Тидар  


40-Cурат Г1афир (Гечдийриг)
(Маккахь доьссина ‚ 85 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


 

1.Хьа , мийм . (Аллах1 т1ех дика хууш ву х1окху элпашха Шена луург)
2.(х1ара) Жайна доссор - Аллах1ера ду , сийлахь , хууш ,
3.къинна гечдеш , дохковалар т1елоцуш (товба къобалдеш) , та1зар ч1ог1а долш , комаьршо йолш волчу . Дела вац Иза бен . Цуьнга ду (массо а х1уманан) дерзар
4.Къийсац Аллах1ан аяташкахь (уьш харцдарца) , шаьш керстаналла динчаьра бен . Хьо 1еха ма войла махкахь церан (маьрша , таронехь) хьийзаро .
5.Харцбира (элчанаш) царел хьалха Нухьан къомо а , царел т1аьхьа (яьхкинчу) тобанаш а . Т1ег1оьртира х1ора уммат шайн элчанна , иза (верца) д1аэца . Къевсира цара харцонца, д1атилорхьам цуьнца бакъдерг . Т1аккха Аса (1азапца) д1аийцира уьш . Муха дара Сан та1зар ?!
6.(хьалхабаханчаьрна т1ехь санна) Иштта , хьан Дела (1азап дийр ду аьлла) дош бакъ хилира шаьш керстаналла динчаьрна т1ехь , баккъалла а уьш – жоьжахатан дай хиларца
7.Шаьш 1арш хьурш а , цуьнан гонах дерш а шайн Далла хастам барца теспахь деш а ду , цуьнах тешаш а ду , гечдар доьхуш а ду шаьш тешначаьрна (шаьш олуш) : "Х1ай тхан Дела ! Массо х1ума а чулаьцна (юкъалаьцна) Ахь къинхетамца а , хаарца а . Гечдехьа шаьш дохко а бевла Хьан некъа т1е х1иттанчаьрна , ларбехьа уьш жоьжахатан 1азапах .
8. Х1ай тхан Дела ! Бахийтахь уьш 1адн-ялсаманан бошмашка , шаьш Ахьа цаьрна (лур ю аьлла) ч1аг1о йина йолу , (иштта бахийтахь) церан дайх а , церан зударех а , церан т1аьхьенех дика хилларш а . Баккъалла а Хьо , сийлахьверг , кхетамениг ву .
9.Ларбехьа уьш (цара динчу) вонашха . Оцу (къемата) дийнахь Ахь вонашха (1азап ца луш) ларвийриг , бакъ долуш Ахь къинхетам бина цуьнах . Иза (бан а) букх боккха толам"
10.Баккъалла а шаьш керстаналла динарш (къемата дийнахь уьш 1азап 1овшуш а болуш , малийкаш) кхойкху (цаьрга) :"Аллах1ан (шоьга дуьненахь хилла) цабезам (ачо) т1ех боккха ма бу , (тахана) шайн дог1машна (дуьненахь уьш 1еса хиларна цаьрга) болун шун цабезамел а , (х1унда аьлча) шаьш (Дала дуьненахь) иймане кхойкхучу хена керстаналла дора аш"
11.Цара элира:"Х1ай тхан Дела ! Далийтара (кхалхийра) Ахьа тхо шозза , ден а дира Ахьа тхо шозза , тхо къера хили (оха мук1арло , даре до) тхайн къиношна . Буй те (жоьжахатара) арадовла (цхьа а) некъ ?" (дера бан ма бац)
12.Иза (шун 1азап) , баккъалла а (дуьненахь шу) долун дела , Аллах1 Ша цхьаъ (варе шу) кхайкхича – (Цуьнца) керстаналла деш . Ткъа Цунна декъашхо вича – тешаш . Ткъа (шун 1азап даран) хьукма – лекха , воккху (сийлахь) волчу Аллах1ан ду
13.Иза ву , Ша шуна Шен (цхьаъ хилар) билгалонаш гойтург а , Ша шуна стиглара (дог1анца) рицкъа доссориг а . (амма царех) Хьехам эцац ша (Далла муьт1ахь хиларна) т1евоьрзучо а бен .
