Тидар 


41-Сурат Фуссилат (Билгалдина)
(Маккхаь доьссина , 54 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу


 

1.Хьа , мийм .(Аллах1 т1ех дика хууш ву Шена царех луург)
2.(х1ара) Дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчун доссор (ду)
3.(х1ара) жайна - 1арбийн къур'анахь – шен аяташ хуучу нахана билгалдина ду
4.(ша) Кхаъбоккхуш а , кхерамтосуш а . (амма) Царех дукхах берш (куралла йина) д1абирзина (цуьнах) , (цундела) уьш хезаш бац (иза)
5.Цара элира :"Тхан дегнаш ахь тхо шега кхойкхучух пардонашкахь (хьулдаршкахь) ду , тхан лергашкахь къоралла ю . Ткъа тхуна а , шуна а юккъехь (пардо ду) дуьхьало (динан башхо) ю . (хьайн дин кхайкхорехь) Г1уллакх де ахь , баккъалла а тхо а ду (тхайниг кхайкхорехь) г1уллакх деш"
6.Ахьа ала (цаьрга):"Со адам ма ду шух тера , соьга (Аллах1а) хьоьху , баккъалла а шун Дела цхьа Дела ву (аьлла) . Шу д1анисло Цуьнга , аша гечдар деха Цуьнга . Бала бу-кх (Аллах1аца) декъашховечарна"
7.Шаьш закат луш боцчу , уьш - эхартаца шаьш керстанаш бу
8.Баккъалла а шаьш имдиллина , дика 1амалаш йинарш , царна - хедар (эшаме) йоцу ял ю
9.Ахьа ала :"Баккъалла а шу ду ткъа шаьш (цатешаш) керстаналла деш а - Ша шина дийнахь латта кхоьллинчунца - шаьш Цуна декъашхой (тернаш) беш а ?! Иза - 1аламийн Дела (паччахь) ма ву"
10.Цо дина цу (лаьтта) чохь (лекха) лаьмнаш , цуьнан (букъ) т1ехула . Цо (беркат) токхо йина цу (лаьтта) чохь . Барам а х1оттийна Цо цу (лаьтта) чохь цуьнан (лаьттан) кхачанашан , деа дийнахь , хоьттучарна цхьатерра (цхьабосса)
11.Т1аккха вирзира Иза стигал т1е , яра иза (стигал) к1ур (хин 1а) . Цо элира цуьнга (стигале) а , лаьтте а :"Схьадола шушиъ (шаьшшинчохь мел кхоьллинчуьнца сан омре) лаамца я лаамза" Цу шиммо элира :"(бакъ долуш) Тхо даьхкина лаамца (кхайкхамна жоп делла)"
12.Цо уьш (кхочуш) йира варх1 стигал шина дийнахь . Хьийхира Цо массо а стиглахь цуьнан (стиглан) омра (декхар). Оха кечйира гергара (юххера) стигал чиркхашца (седарчашца)а , ларъярца а . Иза нуьцкъалчуьн , (къайленаш) хуучуьн кхоллам бу
13.Ткъа уьш (ийманах) д1аберзахь ахьа (цаьрга) ала :"Аса шун кхерамтесна стелахаьштигца (буьрсачу 1азапца) , 1адан а , Самудан (къам) а (х1аллак дарца тоьхначу) стелахаьштигах терачу
14.Элчанаш (геланчаш) баьхкира царна хьалхахула а , царна т1ехьахула а (массо а аг1ор , шаьш цаьрга олуш) :"Аша лолла ма де Аллах1ан бен !" Цара элира :"Тхан Далла лиънехь Цо малийкаш диссор ма дар . Баккъалла а тхо , шу шеца дахкийтанчуьнца , керста ма ду"
15.Амма 1адаш , (дозалла дира шайн ницкъаха) куралла йира цара лаьттахь (ян) бакъо а йоцуш . Цара элира :" Мила ву ницкъехь тхоьл (т1ех) ч1ог1аниг ?!" Царна ца гина (ца хаа) , баккъалла а Аллах1 , Ша уьш кхоьллина волу - Иза ницкъехь царел (шайла) ч1ог1а хилар ?
