Тидар


60-Сурат Алмумтахьана (Зуьйриг)
(мадийнатахь доьссина , 13 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доладо аса доза доцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу
 

1.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аша ма лаца Сан мостаг1 а , шайн мостаг1 а (уьш шайн) доттаг1ий (г1оьнчаш бина) , гергарло (марзо) кхийдош цаьрга . Бакъ долуш керстаналла дина цара шоьга йеанчу (къур-анан) бакъонца . Элчи а , шу а (шун шахьарчуьра) арадоху цара , аша имдилларна Аллах1аца-шайн Делаца . Шу Сан новкъахь джих1адана (къинхьегаме т1амна) а , Сан реза хилар лоьхуш а арадевлехь (уьш-керста доттаг1ий ма леца) . Шаьш цаьрга (долун) гергарло (безам) хьулдеш . Со (шух массарел а) т1ех дика хуъуш ву аша кийрадоьллинарг (хьулдинарг) а , гучудаьккхинарг а . Шоьх иза (хьуламехь гергарло) лелийнарг (милла велахь а) , бакъ долуш тилла (галваьлла) новкъа нийсонах (нийсачу новкъах)
2.Уьш шуна т1енисбелчи (церан де х1оьттичи) , шун мостаг1ий хуьлу царех , шун т1е (шу дайъа) куьйгаш кхийдадо цара , шайн меттанаш д1ахоьцу (шуна) лерци , аша (бакъонца) керстаналла даре дог а доху цара
3.Шуна г1о данне а дийра ма дац шун гергарачаьра а , шун бераш а , къемата дийнахь шу (вовшех) къастора ду Цо , Аллах1 аша лелориг (дийриг) гуш ву
4.Бакъ долуш , шуна дара дика масал - Ибрах1им а , шаьш цуьнца (имдиллина) берш а . Цара элира шайн къоме :" Баккъалла а тхо шоьх а , Аллах1 а витина аша шена лолла дечух (ц1уйх) а ц1ена ду . Оха керстаналла дина (тхан герарло дац) шоьца (шун динца) . Тхуна а , шуна а юккъехь мостаг1алла а , цабезам а бу ша гуттаренна а д1ах1оьттина (гучубаьлла) , аша Аллах1аца-Цуьнца цхьанца (накъост вар доцуш) имдиллалца". Ибрах1има шен дега дина къамел доцуриг :"Аса дехне а доьхур ма ду (Деле) хьуна гечдар , (амма) Сан карахь ма дац Аллах1ера хьуна дан х1ума (ахьа Цуьнца декъашхо вахь) ". Х1ай тхан Дела ! (тхайн массо а белхашкахь) Хьуна т1е а тевжина тхо , Хьоьга дерза а дирзина , Хьоьга ду (къемата дийнахь) доьрзийла
5.Х1ай тхан Дела ! Ахьа ма зехьа тхо шаьш керстаналла динчеран куьйга , гечдехьа тхуна х1ай тхан Дела , баккъалла а Хьо , Ша сийлахь , кхетаме верг (ма) ву
6.Бакъ долуш шуна (х1ай Мухьаммад уммат) хаза (маь1не) масал дара (керстанах ц1ена хиларехь) царех (Ибрах1имех а , цуьни тобанех а) , ша Аллах1е (Цуьна йоле) а , т1аьхьарчу (къемата) дийне (цуьна дикане) а догдохуш хилчунна . Ткъа ша (исламах) юхакхетнарг (милла велахь) , баккъалла а Аллах1 (церан лолле) хьаштойоцург , хастаме верг ву
7.Аллах1 герга ву шуна а , аша царех (керстанех) мостаг1алла лелийначаьрна а юкъахь (цара имдилларца) марзо ян . Аллах1 (иза дан) ницкъ болш ву , Аллах1 (царех даьллачуна) гечдеш , (имдиллинчарех) къинхетам беш ву .
8.Аллах1а шу юхацатуху , шоьца дин бахьанехь т1ом ца бинчаьрци а , шайн керташкара шу ара цадаьхначаьрци а , шу дикахиларах а , аша нийсо лелорх а . Баккъалла а Аллах1ана беза нийсо йийраш
9.Баккъалла а Аллах1а шу юхатуху , шаьш дин бахьанехь шоьца т1ом бинчарех а , шайн керташкара шу ара даьхначарех а , шу арадахарна т1ехь шаьш г1одинчарех а , аша цаьрца гергарло (доттаг1алла) лелорах . Ткъа ша цаьрца гергарло лелориг (милла велахь а) , уьш зуламдай бу
10.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Шайна т1е (шайн) мохк битина муъма-зударий баьхкичи , аша уьш (церан ийман) зелуша . Аллах1 т1ех дика хуъуш ву церан ийманах дерг . Ткъа шайна уьш муъма-зударий хилар хиъчи , аша уьш берза ма бе (д1амало) керстанашка . Уьш (муъма-зударий) царна (керстанна) хьанал бац , ле вуьш (керстанаш) а бац царна (муъма-зударшна) хьанал . Аша царна (керстанна) д1ало цара (урдонна) йина харж . Шуна къилахь дац аша уьш балор , аша царна церан урдонаш д1аделчи . Аша ма сецайе (ма латтайе) керста-зударшци (захалонан) уьйраш . Аша схьаеха шаьш (урдонна) йина харж , цара а д1аехийла шаьш (урдонна) йина харж . Иза Аллах1ан кхел (хьукма) ю , шуна юкъахь Цо еш йолу . Аллах1 хуъуш ву , кхетаме ву .
11.Нагахь санна шун зударех цхьаъ керстанашка кхаьчнехь (яханехь) , ткъа шаьш т1амца (керстанашкари) х1онс яккхинехь , аша ло шайн зударий (керстанашка) д1абаханчаьрна цара (урдонна) йина харже хьаьжна . Шу кхера Аллах1ах , Ша шу Шеха тешаш волчу .
12.Х1ай пайхамар ! Хьо волчу муъма-зударий баьхкича , шаьш хьуна ч1аг1о еш ; Аллах1аца декъашхо ца варна а , къолу ца дарна а , (зинаш деш) нахаца ца леларна а , (зуда) бераш ца дайъарна а , (къот1алг1а дина бера майрачунна ц1ар т1е даккхарца) шаьш харцо кхуллург ца хиларна а , (бакъонца) девзачунгахь хьуна 1еса ца хиларна а т1ехь , т1аккха ахьа къобул йе церан ч1аг1о , царна гечдар деха Аллах1е , баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
13.Х1ай шаьш имдиллинарш ! Аша ма лаца , Аллах1 шайна оьг1аз вахана къам , гергарнаш . Бакъ долуш эхартах (цуьни диканах) догдиллина цара , керстанаша кешнийн дайшха (уьш г1овтторах) дог мадиллара .