14.Аллах1е кхайкха аша , Цунна доггах дин лелорца , керстанашна (иза) цадезахь (ачоне делахь) а
15.Лаккхара даржаш долуш , 1арш йолуш , Шен омранца Шен лешха Шена луучунна т1е хаам боссабо Цо , цуьнга кхерамтасийта вовшахкхетачу дийнаца
16.Уьш (шайн кешнашчуьра) арабовлучу дийнахь , Аллах1ех къайладера дац царех (долун) х1умма а . (Дала хоттур ду) "Хьенан ду тахана паччахьалла ? (т1аккха Ша Шега жоп лур ду) Цхьаъ волчу , нуьцкъалчу Аллах1ан ду" (аьлла)
17.(цаьрга эра ду) Тахана массо а синна бекхам бийр бу цо (дуьненахь) динчуьнца (лелийнчуьнца). Зулам дац (харцо йийр яц) тахана (цхьанне а) . Баккъалла а Аллах1 , хьесап чехкадеш ву
18.Кхерамтаса ахьа цаьрна гергарчу (къемата) дийнаца , церан дегнаш (кхерарна) легашкахь (леггехь дисина) садетташ . Зуламхойн вац (царна пайда бан) доттаг1 а , (дехар дан , корта бетта) шега ладуг1ун (долун) юкъарлонча (дехархо) а
19.Цунна хаа б1аьргийн ямартло (тешнабехк , к1елд1ашхула хьажар) а , кийранаш (дегнаш) хьулдийраг а
20.Аллах1а бакъонца кхелйо . ткъа шаьш Иза воцург кхойкхучара цхьа а кхел ца йо . Баккъалла а Аллах1 , Иза хезашверг , гушверг ву
21.Уьш ца лелла лаьттахула , шаьш хьовса (хьаьвсича шайна га а , гича ойла ян а) муха хилла шаьш царел хьалха хилчеран (къаьмнийн) чаккхе ?! Бара уьш царел ч1ог1а ницкъехь а , лаьттарчу г1ишлошкахь (ларашкахь) а , Аллах1а (х1аллакбарца) д1аийцира уьш церан къиношна . Церан вацар Аллах1ех (уьш) ларбийриг (1алашбийриг , царна пайдабийриг)
22.Иза (та1зар дира Оха царна , х1унда аьлча) , баккъалла а уьш бара шайга билгалонашца шайн элчанаш бог1уш , амма цара керстаналла дира , т1аккха Аллах1а д1аийцира уьш . Баккъалла а Иза нуьцкъалниг , та1зар буьрса дерг ву
23.Бакъ долуш , Оха хьажийра (вахийтира) Муса Тхайн аяташца а , билгалчу бухца а
24.(Къибт1 паччахь волчу) Фир1авне а , (цуьнан г1оьнча волчу) Х1амане а , (хьолан да волчу) Къаруне а , амма цара элира :"(иза) Бозбуанча (холмачхо) , харцлуьйриг (пуьташбуттург ву)"
25.Ткъа иза , Тхуна гергарчу бакъонца , шайна венчу хена , цара элира : » Дайъа шаьш цуьнах тешначеран божабераш , дийнабита церан зударий (зудбераш) . Керстан мекарло (х1умалгаш) ма яц тиларехь бен
26.Фир1авна элира :»Вита аш со Муса вен (вейта соьга Муса) . Кхайкхийла цо (со сацон) шен Дела . Баккъалла а со кхоьру , цо шун дин хийцарха , я цо лаьттахь талхар (боьхалла) гучадаккхарха (даржорах)
27.Мусас элира :»Баккъалла а со ларло (1алашло) сайн Делаца а , шун Делаца а массо а куралъечух (дозалдечух) , ша ца тешаш волу хьесапан дийнах »
28.Фир1авна ох1лунах волу муъма стага элира , шен ийман хьулдеш волчу :» Стаг (муха) вуьй аша , цо аларна :»Сан Дела Аллах1 ву» ? Бакъ долуш , иза шуна веана шун Делера билгалонашца . Иза велахь харцлуьйш , цунна ду шен харцлер (аьшпаш) , ткъа иза велахь бакълуьйш , шуна хирду (кхочурду) цхьадолу ша шуна цо ч1аг1ойийриг . Баккъалла а Аллах1а нисвац (ца нисво) ша иза т1ехвуьйлург , харцлуьйриг
29.Х1ай сан къам ! Шун ду тахана паччахьалла , лаьттахь урхалла (дошлелар) долш ду шу . Ткъа хьа лардийр ду вай Аллах1ан та1зарх (г1уданех) иза вайна даг1ахь ?! » Фир1авна элира : » Аса шуна гайтац сайна гург бен . Аса шу нисдац бакъонан некъе бен »
