Тидар


69 - Cурат Алхьаккъа (Бакъ хилла дужург)
(Маккахь доьссина , 52 аят ду)
Аллах1а ц1арца доладо аса , доза доцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам да волчу
 

1.Бакъ хилла дужург
2.Х1ун ду иза бакъ хилла дужург ?
3.Хьуна сте хаийтина , х1ун ду иза бакъ хилла дужург ?
4.(Салихьа къомо) Самуда а , (Х1уда къомо) 1ада а харц дира (дегнашчу кхерам тосу) къемат де
5.Амма Самудаш х1аллак бира нуцкъалчу ц1ог1анца (мохк бегабарца)
6.Амма 1адаш х1аллак бира буьрсачу , шийлачу мехаца
7.Цо царна т1е тесира иза (мох) варх1 буса а барх1 дийнахь а дуьззина (ца хадош), т1аккха (оцу мурехь) адамаш гур дара хьуна х1аллак хиларна эгна , баккъалла шаьш тера долуш (мохо бух даьхначу) пальман диттан мурделчу (десачу) баххашха (орамашха)
8.Хьуна гой царах цхьа а висина (дисина х1умма а)?
9.Баьхкира Фир1авн а , цул хьалхарнаш а , (Лут1а къомах) т1ек1елбиттинарш а 1асаллийца
10.Шайн Делера элчана 1еса хилира уьш , т1аккха Цо (Аллах1а) лийцира уьш сов ч1ог1а лазочу лацарца
11.Баккъалла Оха , (Нохь-пайхамаран заманахь) хи дистина деанчу хена , шу (шун дай келхьара бахарца) даьхьира х1орд кеманахь
12.И (х1орд-кема) дархьама шуна хьехам (дегалацам) , иштта семачу (хезачу) лергашка тидаме эцийтархьама (лардайтархьама и хилла сурт)
13.Ткъа (Исрапил-малийко) оцу (шен) зурманчу цкъа "х1уп " аьлла
14.Латта а , лаьмнаш а (шайн меттара) айъина , аьтна д1ашардича
15.Оцу дийнахь дужур (х1уттур) ду дужуриг (къемат де)
16.Стигал ет1ар (екъалур) ю , иза оцу дийнахь г1ийла (заь1ап) хир ю
17.Малийкаш хир ду цуьнан (стиглана) йисташкахь , хьан Делан 1арш хьур ю шайн т1оьхула оцу дийнахь (малийкашха) барх1аммо
18.Оцу дийнахь (Далла хьалха) д1ах1иттор ду шу (хьесапна) , (Цуна) шух (аша лелийначух) къайла бер бац цхьа а хьулам (къайле)
19.Амма шен тептар аьтту куьйга делларг , цо эра ду (воккхавеш) :"Схьадуьйле сан тептар дешийша !"
20.Баккъалла а со тешна ма вара , баккъалла а сайна , сан хьесап т1ех1оттарха
21.Иза ша реза волчу дахарехь хир ву
22.Лекхачу (сийлахь-езачу) ялсаманахь
23.Шен (ялсаманин) стоьмаш гергадалийна долуш (шайна)
24.(цаьрга эра ду) :"Аша йаъа , мала (дег1ана) аьхна (г1оза) , шаьш динчунна (диканна дуьхьала) даханчу деношкахь (дуьненахь)"
25.Амма шен тептар аьрру куьйга делларг , цо эра ду (холчу х1оьттина) :" - Да вискха сан - (байтамал-я1) даланза (мукъане) веларкха со и сан тептар "
26."Хаъанза веларкха со мел (ирча) ду сан хьесап"
27."- Да вискха - (байтамал-я1) иза (валар) хилла делира (сан дахар) хадош (чекхдоккхуш кхел йоцуш) "
28." Со (1азапах) хьалха ца ваьккхи сан бахамо "
29."(х1аллак хилла) Д1адели соьгара сан паччахьалла "
30.(Дала эра ду) :"Аша (х1ай сан малийкаш) Лаца иза , буржулш тоха цуна"
31."Т1аккха вагочу жоьжахатчу волла иза"
32."Цул т1ехьа шен барам кхузткъеитт дол долчу з1ех д1атаса (д1авехка) иза"
33.Баккъалла а иза вара , сийлахьчу Аллах1ах ца тешаш ,
34.Иштта мискана кхача баларе ца кхойкхуш
35.Цуна вац тахана кхузахь (догэца) гергарниг (доттаг1)
36.Кхача бац (жоьжахатан ох1лана) ноткъанах (соьланах) бен
37.Ца буъу иза (кхача) хат1е хилчара (къа динчара) бен
38.Х1ан-х1а (шуна моьттург дац) ! Аса (Аллах1а) дуй буъу шуна гуш долчуьнци а
39.Шуна гуш доцучуьнци а
40.Баккъалла а иза (къоран) , (Сан) лерамечу геланчан (юкъарлонца деана) дош ма ду ,
41.Иза ма дац байт - язъярхочун дош , ма к1еззиг дукх шу тешарг
42.(иза) Бозбуанчан дош ма дац , ма к1еззиг дукх шун хьехам эцар
43.(ша) Доссийна ду 1аламийн Дала
44.Цо (сийлахьчу Мухьаммада) Тхуна т1ехь кхоьллинехьара цхьадолу дешнаш (доцург)
45.Оха (ч1ир эца) лоцур вара иза нуьцкъала каца
46.Т1аккха хадор бара цуьни (даг т1е боьду) син пха
47.Ткъа шух хир ма вацара цхьа а , цунах и (та1зар) духа тоха
48.Баккъалла а иза (къоран) хьехам бу (Делах) кхоьручаьрна
49.Баккъалла а Тхуна хаъа , баккъалла а шух (иза) харц дийраш хилар
50.Иштта баккъалла а иза (харцдар) байтамал (дохко бовлар) ду керстанашна (къемата дийнахь)
51.Баккъалла а иза (къоран) сецна (шэко йоцуш) бакъ ду
52.Ахьа ц1ан йе (хастаярца) хьайн сийлахьчу Делан ц1е (эшамах , вуонах)