Уьш бара тхан билгалонаш юхаетташ (къобал ца еш)
16.Оха хьажийра царна т1е шийла (шакаре) мох доьхначу (духахьадаьллачу , цахедачу) дийношкахь , царга 1авшийтархьама сийсазлон 1азап дуьненан дахарехь , эхартан 1азап -(цул) сов (кхин а ч1ог1а , т1ех) сийсаз ду , царна (цхьаммо а) г1о дийр дац (цуьнах уьш хьалхабахар т1ехь)
17.Амма Самудаш (къам) , Оха нийсачу (билгалчу) новкъа бехира уьш , ткъа царна езаелира (цара хаьржира) б1арзалла нийсонан (бакъонан) метта , т1аккха схьалецира уьш аьшнечу (сийсазчу) 1азапан стелахаьштиго , цара гулдеш (деш) хилларг бахьанехь
18.Оха к1елхьарбехира (1азапах) шаьш имдиллинарш а , (Аллах1ах) кхоьруш хилларш а
19.Аллах1ан мостаг1ий (жоьжахатан) ц1ере г1овтточу (гулбечу) дийнахь , уьш (хьалхара) лохкур бу (жоьжахате)
20.Уьш цуьнга (ц1ерга) баьхкича , царна дуьхьал тешалла дира церан хазаро (лергаш) а , церан б1аьрсинош (б1аьргаш) а , церан чкъоьраш (меженаш , дилханаш) а цара деш хилларг бахьанна
21.(т1аккха) Цара элира шайн чкъоьрашка :"Х1унда ди аша тхуна дуьхьал тешалла ?!" Цара (чкъоьраш) элира :"Аллах1а дистхилийтара тхо , Ша массо х1ума а дистхилийтина волчу . Цо кхоьллина шу дуьххьара (дуьненахь) , Цуьнга дерзор а ду шу"
22.Шу дацара хьуллур (къайладевр) долш - шайн хазаро а , шайн б1аьрсинош а , шайн чкъоьраш а - шайна тешалла дарха . Амма шуна моьттира , баккъалла а Аллах1 хууш вац дуккха а аша дечух (лелочух а дерг)
23.Цо – шун моттаро , ша шайн Делаца шуна моьттина долу – х1аллак ди шу, т1аккха шу хилира эшначарех
24.Ткъа цара (жоьжахатан ц1еран 1азапна) сатохахь (я ца тохахь) а , жоьжахате церан х1усам (буьссийла) ю . Ткъа цара (шаьш дуьненчу юхабахкийтар , къинхетам , Дела) реза хилар дехахь (шайн бехказлонаш гучуйохуш) , уьш бац шайна реза хиллачарех
25.Оха т1ех1иттийра царна (шайт1анашха) накъостий , ткъа цара хаздира царна ша церан хьалхарниг (карар хьал) а , церан т1ехьарниг (д1адахнарг) а . Т1аккха царна т1ехь хьакъ хилир - царел хьалха жинех а , адамех а долчу къаьмнашна хилла – (1азапан) дош . Баккъалла а уьш , эшнарш хилира
26.Шаьш керстаналла динчара элира :»Аш ла ма дог1а х1окху къур'ане , аш (эрна) багаетта цуьнгахь , (т1аккха) шу тола мега «
27.Ткъа Оха , шаьш керстаналла динчаьрга 1овшуьйтур ма ду (цахеда) буьрса 1азап , Оха цаьрна бекхам бийр ма бу , ша цара деш хиллачу уггар вочуьнца (ирчачуьнца) .
