пайданаш (т1арг1а , месаш) а , маларш (шуреш) а ду , хастам ца бо цара (Дела цхьаъ варца , оцу ни1матна) ?
74.Аллах1 воцург деланаш (ц1уйш) лийцира цара , шайна цара (деланаш) г1о даре дог дохуш
75.Царна г1о дан ницкъ кхочур бац церан (къемата дийнахь) , уьш (ц1уй) царна (кечбина) б1о хилла балор бу (цера дан г1о доций хаийта а , г1айг1а сов яккха а)
76.Церан дашо (цара ц1уйшна лолла даро) г1айг1ане ма войла хьо (х1ай сан геланча) , баккъалла а Тхуна хуъуш ду хьуна цара (хьулдийриг) къайла доккхург а , гучу доккхург а
77.Адаманна ца гина (ца хаъа) баккъалла а Оха (к1айчу сте-боьрша) т1адамах ша кхоллар ? билггала (бакъонна) мостаг1 вукх иза .
78.Тхуна масал далийна , шен (лаьттах) кхоллар диц дина элира (цо) :"Хьа ден йийр йу даь1каш (дог1маш) , уьш мур йел (телхана , яхкаел) чул т1аьхьа
79.Ахьа ала :"Уьш ден йо Ша духхьара кхоьллинчо , массо а холкъах (кхолламах) дерг хуъуш ву Иза"
80.Ша шуна ц1е хилийтина (йина) сийначу диттах , т1аккха аша (иза) цунах латаеш
81.Вац ткъа стигланаш а , латта а кхоьллинарг , ницкъ кхочуш царга (адамах)терниг кхолла ?! Бакъ долуш (кхочу) , Иза кхуллуш верг , т1ех дика хуъуш верг ву
82.Баккъалла а , цуьна г1илкх (хьал) цхьа х1ума лиъчи , цуьнга (х1умане) алар ду :"Хил"т1аккха и хуьлу
83.Ц1ан ве (теспахь де) аша (керстано кхуллачух) Шен карахь массо а х1уман мукъ (олалла) берг , Цунга доьрзур ду шу