Тидар


59-Cурат Алхьашр (Д1агулбар , лахкар)
(Мадинатахь доьссина , 24 аят ду)
Аллах1а ц1арца доладо аса доза доцуш шорта а , даиманна болу къинхетаман Да волчу .
 

1.Аллах1 вазварца хеставо (ц1анво) стиглашкахь а , лаьттахь а мел долчо . Иза сийлахь , (говза) кхетаме ву
2.Иза ву , ша арабаьхнарг , (шайна т1е) жайна (Товрат) доьссинчарех (жугтех) шаьш керстаналла динарш , шайн керташкара хьалхарчу (лаьхкина) д1агулбарна . Шуна ца моьттура (х1ай муъм-нах) уьш арабевра бу , ткъа царна (жугташна) моьттура , баккъалла а шайн (нуьцкъалчу) б1аьвнаш шаьш Аллах1ах (Цуьни 1азапах) лардийра ду . Амма Аллах1 веара (Шен 1азапца) царна дагахь доцчухула , Цо тесира церан дегнашчу кхерам (1адор) . Шайн х1усамаш шайн куьйга а , муъм-неха куьйга а йохайора цара . Ойла йе (оцу белха) х1ай хьекъалан дай !
3.Аллах1а царна махках бахар ца яздинехьара , дуьненахь (кхин) 1азап лур дара Цо царна . (ткъа) Эхартахь (жоьжахатан) ц1ера 1азап (хира) ду царна (сецна) .
4.Иза (махках бахар) , баккъалла а цара Аллах1ана а , Цуьни элчанна а харцо (шалхо) ярна дара . Ткъа Аллах1ана харцо йийриг (милла велахь) , баккъалла а Аллах1 (цуна) та1зар ч1ог1а (дийра) долуш ву (4)
5.Аша хурман диттах хадийнарг , я аша (ца хадош) шен орамаш т1ехь цунах дитинарг а , Аллах1ан пурбанци (бакъонца) ду , (шалхо йина) песакх-нах (жугтий) сийсазбархьама (холчу х1итторхьама) .
6.Аллах1а Шен элчана х1онс (совг1ат) юхаерзийра царех (жугтех) , Аша ца лаьхкира (хаьхкира) иза юхаерзаярехь дой а , эмкалш а . Делахь а , Аллах1а т1етосу Шен элчанаш Шена луъучуна (церан дагчу кхерам тасарца) . Аллах1 массо а х1умана т1ехь ницкъ кхочуш ву
7.Аллах1а Шен элчанна , ярташан бахархошкара , (Шегара совг1ат дина) юхаерзийна х1онс , иза (х1онс) Аллах1ана а , Цуьни элчанна а , (цуьни) гергарчаьрна а , байшна а , мисканашна а , некъахочуна а (дакъа долуш) ю . Иза ца хилийтархьама д1а-схьа кхоссар (кар-кара эцар) таройолчаьрна юкъахь . Элчано шайга кховдийнарг т1елаца , ткъа цо шайна ца магийнарг , (генадовларци) дита . Аллах1ах кхералуш , баккъалла а Аллах1 та1зар ч1ог1у долуш ву (шуна)
8.Иштта (х1онсах дакъа ду) , мохк битинчу пекъаршна а , шаьш шайн керташкари а , шайн бахамашкари а арабаьхна болчу , Аллах1ера коьмаьршо а , (Иза) реза хилар а (лехарна) лоьхуш . Шаьш Аллах1ан а , Цуьни элчанан а дин толош . Уьш , шаьш бакълуьйриш бу
9.Царел хьалха шайн (Мадийнатахь) керт хилларш а , (дезарци) имдиллинарш а , (шайн дикаллийна) царна веза махках (Макках) ваьлла шайна т1евеанариг , царна караяц шайн кийранашкахь царна (т1ебаьхкинчаьрна) кхьачначуьнга (х1онсе) хьашто (хьаг1) , цара (бухарчаьра) толабо (дуьненан даьхненгахь) уьш (т1ебаьхкинарш) шайн дог1маш т1ехь , шайгахь хиллехь а (даьхненга) хьашто .
