Тидар


44 - Cурат Аддухан (К1ур)
(Маккахь доьссина , 59 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетам Да волчу
 

1.Хьа , мийм (Аллах1 т1ех дики хуъуш ву цунах Шена луъург)
2.(массо х1ума) Билгалдинчу жайнаца (къур-анца) дуй буъу
3.Баккъалла а , Оха доссийна иза беркате (лайткъедар) буса . Баккъалла а , Тхо кхерамца (адаманна пайден а , зене а дерг) д1ахоуьйтуш дара
4.Цу (буьйсана) чохь (билгалбарца) къаста бо (шеран) массо а (хирболу) кхетаме (хуьйцур боцун) сацам(аш)
5.Тхуна гергара (билгалчу) сацамца . Баккъалла а , Тхо дара (адамашна геланчаш) хьажораш
6.Хьан Дела (адамашка болчу) къинхетамна . Баккъалла а , Иза (церан къамелаш) хезаш , (цара лэлориг) т1ех дика хуъуш ву
7.Стигалшин а , лаьттин а , цаьршина юкъахь (мел) долчун а Дела волу , (Цунах) шу тешаш хиллехь (элчанах теша)
8.(цхьа а) Дела вац Иза бен , ден веш (кхуллуш) а , кхалхош а (волу) , шун Дела ву (Иза) , хьалха д1абаханчу шун дай Дела ву
9.Бакъ долуш , уьш (г1овториг хиларха) шэконехь (хьоьх кхардарца) ловзуш (1аьш) бу
10.Ахьа (собарца) ларде (х1ай Мухьаммад) , стигал билгалчу к1уранца йог1ур йолун (хала) де
11.Ша (массо) адамаш хьулдеш , (царга эра ду :) "х1ара (к1ур) лазош 1азап ду"
12.(цара эра ду :) "Х1ай тхан Дели тхоьх 1азап д1аайбахь , баккъалла а , тхо (х1инца) ийманехь (хир) ма ду ! "
13.Мичара хир бу царна хьехам (х1ун пайда бу цуьнах , 1азап т1ех1оьттина даьлчи) , бакъ долуш царна (бакъ дерг) билгала (деш) элча ма веана
14.Цул т1аьхьа цунах (элчанах) букъ туьйхира цара , цара элира : "шена (адамаш) хьехна , (я) жинашца тайна (сонта стаг) ву (Мухьаммад)
15.Баккъалла а , Оха жимма 1азап д1аайбичи , баккъалла а , шу юхудоьрзу (шайн керсталле)
16.(ахьа хьахаде) Тхаьш доккха та1зар дечу дийнахь , баккъалла а , Оха (цаьргар) ч1ир оьцур ю
17.Бакъ долуш , Оха зийна царал хьалха Фир1авн (а , цуьни) къам (а) , (Далла гергахь) лераме элча (Муса-пайхамар) веара царна
18.(цо царга элира :) "Схьахеца соьца Аллах1ан леш , баккъалла а со , шуна тешаме элча ву " ,
19."Аллах1ана куралла ма йе , баккъалла а со шуна веана билгалчу (т1етовжа йиш йолу) бухца" ,
20."Баккъалла а со 1алашло сайн Делаци а , шун Делаци а аш тулгаш тохарха "
21."Шаьш соьх ца тешахь , со (новкъарло ца еш) маьрша вита"
22.(ткъа уьш бакъоне ца бирзичи) Шен Деле кхайкхира цо , баккъалла а х1ара зуламе къам ду (аьлла)
23.(Дала жоп луш элира:) " Хьо ара вала (д1аг1о) сан (бусалба) лешца буса (са тасале) , баккъалла а (уьш) шуна т1аьхьа бевр бу
24.(хьо х1ордах чекх ваьлчи) Х1орд ша ма барра (тийна , биэкъа белла) 1ад бита , баккъалла а уьш (Фир1авн а , цуьни къам а) , хин буха г1ур болун б1ахой бу
25.Мел дукха бошмаш а , шовданан татолаш а ,
26.Ялташ а , лераме даржаш а ,
27.Шаьш шегахь зовкх хьоьгуш хилла (дахаран) ни1маташ а буха дитина цара