30.Ша (Мусах) тешначо элира : »Баккъалла а со кхоьру шуна тобанашин (д1адаханчу къаьмнийн) дийнах терачух (де т1едарах)
31.Нухьан а , Iадан а , Самудан а къома ламастах (1адатах) тера долу , иштта шаьш царел т1аьхьарчеран а . Аллах1 ма вац , зулам лууш (Шен) лешна
32.Х1ай сан къам ! Баккъалла а со кхоьра шуна (адамаша) вовшашка кхойкхучу (къемата) дийнах
33.Букътоьхна шу (жоьжахате) д1аг1ур долчу дийнах . Шун вац Аллах1ах (Цуьнан 1азапах шу) лардийриг (я г1одийриг) . Ша Аллах1а тилийнарг (д1атеснарг) , цуьнан вац (ша) нисвийриг (шен аьтто бийриг)
34.Бакъ долуш , (Мусал) хьалха шун веара Юсуп билгалонашца , (амма) шу (ца совцуш) шеконехь лаьттира цо шуна деанчух , ткъа иза (велла) д1акхелхича , аша элира : » Аллах1а г1аттор (воуьйтур) ма вац цул т1аьхьа элча (геланча)» Иштта (шу тила ма дарра) Аллах1а тилаво (дакъазвоккху) и ша т1ехвуьйлург , шекверг
35.Шаьш Аллах1ан билгалонашкахь , шайга беана цхьа а бух боцуш , къуьйсуш берш , доккха хили (церан къийсар ша) цадезарехь Аллах1ан гергахь а , шаьш (Делах) тешначаьрна гергахь а . Иштта , Аллах1а мух1артуху массо а куралъечу , къизачу даг т1е
36.Фир1авна элира :» Х1ай Х1аман ! Йе суна (лекха) г1ала , со кхача мега некъашка
37.Стиглашийн некъашка (не1аршка) , Мусан Деле хьажархьам . Баккъалла а суна иза (Муса) хета харцлуьйш» . Иштта , хаздина Фир1авнан шен белхан вон , (нийсачу) новкъах юхатоьхна иза . Фир1авнан мекарло (х1уиалгаш) ма яц , эшамехь (х1аллак хиларехь) бен
38.ша тешначо элира : » Х1ай сан къам ! Суна т1аьхьа х1итта , ас шу нисдийр ду нийсонан новкъа (т1е).
39.Х1ай сан къам ! Баккъалла а х1ара дуьненан дахар – (хедар долун) зовкх ду . Ткъа баккъалла а эхарт , иза – (гуттаренна) соцу (синтеман) х1усам ю
40.Ша вон динарг (милла велахь) , цунна бекхам (бийр) бац иза санначуьнца (цуьнах терачуьнца) бен . Ша дика динарг боьршачух а , стех а (милла велахь) ша (Делах) тешна а волуш , уьш ялсамани чуг1ур бу , царна рицкъа лур ду цу чохь хьесап (доза) доцуш
41.Х1ай сан къам ! И х1ун ду , аса шу (Делан 1азапех) к1елхьардовларе кхойкху , ткъа аша со (жоьжахатан) ц1ере кхойкху
42.Аша со кхойкху (аса) Аллах1аца керстаналла даре а , аса Цуьнца декъашхо варе а сан шеца хаар доцучуьнца . Ткъа аса шу кхойкху сийлахьчуьнга , (сов дукха) гечдечуьнга
43.Бакъ долуш , баккъалла а ша аша со (ц1уйшха) шега (1ибадатна) кхойкхург , цуьнан (карахь) дац кхайкхар (-на жоп далар , я цхьанна пайда бар) дуьненахь а , эхартахь а . Баккъалла а вайн (д1а) дерзар , Аллах1е ду . Баккъалла а (Далла декъашхо варца Цо тоьхначу дозанашал) т1ехбуьйларш (керстанаш) , уьш – жоьжахатан дай бу
44.Шуна дагадог1ур ду (1азап шайна гучудаьлча) аса шайга бохург . Сайн болх Аллах1е (Цуьнан кара) д1ало аса . Баккъалла а Аллах1 гуш ву (Шен) леш (дийриг)
45.Аллах1а ларвира иза , цара йинчу мекарлонан , вонашха . Доьссира (т1едеара) Фир1авн ох1ланна (тайпанна) т1е (уьш хин буха бохуьйтучу) 1азапан во
46.Ц1е , цунна т1ех1иттор бу уьш (къемат де х1отталца массо а) 1уьйранна а , суьйранна а . Ткъа (къемата дийнан) са1ат х1уттучу дийна (Аллах1а эра ду) «Д1ачудахийта Фир1авнан ох1ла 1азапах буьрсачу »
