Тидар


52-Cурат Атт1ур (Сийнаъ лам)
(Маккахь доьссина , 49 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волу
 

1.Аса дуй буу (шена т1ехь Муса Сайца къамеле ваьккхинчу) ламца а
2.Ша (мог1анашкахь) яздинчу йозанца а
3.Даржийначу тептарахь
4.Шена (малийкаш) т1ех1уттучу ц1ийнаца а
5.(лаьтта т1оьхула) Айбинчу (стигалан) тхевнаца а
6.Шех ц1е латийначу х1ордаца а
7.Баккъалла а (керстанна) хьан Делан 1азап дужур (т1ех1уттур) долуш ма ду
8.Иза юхатоха х1умма ма дац
9.Стигал техкара йолчу дийнахь техкарх а
10.Лаьмнаш леларх а (х1ур санна) лелара долчу (дийнахь)
11.(х1аллак баран боккха) Бала (г1айг1а) букха (хилийла) оцу дийнахь (дуьненахь бакъо) харцъечаьрна
12.Шаьш харцонехь (эхарт дицдина) ловзуш болу
13.Оцу дийнахь уьш тоттура бу жоьжахатан ц1ерга таттарх а (к1оршаме)
14.(цаьрга эра ду :) "Х1ара ц1е ю (иза) , ша аша (ца тешаш) харцъеш хилларг"
15.Дуй х1ара (ц1е) бозбуанчал ?! Ле шу (дуьненахь бакъ долчух б1аьрзе хиларх терра) гуш дац (х1ара хьал)
16.Д1ачуг1о цунна (цуьнан йовхаллин ч1аг1алла 1овшархьама) , (шайна лаахь) собаре хила (оцу т1ехь) , я собаре ма хила , (пайда ца хиларехь) цхьатерра ду шуна . Баккъалла а шуна бекхам бийра бу аша лелош (деш) хиллачуьнца
17.(амма) Баккъалла а (Делах) кхоьрурш (ялсаманин) бошмашкахь а , зовкхехь а (хир) бу
18.Шаьш зовкх хьоьгуш шайн Дала шайна деллачух а , шайн Дала жоьжахатан 1азапах шаьш ларбарх а
19.(цаьрга эра ду :) "Г1оза яийла , малийла аша , шаьш лелош (деш) хиллачунна ,
20.Тевжина маг1аршкахь х1иттийначу маьнгеш т1ехь" . Оха бира 1аьржа-б1аьрг мехкарий церан зударий
21.Шаьш имдиллина , шайна т1ахьа иманца шайн т1аьхье х1оьттинарш , Оха (ялсаманехь) царех д1атухура ю церан т1ахье , Оха эшор ма дац церан 1амалха х1умма а . Массо а стаг (дег1) ша динчуьнна закъалт (жоьпалла) ву .
22.Оха совбехира уьш царна дезачу (цара сатесначу) стоьмаца а , жижигца а
23.Кар-кара оьцур бу цара оцу (ялсамани) чохь (маларан) кад , шеца (ша маларца) эрна (оьзда доцу) къамел дар а , къилахь дерг дар а доцу
24.Т1ехьийзар бу царна шайн ялхой , баккъалла а шаьш (шайн исбаьхьаллехь) баттара даккханза жовх1арха тера болу
25.Вовшашна т1ебирзира уьш , шаьш (шайн хьолах) хеттаре буьйлуш
26.Цара (вовшашка) элира :"Баккъалла а тхо дара , (х1окхул) хьалха , дуьненахь (Делан та1зарха) кхоьруш (х1окху дийнахь)
27.Амма Аллах1а (шен комаьршонца) къинхетам бира тхоьх , (жоьжахатан) ц1еран (механ) 1азапах лардира Цо тхо
28.Баккъалла а тхо дара (х1окхул) хьалха (дуьненахь) Цуьнга (Иза цхьаъ варца) кхойкхуш . Баккъалла а Иза (Шен лешца) К1еданиг , Къинхетамениг ву
29.Кхайкхам бе ахьа (бакъонца) ! Хьо ван ма вац хьан Делан диканца (къинхетамца) жинашца тайнарг (бозбуанча) а , (жиний) хьу кхетнарг а
30.Я (бакъ долуш) цара олу :"(Иза) - Байтъязъярхо ву . Вай ладуг1ур (собар дийра) ду иза замано д1аэцаре" (аьлла)
31.Ахьа ала (цаьрга) :"Ладог1а (собар де) аша . Баккъалла а со а ву шоьца цхьаьна ладуг1учарех (шун 1азапе)"
32.Я церан хьекъалш ду цаьрга цуьнца (харц лерца) омру дийраш (дера дан ма дац) , я (бакъ долуш) уьш (х1уьттаре ярна) дакъаздаьлла (т1ехдаьлла) къам ду ?!
