Тидар


62-Cурат Алжуму1а (Рузбан , п1ераскан де)
(Мадийнатахь доьссина , 11 аят ду)
Аллах1ан ц1арца доладо аса доза доцуш шортта а , даиманна а болу къинхетаман Да волу
 

1.Стиглашкахь а , лаьттахь а мелдолчо (ц1анварци) хеставо Аллах1 , Ша Паччахь , Кхачамениг , Сийлахьниг , Кхетамениг волу .
2.Иза ву , Ша (йозан) 1илма доцучаьрна шайха элча ваийтинарг . Ша цаьрна Цуьни (къур-анан) аяташ доьшуш , ша уьш (Далла декъашхо варха) ц1анбеш , ша цаьрна жайна (къур-ан) а , (динехь) кхетам а хьоьхуш . Баккъалла а уьш хилла (Мухьаммад вале) хьалха , билггалчу тиларехь
3.Царех кхинболчаьрна а (ваийтина) , шаьш (х1инци а) царех (имдиллинчарех) д1акхетна боцучу (т1аьхьа бог1ур болун) . Иза (Аллах1) сийлахь , кхетаме ву
4.Иза (пайхамарала , дин) Аллах1ан комаьршо ю , Цо Шена луучунна луш йолу . Аллах1 йоккхачу комаьршонан Да ву
5.Шайна Товратца лелар т1едиллина , цул т1аьхьа иза (цуьнци 1амал яр) д1ацакхехьнарш (цуьнци 1амал ца йинарш) , (кхетам ца хиларехь) ша (шен гаьхь) тептарш (жайнаш) хьучу вирах тера бу .
Шаьш Аллах1ан аяташ харцдинчу къоман вуон масал (куц) ду иза . Аллах1а нис дац (оцу кепара) зуламен къам
6.Ахьа (х1ай Мухьаммад!) ала :"Х1ай шаьш (исламах д1ахилла) жуьгтин дине дирзинарш ! Аша (нагахь санна) кхайкхадахь (Мухьаммад а , цуьни асхьабаш тилла бу) , баккъалла а шу Аллах1ан кхинболу (массо) нахелла а дукхадезарш (гергарнаш) ду (аьлла) , шаьш далар лаийла шуна , (нагахь санна) шу (Аллах1ана шаьш дукхадеза аларехь) бакълуьйш делахь (хьовсура ду вай , вайха бакъ мила ву) .
7.Цаьрна иза (шаьш балар) луур ма дац цкъа а , (х1унда) шаьш шайн куьйгашци динчунна (летийначу къиношна) . Аллах1 т1ех дика бевзаш ву зуламдай
8.Ахьа ала :"Баккъалла а , шу шех къехкаш (уьдуш) долу и валар , баккъалла а иза дуьхьала кхетар ма ду шуна , цул т1аьхьа шу дерзор ду гуш доцуриг (къайлах дерг) а , гуш дерг (къулах дерг) а хуучуьнга , т1аккха Цо шуна (бекхам барци) д1адовзуьйтур ду аша лелош хилларг" .
9.Х1ай шаьш имдиллинарш ! П1ераскана дийнахь (рузбана) ламазанна кхайкхичи , шу (мало йоцуш , ледарло ца еш) Аллах1 хьахаваре (ламазе) г1олуш , аша диталуш совдегар . Иза тоьлуш ду шуна (нагахь санна) шуна хаахь
10.Ламаз дина даьлчи , шу даржа лаьттахула , аша лаха Аллах1ан (рицкъанан) комаьршо . Аллах1 хьахавелуш дуккха а . Т1аккха шу декъала хир ма ду
11.Шайна совдегар , я синкъерам гичи , д1ахьаьвдира уьш цуьнга , хьо (хьехам беш) х1оьттина а витина . Ахьа ала (цаьрга) :"Аллах1ана гергахь дерг тоьлуш ма ду синкхерамал а , совдегарал а . Аллах1 ма ву рицкъа лучарех тоьлуш верг ".