Тидар


50 - Сурат Къаф
(Маккахь доьссина ‚ 45 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна болу къинхетаман Да волчу
 

1.Къаф (Аллах1ан дика хаа оцу элпах Шена луург) . Аса дуй буу сийлахьчу къуранца
2.Бакъ долуш , уьш цецбевлира шайна шайха (адамашха) кхерамтосург варха . Керстанаша элира :"Х1ара тамаше х1ума ду "
3.Ткъа тхо дала а делла тхоьх латта хилчи (тхо юха тхайн суьрте муха дерзор ду?) . (дера ) Ду иза (хила) генара дерзар
4.Бакъ долуш , Тхуна хаа латто царех (чархашха) ша эшориг (юуриг) . Тхоьгахь (и деригге а) лардеш жайна ма ду
5.Бакъ долуш , цара (куранан) бакъдерг харц дира шайга и деанчу хенахь , уьш боьхначу хьолехь бу
6.Уьш ца хьаьвсина (ойлаярца) шайна т1ёхуларчу стиглане , Оха муха йоьг1на иза (г1ортолаш йоцуш) , Оха муха кечйина иза(седарчашца) , цуьни яц херонаш
7.Латта а даржийна Оха , лаьмнаш а доьг1на Оха цу т1ехь , Оха далийтина цу т1ехь массо а кепара исбаьхьа ораматаш
8.Гайтарна а хьехамна а массо а т1евирзинчу лена
9.Оха даийтина стиглара беркате (дог1ан) хи , Оха кхиийтира цуьнца бошмаш а , ялтан буьртиг а
10.Лекха хурман дитташ а , шена т1ехь т1ек1ел кенаш долш
11.Лешна рицкъанна . Оха денбира цуьнца (йокъаллийна) белла мохк . Иштта (хир) ду (шу кешнашкара) арадовлар
12.Царел хьалха (бакъ дерг) харц дира Нухьан къомо а , (Шу1айбан къомах болу) г1унан дайша а , (Салихьан къомо) Самудаша а
13.(Х1удан къомо) 1адаш а , Фир1авнас а , Лут1ан вежарша (захалоша) а
14.(Шу1айбан къомах болу) Варшан дайша а , Тубба1ан къомо а . (цара) Массара а харцбира элчанаш . (цундела царна т1ехь) Хьакъ хилира Сан (1азапан) ч1аг1о
15.Тхо г1орасиз хилир ткъа хьалхара кхолларехь ?! Х1ан-х1а . Бакъ долуш , уьш шеконехь бу (шаьш) юха кхолларха (г1овтторха)
16.Бакъ долуш Оха адам кхоьллина , Тхуна хаа цуьнан дег1о ша цунна хьоьхуриг . Тхо герга ду цунна (цуьнан) логан (син) пхенал а
17.(дагахь дита) Яздеш хилар (аша дийриг) шина малийко , аьтту а аьрру а аг1ора хиъна долчу
18.Цо (адамо) дош ма ца олу шена гергахь кийча тергамбийриг долш бен
19.Валаран ч1аг1алла (къахьо) йог1ур ю билггала . И (валар) дар хьо шех къехкаш (идна) хилларг
20.Зурманчу (г1овтторна) "х1уп" эра ду . Иза (де) ду (керстанашна 1азапца) ч1аг1онан де
21.(оцу дийнахь) Массо а дег1 дог1ур ду (махьшаре) шеца (ша Далла) т1евуьгарг а , (шена) теш (х1уттург) а долуш
22.Бакъ долуш хьо (дуьненахь) вара чидам боцуш х1окхунах , ткъа Оха д1атилира хьан (б1аьргара) марха (пардо) , тахана хьан гар (ч1ог1а) ира ду
23.Цуьнан (адаман) т1ех1оттийначо (малийко) элира :" Х1ара ду соьгахь кийча дерг"
24.Жоьжахатчу кхосса массо а (бакъонан) х1уьттаре ен керста
25.Дика сацориг , т1ехвуьйлург , шекдохург
26.Ша вина волу Аллах1аца кхин дела , кхосса ткъа иза буьрсачу 1азапе
27.Цуьнан т1ех1оттийначо (шайт1ано) элира :" (х1ай) Тхан Дела ! Аса тилийна вац иза , амма ша вара иза (бакъонах) генарчу тиларехь"
28.Цо (Аллах1а) элира :"Шу ма къийсало Со волчехь , бакъ долуш Аса хьалха яийтира шуна (1азапца) ч1аг1о
29."Сан дош хуьйцуш дац , Со ма вац лешна харцо еш"
30.Оцу дийнахь Оха эра ду жоьжахате :"Юьзний хьо ?" . Ткъа жоьжахато эра ду :"Кхин сов (х1умма) юй ?"
31.Ялсамане герга ялор ю (Делах) коьручаьрна , гена дац иза
32."Х1ара (гуш дерг) шуна ша ч1аг1о йийриг ду , массо а (Деле) воьрзучунна а , (дозанаш) лардечунна а"
33.Къинхетаме волчух къайлаха ша кхийринчунна а , (Далла) т1едирзинчу дагца ша веанчунна а
34."Шу г1о цу (ялсамане) чу машарца (маьрша) , иза (де) гуттаренан де ду"
35.Царна цу чохь царна деззарг ду . Тхоьгахь (т1етоха) кхин сов ду
36.Хийла уммат (чкъор) х1аллак дина Оха царел хьалха (даьхначарех) , уьш царел ницкъехь ч1ог1а а бара , лийлира уьш лаьттахула (и толлуш). Юй ткъа (валарха) вада меттиг ?
37.Баккъалла а цуьнгахь (хьахийначуьнгахь) хьехам букх шен (кийрахь) дог (шен хьекъал) долчунна , я сема (цуьнга) ладоьг1начунна , ша теш волуш
38.Бакъ долуш Оха кхоьллина стигалш а , латта а , цаьршинна юккъехь мел дерг а ялх дийнахь , хьакха ма ца делир Тхоьх к1аддалар
39.Хьо собаре хилахь цара олучунна т1ехь , хьайн Далла хастам барца вазвехьа (Иза) малх схьакхетале а , д1абузале а
40.Буьйсанна а вазве ахьа Иза , (хьайн) сужудашна т1аьхьа а
41.Ахьа ладог1а кхойкхучо кхойкхучу дийнахь уллерчу меттигера
42.Оцу дийнахь царна хезир ду ц1ог1а билггала , иза (кешнашчуьра) арадовлу де ду
43.Баккъалла а Оха (синош) ден а до , д1а а оьцу . Тхоьга ду (церан) дерзар
44.Оцу дийнахь , латта цаьрна т1ийра декъалур долчу (уьш г1овттур бу) сихонца . И (уьш) гулбар Тхуна атта ду
45.Тхо т1ех дика хууш цара олург . Хьо ма вац уьш (бакъонна) т1ете1ориг . Ахьа хьехам бе х1окху къуранца Сан (1азапца йинчу) ч1аг1онах кхоьручунна