Шен дег1а сутаралла (юхатохарци) ларйинарг (милла велахь) , уьш , шаьш (декъала хиларци) тоьлларш бу
10.Шаьш царел т1аьхьа (х1окху дуьнена) баьхкинарш , цара олу :" Х1ай тхан Дели ! Гечдехьа тхуна а , шаьш ийманци (имдилларехь) тхоьл хьалха бевлачу тхан вежаршна а , Ахьа ма ехьа тхан дегнашчохь шаьш имдиллинчаьрга хьаг1-гамо . Х1ай тхан Дели ! Баккъалла а Хьо (хьайн халкъах) доглозуш (къахеташ) , (дохко ваьллачуьнци) къинхетаме ву
11.Хьуна ца гира шаьш мунепикъалла динчаьра , жайни дайшха шаьш керстаналла динчу шайн вежаршка шаьш олуш : " (оху ч1аг1о ма йо , нагахь санна) Шу (шайн керташкари) арадахахь , тхо а девра ма ду (тхайн керташ йитина) шоьци ара , тхо муьт1ахь хир ма дац шу сийсаз дарехь цхьанненна а цкъа а , ткъа шуна дуьхьала цхьамма т1ом бахь , оха шуна г1о дийра ма ду". Аллах1а тешалла ма до , баккъалла а уьш (шайн ч1аг1онгахь) харцлуьйш ма бу (аьлла)
12.(Аса ч1аг1о ма йо) Вуьш арабаьхчи , уьш (и бохурш) арабевра ма бац , вукхаьрна дуьхьала цхьамма т1ом бичи , цара (церан аг1онт1ехь т1ом беш) цаьрна г1о дийра ма дац , ткъа цара цаьрна (т1ехиттина) г1о дичи а , (шайн) баккъаш берзийна бовдур ма бара уьш , т1аккха цаьрна г1о хир ма дацара
13.Шоьх (х1ай бусалба) кхерар ч1ог1а ма ду церан (мунепикъан) дегнашкахь , Аллах1ал (Цуьнах кхералал) а , иза баккъалла а уьш кхеташ доцун къам хиларна ду
14.(шаьш к1иллу хиларна) Цара шоьци гулбелла (аренца) т1ом ма ца бо , ч1аг1йинчу ярташкаш , я (шайна гуо бичи) пенашна т1ехьа (левчкъина) бен . Церан мостаг1алла шайна юкъахь ч1ог1а ду (шайна юкъахь майра бу уьш) . (хьайна уьш гуламехь гичи) Цхьаьна болш (санна) хета хьуна (х1ай бусалба) уьш , амма дегнаш декъаделла ду церан . Иза баккъалла а уьш хьекъал доцуш хиларна ду
15.(ийман дитарехь церан масал) Гергарчу хенахь шайла (царел) хьалха хилчеран масалха тера ду , (дуьненахь) шайн белха (бекхаман) та1зар (махках лахкар) 1аьвшира цара , (иштта) цаьрна (эхартахь) лазош (1овжош) хиндолу 1азап ду
16.(шайн ямартхиларехь церан масал) Шайт1анан масалха тера ду , ша адаме аьлла долу : "Керстаналла де". Ткъа цо керстаналла динчу хена , ша аьлла : "Баккъалла а со ц1ена ду хьоьх (ахьа динчух) , баккъалла а со кхоьруш ма ду (массо а) 1аламийн (кхолламан) Дела волчу Аллах1ах "
17.Цаьршина (тилийначу а , тилавеллачу а) чаккхе яра , баккъалла а , и шиъ жоьжахатехь хилар , оцу чохь шаьш гуттар лаьттара долуш , иза (керстаналла динчу) зуламдайн бекхам бу
18.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аллах1ах кхералуш , хьажийла (х1ора) дег1 (са), ша кханенна (къемата денна) х1ун кечдина . Аллах1ах кхералуш , баккъалла а Аллах1 аша дийриг хууш ву (шуна)
19.Шу ма хилалуш шаьш Аллах1 (хьахо) вицвина , таккха Цо шайна шайн дог1маш (дикачу 1амалшха) дицдиначарех тера . Уьш , шаьш (муьт1ахь ца хиларна) песакх берш бу
20.(даржехь) Цхьатерра бац жоьжахатан дай а , ялсаманан дай а . Ялсаманан дай , уьш бу (шайн лерам барна) тоьлларш
21.Оха х1ара къур-ан цхьана лома т1е доссийнехьара , хьуна иза гур ма бара ша хьастабелла , Аллах1ах кхерарна лилхина . И масалш Оха даладо адамашна цаьрга ойла яйтархьама
22.Иза - Аллах1 , Ша бен кхин дела воцу , къайлах а , гуш а дерг Ша хуург ву , Иза доза доцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да ву
23.Иза - Аллах1 , Ша бен кхин дела воцу , олалла дерг , беркатениг (ц1енаниг) , машарениг (кхачамениг) , тешамениг , тидамениг , сийлахьниг , везаниг , воккханиг ву . Ц1ена вукх Аллах1 цара (Шена) вечу декъашхочух
24.Иза - Аллах1 , кхуллург , юкъадоккхург , куцлург ву , хаза ц1ераш ю Цуьни . Иза (ц1анварци) хеставо стиглашкахь а , лаьттахь а мелдолчо . Иза сийлахь , кхетаме ву .