Тидар


39 - Сурат Аззумар (Ж1уганащ , тобанаш)
(Маккахь доьссина ‚ 75 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.(х1ара) Жайна (къуран хьуна т1е) доссор - (х1ай Мухьаммад хьо шек вала ца оьшуш) сийлахьчу , кхетамечу Аллах1ера ду (хьуна)
2.Баккъалла а Оха хьоьга жайна доссийна бакъонца (нийсонца). Аллах1ан 1ибадатде ахьа , доггах Цуна дин лелорца
3.Х1ай (адамаш)! Аллах1ан (дуьхьа) ду ц1ена (доггах) дин (лелор) . Шаьш Иза витина (ц1уйшха , жа1аршха) верасаш (гергарнаш) лецнарш , (шаьш олуш:)"Оха царна 1ибадат дац , цаьрга тхо Аллах1ан (мелла) юххе (улле) гергадаладайтархьам бен" . Баккъалла а Аллах1а кхелйо царна (а , бусулбашна а)юккъехь , уьш шегахь къаьстина (бекъабелла) болчуьнгахь . Баккъалла а Аллах1а (бакъонт1е) нисвац ша и (Шен хьокъехь) харцверг , (Шен зовкхашна) керстверг
4.Аллах1ан (аша ма аллара :"Къинхетамечо доьзалхо лаьцна") доьзалхо лаца лиънехь (ткъа иза Цуьнца дог1уш дац) , Цо хаьржина хир (ма) вара (иза) Ша кхуллучух Шена луъ-ург . Ц1ена ву иза (аша Цунна т1ехь кхуллучух) . Иза - (Шен декъахо воцуш) цхьаъволу , нуьцкъалволу (доьзалхочуьнга хьаштвоцу) Аллах1 ву
5.Кхоьллина Цо стигланаш а , латта а бакъонца . Буьйса дийнан т1етосу (хьерчайо , чуйуллу) Цо , де буьйсан т1етосу Цо . Малх а , бутт а (хьалбаларца а , чубузарца а Шен лай хьашташна) муьт1ахь бина Цо . Массо а лела (шен новкъа) ц1етоьхначу ханналца . Х1ай (адамаш) ! Иза - сийлахь , гечдийриг ву
6.Цо кхоьллина шу цхьана синах (Адамах) , цул т1ахьа цуьнах йина Цо цуьнан кепарниг (Хьава) . Доссийна Цо шуна хьайбанашха ( сте-боьрша даьхнех) барх1 кепара , Ша шу кхуллуш шун нанойн кийранашкахь ражехь (хи , улх-детта ц1и , жижиг цуьрг) кхолларца , (кийрарчу) кха (гай , кийра , беран-ц1а) боданехь . Иза Аллах1 ву шун Дела , Цунна ду паччахьалла (олалла) , (кхин цхьа а) дела вац Иза бен (Иза воцург) . Муха (сте) д1ахьовзадо (д1адерзадо) шу (Иза витина кхечунна 1ибадат даре) ?
7.Аша керстаналла дахь , баккъалла а Аллах1 шоьга хьаштвац . Цуна (лаац) дезац (ца тов) Шен лайшна керастаналла (я цуьнца омру дац Цо) . Амма шу баркалле хилахь , Цуна деза иза шуна (Шен комаьршонехь совдохур ду шу) . (къемата дийнахь) Ца хьо къилахь долчо (сино) кхечуьнан (синан) къа (жоьпаллин мохь , х1ораммо а шен мохь хьур бу) . Т1аккха шайн Деле ду шун доьрзийла . Цо шуна хоуьйтур ду аша лелош (деш) хилларг . Баккъалла а Иза хууш ву кийранашкахь (дегнашкахь) дерг
8.(керста) Адамех зе (бала , хало , вон) хьакхаделча , шен Деле кхойкху цо (дохкодаларца) Цунна т1едоьрзе (д1аайбарца орцадоьху) . Цул т1аьхьа Цо шена Шегара зовкх делча , дицло цунна (дуьту цо) ша (цул) хьалха Цуьнга ( Аллах1е хьаставаларца) кхойкхуш хилларг . Аллах1ан (ц1уйшха а , т1улгашха а) декъашхой (тернаш) бо цо , (сонта нах) тилорхьама Цуьнан некъаха . Ахь ала :»(дуьненан) Зовкх хьега (там бе хьайна) хьайн керстаналлех жимма (к1еззиг) , баккъалла а хьо (жоьжахатан) ц1еран дайшха ву
9. Вуй те и ша (Далла муьт1ахь хиларна) буьйсенан хенашкахь хьаставелларг , (ламазан) сужуд деш а , г1еттина а , ша эхартах (цуьнан 1азапах) ларлуш а , шен Делан къинхетаме сатуьйсуш (догдохуш) а волу...