47.(жоьжахатан) Ц1ергахь (керстанаш) вовшашца къийсаре бевлла , заь1апчара шаьш куралйинчаьрга эра ду :»Баккъалла а тхо дара шуна (тиларехь) т1аьхьах1иттинарш . Дуй ткъа шу (тахан) тхо хьалхадохур долуш ц1еран (цхьана) декъах ?! »
48.Шаьш (дуьненахь) куралйинчара элира : »Баккъалла а вай массо а оцу (жоьжахат ц1еран) чохь ду . Баккъалла а Аллах1а кхелйина (Шен) лешна юккъехь »
49.Шаьш (жоьжахатан) ц1ергахь болчара элира жоьжахатан г1аролашка : »Шайн Деле кхайкхийша (дехийша) , тхуна (тхан) 1азапах цхьа де (мукъане) дайдарца »
50.Цара (г1аролаша) элира :»Бацар ткъа (дуьненахь) шуна бог1уш шун элчанаш (Дела цхьаъ хиларан) билгалонашца ? » Цара элира : »Х1аъ (бар) » Цара (г1аролаша) элира (цаьрга) : »Шаьш кхайкха (деха) т1аккха» . (амма) Керстанашан до1а (кхайкхар) ма дац , тиларехь (эрна) бен
51.Баккъалла а Оха толабо тхайн элчанаш а , шаьш тешнарш а дуьненан дахарехь а , тешаш х1уьттучу (къемата) дийнахь а
52.Зуламхошна церан бехказлоно (махано) пайда ца бечу дийнахь . Царна не1алт (къинхетаман генабахар) ду , царна (жоьжахатан) х1усаман во ду
53.Бакъ долуш Оха белира Мусага (пайхамараллин) нийса некъ . Оха дитира Исраилан к1енташна (ирс эца Товрат) жайна
54.(ша) Нийса некъ а , хьехам а (болу) хьекъалдайшна
55.Сатоха , баккъалла а Аллах1ан ч1аг1о бакъ ю . Хьайн къинна гечдардеха , хьайн Далла хастам барца теспахьде (ламаз де) суьранна а , 1уьйранна а
56.Баккъалла а (шайгахь) шайга беана (цхьа а) бух боцуш Аллах1ан (къуран) аяташкахь шаьш къуьйсурш , церан кийранашкахь (дегнашчохь) ма дац шаьш шега кхочур боцун дозалла (хьуна т1ехь толам бакхха сатийсам) бен . Хьо ларло Аллах1аца (церан вонашха) . Баккъалла а Иза (церан къамелаш) хезашверг , (церан хьелаш) гушверг ву (хьуна)
57.(Аса дуй ма буу) Стигланаш а , латта а (юьхьанца) кхоллар доккха ма ду адамаш кхелхинчул т1аьхьа юха) кхолларал а . Делахь , дукхах долун адамаш хууш дац (иза)
58.Цхьатерра вац б1аьрзениг а , сагург а . (иштта бац цхьатерра) Шаьш (Делах) тешнарш а , дика 1амалш йинарш а , вон дийриг а . Ма к1еззиг дагадог1у-кх шуна (и Делан билгалонаш , хьехарш . Уьш шуна сих-сиха дага даг1ахьара , аша церан ойла яхьара кхетар ма дара шу шаьш харц хилар)
59.Баккъалла а (шу г1овтторан) са1ат т1едог1уш ма ду , шегахь шеко йоцуш . Делахь , дукхах долун адамаш , тешаш дац (и т1едарах)
60.Шун Дала аьлла :»Соьга кхайкха (Суна 1ибадат де) , (т1аккха) Аса жоп лур ду шуна (ял лур ю шуна) . Баккъалла а шаьш Суна 1ибадат дарха куралла йийраш , жоьжахатан чуг1ур бу уьш (шаьш) аьшне (сийсаз) бина (тийна)
61.Аллах1 ву , Ша шуна буьйса йина (шуна и елла) шоьга сада1ийта (шу парг1атдовлийта , синтемана) цучохь , (иштта Шен къинхетамца) де (дина Цо) гуш (серло луш , шоьга шайн хьашташ кхочуш дайта) . Баккъалла а Аллах1 , адамашна комаьршо йолш ву , делахь а дукхах долун адамаш , (Аллах1а шайна деллачу зовкхашна) баркалла олуш (хастам беш) бац (цундела тешаш бац)
62.Иза (деригге а зовкхаш шуна делларг) ву Аллах1 , шун Дела , (Ша) массо а х1ума кхуллург , (шена 1ибадат дан хьакъ волуш кхин) дела вац Иза (Аллах1) бен (Иза воцург). Ткъа (Аллах1а массо а билгало шайна гайтинчул т1аьхьа) муха (сте) д1ахьовзадо шу (ийманах , хьанна 1ибадат дан дохку шу , стенга даг1а дохку , стенна луьй шу харц) ?!
