Тидар


42 - Сурат Ашшура (Кхеташо , дагадийлар)
(Маккахь доьссина ‚ 53 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болун къинхетаман Да волчу


 

1.Хьа , мийм
2.1айн , сийн , къаф (Аллах1 т1ех дика хууш ву х1окху элпашха Шена луург)
3.Иштта хьан а , шаьш хьоьл хьалха хилчеран а дагчу хьоьху сийлахьчу , кхетамечу Аллах1а
4.Цуьнан ду ша стигалшкахь а , лаьттахь (мел) дерг . Иза ву лекханиг , везаниг
5.Стигалш герга ю шаьш ят1а цаьрна т1ехула . Малийкаш теспахь до шайн Дела хасторца , цара гечдар доьху лаьттахь (мел) болчаьрна . Х1ей ! Баккъалла а Аллах1 , Иза гечдийриг , къинхетамениг ву
6.Шаьш Иза воцург верасаш (ц1уй) лецнарш , Аллах1 терго еш ву церан . Хьо ма вац цаьрна т1ехь векил
7.Иштта Оха хьан дагчу хьехна 1арбийн къуран , хьоьга кхерамтасийта яртийн нанна (Маккийна) а , цуна гонаха болчаьрна а , шегахь шеко йоцчу гуламан дийнах кхерамтасийта а . (цхьа) Тоба ялсаманахь , (важа) тоба жоьжахатахь (хир) ю
8.Аллах1ан лиънехь , Цо царех цхьа (дин) тоба йийра яра . Амма Цо Шен къинхетам чувалаво Шена луург . Ткъа зуламхой ,
церан вац (доладан) верас а , вац г1оьнча а
9.Я Иза воцург верас лаьцна цара ?! Ткъа Аллах1 , Иза ма ву верас , Иза ву белларш денбеш , Иза ву массо а х1уманна т1ехь ницкъберг
10.Шу шегахь декъаделла х1ума , цуьнан кхел Аллах1е ю . Иза , Аллах1 - сан Дела ву . Цун т1етевжина со . Цуьнга воьрзу со (массо а хьолехь)
11.(Иза) Стигалш а , латта а кхоллинарг (ву) . Цо шуна шух а кхоьллина теранаш (зударий) , хьайбанашха а (царех) теранаш . Цо дебош (кхуллуш) ду шу цу (кийр) чохь . Цуьнга тера х1умма а дац . Иза хезашверг , гушверг ву
12.Цуьнан ду стигалшин а , лаьттин а дог1анаш . (зуьйш) Шена луучунна рицкъана комаьршо а йо Цо , гат (духаоза) а до Цо (иза) . Баккъалла а Иза массо а х1ума хууш ву
13.Цо шуна т1едиллина (билгардарца гучудаьккхина) динах , Ша шеца Нухьан весет динарг а , Оха ша хьан дагчу хьехнарг (теснарг) а , Оха шеца Ибрах1имна а , Мусана а , 1ийсана а весет динарг а :"Аша д1ах1оттаде дин . Декъа ма ло шу цуьнгахь" . (Делаца) Декъашхойбечарна даздели (доккха хили) , ахьа шаьш шега (цхьаъваре) кхойкхург . Аллах1а хоржу (къаставо) цуна (динна) Шена лууш верг , Цо нис а во цуьнга ша т1евоьрзург
14.Уьш бекъа ма ца белир , шайга 1илма деанчул т1аьхьа бен , вовшашца (йолчу) хьог1ана . Хьан Делера сецна дош дацахьара ц1етоьхначу ханналца , цаьрна юккъехь кхел йина хир яра . Баккъалла а царел т1аьхьа жайна шайга делларш , билгалчу (тешамбойъучу) шеконехь ма бу
15.Цуьнга кхайкха ахьа , д1анисло хьо (цу т1ехь) хьайга омур ма дарра , хьо т1аьхьа ма х1отта церан лаамашна . Ахьа ала :" Со тешна Аллах1а жайнах доссийначух . Соьга омар дина шуна юккъехь нийсо ярца . Аллах1 тхан Дели а , шун Дели а ву . Тхуна тхан 1амалаш ю , шуна шун 1амалаш ю . Дов дац тхуна а , шуна а юккъехь . Аллах1а (къемата дийнахь) д1агулдийра ду вай . Цуьнга ду (вайн) дерзар"
16.Шаьш Аллах1ан (дин) хьокъехь (элчанца) къуьйсурш , Цуна (цхьаболчара) жоп делчул т1аьхьа , церан дов (хетарг) харц ду церан Далла гергахь . Царна т1ехь оьг1азалла а ю , буьрса 1азап а ду царна
17.Аллах1 ву , Ша бакъонца жайна а , (нийсонан) терза а доссийнарг . Хьуна сте хоуьйту , (къемата дийнан) хан герга хила ма тарло !