Ахьа ала:» Буй ткъа цхьатерра ткъа шаьш хууш берш а , шаьш хууш боцурш а ?! » Баккъалла а (Аллах1ан хьехамаш) дагадог1у (царех хьехам хуьлу) хьекъалан дайшна
10.Ахьа ала :» Х1ай шаьш тешна Сан (Делан) лайш ! Кхера шайн Делах (Цунна муьт1ахь хиларца , 1есадерг дитарца) . Шаьш х1окху дуьненахь дикадинчаьрна – дика ду . (Далла 1ибатдарна парг1ато езачунна) Аллах1ан латта шуьйра (доккха) ду . Баккъалла а сатухучаьрна (дуьненан халонашна собаречаьрна) ло церан ял хьесап доцуш (терзан барам боцуш) »
11.Ахьа ала :» Баккъалла а соьга омру дина ас Аллах1ан лолла дарца доггах (декъашхо варха ц1ена) Цунна дин лелош ,
12.соьга омру дина со хиларца бусулбанашха (имдилларехь) хьалхарниг »
13.Ахьа ала :» Баккъалла а со кхоьру - со сайн Далла 1еса хилахь – доккхачу (къемата) дийнан 1азапах »
14.Ахьа ала : » Аллах1ан лолла до аса , сайн дин (1ибадат) доггах (ц1ена) Цунна дина »
15.(Дала кхерамтосуш боху) Лолла де аша шайн луучунна Иза (Аллах1) витина ! Ахьа ала :» Баккъалла а эшнарш , шаьш шайн дог1машна а , шайн доьзалшна а къемата дийнахь зе хилларш бу . Х1ай (адамаш) ! Иза бу и билггала эшам .
16.Царна шайна т1оьхула а ц1еран чкъоьрнаш ду , царна к1елахь а чкъоьрнаш ду . Аллах1а цуьнца кхерабо Шен лайш . Х1ай Сан лайш кхера Соьх !
17.Шаьш шайт1анна (ц1уйшна) гена а бевлла - цунна лолла дарха – Аллах1ан т1ебирзинарш , царна (ялсаманца) кхаъ бу . Ткъа ахьа кхаъбаккха Сан лайшна
18.Шаьш къамеле ла а дуг1уш , цунах тоьллачунна (г1олийчунна , пайденчуьнна) т1аьхьах1уьттурш , уьш шаьш Аллах1а нисбинарш бу , уьш хьекъалан дай бу
19.Ткъа ша , шена т1ехь (шен керстаналла бахьан долуш) 1азапан дош хьакъ хилларггай ... Ахьа к1елхьалвоккхур ву ткъа (х1ай Мухьаммад) ша (жоьжахатан) ц1ергахь верг ?! (ницкъ кхочур ма бац хьан)
20.Делахь (амма) шаьш шайн Делех кхийринарш , царна т1ек1ел йоьг1на чоьнаш (хир) ю , шайна к1елахула татолаш лелаш . аллах1ан ч1аг1о (ва1до) ю (иза) . Аллах1а йохаяц (шалхаяккхац Шен) ч1аго
21.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1а стиглара (дог1ан) хи а доссийна д1атуьйхира иза лаьттарчу шовданашха , т1аккха цуьнца арадоккху Цо шен беснаш тайп-тайпана долу орамат (ялташ) , цул т1аьхьа дакъало (марг1ал дулу) иза , хьуна го иза мажделла , т1аккха до Цо иза (кхарзъелла) чемхалгаш . Баккъалла а цуьнгахь хьехам (дегалацам) бу хьекъалшин дайшна
22.Ткъа ша , Аллах1а шен кийра (накха) исламан схьабиллина , ша шен Делера (къуранан) нур т1ехь верг… (Дала шен даг т1е мух1ар тоьхначух тера ву тов ?) . Боккха бала бу-кх шайн дегнаш Аллах1 хьахорха шога долчарна . Уьш – билгалчу тиларехь бу