63.Иштта (ийманах) д1ахьаьвза (д1абоьрзу , харц луьй) шаьш Аллах1ан билгалонаш юхаетташ (къобал ца еш) хилларш
64.Аллах1 ву , Ша шуна латта (т1ехь парг1ат даха тийна) х1усам а (йина) , стигалха (лекха) тхов а бинарг . Цо кепе дерзийна (кхоьллина) шу , хаза (кхачаме , говза) дина (кхоьллина) Цо шун васташ (аматаш , куьцаш) а . Шуна ц1енчарех (хьаналчух , аьхначух , мерзачух) рицкъа делла Цо . Иза (деригге а зовкхаш шуна делларг) ву Аллах1 , шун Дела . (Шеца цадог1учу куьцашха) Ц1ена (сийлахь) хили Аллах1 , (массо а адамин а , жинин а , кхидолчу дийнатин) 1аламийн Дела (паччахь) волу
65.Иза (гуттар) дийна (вуьсург) ву , дела вац Иза бен , аша кхайкха Цуьнга доггах Цунна дин лелорца . Хастам бу Аллах1ана , (массо а) 1аламин Дела волчу
66.Ахьа ала:»Баккъалла а суна (Аллах1а) ца магийна (дихкина) , аса 1ибадат дар аша шаьш Аллах1ал совнаха (Иза витина) кхойкхучарна (1ибадат дечарна) , соьга сан Делера (Иза цхьаъ хиларан) билгалонаш яьхкичхьана . Иштта соьга (сан Дала) омра дина со хьастваларца (муьт1ахь хиларца массо а) 1аламин Далла
67.Иза ву , Ша шу (шун да Адам) лаьттах кхоьллина , цул т1аьхьа (шу к1айчу - шех доьзалхо кхоллалучу – хин) т1адамах (кхоьллина) , цул (тадам хилчул) т1аьхьа улхах (деттачу ц1ийрах) , цул (улх хилчул) т1аьхьа Цо арадоху шу (ненан кийрара) бераш хуьлийте , цул т1аьхьа (Цо дуьту) шу шайн г1еметтах1оттаре (ондадовларе) кхачийта (кхиийта), цул т1аьхьа шу хилийта къенанах . (иштта) Шух ву ша (Дала) д1акхалхориг (оцу г1еметтах1оттаран а , къанваларан а хенал) хьалха . (Дала и до) Шу кхачийта ц1етоьхначу (дозатохарца билгалйинчу даларан) хене . Шу (Шен билгалонашца Ша цхьаъ хиларха) кхетийтархьама (кхетар дацар те шу)
68.Иза ву , Ша денвийриг а , кхалхориг а . Ткъа Ша (цхьана) белхан (г1уллакхан иза дан) кхелйича (сацамбича) , баккъалла а Цо олу цуьнга :»Хил» - т1аккха иза (дукха чехка , цхьа а хало йоцуш) хуьлу
69.Хьуна ца гина шаьш Аллах1ан билгалонашкахь къуьйсурш ?! Уьш (бакъонах) д1а муха (сте) хьовзабо-те ?!
