Тидар


53-Сурат Аннажм (Седа)
(Маккахь доьссина , 62 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доладо аса доза доцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.Ша (къайлабаларца) д1абузучу седанах дуй ма буу Аса (Аллах1а)
2.Шун накъост (1илма доцуш) тила ма ца велла , иштта (бакъонах д1авирзина) гал ма ца ваьлла (аьлла)
3.Иза вист ма ца хуьлу (къур-анца , шен дег1а) лаамца
4.Ма дац иза (къур-ан) , (Дала дагчу) хьохуш болун хьехам бен
5.1амийна иза (элча) ч1ог1ачу ницкъашан дас
6.Хазчу вастан да долу . Сецира (д1ах1оьттира) иза (шен суьртахь)
7.Ша уггара лекхачу анахь (долуш)
8.Цул т1аьхьа ша герга деана , (элчанна) т1ехилира иза
9.Дара иза (цунна) шина 1едан (1аддарг1ан озадаран) барамехь (герга) , я кхин а герга
10.Т1аккха хьийхира Цо (Аллах1а) Шен лайна (дагчу) , Ша (Джабраил малийкан юкъараллийца) хьехнарг
11.(пайхамаран) Даго харц ца дира цуна (шина б1аьрга) ша (Джабраилан суьртах) гинарг
12.Аша къуьйсу ткъа цуьнца , цуна гуш дерг ?!
13.Бакъ долуш цуна гина иза (доссар) кхин цкъа а
14.Дозанан (чаккхенан , стигаларчу) хенан (диттан) гергахь
15.Цуна (хенан) гергахь (дика лай) воьрзу (ялсаманан) беш ю
16.Хьулбо и хен (дикачух) ша хьулбечо
17.(элчанан) Хьажар д1а-схьа а ца дирзи (д1а-схьа ца къирзи) , (тоьхначу дозанал) т1ех а ца дели
18.Бакъ долуш цуна гира шен Делан даккхий билгалонаш (аяташ)
19.Шуна гиний (х1ай Делаца декъашхой бийраш!) Лат а , 1узза а ,
20.Кхин а и кхолаг1а Манат а ?!
21.Ткъа шун (шу реза долун) божа (бер) долш , Цуьнан (шу реза доцу) сте (зудбер) ду ?
22.Иза делахь (т1аккха) эшаме (харц) дакъа ду
23.Уьш (Лат , 1узза , Манат) ма яц , ц1ераш бен - шаьш тихкина (йолу) аша а , шун дайш а . Аллах1а ца йоссийна церан хьокъехь (цхьа а) бакъо . Уьш т1ахьабозуш ма бац , моттарна а , (шайн) дог1машна луъучунна а бен . Бакъ долуш цаьрга еара церан Делера нийсо (амма цара пайдам ца ийцира)
24.Адаманна ду ткъа , цо ша догдохург ?!
25.Аллах1ан ма ду ткъа т1аьхьарниг (эхарт) а , хьалхарниг (дуьне) а
26.Хийла малик ма ду стиглашкахь , шайн (Аллах1е) дехаро (шафа1ато) дан х1ума доцуш , Аллах1а Шена луъучунна а , Ша реза волчунна а пурба деллачул т1аьхьа бен
27.Баккъалла а шаьш эхартах ца тешачара , цара малийкашан ц1ейоккху стечуьн ц1арца
28.Церан ма дац цу хьокъехь (иза бакъдеш нийса) хаар . Уьш т1ахьабозуш ма бац , моттарна а бен . Ткъа баккъалла а моттаро (пайда бац) хьалха ца доккху бакъонах х1умма а
29.Хьо (1ад вите) д1аверза Тхан хьахорна (къур-анна) ша букъ тоьхначух , ша дуьненан дахар бен ца дезна волчу
30.Иза церан хааран (чаккхенан) барам бу . Баккъалла а хьан Дела т1ех дика хуъуш ву , мила тилавелла Шен новкъах , иштта Иза т1ех дика хуъуш ву мила нисвелла а
31.Аллах1ан ду стиглашкахь а , лаьттахь а мел дерг . (Цо уьш кхоьллина) Ша бекхам бархьама шаьш вуо динчаьрна цара динчуьнца , иштта Ша бекхам бархьама шаьш дика динчаьрна (ялсаманан) диканца
32.(уьш бу) Шаьш генабовлуш даккхийчу къиношха а , эрчадолчух а , (юкъакара дужу) кегийн къинош доцург (шайх ца долуьйтуш) . Баккъалла а хьан Дела шортта гечдар долш ву (дохко бевлачаьрна) . Иза (шул а) т1ех дика хуъуш ву шух дерг . Ша шу (шун да Адам) лаьттах кхоьллинчу хена а , иштта шу бераш долчу хена а шайн нанойн кийранашкахь а . (цундела) Аша (хестадарца) ц1ан ма де шайн дог1маш . Иза т1ех дика хуъуш ву , мила ву кхийринарг
33.(дийцахь Соьга) Хьуна гиний ша (бакъонах) юхаваьлларг (букъ тоьхнарг) ?!