Аллах1а доссийна уггар тоьлла (говза) къамел (къуран) – (маь1анаш морзах дийлар доцуш) цхьатера , карладуьйлу (долу) жайна , шаьш шайн Делах кхьручеран чкъоьрнаш (дилханаш) шех (иза дешча) зуьзе хуьлуш (дегош) , цул т1аьхьа к1адло (парг1ат довлу) церан чкъоьрнаш (дог1маш) а , церан дегнаш а Аллах1 (Цунна лолла дарца) хьахорна . Иза (къуран) Аллах1ан нийса некъ (боккха аьтту) бу , Цо нисво цуьнца (Шен лешха) Шена луург . ткъа Аллах1а тилориг (сийсазвийриг , нийсачу новкъах вохориг) , цуьнан вац (ша) нисвийриг
24.Ткъа ша шен юьхьца къемата дийнахь 1азапан вонах ларлург (г1олий ву , я декъала хилларг ву ?)… Зуламхошка элира : » Аша 1овша шаьш (гул) деш (лелош) хилларг (цуьнан 1азап)
25.(элчанаш) Харцбира шаьш царел хьалхарчара , т1аккха 1азап деара царна дагахьдоцчуьра (ца моьттучура , ца хаалочуьра)
26.Аллах1а 1овшийтира цаьрга дуьненан дахарехь сийсазло , ткъа эхартан 1азап т1ех (уггар) доккха ма ду , уьш хууш хиллехь (царна хаахь)
27.Бакъ долуш Оха далийна царна (ойла яйта) х1окху къуран чохь массо а (хьалха хиллачеран) масалха (мисал) , царна дагадаийтархьама (шаьш лелочух юхабовла безар)
28.(Оха дира иза) 1арбийн (маттахь) къуран , (шеца цхьа а) гомалла йоцуш (цакхетар доцуш) , уьш кхерийтархьам
29.Аллах1а (тешачунна а , цатешачунна а) валийна масална – шегахь (шен хьокъехь) декъашхой (цуьнан дай х1ара стаг шен-шен долахь ву бохуш) къийсалуш болун стаг а , ц1енна (веккъа) цхьана стеган долахь волун стаг а . Вуй ткъа и шиъ масалехь цхьатерра ?! (ван ма вац и шиъ цхьетерра). Хастам бу Аллах1ан . Мелхо а , царех дукхах берш хууш бац (шайна 1азапах хиндерг)
30.Баккъалла а хьо ву лийрволш , баккъалла а уьш бу лийрболш
31.Т1аккха , баккъалла а шу къемата дийнахь шайн Далла гергахь (хьалха) къийсалур ду
32.Мила ву т1ех зуламе Аллах1ан т1ехь харцлийначул (харцо кхоьллинчул) а , (къуранан) бакъо харцйинчул а , шега иза еанчу хена ?! (цхьа а ма вац) . Яц ткъа жоьжахатахь керстанашна боьрзийла (1айла) ?! (дера ян ма ю)
33.Ша бакъонца веанарг а , (ша) иза бакъйинарг а – уьш бу (шаьш Делах) кхоьрурш
34.Царна ша царна деззарг (церан дог1маш сатеснарг) ду шайн Далла гергахь . Иза (дуьненахь Дела реза волу) дикадечеран бекхам бу
35.Аллах1а уьш (бакъдинарш), ша цара динчу уггар вочух ц1анбархьама а , ша цара деш хилчу уггар дикачуьнца царна бекхамбархьама а .
36.Вац ткъа Аллах1 кхачамен (тоьаш) Шен лайна (г1о дан) ? (дера ва ма ву) . Цара кхерамтуьйсу хьуна шаьш Цул (Аллах1ал) лахарболчаьрца (ц1уйшца) . Ша Аллах1а тилориг , вац цуьнан (цхьа а) нисвархо
37.Ша Аллах1а нисвийриг , вац цуьнан (цхьа а) тилорхо . Вац ткъа Аллах1 сийлахьверг , ч1ироьцург ?!
