Тидар

 


68 - Cурат Алкъалам /Къолам/
/Маккахь доьссина , 52 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Нун (Аллах1 т1ех дика хуъуш ву , Шена цунах луъург) . Къоламора а , ша цара (малийкаш) яздечора а
2.Хьо ма вац , хьайн Делера ни1матца телхина
3.Баккъалла а , хьуна хедар (кхачор) йоцун ял ма ю
4.Баккъалла а хьо , ч1ог1ачу (оьздачу) г1иллакхехь (динехь) ма ву
5.Ткъа (къемата дийнахь) хьуна а гур ду , (иштта) царна а гур ду
6.Муьлха ву шух (шайт1ано) зийнарг (шен хьуца талхийнарг)
7.Баккъалла а хьан Дела , Иза т1ех дика хуъуш ву Шен новкъах тилларг мила ву , (иштта) Иза т1ех дика хуъуш ву нисбелларш /муьлш бу/
8.Хьо муьт1ахь ма хила (бакъ дерг) харц де чарна
9.Царна дийзара , хьо (шайца) к1еда хилар , т1аккха шаьш (хьоьца) к1еда хуьлуш
10.Хьо муьт1ахь ма хила массо а сийсазчу , (харц) дуйнаш буъучунна
11.Анташ /г1ийбаташ/ дохучунна , эладитанца лелачунна
12.(б1аьрмециг хиларна нахех) Дика юхатухучунна , (дозанах) т1ехвуьйлучунна (зулам дарца) , къинош латочунна
13.(керстаналлехь) К1оршаме /шога/ волчунна , цул сов къот1алг1а вина (б1иж) волчунна
14.Ша хьолан /бахаман/ а , к1ентийн а да хиларна
15.Шена (къуръан т1ера) Тхан аяташ дешча , цо элира : "/уьшшам/ Хьалхалерачийн /д1абаханчеран/ туьйранаш /дара/"
16.Оха (сийсазлонан) мух1ар тухур ду цунна , /шен/ меран (юьхь) т1е
17.Баккъалла а Оха зийна уьш (даьхнийца) , Тхаьш /стоьмийн/ бешан дай ма-зерра , цара (шайна юкъахь) дуй биъначу хена , шаьш уьш (стоьмаш) дохур (лахьор) ма ду 1уьйрана /садаржале г1евттина , са-боду къастале/.
18.Шаьш /"Дала мукъ лахь" аьлла/ юкъара ца доккхуш
19.Т1аккха цу /бешан/ т1ехула (оцу буса) хьаьвзира хьан Делера /ц1еран-балех ша/ хьовзург , уьш бийшана болуш
20./ша йагарна/ 1аьржа /буьйса санна/ хилира и /беш/ .
21.Вовшашка кхайкхира цара 1уьйранна :
22."Шайн кха т1е г1уо , шаьш (стоьмаш) лахьош делахь !"
23.Д1ахьаьвдира уьш (беша) , шаьш вовшашка шабар - шибар деш
24."Шуна т1е цхьа миска ма вог1ийла цу /беша/ чу тахана " (аларца)
25.Уьш бахара (мисканаш) юхатохар т1ехь (шайн дагахь) ларор болуш
26.Ткъа шайна и (яьгна 1аржъелла) гинчу хена , цара элира :" Баккъалла а вай (некъах) тила ма делла .
27./х1ан х1а/ Мелхо а , вай /цуьнан/ декъах даьхна /хьарам дина/ ду"
28.Царех г1олийчо /тоьлучо/ элира : "Ас ца элира шоьга , аша (Далла) теспахьдахьара (Дела хьахорца)"
29.Цара элира (къера хилла) : "Ц1ена ву-кх /Хьо/ Тхан Дела /геч дехьа тхуна/ . Баккъалла а (тхайн дог1машна) зуламе хилла-кх тхо"
30.Царех цхьаберш вукхарна т1ебирзира бехкаш дохуш
31.Цара элира : "Х1ай тхан бала /г1айг1а-я1/ , баккъалла а (Делан дозанашха) т1ехдуьйлуш хилла тхо"
32.Тхан Дела герга ву-кх (Шена лиъча) , Ша цул дикачуьнца тхо хийца , баккъалла а тхо , тхан Деле (дика мел дерг) доьхуш ду-кх"
33.Иштта ду (дуьненан) 1азап , ткъа эхартан 1азап вуно т1ех доккха ду , уьш хуъуш хиллехь .
34.Баккъалла а зовкхен бошмаш ю /Делах/ кхоьручарна , церан Далла гергахь
35.Бусулбанаш (муха) бо вай (бекхамехь) къинош дийраш /керстанаш/ санна ?
36.Шуна х1ун хилла ? Аша (оцу кепара телхиина) кхел муха йо ?
37.Я шун (стиглара доссийна) жайна ду , /шаьш/ цу чуьра (и cацамаш)
доьшуш ?
38.(т1аккхам) Баккъалла а шуна , цу чохь ша аша мел хоржуриг (шуна мел дезариг) ма ду
39.Я шуна (ялсамани хиларца) йина сецна ч1аг1онаш ю Тхуна т1ехь къемат де кхаччалца ? (т1аккхам) Баккъалла а шуна , ша аша (шайн дог1машна) йина кхел хир ма ю
40.Хатта цаьрга , муьлха ву царех и /кхел кочуш ян шена/ т1елаьцнарг ?
41.Я церан декъашхой бу /цу т1ехь/ ? /белахь/ Схьабалабойла цара шайн декъашхой шаьш бакълуьйш хилча !
42.(хьахаде) Г1айг1а (халонан ч1аг1алла) гучуйоккхучу (къемата) дийнахь , уьш сужуде кхайкхича церан ницкъ кхочур бац (и дан)
43.Шайн б1аьргаш хьастаделла , сийсазалло шаьш хьулбина , бакъдолуш уьш бара шаьш сужуде кхойкхуш (церан ийман зерхьама) , уьш могуш болуш .
44.Витахь Со а , ша х1ара /Къуръанан/ къамел харцдийриг а , Оха (к1ез к1езиг) зуьйр бу уьш , царна дагахь доцчу аг1ор
45.Аса жимма хан ях йийр ю церан , баккъалла а , Сан мекарло /ч1ир лалур йоцуш/ ч1ог1а нуцкъала ю
46.Я цаьрга ял йоьху ахьа (дин кхайкхадарна) , уьш шаьш хилча /оцу/ декхаро к1елбитина (базбина) ?
47.Я цаьргахь (лавхьулмахьфуз) къайле ю , /т1аккха/ цара (цу чура) схьайаздеш (шаьш дуьйцург) ?
48.Сатоха хьайн Делан кхелана , хьо ма хила (сихваларехь) ч1еран йийсархочух тера , цо кхайкхира (шен Деле , ч1еран кийрахь) ша г1айг1ане волуш
49.Шен Делера /къинхетаман/ ни1мат шена ца кхаьчнехьара , и кхоьссина хир ма вара ерзинчу (шерачу) ара , шех 1оттабаккхам болуш .
50.Иза хаьржира цуьнан Дала , дикачарех вира Цо иза .
51.Шаьш /Делах/ цатешнарш герга бу , шайн б1аьргашца (хьаг1-б1аьргаца) хьо вуожо , шайна (къуръанан) хьехам хезча , цара (хьаг1ца) олу : "Баккъалла а иза (Мухьаммад) телхина ма ву" .
52.(амма) Иза (къуръан) ма дац , массо а 1аламна /болу/ хьехам бен .