28.Иштта , Оха и (бахамаш) кхачийра (царал т1аьхьа) кхиэчу къаьмнашна
29.Царна т1аьхьа (хала хетна) ца йилхира стигал а , латта а , (тоба дан) т1аьхьа ца теттира уьш
30.Бакъ долуш , Оха хьалха бехира Исраилан бераш (т1аьхье) сийсазчу 1азапах ,
31.Фир1авнах , баккъалла а , т1ехбевллачарах лакхаваьлларг вара иза
32.Бакъ долуш Оха хаьржира (Исраил бераш) уьш (Тхайна) хаъарца (уьш хьакъ хилар цу т1аьхь оцу заманан) халкъашха
33.Оха елла царна , шегахь билгала зер долун билгалонаш
34.Баккъалла а , х1окхара (керстано) олу :
35."И (далар) ма дац , тхан хьалхара далар бен , тхо ма дац (цул т1аьхьа) г1иттор долш " ,
36."Аша схьабалабе тхан дай (ден бай) , шаьш бакъ лиэхь (тхо ден дийра хиларехь)"
37.Уьш тоьлу , я Тубба1 къам а , шаьш царал хьалха хилларш а (тоьлу) , Оха х1аллак бина уьш , баккъалла а уьш зулам-дай бара
38.Оха кхоьллина ма яц стигалш а , латта а , цаьршина юкъахь (мел) дерг а ловзуш (бегашена)
39.Оха и шиъ (цаьршина юкъахь дерг) кхоьллина ма дац бакъонца бен , делахь а царах (керстанах) дукхах болчарна ца хаъа (иза)
40.Баккъалла а , (бакъо , харцо) къасторан (къемат) де , церан (гулбаран) тоьхна хан ю , массеран а
41.Оцу дийнахь лайно юхатухур дац (шен гергарчу) лайха (1азапах) х1умма а , царна (вовшах) г1о хир дац ,
42.Аллах1а къинхетам бинарш боцурш , баккъалла а Иза (ч1ир эцарехь) ницкъ берг , (бусалбашна) шорта къинхетам берг ву
43.Баккъалла а , (жоьжахатан) уггар къаьхьа (чам болун) дитт ,
44.Къа (дукха) дечун даъар ду
45.1аьржачу даьттан (баьржина) бух санна (я лалийна ез санна) , ша геш чохь(кийрахь) кхоьхкуш
46.Довхачу хин кхехкарха терра
47.(Дала эра ду 1азап луч малийкашка:) "Схьалаца иза (коча т1ийра) , д1атакхаве иза жоьжахатан юккъе " ,
48."Т1аккха , дотта цуьни коьрта т1е кхоьхкучу хин 1азап" ,
49.(аша ала цуьнга бехк баккхарца :) "1овша (х1инца хало) , баккъалла а хьо (ма вар , хьо) везаниг , лерамениг ву (моьттуш)
50.Баккъалла а х1ара , шу шегахь шек хилларг ду
51.Баккъалла а (дуьнехаь Делах) кхийринарш , (эхартахь) тешамечу меттигехь (ялсаманахь) хир бу
52.(ялсамани) Бошмашкахь а , шовданашкахь а
53.Шаьш духуш дезачу (дуткъа) дарех а , лепачу (стомма) дарех а (духарш) , (маьнгеш т1ехь) вовшийн дуьхь-духьал бирзина (хевшина)
54.Иштта , Оха мах бийр бу церан (баккхий) хаза б1аьргаш (к1айн дог1маш) долчу (тайна) мехкаршца
55.Цу чохь цара боьхур бу массо кепара стом , (зе хиларх) тешаме болуш
56.Валар 1овшур дац цара цу чохь , (дуьненчура) хьалхара валар бен , жоьжахатан 1азапах хьалха бехира Цо уьш
57.Хьан Делера комаьршонна . Иза (вай хьахийнарг) бу (доза доцуш) боккха толам (кхиам)
58.Баккъалла а , Оха и (къур-ан , кхета) атта дина хьан (къоман) маттаца (доссийна) , уьш кхета герга хилийта
59.Терго йе ахьа (уьш х1аллак хиларан) , баккъалла а уьш бу , (хьо х1аллак хиларан) терго еш .