28.Иза Аллах1ан мостаг1ийн бекхам бу – ц1е . Цаьрна цу чохь гуттарен х1усам ю , бекхамна - уьш Тхан аяташ духадетташ хиларна
29.Шаьш керстаналла динчара элира : » Х1ай тхан Дела ! Ахьа гайтахь тхуна шаьшшиммо тхо тилийна – жинех а , адамех а (волу и шиъ) , оха вуллур вара и шиъ тхайн когаш к1ела , хилийтархьама и шиъ лахарчарех
30.Баккъалла а шаьш » Тхан Дела Аллах1 ву » аьлла , цул т1аьхьа (цу т1ехь) нисбелларш , (уьш лечу ханна) царна т1е (къинхетаман) малийкаш дуьссу : » Шу ма кхера (шаьш т1ег1учух) , г1айг1ане ма хила (шаьш дитинчунна) , даккхийде (кхаъ бу шуна) ялсаманах , ша шуна (дуьненахь) ч1аг1о еш хилйолчу » (олуш)
31.Тхо шун гергарнаш (верасаш) ду дуьненан дахарехь а , эхартахь а . Шуна цу (ялсаманий) чохь - шун синош (дог1маш) шега са мел тосург ду , шуна цу чохь – ша аша мел доьхург ду
32.(хьешан) Кхачанна (ша болу) гечдечуьнгара , къинхетамечуьнгара
33.Мила ву тоьлуш (т1еххаза) дашца (аларехь , къамелехь) , ша Аллах1е кхайкханчул а , дика 1амал йинчул а , ша аьллачул а : » Баккъалла а со бусулбанех ву »
34.Цхьатерра (бекхамехь цхьабосса) дац (ца хуьлу) дика а , вон а , ахь духатоха (цуьнан вон , сонталла) ша – и тоьлуш долчуьнца (т1еххаза г1иллакхца), т1аккха ша хьуна а , шена а юккъехь мостаг1алла дерг хир ву , баккъалла а ша волуш санна (хьан) гергара (хьомсара) хьаша
35.И (хаз г1иллакх) ца ло шаьш (халонаш) лайначаьрна (сатоьхначарна , собаре хиллачаьрна) а бен , и ца ло доккха дакъа (ял , мела) долчунна а бен
36.Нагахь санна шайт1анера (вониг хаздар) вон ойла хьуна т1еяг1ахь , Аллах1аца ларвалар лах (деха) ахьа , баккъалла а Иза - хезарг , хуург ву
37.Цуьнан билгалонашха ду буьйса а , де а , малх а , бутт а . Аш сужуд ма де малхана а , баттана а , аш сужуд де Аллах1ана , Ша уьш кхоьллина волчу шу делахь Цунна лолла (1ибадат) деш
38.Ткъа цара (сужуд дан) куралла (дазалла) яхь , шаьш хьан Далла гергахь дерш (малийкаш) – цара теспахь до Цунна (ц1анво Иза) буьйсанна а , дийнахь а шайна ца к1ордош (г1елдалар , х1оттар доцуш)
39.Иштта Цуьнан билгалонашха ду баккъалла а хьуна латта декъа гар , ткъа Оха цунна т1е (дог1ан) хи доссийча , (ораматашца) меттахделира , (ораматашна) севсира иза . Баккъалла а Ша иза дендинарг , белларш денбийриг ма ву . Баккъалла а Иза массо а х1уманна т1ехь ницкъберг ма ву
40.Баккъалла а шаьш Тхан аяташ харцдийраш , Тхоьх (Тхан бекхамах) къайлабевр бац уьш . Ткъа ша жоьжахата кхуссург г1оли ву , я ша къемата дийнахь (1азапах) маьрша вог1ург ву ?! Шайна луъург де аш , баккъалла а Иза аш ша дийриг гуш ма ву
41.Баккъалла а шаьш керстаналла динарш хьахорца (къур'анца) , шайна иза деанчу хена (царна бекхам хир бу) . Баккъалла а иза сийлахь жайна ма ду
42.Цуьнга ца дог1у харцдерг , цуьнан хьалхахула а , цуьнан т1ехьахула а (цхьанне а аг1орхьара) . (иза) Кхетамечуьнгара , хастамечуьнгара доссор ду
43.Хьога алац (ца олу) , бакъ долуш ша хьоьл хьалха элчанашка аьлларг бен . Баккъалла а хьан Дела , гечдар долуш а , лазон 1азап долуш а ма ву.
