Тидар


51- Сурат Аззарият (Даржораш)
(Маккахь доьссина , 60 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.Аса (Аллах1а) дуй буу даржорах а (массо а х1ума) даржочу мехашца а
2.(дог1анан) Маххьаш хьучу мархашца а
3.Атта (цхьана эшшара) лелачу х1орд-кеманашца а
4.(Дела) Омру (рицкъанаш) доькъучу малийкашца а
5.Баккъалла а шуна (г1итторца) ч1аг1о йийриг (дожарехь) бакъ (хабар) ма ду ,
6.(иштта) Баккъалла а (шуна) бекхам (хьесап) т1ех1уттур (бужур) ма бу (аьлла)
7.Аса дуй буъу ша (седарчашца исбаьхьа) еринчу стигалца
8.Баккъалла а шу (къур-анах) шалхачу (декъаделлачу) аларехь ма ду
9.Цуьнах (бакъонах) д1атилаво (д1ахьавзаво) ша (Далла гергахь) д1атилийнарг
10.(Дала) Халлак бойла харцлуьйраш
11.Шаьш (тиларан боданан) хьуламехь (эхартах) бицбелларш
12.Цара хоьтту :"Маца ду бекхаман де (х1оттар) ?"
13.(дера ду) Уьш ц1ергахь (багорца) зуьйра болун дийнахь
14.(царга эра ду) "1овша аша шайн бала . Х1ара , ша аша шеца сихоеш хилларг ду (шуна) ".
15.Баккъалла а , (Делах) кхоьрурш (ялсаманин) бешмашкахь а , шовданашкахь а бу
16.Шаьш схьаоьцуш Шайн Дала (совг1атна) шайна делларг . Баккъалла а уьш бара цулхьалха (ялсамане бахале) дикадеш (дуьненахь)
17.Уьш бара (буса) к1еззиг д1абуьйшуш (лолла дукха деш)
18.1уьйкъенашкахь шаьш (Деле) гечдар доьхуш
19.Церан даьхнешкахь дакъа ду (саг1а) доьхучунна а цатоьъначунна а
20.Лаьттахь билгалонаш ю тешачаьрна
21.Шун дог1машкахь а (ма ю яккхий билгалонаш) , шуна цаго ткъа ?!
22.Стиглахь шун (лайн-дог1ан) рицкъа а , шуна ч1аг1о йийриг а ма ду .
23.Стиглан а , лаьттан Делаца дуй ма буъу Аса , баккъалла а иза (деригге а) бакъ ма ду , баккъалла а шу дистхуьлуш хилар санна .
24.Кхаьчний хьоьга Ибрах1иман (пайхамар) сийлахьчу хьешийн хабар ?
25.Шаьш иза волу чу а бевлла , цара элира :"Салам-маршалла (хилла хьуна)", т1аккха цо (Ибрах1има) жоп делира :"(Делера) Салам-маршалла (хилла шуна а) , (х1ай) хийра нах " .
26.Т1аккха хьуламца (сихонехь) шен доьзале вирзина , (деттина) дерстина эса дохьуш веара иза (царна)
27.Иза царна хьалха а диллина , (г1иллакхехь) элира цо :"Аша ца дуъу (даъар)?!"
28.(цара шен кхача ца биъча) Цо хьулбира (шен дагчохь) царех кхерам . (ткъа иза озавалар шайна хиъчи) Цара элира :"Ма кхера (тхоьх)" . (иштта) Цара цуна кхаъ баьккхира хьекъалечу (кхетамечу) к1антаца (доьзалхочуьнца) .
29.Ткъа (и кхаъ шена хезчи) цуьнан зуда (Сара) т1ейеара маьхьарца , шен беснех т1араш детташ , т1аккха цо элира :"Со - къена бера ца хуьлу зуда ма ю"
30.Цара (малийкаша) элира :"Иштта хьан Дала аьлла (Цуна лиъна) . Баккъалла а Иза (Ша дечунгахь) кхетаме верг , (Шен кхолламах дерг) хуъуш верг ма ву"
31.Цо (Ибрах1има) элира (цаьрга) :"Шун 1алашо х1ун ю х1ай геланчаш ?".