38.Ахьа (х1ай Мухьаммад) царга хаьттича : »Хьа кхоьллина стигланаш а , латта а ? » (шаьш ц1уйшна лолла деш долшнехьа) цара эра ма ду : » Аллах1а » . Ахьа ала (царгара бехк боккхуш) :» (аша ойла ян а йиний) Шуна гиний Аллах1 витина шаьш аша кхойкхурш ?! Аллах1ан суна цхьа зе (дан) лиъча , юй ткъа уьш Цуьнан зе д1аойбур долш (цуьнах к1елхьар дохур долш) , я Цунна соьх къинхетам бан лиъча , юй ткъа уьш Цуьнан къинхетам юхатухур (сацор) болш ?!» (цара жоплур ма дара :» х1ан-х1а » аьлла) Ахьа ала : »Аллах1 тоьаш ву суна (Иза ву суна кхачам бийр берг) , Цунна т1етевжа т1етевжарш »
39.Ахьа ала :» Х1ай сан къам ! Аш 1амалйе шайн хьолехь (аг1онца) , баккъалла а со ву 1амалйеш (сайн хьолехь , некъехь) , хуур ду шуна (къастаман де деача)
40.Хьанна т1е дог1ур ду ша иза сийсазвен (аьшне вен) 1азап , хьанна т1едуссур ду (ца хедаш) лаьтта 1азап »
41.Баккъалла а Оха доссийна хьуна т1е (къуран) жайна (хьоьга цуьнца кхерамтасийта массо а) адамашна (а жинашна а) бакъонца . Ткъа ша нисвелларг , шен дег1ана (нисвелла) , ша тилавелларг , баккъалла а тилало шена (зенна) . Хьо ма вац царна т1ехь (уьш нисбан) векал (вина т1ех1оттийна)
42.Аллах1а д1аоьцу синош уьш (шайн тоьхна дахаран хан кхачийна) лечухена , (иштта) ша шен набарха ца делларг (кхелхинарг) а , Цо сацадо (лоцу) Ша шена т1ехь даларан кхелйинарг (кхелхинарг) , (иштта) Цо д1ахоьцу важа (са шен д1ег1е дерза) ц1етоьхначу (1ожаллин) хене (кхаччалц) . Баккъалла а цуьнгахь (оцу белхехь) билгалонаш ма ю ойлаечу къомана (нахана)
43.Я цара лецна (шайна шаьш) Аллах1 витина (лолла ден ц1уйш) г1одоккхурш (шафа1ат дай) ?! Ахьа ала (цаьрга) :» Уьш хиллехь ай шайн карахь (долахь , шуна пайда бан я зе дан) х1умма доцуш а , ца кхеташ а ?! »
44.Ахьа ала :»Аллах1ан (цхьанна) ду г1одаккхар (шафа1ат) деригге а . Цуьнан ду стиглашин а , лаьттан а паччахьалла (урхалла) . Т1аккха Цуьнга дерзор (долш) ду шу »
45.Ткъа Аллах1 (веккъа) Ша цхьаъ хьахийча , шаьш эхартах ца тешачеран дегнаш 1евжира (керчира , тохаделира , эрг1аддевлира) , ткъа Иза воцурш (шайн ц1уй) хьахийча , баккхибуьй (хазахета царна)
46.Ахьа ала :» Х1ай Аллах1 , стигланаш а , латта а кхоьллинарг , къайлахдерг , гушдерг хуушверг ! Хьо вукх хьайн лайшна юккъехь кхелйеш , ша уьш шегахь бекъабелла хиллачуьнгахь »
47.Баккъалла а шаьш зуламдинчеран лаьттахь мелдерг а , цуьнца цуьнга терра (кхи оццул т1е) а хилча , маханлур ма дара цара иза къемата дийнахь (шайна хиндолчу) вочу 1азапах (хьалха бовлархьам) . Царна гучуделира (оцу дийнахь) Аллах1ера (1азапах) царна ца моьттуш хилларг (дагахь доццург , хьесап ца дийриг)
48.Царна (къема дийнахь) гучудевли шаьш (дуьненахь) динчуьнан (лелийначуьнан) вонаш .Царех хьакхаделира (царна т1едоьссира) уьш шех (ца бешаш) кхаьрдаш хилларг
