Тидар


58 - Сурат Амужадила (Къуьйсушъерг)
(Мадинатахь доьссина , 22 аят ду)
Аллах1а ц1арца доладо аса доза доцуш шорта а , даиманна болу къинхетам да волчу .
 

1.Бакъ долуш , Аллах1ана хезна , хьоьца (х1ай Мухьаммад) шен майрачун хьокъехь дагайолучун (къуьйсучун) а , Аллах1е балхам бечун (арз дечун) а алар (къамел) . Аллах1 хезаш ву шу шинна дагадалар . Баккъалла а Аллах1 хезаш , гуш ву
2.Шух шайн зударий (шайн наной баккъашка уьш тарбарца) хьарамбийриш , уьш (церан зударий) бац (ца хуьлу) церан наной (санна хьарам , цара иза аларха) . Церан (иза олучеран) наной ма бац , шаьш уьш бинарш (дуьнена баьхнарш) бен . Баккъалла а , цара дуьйцу бух боцу а , харц долу а къамел . Баккъалла а Аллах1 къинт1ера волург а , гечдийриг а ву
3.Шайн зударий шайна хьарам бина , цул т1ехьа шаьш аьллачух юхабевларш (шайн дош юхаэцнарш) , царна т1ехь ду лай маьрша ваккхар , шаьшшиъ (зуда-майра) вовшах хакхадалале (меттахь) , иза шуна ден хьехар (омр) ду . Аллах1 аша дийриг хуъуш ву
4.Шена ца карийначо (маьрша ваккха лай) , юкъа де ца дуолуьйтуш ши бутт марханаш кхаба деза шаьшшиъ (зуда-майра) вовшах хакхадалале (меттахь) , ткъа шен (марха кхаба) ницкъ ца кхаьчначо , кхузткъа миска вузо веза . Иза шу Аллах1ах а , Цуьни элчанах а тешийтархьама ду . Уьш (х1ара хьукманаш) Аллах1ан дозанаш ду . (цаьрца) Керста болучаьрна (цатешачаьрна) лазон 1азап ду
5.Баккъалла а шаьш Аллах1ана а , Цуьни элчана а (дозанашна) дуьхьала буьйлурш , сийсаз бийра бу царал хьалха хилларш сийсаз ма барра . Бакъ долуш Оха диссийна (кхетамна) билгала аяташ . (царах) Цатешачаьрна (уьш) сийсазбен 1азап ду
6.Аллах1а уьш беригге а г1овтор болун (къемата) дийнахь , д1адовзуьйтур ду цаьрга цара динарг , Аллах1а лардина иза (цара динарг) , (амма) цара дицдина иза . Аллах1 массо а х1уман т1ехь теш ву
7.Хьуна ца хиъна , баккъалла а Аллх1ана стиглашкахь дерг а , лаьттахь дерг а хаъий ? Кхаьннан къайлах къамел ца хуьлу , Иза виолг1а волуш бен (и хаъарехь) , я пхеннан Иза ялхолг1а волуш бен , я цул к1еззиг , я цул сов - Иза шайца волш бен уьш миччахьа а хилчи . Цул т1ехьа , Цо цаьрга д1адовзуьйтур ду цара динарг къемата дийнахь . Баккъалла а , Аллах1 массо а х1уманах дерг хуъуш ву
8.Хьуна ца гина и шайга къайлах къамелаш ма де аьлларш , цул т1ехьа боьрзуш шайга ма де аьллачуьнга , шаьш (шайна юкъахь) къайлаха къамеле буьйлуш къилахь долчунци (харцонци) а , мостаг1аллийци (зуламци) а , элчана 1еса хиларци а ? Хьо волче шаьш баьхкичи , Аллах1а хьоьга ца деллачу куьцара салам ло цара , шайн дагахь цара олу : "(и пайхамар бакъ хилчи) Вайна Аллах1а 1азап х1унда ца ло вай олучуна ?". Тоьара ю (иза олучу) царна (г1удана) , шаьш оцу (къемата дийна) чуг1ура болун , жоьжахате (цуьни 1азап) . Ма вуо воьрзийла ю иза
9.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шаьш хьуламехь къамел дичи , аша иза (къамел) ма делаш (мунепикъаша санна) къилахь долчунци (харцонци) а , мостаг1аллийци (зуламци) а , элчана 1еса хиларци а . Аша къамелаш де диканци , (Делах) кхерарци . Аллах1ах кхералуш , Цунга шаьш гулдийр долчу