44.Оха иза динехьара (1арбийн маттахь доцуш) кхечу маттара къур’ан , цара (1арбаш) эра ма дара : »Цуьнан аяташ (тхуна 1арбийн маттахь) билгалдинехьара» . Кхечу маттара (къур’ан) а , 1арбийн (элча) ай ? Ахьа ала : »Иза шаьш (Делах) тешначаьрна - нийсо а , дарба а ду . Ткъа шаьш цатешарш – церан лергашкахь (ч1ог1алла) къоралла ю (царна хазац иза) , иза царна т1ехь б1арзалла ю (цундела ца кхета уьш). Уьш (тера бу шаьш) кхойкху (чаьрга) генарчу меттера .
45.Бакъ долуш Оха деллера Мусана жайна , ткъа (нах) бекъабелира цуьнгахь . Хьан Делера (хьесап къемат дийне таттаран) дош хьалха ца даьллехьара (сецна дош дацахьара), царна юккъехь (Цо) кхел йина хир ма яра . Баккъалла а уьш (харцдийраш) , цуьнах билгалчу (тешамбойъучу) шеконехь ма бу .
46.Ша дика 1амал йинчо , шен дег1ана (йина). Ткъа ша вон динчо , цунна (шен дег1ана дина). Хьан Дела ма вац , (Шен) лешна зуламе .
47.Цуьнга дерзадо (къемат де х1оттар) са1атан 1илма (хаар). Стоьмаш шен баттарчашкара (кедалгашкара) ара а ца довлу , сте доьзалх а ца хуьлу , (я) цо бер а ца до Цуьнан 1илманца (хаарца) бен . Цо уьш кхойкхучу дийна : »Стенгахь бу (аша Суна бина) Сан декъашхой ?! » цара эра ду : »Оха д1ахаийтина Хьоьга , тхоьх (ва) ма вац (оцу т1ехь цхьа а) теш » .
48.(эхартахь) Царех къайладелира ша цара хьалха (дуьненахь) кхойкхуш (шена лолла деш) хилларг . Т1аккха тийшира уьш , шайн ца хиларх (1азапах) бовдийла
49.Адаманна к1орда дац (к1ад лац) дика дехар , ткъа шех вон хьакхаделча – догдиллина , саб1арзделла (дог ца дохуш) ду (иза)
50.Ткъа Оха шега Тхайгара къинхетам 1овшийтача , шех хьакхаделчу вонал (зенал) т1аьхьа , цо ала ма олу :»Х1ара суна (къахьегарна) ду . Со ца теша са1ат х1оттарх . Ткъа со (иза х1оьттина) сан Деле верзавахь , баккъалла а сан Цуна гергахь (ялсаманан) дика ма ду «
Оха д1ахоуьйтар (д1адовзуьйтур) ма ду шаьш керстаналла динчаьрна цара динарг , Оха царга 1овшуьйтур ма ду буьрсачу 1азапах .
51.Оха адаманна (массо а кепара) зовкх делча , (Оха кхойкхучух) д1а а доьрзу (иза) , (кураллийца жоп даларна) гена а долу . Ткъа шех вон хьакхаделча , (иза) шуьйра (деха , доккха) дехар (до1а) долуш ду .
52.Ахьа (х1ай Мухьаммад) ала:» Шуна гиний (дийцийша соьга х1ай адамаш) иза (аш харцдийриг) хилча Аллах1ан гергара , т1аккхха аша цуьнца керстаналла дича , мила ву т1ех тилла генарчу (к1орггерачу , бакъ долчух) эг1арехь волчул а ?! »
53.Оха гойтур ю цаьрна Тхайн билгалонаш анашкахь а , церан дог1машкахь а , цаьрна билгалдалийта баккъалла а иза (къуран) хьакъ хилар . Тоьар дац ткъа хьан Далла (цара Иза бакъ ван) , баккъалла а Иза массо а х1уманна т1ехь теш хилар ?!
54.Х1ей! Баккъалла а уьш , (г1овтта а бина) шайн Далла дуьхьалкхетарха (х1иттарха) шеконехь бу . Х1ей! Баккъалла а Иза , массо а х1уманна (хаарца , довзарца) гобина (голаьцна) ву .