18.Иза (хан) сихйо шаьш цуьнах цатешачаьра (цабашарца) . Шаьш тешнарш , цунах кхоьруш бу . Царна хаа , баккъалла а иза (х1оттар) бакъ хилар . Х1ей ! Баккъалла а шаьш хенан хьокъехь (шек хиларна) къуьйсурш , генарчу тиларчохь ма бу
19.Аллах1 к1еда-мерза ву Шен лешца . Шена луучунна (эвсара) рицкъа ло Цо . Иза ву онданиг , нуцкъалниг
20.Ша эхарт д1адер (мела баккха) лууш хилларг (милла велахь) , Оха соввоккху иза шен д1адерехь (мелехь) . Ткъа ша дуьне д1адер лууш хилларг , Оха ло цуна цуьнах (дакъа) , амма дац цуна эхартахь (цхьа а) дакъа
21.Я декъахой бу церан , шаьш (шайгара) царна динах т1едиллина Аллах1а ша ца магийнарг ?! Къасторан (ханйиллина) дош ца сецнехь , (сихонца) кхел йийра ма яра царна юккъехь . Баккъалла а зуламхой , царна лазон 1азап ду
22.(къематдийнахь) Зуламхой го хьуна шаьш динчух (вонах) кхоьруш , иза (та1зар) царна т1едуссуш . Ткъа шаьш ийман а диллина , дика 1амалаш йинарш , ялсаманин бешахь (хир) бу . Царна шайн Далла гергахь , ша царна луург ду . Иза йоккха комаьршо ю
23.Иза ду , ша - шаьш ийман а диллина , дика 1амалаш йинчу Шен лешна - Аллах1а кхаъбоккхург . Ахьа ала :" Аса шоьга ехац цу(кхайкхам) т1ехь ял (мах) , гергарнаш (уллернаш) безар бен " . Ткъа ша дика дийриг , Оха иза соввоккху цуьнгахь диканца . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , баркалле верг ву
24.Я цара олу :"Цо (Мухьаммада) Аллах1ан т1ехь харцо кхоьллина" ?! Ткъа (иза бакъ хилла) Аллах1ан (хьо сацон) лиъча , хьан дагт1е мух1ар тухур ма дара Цо , харцдерг д1адойъур (д1адоккхур) ма дара Аллах1а , Шен дешнашца бакъдерг ч1аг1дийр ма дара Цо . Баккъалла а Иза кийранаш (дегнаш) чохьдерг хууш ву
25.Иза ву , Ша къобалдеш Шен лешкара тоба , вонашна къинт1ера волуш . хууш ша аша дийриг
26.Цо жоп а ло шаьш ийман а диллина дика 1амалаш йинчаьрна , сов а боху Цо уьш Шен комаьршонах . Ткъа керстанаш , царна буьрса 1азап ду
27.Аллах1а Шен (массо а) лешна рицкъан шорто йича , зуламе (1еса) хир ма бара уьш лаьттахь . Амма Цо доссадо (иза) Шена луучу барамехь . Баккъалла а Иза , Шен лешха дерг хууш , гуш ву
28.Иза ву , цара (дарах) догдиллинчул т1аьхьа Ша дог1а доуьйтург а , Шен къинхетам баржориг а . Иза ву 1уьналдийриг , хастамениг
29.Цуьнан билгалонашха ду стигалш а , латта а кхоллар , цаьршина чохь дийнатах Цо (мел) даржийнарг а . Иза уьш (г1овтторна) гулдаран т1ехь , Шена лиъча ницкх кхочуш ву
30.Шуна т1е беана бала , шун куьйгаш динчунна (дуьхьа) бу . (амма) Дукхах долчунна къинт1ераволу Иза .