49.Адамах зен (хало , бала) хьакхаделча (т1едеача) , Тхоьга кхойкху цо (орцадоьхуш) , т1аккха Оха шена Тхайгара (халонан меттана) зовкх (ни1мат) делча , цо олу :»Суна (Дала) делла иза (суна иза дог1уш хилар) хаарна » Мелхо а , иза (зовкх далар уьш) зер (ма) ду , делахь а царех дукхахболчаьрна (иза хаам) ца хаа
50.Бакъ долуш изза элира (бехира) шаьш царел хьалхарчара а , амма уьш хьалха (к1елхьар) ца бехира цара лелош хиллачо
51.Царех кхиира (хьакхаделира) шаьш лелийначуьн (гулдинчуьн) вонаш , ткъа шаьш зуламдинарш х1окхарех – царех хьакхалурду шаьш лелийначуьн вонаш , уьш ма бац (и 1азап даларехь Тхо) г1орасиз дийрдолш (к1елхьар бевр болш)
52.Царна (Оха шайна т1ийра бала д1аайбанчарна) ца хаара , баккъалла а Аллах1а Шена луучунна рицкъа шордой а (эвсардой , алсамдой иза зуьйш) , (иштта Шена луучунна иза) гатдой а ?! Баккъалла а цуьнгахь (эвсардарехь , гатдарехь иза Аллах1а деш хиларан) билгалонаш ма ю (бакъонах) тешачу къомана (нахана)
53.Ахьа ала :» Х1ай шайн дог1машан хьокъехь т1аламза (кхоам боцуш , т1ехдуьйлуш) хилла Сан (Делан) лайш , (аша) догмадилла (саб1арзамадовла) Аллах1ан къинхетамах ! Баккъалла а Аллах1а гечдо дерриге къиношна . Баккъалла а Иза (ма) ву Ша гечдийриг , къинхетамениг »
54. »(кхайкхамна жопдаларца) Т1едерза шайн Далла , муьт1ахь хила Цунна шайна (Цуьнгара) 1азап дале хьалха , т1аккха (иза деача) шу к1елхьардохур (шуна г1одийр ма) дац (цхьаммо а) »
55. »Т1аьхьадаза (т1аьхьах1итта) шайга шайн Делера доссийначу тоьллачунна (къуранна) , ц1еххьана шуна хаацалуш (шуна дагахь доцуш) шайна (Делан) 1азап дале хьалха »
56.(Аллах1ан т1едерза , муьт1ахь хила) Сино алале (я кхоно цо ца ала) : » Маржа-я1 (жолам) Аллах1ан (1амал яран , муьт1ахь хиларан) аг1ор (Цуьнан омрунна) ас йинчу ледарлонна . Баккъалла а со (Цуьнан динах , къуранах) цавешачарех (кхаьрдачарех) ма вара »
57.Я (сино къемата дийнахь) алале : » Баккъалла а Аллах1а со (бакъонна т1е) нисвинехьара (со нисвелла , Цуьнан 1азапех) кхоьручарех хир ма вара »
58.Я алале шена 1азап гучу хена :»Баккъалла а сан (цкъа юха дуьнена) воьрзийла делхьара , со хила дикадечарех
59.Х1аъ , бакъ долуш хьоьга яьхкира Сан билгалонаш , ткъа харцйира ахь уьш , куралла а йира , керстанех хилира хьо
60.Къемата дийнахь хьуна гурбу шаьш Аллах1ан т1ехь харцлийнарш (харцо кхоьллинарш) , (и бахьанна) шайн яххьаш 1аржъелла (юьхь1аьржа х1иттина , сийса хилла) . Яц ткъа куралъечеран (боьрзу) меттиг жоьжахатахь ?!
(дера ян ма ю)
61.Аллах1а к1елхьарбохур бу шаьш кхийринарш , уьш (Шена гергахь) декъалхиларна , (къемата дийнахь) царех хьакхалур дац вон , уьш (хир) бац г1айг1ане (цхьанне а х1уманна)
62.Аллах1 ву массо а х1ума кхуллург . Иза ву массо а х1уманна т1ехь векал а
63.Цуьнан (долахь) ду стиглашин а лаьттин а дог1анаш . Ткъа шаьш Аллах1ан билгалонашца керстахилларш , уьш бу уьш эшнарш
64.Ткъа Аллах1 воцучунна ас 1ибадат дан омру до (кхойкху) аш соьга х1ай сонтанах (жех1алнах) !