70.шаьш харцдина (болу) жайна (къуран) а , Оха Тхайн элчанаш шеца (ша дохьуш) бахкийтинарг а , царна хуур ма ду (шаьш и харцдаран та1зар муха ду)
71.Церан кочахь (логах) буржалш (г1оьмаш) а , (когах) барголаш а хирдолчу хена , уьш текхор бу
72.Кхехкийна (ц1ийдина) хи чу , т1аккха ц1ергахь багор бу уьш
73.Цул т1аьхьа царга (бехкбоккхуш) эра ду :»Стенгахь (мичахь) ду аша ша (Делаца) декъашховина хилларг
74.Аллах1 (1ад) витина ? « . Цара (жоп даларца) эра ду: » Тилла (къайлабевлла) уьш тхоьх (тхуна гац уьш). Бакъ долуш , тхо дан а ма дацар х1умане кхойкхуш хьалха . Иштта (уьш санна некъах , кхетамах) тилабо Аллах1а керстанаш
75.(шуна) Иза (1азап) - шу лаьттахь (цхьа а) бакъо йоцуш хазахеташ хиларна а , даккхийдеш (г1аддахан) хиларна а ду
76.Жоьжахат не1арш чуг1о шу , (шаьш) гуттаренна а цучохь лаьтташ . Куралъечеран боьрзийла вон ю
77.Сатоха (собаре хила) ! Баккъалла а , (царна 1азап даран) Аллах1ан ч1аг1о бакъ (ма) ю . Оха хьоьга (хьо дийна волш) гайтахь Тхаьш царна ч1аг1оечух цхьадерг , я Оха хьо (царна 1азап далале хьалха) д1акхалхавахь , Тхоьга берзор (ма) бу уьш (т1аккха Оха буьрса 1азап лур ма ду царна)
78.Бакъ долуш , Оха хьажийна хьоьл хьалха элчанаш .Царех Оха хьоьга бийцинарш бу , (иштта) царех Оха хьоьга ца бийцинарш (бийцаза берш) бу . (царех цхьанне а) Элчана бакъхьа дац (бакъо яц) билгало ялон Аллах1ан пурбанца бен (х1унда аьлча уьш лай болун дела). Ткъа Аллах1ан омру деача , бакъонца кхелйийр ю , цигахь (эццахь) оьшур бу (дин) харцдийраш
79.Аллах1 ву Ша шуна хьайбанаш (даьхний , бежнаш) кхоьллина ; царех (цхьадерш) шуна хахка (т1еховжа) , (иштта) царех (кхиндерш) шуна даа
80.Шуна цаьргахь (кхин а шортта) пайданаш ду . (иштта Оха кхоьллина уьш шуна) Шу кхачийта (кхиийта) царна т1ехь шайн кийранашкара хьаште . Цаьрна т1ехь а , х1ордкеман т1ехь а д1ахьо (д1адуьгу) шу
81.Цо шуна гойту Шен билгалонаш . Аллах1ан билгалонашха муьлха юхатуху аша ?! (х1уьттаренна а , кураллийна а ца тохахь шун юхатоха х1ума ма дац)
82. Уьш ца лелла лаьттахула (дуьненахь та1зарш дина меттигашкахула) , шаьш (дегнашца) хьовса (шайна га , гича ойла ян) шайла хьалха хилчеран (керстаналла бахьан долуш) белхан чаккхе муха хилла ?! Уьш (ма) бара царел дукха а , ницкехь а , (шаьш бехачу) лаьттахь (йинчу г1ишлойн) ларашкахь а мелла а ч1ог1а . Амма цо , цара гулдеш хиллачо , (Тхан 1азап деанчу хена) уьш хьалха (к1елхьара) ца бехи (цуьнах)
83.Ткъа шайга билгалонашца шайн геланчаш баьхкинчу хена , шайгахь долчу 1илманах (шаьш сонта хиларна) баккхийбийра уьш (дозалла дира цара) . (т1аккха) Царна т1едоьссира (царна т1едеара) уьш шех кхаьрдаш (цабешаш , цара сихдеш) хилларг
84.Ткъа шайна Тхан (та1зар даран) ницкъ гинчу хена , цара элира :»Тхо (х1инца) тийши Аллах1ах – Цуьнах цхьаннах , оха керстаналла ди тхаьш шеца декъашхо веш хилчунца»
85.Дацара царна пайда беш церан ийман (тешар) Тхан ницкъ царна гинчу хена . (иштта дара) Аллах1ан ламаст , ша Цуьнан (царел а хьалха хиллачу) лешкахь д1адахан долу . Ийшира цигахь керстанаш .

 

 
 

Content-Disposition: form-data; name="f" koran/tidar