10.Баккъалла а къайлах къамел шайт1анера ду , шаьш имдиллинарш г1айг1ане эгийтархьама , амма иза (къайлах къамел) царна (имдиллинчаьрна) зе дийра долуш ма дац х1уманца , Аллах1ан лаъамци (пурбанци) бен . Аллах1ана т1е товжийла муъма-нах (имдиллинарш)
11.Х1ай шаьш имдиллинарш ! (нагахь санна) Шоьга аьлчи охьаховжаран гуламашкахь : "Д1а-схьа хила (меттиг баккха) " , шу д1а-схьа хилалуш , Аллах1а меттиг лур бу шуна (ялсаманахь) . Ткъа (шайга) "Хьалаг1итта" аьлчи , шу г1итталуш , Аллах1а (ялсаманин) даржашкахь лакхабоху шоьх шаьш имдиллинарш а , шайна (Дала) 1илма делларш а . Аллах1 аша дийриг хуъуш ву
12.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шайна элчанца хьуламехь къамел дан лиъчи , шайн къамел хилале саг1ийна х1ума ло , иза шуна тоьлуш (г1олий) а , т1ех ц1ени а (дерг) ду . Ткъа шуна ца караяхь (саг1ийна яла х1ума) , баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетаме верг ву
13.Шу кхера дели ткъа шайн къамелал хьалха саг1анаш дахарха (и шайна т1едожарха) ?! Аша иза ца дахь -Цо шуна гечди (хьалха дехи шу цунах) - ламаз (мукъане) де (шен бехкамашца) , закат ло , Аллах1ана а , Цуьни элчана а муьт1ахь хила . Аллах1 хуъуш ву аша дийриг
14.Хьуна ца гина , Аллах1 шайна оьг1аз вахана къомаца (нахаца) гергарло лелораш ?! Уьш (и гергарло лелораш) ба ма бац (я) шух ле царах . Харцона т1ехь (къера) дуй буъу цара , шайна хуъуш долущехь (шаьш харц хилар)
15.Аллах1а кечдина цаьрна буьрса 1азап . Баккъалла а , боьха (вуо) дара цара дийриг
16.Шайн дуйнашха турс (дуьхьло) дина , (имдиллинарш) Аллах1ан новкъах юхабетташ . Цаьрна сийзаз бен 1азап (хир) ду
17.Уьш , цхьанне а кепара Аллах1ах (Цуьни та1зарха) , хьалха бохур ма бац церан бахамаш а , доьзалш а . Уьш жоьжахатан дай бу , оцу чохь уьш гуттар лаьттар бу
18.Аллах1а шаьш массо а г1иттор долчу дийнахь , цара дуй буъур бу Цуна , шаьш (дуьненахь) шоьга ма баъара , шайна моьттуш , баккъалла а шаьш (и дуй баъарехь шайна) пайден х1уман т1ехь ду . "Хаъа луъчуна хаъа ду шуна" ! Баккъалла а уьш ма бу шаьш т1ех харц берш
19.Шайт1ано уьш эша а бина (шен куьйга к1ел а балийна) уьш , Аллах1 хьахавар дагар даьккхина (дицдина) царна . Уьш шайт1ана (б1ахойн) тоба ю . Ткъа шайт1ана тоба , уьш кхоччуш эшнарш бу (19)
20.Баккъалла а шаьш Аллах1ана а , Цуьни элчана а (дозанашна) дуьхьала буьйлурш , сийсаз бинчарах бу.
21.Аллах1а сацам бина (яздина) : "Бакъ долуш , толам бакхне а боккхур ма бу Аса а , Сан элчанаш а". Баккъалла а Аллах1 ма ву ницкъ берг , сийлахь верг
22.Хьуна карор дац , шаьш Аллах1ах а , т1аьхьарчу (къемата) дийнах а тоьшуш долу къам , ша безаш Аллах1ана а , Цуьни элчана а дуьхьала буьйлурш , уьш церан дай , я к1ентий , я вежарий , я гергарнаш хиллехь а . Уьш , Цо церан дегнашчохь ийман (гулдина) ч1аг1дина , Шегара толамца (сица) уьш айъа а айъина . Цо уьш бохуьйтура бу , шена к1елахула татолаш лелачу , (ялсаманин) бешмашка , оцу чохь шаьш гуттар хир болуш . (уьш Шена муьт1ахь хиларна) Аллах1 реза ву цаьрна , (шаьш ялсамани бахийтарна) уьш бу реза Цуна (совг1атна) . Уьш Аллах1ан (б1аьхойн а , авлияин а) тоба ю . Ткъа Аллах1ан тоба , уьш кхоччуш декъала хилларш бу