65.Бакъ долуш хьехна хьоьга а , шаьш хьоьл хьалха хилчаьрга а , (Сайца дуй ма буу Ас нагахь санна) ахь (х1ай Мухьаммад Суна) декъашхо вахь , хьан (дика) 1амал (ял йоцуш эрна) йовр ма ю , хьо (хилне а) хир ма ву эшначарех
66.(цара бохург а ца деш) Мелхо а , (веккъа) Аллах1ан лолла а де , (Цунна Цо деллачу зовкхана) баркаллечарех а хила хьо
67.Ца лийрира цара (Цуьнца декъашхо винчара) Аллах1 , Иза лера ма везза (Иза хьакъ ма варра) .
Латта – дерриге а Цуьнан буйнахь (карахь , куьйгк1елахь) ду къемата дийнахь . (ерриге а) Стигланаш хьарчийна ю Цуьнан аьттучуьнца . Ц1ена ву Иза , лекха а ву цара декъашховечух
68.(Исрапил малийко шен) Зурманчу «х1уп» элира (дуьххьарлера зурма лекхира) , т1аккха (стелахаьштиго къорбина тентакбаьхча санна белла) ийгира шаьш стигланашкахь а , лаьттахь а (мел) берш , Аллах1ан (царех юкъарбаха) лиънарш боцурш . Цул т1аьхьа «х1уп» элира цу (зурман) чу кхин (цкъа) а , т1аккха уьш (шайн кешнашчуьра ден бина) г1евттина (Делан кхеле) хьоьжуш бара
69.Къегира латта шен Дела нуьрца . Охьадиллира (д1ах1оттийра хьесапна 1амалийн) жайна (тептар) . Схьабалийра (хаттаме) пайхамарш а , тешаш а . Кхелйира царна юккъехь бакъонца , царна зулам ца деш
70.Х1ор (къахьоьгучу ) синна (дег1ана , Аллах1а) д1аделира цо ша (диканах , вонах) динарг (цуьнан бекхам) . Иза (Аллах1) т1ех дика хууш ву цара ша дийриг
71.(къиза т1аьхьара) Лаьхкира шаьш керстаналла динарш жоьжахате ж1уганашкахь (тобанашкахь , ардангашкахь) , ткъа уьш цунна т1екхаьчча , йиллира (цаьрна) цуьнан не1арш , элира цаьрга цуьнан г1аролаш (хехоша) :» Ца баьхкар (ткъа) шуна шайха (шун къомах болун Делан) элчанаш (шаьш) шуна шун Делан аяташ доьшуш а , х1окху шун дийнан дуьхьал кхетарх (х1окху дийне дерзарх) шуна кхерамтосуш а ?!» Цара элира:» Х1аъ (бакъ ду иза) » Амма бакъ (дог1уш) хили керстанашна т1ехь 1азапан дош !
72.(цаьрга хехоша) Элира :» Жоьжахатан (шаьш хьакъ долун) не1арш чуг1о , оцу чохь гуттаренна а лаьтташ » Ма вон ю-кх куралъечеран боьрзийла !
73.Бигира шаьш шайн Делах (Цуьнан декхарш кхочушдарца) кхийранарш ялсамане тобанашкахь , ткъа уьш цунна т1екхаьчча , йиллира (цаьрна) цуьнан не1арш , элира цаьрга цуьнан г1аролаш :» Салам-маршалла (лерам хуьлда) шуна . Декъал хили шу . Цу чуг1о шу гуттаренна а»
74.Цара элира:» Хастам бу Аллах1ан , Ша тхуна Шен ч1аг1о бакъйинчу а , тхуна ирсана (ялсаманан) латта деллачу а . Тхо охьаховшур ду ялсаманахь тхайна луъучу » . Ма дика ю-кх (дика) 1амалъечеран (къахьоьгучеран) ял (мел)
75.Малийкаш го хьуна 1арша гонаха го бина , шайн Далла хастам барца теспахь деш (Иза ц1анвеш) . (Дала) Кхел йина царна юккъехь бакъонца (нийсонца) . (т1аккха цара) Элира :» Хастам бу-кх Аллах1ан , (массо а) 1аламийн Далла » .