Тидар


71- Cурат Нухь (Нохь-пайхамар)
(Маккахь доьссина , 28 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Баккъалла а Оха хьажийра Нохь-пайхамар шен къоме ."Хьайн къоман кхерамтаса , царна лазош хиндолу 1азап т1едале "(аьлла омранца)
2.Цо (Нохьас) элира : "Х1ай сан къам ! Баккъалла а со шуна ваийтина билгала кхерамча ву" ,
3."Аллах1ана лолла (1ибадат) делаш (хьарамниг дитарци) , Цунах кхералуш (къиношна генадовларци) , суна муьт1ахь хилалуш (ладог1арци)
4.(аша и дахь) Цо гечдийр ду шуна шун къинош , шу т1аьхьатоттур ду (1азап ца луш) ц1етоьхначу хене (1ожалле)
5.Цо элира :"Х1ай сан Дела ! Баккъалла а аса кхайкхира сан къам денахь а , буса а (5)
6.Амма сан кхайкхамо сов ца бехира уьш къахкарехь бен
7.Баккъалла а аса уьш мелкхайкхи (иймане) , хьоьга цаьрна гечдайтархьама , шайн лергашчу (шайн) п1елгаш доьхкира цара (бакъо ца хазархьама) , шайн бедаршца хьулбелира уьш (хьан б1аьра ца хьовса) , ч1аг1белира уьш (шайн харцон т1ехь) , куралла ярх а куралла йира цара (бакъонна)
8.Т1аккха , баккъалла а кхайкхира аса уьш (пхьоьг1анахь) мохьтоьхна (кхайкхарци)
9.Цул т1аьхьа , баккъалла а аса гучохь кхайкхира уьш , къайлах кхайкхира аса уьш
10.Т1аккха , аса элира :"(шайн къиношна) Гечдар дехийша аша (дерзийша) шайн Деле , баккъалла а , Иза ма ву т1ехгечдийриг"
11.(аша и дехахь) Цо стигал йоуьйтур ю шуна шортачу дог1анца , даьхний а , к1ентий а лур бу шуна , иштта бошмаш а (кхуьуьйтур ю) , (цаьрна юкъахула лелаш) татолаш а дийра ду шуна
12.Х1унда ца бо аша Аллах1ан вазаллийн лерам ?
13.Бакъ долуш шу кхоьллина Цо муьрашкахь
14.Шуна ца гина , Аллах1а муха кхоьллина варх1 стигал т1ек1-т1ек1ел ?
15.Шайна чохь бутт нуьре бина , малхах чиркх бина
16.Аллах1а кхиийра шу лаьттах кхиорха а (ораматийн хьесапахь)
17.Т1аккха (шу кхелхичи) Цо дерзор ду шу цуьнга (лаьтте)
18.Иштта (хьесапна) шу хьала а дохур ду Цо (оцу лаьтта кийрара) дахарх а
19.Аллах1а дина шуна х1ара латта (аьхна) даржийна
20.Шоьга лецийтархьама цунах шуьйра некъаш
21.Цо элира :"Х1ай сан Дели ! (оццула ас шаьш нийсоне кхайкхарха) Баккъалла а уьш суна 1еса хили , уьш т1аьхьа х1итти шаьш сов ца баьхначуна , шен бахамо а , доьзало а эшамехь а бен "
22.Цара йинарг яра йоккха мекарло
23.Цара элира (шайна т1аьхьа х1иттинчаьрга) :"Аша д1атасне а ма тасалуш шайн деланаш , аша д1атасне а ма тасалуш Вадда а , Сува1 а , Яг1ус а , Я1укъ а , Наср а "
24.(Нохьа кхайкхира шен Деле) Бакъ долуш цара тилийна дукха (нах) , ткъа Ахьа (йа Аллах1) зулам дай сов ма бахахь тиларехь бен
25.Церан къиношна (дукхаллийна) уьш хичу бахийтира , т1аккха уьш боьхкира (жоьжахатан) ц1ерга , царна ца карийра шайна Аллах1 воцуриг (Цуьни 1азап духатоха) г1оьнчанаш (орца)
26.Нохьа элира :"Х1ай сан Дели ! Ахьа ма йитахь х1окху лаьтта т1ехь керстанах цхьа керт"
27."Баккъалла а Ахьа уьш (дийна) битахь , Хьан лай тилор бу цара , цара дуьнена т1е воккхура вац (царах схьа вер вац) 1есаниг , цатешарг бен "
28."Х1ай сан Дели ! Ахьа геч дэхьа суна а , сан дена-нанна а , ша тешаш (ийманехь) волш сан х1усамчу ваьллачуна а , ийманехь болчу божаршна а , зударшна а , Ахьа сов ма бахахь зуламдай х1аллак хиларан эшамехь бен"