34.Ша к1еззиг (саг1а) делла (иза далар) д1ахадийнарг (дитинарг)
35.Цуьнгахь къайленан хаар ду ткъа , цунна (шен шина б1аьрга ша) гуш (долш) ?!
36.Я цуьнга дийцина дац , ша Мусан тептаршкахь дерг а ?! (дера ма дийцина)
37.Иштта Ибрах1иман (тептаршкахь) а , ша кхочуш дина волу (шена т1едиллинарг)
38.Баккъалла а , ца хьо хьучо (сино) кхечуьнан (синан) къа (аьлла)
39.Иштта , баккъалла а , дац адаманна ша къахьегнарг (лехнарг) бен
40.Баккъалла а цуьнан къинхьегам гур бу (къемата дийнахь)
41.Т1аккха бийра бу цунна (къахьегначунна) цуьнца (къинхьегамца) бекхам - т1ех кхачаме (нийса) бекхам
42.Баккъалла а хьан Деле ю чаккхенан воьрзийла
43.Баккъалла а Цо вела а вина , велха а вина
44.Баккъалла а Цо са а эцна , (чу) са а кхоьллина (ден а вина)
45.Баккъалла а Цо кхоьллина шина кепара - боьрша а , сте а
46.Т1адамах , иза (зудчун кийра) ша 1аночу (буттучу) хена
47.Иштта , баккъалла а Цуьнгахь ду (ден дина) кхин цкъа (юха цкъа) кхоллар
48.Баккъалла а , Цо (царна оьшучуьнгахь) таро йина (церан) , (реза беш) сов баьхна (рицкъангахь)
49.Баккъалла а Иза , (цара лолла дечу , ша нуьре лепачу) седан Дела ву
50.Баккъалла а , Цо х1аллак бина хьалхара (Х1удан къам) 1адаш
51.Иштта (х1аллак дина Салихьан къам) Самудаш а , Ша (царех) цхьа а ца вуьтуш
52.Царел хьалха Нухь (пайхамаран) къам а . Баккъалла а уьш бара , шаьш т1ех зуламе а , (дозанел) т1ехбевлла а
53.(Лут1ан къоман) Шахьарш (айъина) бертала тоьхна (т1ек1елтоьхна) Цо
54.Т1аккха хьулйира уьш (шахьарш , 1азапах) ша хьулйинчо
55.Хьайн Дела муьлхачу зовкхашкахь шек ву хьо ?
56.Х1ара (Мухьаммад) хьалхалерчу кхерамтасархошха кхерамтасархо ву
57.Герга дии герганиг (къемат де)
58.Цуьни вац Аллах1 воцуриг (д1ах1оттийна) гучудоккхуриг (доьллуриг)
59.Ткъа х1окху дийцарах (къур-анах , элчанна т1едоссарна) цецдовлу шу ?!
60.(цунах кхаьрдаш) Доьлу шу , (цу чохь болчу кхерамна х1унда) ца доьлху шу ?!
61.Шу (цу чохь долчунна букъ тоьхна) сакъоьруш ду ?!
62.(шаьш кхоьллинчу) Аллах1ана (хьасталой) сужуд де аша , (Цунна цхьанна) лолла а де аша