31.Шу ма дац (Аллах1) г1орасиз вийрволуш лаьттахь , шун ма вац Аллах1 воцург 1уьналча а , г1оьнча а
32.Цуьнан билгалонашха ду - лаьмнаш санна (даккхийн) долу х1ордахула леларш
33.Шена лиъча мох лаг1бо Цо , т1аккха уьш лаьтта (дуьсу) х1иттана (севцина) цуьнан (х1ордан букъ) т1ехула . Баккъалла а цуьнгахь билгалонаш ю массо а (халонехь) собаречуна , (парг1атонехь) баркаллечуна
34.Я хихдог1уьйту Цо уьш (х1ордкеманаш) цара динчуна (дуьхьа) . (амма) Дукхах долчунна къинт1ераволу Иза
35.Шаьш Тхан билгалонашкахь къуьйсучаьрна хаийла - церан яц лочкъийла
36.Шуна (Дала) делла (массо а) х1ума - дуьненан дахаран зовкх ду . Ткъа ша Аллах1ан гергахь дерг тоьлуш (г1олий) а ду , дуьсуш а ду шаьш ийман а диллина шайн Далла т1етевжачаьрна а ,
37.Даккхийн къинойх а , бакъхьара доцучарех а шаьш генабовлучаьрна , ткъа шаьш (цхьанна) оьг1азбахча - шаьш гечдечаьрна а ,
38.Шайн Далла шаьш жопделлачаьрна а , ламаз х1оттийначаьрна а , шайн г1уллакх шайн юккъехь дагабовларца долчаьрна а , Оха шайна деллачух харжъечаьрна а
39.Шайна т1е зулам деъча , шаьш ч1иръоьцучаьрна а
40.Ткъа вон бекхам и санна вониг ду . Амма ша къинт1ераваьлла , масла1ат динарг - цуьнан ял Аллах1ана т1ехь ю . Баккъалла а Аллах1ан безац зуламхой
41.Ткъа ша д1адекхнарг (милла велахь) , шена зулам динчул т1аьхьа , уьш - царна т1е (кховда) некъ бац
42.Баккъалла а (та1заран) некъ , шаьш нахана зуламдечарна т1е а , бакъо а йоцуш лаьттахь т1ехбуьйлучарна т1е а бу . Уьш - царна лазон 1азап ду
43.Амма ша собаре а хилла , гечдинарг (милла велахь а) - баккъалла а иза хазчу г1иллакхашха ма ду
44.Ткъа Аллах1а ша тилориг (милла велахь а) , цуьнан вац цул т1аьхьа (цхьа а) доладийриг . Зуламхой го хьуна , шайна (къемата дийнан) 1азап гинчу хена шаьш олуш :"(дуьненчу) Юхадерза (цхьа а) некъ буй-те ?"
45.Хьуна гур бу уьш , цу (жоьжахатан) т1ех1иттош , сийсазлонна (шаьш) кхерабелла , къайлаха б1аьрг бетташ . Шаьш тешначара элира :"Баккъалла а зен хилларш , шаьш къемата дийнахь шайн дог1машна а , шайн доьзалшна а зен динарш бу" Х1ей ! Баккъалла а зуламхой , гуттар лаьттачу 1азапехь бу
46.Ца хилла церан г1одаккхархой (верасаш) , царна г1одеш , Аллах1 воцург . Ткъа Аллах1а ша тилориг (милла велахь а) , цуьнан бац (нисвала цхьа а) некъ .
47.Жоп ло шайн Далла , Аллах1а ша юхатухар доцу (къемата) де (шайна) т1едале хьалха . Оцу дийнахь шун яц лочкъийла . Шун дац т1ецаэцар
48.Уьш д1аберзахь , Оха хьо ваийтина ма вац царна т1ехь (церан 1амалаш) ларъярхо . Хьуна т1ехь ма дац , (дин) д1акхайкхор бен . Баккъалла а Оха адамега Тхайгарчу къинхетаман чамбаккхийтача , доккхадуьй иза цуьнах , ткъа шайна т1е вон деача , церан куьйгаш динчунна (бахьанна) , баккъалла а адам керста ду (карзахдолу)
49.Аллах1ан ду стигалшин а , лаьттин а паччахьалла . Шена лууш дерг кхуллу Цо . Шена луучунна стеш ло Цо , Шена луучунна боьршанаш ло Цо .
50.Я эбо Цо уьш боьршанаш а , стеш а (баларца) . Шена луург бер цахуьлуш во Цо . Баккъалла а Иза хуург , ницкъберг ву
51.Аллах1 шеца вистхила йиш яц адаман - дегхьехамца , я пардонан т1ехьара , я Ша элча ваийтарца бен , ша хьоьхуш Цуьнан (Аллах1ан) пурбанца Цуна луург . Баккъалла а Иза лекханиг , кхетамениг ву
52.Иштта Оха хьан дагчухьехна Тхайн омрунца къур'ан . Вацара хьо хууш жайна х1ун ду а , вацара ийман (х1ун ду) а . Амма Оха дина иза (къур'ан) нур , Оха шеца Тхайн луург Тхан лешха нисвеш . Баккъалла а ахьа нис ма во нийсачу новкъа
53.Аллах1ан новкъа , Ша - стигалшкахь а , лаьттахь а (мел) дерг - Шен долуш волу . Х1ей ! Аллах1е доьрзу белхаш