32.Цара элира :"Баккъалла а тхо (Дала) дахкийтина къинош дечу (Лут1-пайхамаран) къоме ,
33.(стиглара) Царна т1е (1азапна) поппаран т1улгаш дахкийта (детта) ,
34.(шаьш х1оранна ц1арца) Билгалдина хьан Далла гергахь (Цуьнан дозанашна) т1ехбуьйлучаьрна"
35.Оха арабехира оцу (юьрта) чохь муъма-нахех хилларш
36.Амма тхуна ца карийра оцу (юьрта) чохь бусалба-нахех цхаъ ц1а доцург
37.Оха йитира оцу (юьрта) чохь (ойлаян) билгало , шаьш кхоьручаьрна лазош долчу 1азапах .
38.Иштта Муса (пайхамар) хабарехь а (ю билгало) . Оха хьажийра иза Фир1авн волче билгалчу (бакъ хилар сецначу) бухца (му1жизаташца)
39.Амма (куралла йина) цо шен б1оца (бакъонна) букъ а тоьхна , элира :"Иза бозбуанча ву , я (жиний) хьу кхетна ву"
40.Т1аккха Оха (г1уданна) иза а , цуьнан б1ахой а лаьцна , (керста хиларна) х1ордачу кхийсира уьш . Иза (Фир1авн) 1оттабаккхаме волуш
41.Иштта 1ада (х1аллак даран) хабарехь а (ю билгало) . Оха хьажийра царна т1е зене (луьра) мох .
42.Ша ца дуьташ (болу) цхьа а ша т1енисбелла (т1ехбаьлла) х1ума ша цуьнах дамардарц дина (х1ур бина) бен .
43.Иштта Самуда (х1аллак даран) хабарехь а (ю билгало) . (цара эмкална урс хьаькхначул т1ехьа) Цаьрга элира :"Аша зовкх хьега (шайна тоьхна) хан т1екхаччалца"
44.Амма цара (кураллийца) шалхо йира (1еса хилира) шайн Дела омрунна (муьт1ахь хиларна) , т1аккха (ц1аьххьана) уьш д1алецира (эсах галбохучу) ц1ог1ано (баларан 1азапо) , шаьш хьоьжуш болуш (оцу балане)
45.Церан г1ора ца тоьира (бала т1е беача иза юхатоха) хьала г1овтта (я цуьнах бовда а) , бацара уьш (оцу баланехь) тоьлларш а
46.Иштта (царелла) хьалха Нохь (пайхамаран) къам (х1аллак даран) хабарехь а (ю билгало) . Баккъалла а уьш песакъ (оьзда доцу) къам дара
47.Стигал , юьг1ира Оха иза (Тхайн) куьйгашца (ницкъаца) . Баккъалла а Тхо нуьцкъала ма ду
48.Латта , даржийра Оха иза (аьхна мотт санна дина) . Ма дика даржораш ду (Тхо)
49.Массо а х1уманах кхоьллира Оха шина кепара , шу герга хилийта ойла ян
50.(ахьа ала цаьрга) "Шу довда (та1зарха) Аллах1е (Цуьнан йоле) . Баккъалла а со шуна Цуьнгара билгала кхерамтасархо ма ву"
51."Аша (декъашхо) ма ве Аллах1аца кхин дела . Баккъалла а со шуна Цуьнгара билгала кхерамтасархо ма ву"
52.Иштта , царал хьалхарчаьрга элча веана ма вац , цара бозбуанча ву , я (жиний) хьу кхетна ву аьлла бен
53.Цара вовшашка весет дина ткъа цуьнца (оцу дешца) ? (дера ца дина) Бакъ долуш , уьш (дозанна) т1ехдаьлла къам ду
54.Ахьа букътоха царех , хьо ма вац 1оттабаккхаме (бехказа ву хьо)
55.Хьехам бе ахьа (къур-анца) , баккъалла а хьехамо пайда бо муъма-нахана
56.Аса кхоьллина ма дац джинаш а , адамаш а Сайна лолла дан бен
57.Суна дезац цаьргара рицкъа , Суна дезац (лаъац) цара Сайна кхача бала а
58.Баккъалла а Аллах1а , Иза ву рицкъа лург , ницкъан Да , ч1ог1аниг а
59.Баккъалла а шаьш (шайн дог1машна) зулам динчаьрна (1азапах) дакъа ду , шайн (шайла хьалаха зулам динчу) накъостийн (адамийн) декъах терра . (цундела) Со сих ма войла цара (и даларна т1ехь)
60.(жоьжахатан буьйрахь) Бала букха , шаьш керстаналла динчаьрна , ша (х1уттур ду аьлла) ч1аг1о йина долчу церан (къемата) дийнахь .