33.Я цара олу :"Цо (элчано) шегара (кхоьллина) дуьйцу иза" . Бакъ долуш тешаш бац уьш . (цундела дуьйцу цара иза)
34.(делахь) Уьш бог1ийла цуьнга (къур-анах) тера къамелаца , шаьш бакълуьйш белахь (элчано иза шегара кхоьллина бохучуьнгахь)
35.Я кхоьллина уьш (Аллах1а) х1умма доцучух , я уьш бу кхуллурш (шайн дог1маш) ?!
36.Я стигланаш а , латта а кхоьллина цара ?! Бакъ долуш (бакъ долчух) догтешна бац уьш
37.Я цаьргахь ю хьан Делан хазнаш ?! Я уьш бу (цу т1ехь) урхалхой (куьйгалхой) ?!
38.Я церан (стигал болуш) лами бу (бах цара) , шаьш оцу т1ехь (Делан къайленашка) ладуг1уш ?! (делахь) Царех ладуг1уриг вог1ийла (оцу къамелан) билгалчу бухца (т1етовжийлаца)
39.Я Цуьнан (шуна ца беза) йо1арий , (ткъа) шун к1ентий бу (баха аша , субхьаналлах1) ?!
40.Я цаьрга (дин кхайкхадарна) ял (мах) йоьху (тов) ахьа , ткъа уьш (оцу) декхарна базбелла (иймане ца бог1уш) ?!
41.Я цаьргахь (Делан) къайле ю , цара (оцу т1ийра) д1аязъеш (шайна оьшуриг) ?!
42.Я мекарло ян луъуш бу уьш ?! Ткъа шаьш керстаналла динарш ма бу шайна мекарло хилларш
43.Я церан дела ву Аллах1 воцуриг ?! Аллах1 ц1ена ма ву цара (Шеца) декъашхо вечух
44.Царна (1азапанна) стиглан кескаш (шайна т1е) охьайог1уш гичи , цара эра ма дара (къарцабала) :"Т1ек1ел марха" (яра изам дог1у дохьуш йог1у" аьлла)
45.Бита ахь уьш , шаьш шена чохь (эсах боьхна белла) эгор болун шайн (бекхаман) де т1ех1отталца
46.Церан (дуьненан) мекарлоно цаьрна бан пайда а боцу , (иштта) цаьрна г1о а хир доцу де (т1ех1отталца)
47.Баккъалла а шаьш зулам динчаьрна 1азап (хир) ду (дуьненахь а , ) иза (эхартахь дерг) доцург а . Делахь баккъалла а царех дукхахболчаьрна (хаам) ца хаъа иза (дуьненахь даларан бахьан)
48.Хьо собаре хила хьайн Делан (халонан) кхелана , баккъалла а хьо Тхан (1уьналлин) баьргашан гарехь ву . Ахьа хьайн Далла хастам барца ц1анве (Иза керстано кхуллачух) хьо г1оттуш
49.Буьйсанна а ц1анве ахьа Иза , иштта седарчий къайладовлуш а .