Тидар


57 - Сурат Алхьадийд (Эчиг)
(Доссар Маккахь я Мадинатахь хилла ‚ 29 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.Аллах1 ц1анварца вазвина стигалшкахь а , лаьттахь а мел долчо . Иза сийлахь верг а , кхетаме верг а ву
2.Цуьнан ду стигалшин а лаьттин а паччахьалла . Цо (синош) ден а до , д1а а оьцу . Иза массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ву
3.Иза (йийца хьалхе йоцуш) хьалхарниг а , (йийца т1аьхье йоцуш) т1аьхьарниг а , гуш верг а , къайлах верг а ву . Иза массо а х1уманах дерг хууш ву
4.Иза ву Ша кхоьллинарг стигалш а , латта а ялх дийнахь . Т1аккха Иза (Шеца дог1учу куьцара) д1атарвелира 1арша т1ехь . Цунна хаа лаьттах доьдург а , цуьнах арадолург , стиглара дуссург а , цуьнга хьала доьдург а . Иза шуьца ву миччахьа а шу хилчи а . Аллах1 аша дийриг гуш 5.(цуьнан терго еш) ву
Цуьнан ду стигалшин а лаьттин а паччахьалла . Аллах1е дерзадо белхаш
6.Цо юллу буьйса дийнан чу (и дахдеш) , Цо дуллу де буьйсенан чу (и яхъеш) . Иза хууш ву (кийрара) дегнашкахь дерг
7.Шу теша Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а . Аша харж йе (дохка) шена Цо шаьш т1ех1иттийначух . Ткъа шух шаьш тешнарш а , харж йинарш а цаьрна йоккха ял (хир)ма ю
8.Аллах1ах х1унда ца теша шу , элча ма ву шу кхойкхуш шайн Делах тешаре . Бакъ долуш Цо шуьгара ч1аг1о эцна (цу т1ехь) , шу хилчи (делахь) муъманах
9.Иза ву Ша билггала (къуранан) аяташ диссош верг , шу арадахархьама (тиларан) боданашкара (ийманан) серлонга . Баккъалла а Аллах1а шух доглозуш верг а , къинхетаме верг а ма ву
10.Харж х1унда ца йо аша (х1ай муъманах!) Аллах1ан новкъахь , Аллах1ан ма ду стигалшин а , лаьттин а ирс . Шух цхьа терра ма вац (Макка) яккхале хьалха харж йинарг а , т1ом бинарг а . Уьш даржехь лекха бу шаьш харж йинчарел а , т1ом бинчарел а (Макка яьккхичул) т1аьхьа . (царна) Массарна а Аллах1а ва1до (ч1аг1о) йина ялсаманца . Аллах1 аша дийриг девзаш ву
11.Мила ву иза , ша юхалург Аллах1ан (новкъахь) хаза декхар лун дерг (Дела дуьхьа харж йийраерг) , Цо иза (дика) дебор ду цунна , цунна йоккха ял (ялсамани хир) ю
12.Хьуна гур болчу дийнахь муъмастегрий а , муъмазудрий а шайн (нуьран) серло лепаш шайн хьалха а , шайн аьтту аг1онашкахьа а , кхаъ бу шуна тахана (эра ду цаьрга) шайна к1елахула татолаш лелачу бошмашца (шаьш) гуттар а оцу чохь хир долш . Иза бу сийлахь (боккха) толам
13.Оцу дийнахь эра ду мунепикъстеграша а мунепикъзударша а тешначаьрга (имдиллинчаьрга) : Аша тхуна собардахьара шун серлонах серло оьцур яра оха" . (цаьрга жоп луш) Эра ду :"Юхадерза шаьш даьхкинчу , цигахь лаха аша (шайна) серло" . Пе (керт) х1оттийра цаьрна юккъехь шен не1 йолш , цуьнан чухуле - шена чохь (ялсаманин) къинхетам болш ю , ткъа цуьнан аре - шегахьара (жоьжахатан) 1азап долш ю
14.Цара кхойкху уьш (имдиллинарш) :"Тхо дацара ткъа (дуьненахь) шуьца ?" (але) . Цара эра ду :"Бакъ ду дар , амма (делахь) баккъалла а аша питне дир шайн дог1маш , (тхуна бохаме) ладоьг1уш 1ийра шу , (бакъонах) шек девлира шу , сатийсамаш 1ехийра шу (са эцарца) Аллах1ан кхел шайна т1ех1отталца а , 1ехочо Аллах1ах шаьш 1ехадаллаца а
15.Тахана эцац шуьгара маха а , (къобул бац) шаьш керстаналла динчаьргара а . Шун доьрзийла жоьжахате ю , иза шуьца йог1уш ю . Ма во воьрзийла ю (иза)
16.Хан ца хилла ткъа шаьш имдиллинчаьрна церан дегнаш к1аддала (хьастадала) Аллах1 хьахаварна а , бакъдолчух (къуранах) доьссинчунна а , уьш ца хила а (царел) хьалха шайна жайна деанчарех (доссийначарех) тера . Ях елира царна т1ехь зама , (Дела хьахацаварна) церан дегнаш ч1аг1делира , царех дукхахберш песикънах бу
