Тидар


55 - Cурат Аррахьман (Къинхетамениг)
(Маккахь доьссина , 78 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доза доцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.Къинхетамениг
2.Цо 1амийна (Шен лешна) къур-ан
3.Цо кхоьллина адам
4.Цо 1амийна цунна дистхилар
5.Малх а , бутт а (Делан) хьесапца (низамца лелаш) бу
6.Седа а , г1абуц (ораматаш) а (Далла) сужуд деш ду
7.Стигал - айбина Цо иза , (нийсонан) терза а д1ах1оттийна Цо
8.Шу т1ех ца дийлийта (нийсонан) терзанехь
9.Аша леладе терза нийсонца , терза ма эшаде аша
10.Латта - (ч1аг1дина) даржийна Цо синошна (адамашна , жинашна)
11.Цу (лаьтта) т1ехь (бес-бесар) стом а , ч1енигаш хецна (кенаш болу) хурман дитт а ,
12.(ча) Кигаш (даххаш) йолу (ялтан) буьртиг а , (хаза) хьожа йог1у буцц а ю
13.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
14.Адам кхоьллина Цо бекъачу боькучу поппарха , (ша ц1ер т1ехь еттина) кхийра пхьег1а санна
15.Иштта жинн а кхоьллина Цо (вовшех) ийначу (ц1енчу) ц1ерах
16.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
17.(Иза) Шиннен (1ай а , аьхки) а малхбален Дела (ву) , иштта (Иза) шиннен а малхбузен Дела (ву)
18.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
19.Д1ахецна Цо (мерзи , дуьри) шиъ х1орд шаьшшиъ цхьана кхета
20.Цаьршинна юккъехь (юкъарлонна Цо дина) пардо ду , и шиъ вовшешна (талхамца) т1ецакхийдийта (эдалар ца хилийта)
21.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
22.Цаьршинна (бух) чуьра схьадовлу (тоьлла) даккхийн а кегийн а (деза) жовх1араш
23.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
24.Цуьнан ду х1ордахула лела , лаьмнаш санна , даккхий дина кеманаш
25.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
26.Оцу (лаьтта) т1ехь мел верг д1атуьлур (лийра) ву
27.Хьан Делан (нуьре) юьхь юьсар ю , сийлаллин а лерамаллин а Да волчу
28.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
29.Цуьнга доьху стигланашкахь а , лаьттахь а мел волчо . Массо а дийнахь Иза г1уллакхехь ву
30.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
31.Тхо парг1ат девра (т1едоьрзура) ду шуна (хьесапна) х1ай (къиношца) дазделларш (адам , жинн)
32.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
33.Х1ай жинийн а адамийн а пхьоьг1а ! Шайн ницкъ кхачахь , стигланашин а лаьттин а дозанан аг1онашкахула (йисташкахула) арадовла (т1ехдовла) , довла шу ара . Шу девра ма дац (Соьгари) билгалонца (ницкъаца) бен
34.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
35.Шуна (х1ай адам , жинн) т1е йоуьйтур ю (к1ур боцучу) ц1еран алу а , (алу йоцучу ц1еран) к1ур а , т1аккха шу к1елхьара девра дац (цунах)
36.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
37.(къемата дийнахь) Стигал яьт1на ц1е дилха санна ц1е елчи
38.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
39.Оцу дийнахь шен къих хоттур дац адаме а , жине а
40.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
41.Къадинарш бевзар бу (оцу дийнахь) шайн вастаца , уьш лоцур бу (малийкаш) к1ажжаш (к1ужалш) а , когаш а т1ийра (ц1ерга кхийса)
42.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
43.(царга эра ду ) Х1ара ю иза , къадечара ша харц йеш (хилла) йолун , жоьжахате
44.Цара гуо туьйсур бу цунна а ц1ийдинчу (кхехкинчу хинан) маларна а юккъехула
45.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
46.Ша шен Далла хьалха (къиношца) х1оттарха кхийринчунна (ялсаманан) шиъ беш (хир) ю
47.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
48.(т1ехь бес - бесар стоьмаш долу) Гаьннаш (генаш) долуш (шиъ беш хир ю цаьрна)
49.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
50.Цаьршинна чохь лелаш шиъ шовда ду
51.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
52.Цаьршинна чохь массо (х1ора) а стоьмах ши тайпа бу
53.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
54.Шаьш тевжина меттанаш т1ехь , шайн чутохарш стоммачу дарех долун . Шина бешан стоьмаш (шайна) герга долуш
55.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
56.Цаьрна (бошмашна) чохь (хийрачу божарех) б1аьрг ларбийраш (мехкарий хир) бу , адам а , жин а царел хьалха (шайха) хьакхадаланза (юкъаметтиг лелонза) болу
57.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
58.Баккъалла а шаьш (мехкарий) долуш санна ц1ени а чекхсаго а жовх1араш
59.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
60.Буй ткъа дикадарна бекхам (дуьхала) диканци бен
61.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
62.И шиъ йоцург кхин а шиъ беш (хир) ю (цунна)
63.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
64.Таь1на баьццарчу басахь
65.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
66.Цаьршинна чохь хьаладолуш шиъ шовда ду
67.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
68.Цаьшинна чохь стом а , хурма а , нар (граната) а ю
69.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
70.Цаьрна чохь тоьлла хазанаш (мехкарий) хир бу
71.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
72.1аьржа б1аьргаш болу , четаршкахь (шаьш) хьулбина болу
73.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
74.Адам а , жин а царел хьалха (шайха) хьакхадаланза (юкъаметтиг лелонза) болу
75.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
76.Шаьш тевжина баьццарчу назбарш т1е а , хазчу кузашна т1е а
77.Шаьшшинна Делан муьлха зовкхаш (къобал дар доцуш) харц до аш шиммо (х1ай адам , жинн)
78.Ц1ена хили хьан Дела ц1е , сийлаллийн а ларамаллийн а Да волчу