17.Шуна (х1ай адамаш) хаийла , баккъалла а Аллах1а (дог1анца) латта ден дойла иза (дакъа) деллачул т1аьхьа . Бакъ долуш Оха билгала йира шуна билгалонаш , шу хьекъале хилийтархьам (17)
18.Баккъалла а саг1анестегрий а , саг1анезударий а , шаьш юхалург Аллах1ан (новкъахь) хаза декхар делларш (Дела дуьхьа харж йинарш) а , царна (и дика) деба а до , иштта царна йоккха ял (ялсамани хир) ю
19.Шаьш тешнарш Аллах1ах а , Цуьнан элчанашха а , уьш шайн Далла гергахь шаьш бакъончаш а , т1ематешаш а бу Царна шайн ял а , шайн серло а ю . Ткъа шаьш керста хилларш а , Тхан аяташ харцдинарш а уьш жоьжахатан дай бу
20.Шуна хаийла , баккъалла а дуьне - ловзар а , синкъерам а , исбаьхьалла (хазалла) а , шайна юккъехь (аша) дозалла дар а , бахамехь а , доьзаллехь а (шу) совдилар а дуй , дог1анах тера ша (бахьанца кхиъначу) шен (ялтан) сийнос ахархой цецбаьхначу , цул т1ахьа якъало (и сийно) т1аккха хьуна го иза мажъелла , цул т1аьхьа хуьлу цуьнах гам . (керстанашна) Эхартахь ч1ог1а 1азап ду . (муъманахана) Гечдар ду Аллах1ера , резахилар ду . Дуьненан дахар (исбаьхьалла) ма дац 1ехаваларан зовкх бен
21.Аша сихо йе (къовса) шайн Делера гечдаре а , ялсамане а (кхача) шен шоралла стигланин а лаьттин а шоралла санна йолчу , ша кечйина йолчу шаьш тешначаьрна Аллах1ах а , Цуьнан элчанашха а . Иза (ялсамани) Аллах1ан комаьршо ю , ша Цо луш йолу Шена луучунна . Аллах1 йоккхачу комаьршонан Да ву .
22.Бала беана ма бац лаьттахь (йокъалла х1оттарца) а , шун дог1машкахь (цамгаршца) а (ша) жайнахь (д1аязбина) болш бен Оха уьш (латта , синош) кхоллале хьалха . Баккъалла а иза Аллах1ана атта ду
23.(Тхайн кхоллам бовзийтар) Шу г1айг1ане ца хилийта а ша шух д1атиллачунна т1ехь , шу даккхий ца дейта а ша шуна деллачунна т1ехь (ду) . Аллах1ан везац массо а дозалладийриг а , кураниг а
24.Шаьш б1аьрмециг болу , нахе омру деш болу б1аьрмецигалца . Ша (бакъонах) юхаваьлларг милла велахь а , (цунна хаийла) баккъалла а Аллах1 - Иза (цуьнга хьашто йоцуш) таро ерг а (кхачаме верг а) , хастаме верг а ву
25.Бакъ долуш Оха хьовсийна Тхайн геланчаш билгалонашца , доссийна Оха цаьрца жайна а , (нийсонан) терза а ,
нах (адамаш) нийсонца (бакъонца) д1ах1иттийта а . Оха доссийна эчиг (лаладан хаар) а , цуьнца ч1ог1а ницкъ а бу , нахана (дахарехь цунах) пайданаш а бу . Аллах1ан хаархьама (оцу г1ирсаца) хьа толор ву Ша (Шен дин) , Шен геланчаш а (Ша царна гарха) къайлаха (волш) . Баккъалла а Аллах1 ницкъберг а , г1орадерг а ву
26.Бакъ долуш Оха ваийтина Нухь а , Ибрах1им а . Оха дира цаьршинан т1аьхьенехь пайхамаралла а , жайна а . Ткъа царех нисвелларг ву , дукхах берш царех песакънах бу .
27.Цул т1аьхьа Оха бахкийтира церан ларрашца (царна т1аьххье) Тхайн геланчаш . Оха ваийтира Марьяман к1ант 1иса . Оха цунга делира инжийл . Оха хилийтира шаьш цунна т1аьхьа х1иттинчера дегнашкахь догк1едалла а , къинхетам а . (дуьненах) Д1ахадар - цара кхоьллира иза (шайгара) . Оха т1едиллина дацар иза цаьрна . Аллах1 резавар лаар а бен . Амма цара лар ца дира иза (шайн д1ахадар) ша дан ма дезза . Оха елира царех шаьш имдиллинчаьрна шайн ял . Дукхах берш царех песакънах бу .
28.Х1ай шаьш (1ийсах) тешнарш ! Аллах1ах кхерийша , Цуьнан элчанах (Мухьаммадах) тешийша , т1аккха Цо шуна лур ма ду шиъ дакъа Шен къинхетамах , Цо шуна серло лур ма ю шу шеца лелар долу , Цо шуна гечдийр ма ду . Аллах1 ма ву гечдийриг , къинхетамениг .
29.Хаийтархьам жайнан ох1ланна церан ницкъ ца кхочий Аллах1ан комаьршонах х1уманна т1ехь . Баккъалла а комаьршо Аллах1ан карахь юй , Цо ша луш Шена луучунна . Аллах1 йоккхачу комаьршонан Да ву