Тидар


72 - Сурат Алджинн /Жинаш/
/Маккахь доьссина , 28 аят ду/
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даимна а болу къинхетаман Да волчу



1.Ахь ала /х1ай Мухьаммад/ :"/Дала дагчу/ Хьехна /хаъам бина/ суна , баккъалла а жинашха цхьана тобано /къуръане/ ладог1ар , /т1аккха/ цара элира :"Баккъалла а тхуна хезна тамашийна къуръан ,
2.цо нисво нийсонна т1е , тхо тийшира цунах , оха вийр ма вац тхайн Делаца /цхьа а/ декъашхо
3.Баккъалла а лакхадаьлла тхан Делан вазалла , Цо ца лаьцна /Шена/ зуда , ца лаьцна доьзалхо
4.Баккъалла а , /ислам дин дале/ тхоьх сонтаниг вара , ша Аллах1ана т1ехь т1ех /харц/ дерг олуш
5.Баккъалла а тхуна /х1ара къуръан хаззалц/ моьттинера адамо а , жинаш а Аллах1ана т1ехь харц дерг алне а эра дац
6.Баккъалла а , адамех /цхьа/ божарий бара /шаьш/ ларлуш , жинех болчу божаршца , ткъа цара /жинаш/ уьш совбехира /шайха/ озабаларехь /къиношкахь/
7.Баккъалла а , царна /жинашна/ моьттинера , шуна /х1ай адамаш/ ма моттара , баккъалла а Аллах1а цхьа а /веллачул т1аьхьа/ г1аттор ма вац /я х1окхул т1аьхьа геланча воуьйтур ма вац/
8.Баккъалла а тхо /хьалха санна/ стигалх хьакхаделира /хабар лачкъо дагахь/ , амма тхуна и карийра /ша/ юьзна буьрсачу г1аролех а , /вагочу/ седарчех а
9.Баккъалла а тхо дара /Мухьаммад ваийтале/ , /малийкин хабаре/ ладог1а охьаховжуш цунах /стиглах/ меттигашка , амма х1инца ладуг1учуна карабо вагош волун седа /шена/ к1ела хиъна
10.Баккъалла а тхуна ца хаъа , вуо лиъна-те лаьттахь болчарна /вагочу седарчех/ , я царна церан Далла диканиг /уьш нисбалар/ лиъна-те
11.Баккъалла а тхоьх диканаш бу , тхоьх иштта боцурш бу , тхо хили тайп-тайпана некъашца /тобанашкахь/
12.Баккъалла а тхо тийшира , тхаьш Аллах1 х1о латта т1ехь , /ванне а/ г1орасиз вийриг ца хиларх а , /иштта/ тхаьш /Дела лаъамах/ девдда к1елхьара девлла Иза г1орасиз вийриг ца хиларх а
13.Баккъалла а тхо , тхайна /къуръанан/ нийсо хезначу хена , тийшира цунах , ткъа ша шен Делах тешарг , иза ца кхоьру /йолан/ эшамах а , /къинойн/ т1етохамах а
14.Баккъалла а тхоьх бусалбанаш бу , иштта тхоьх бакъонах д1абирзинарш бу , ткъа шаьш бусалба хилларш , уьш нийсо /шайн дог1машна толам/ лехнарш /лиънарш/ бу
15.Амма бакъонах д1абирзинарш , царех жоьжахатан /ц1е лато/ дечиг /г1ирс/ хили"
16.Уьш /бакъонан/ некъа т1ехь нисбеллехьара , Оха царна лур дара /уьш 1аббалц/ шорта /дог1ан/ хи /лур дара шорта рицкъа а/
17.Уьш зерхьама цунца /ни1матца/ , ткъа ша шен Дела хьахорах букъ тоьхнарг , Цо вуллур ву иза ч1ог1ачу /халачу/ 1азапе
18.Баккъалла а маьждигаш /сужудаш/ Аллах1ан ду , аш ма кхайкха Аллах1аца цхьа а
19.Баккъалла а , Аллах1ан лай /Мухьаммад/ д1ах1оьттинчу хена , ша Цунга кхойкхуш , уьш /жинаш/ герга дара /ладог1а лаъарна/ шаьш хила /элчана т1егулдаларехь/ ж1оьмаргаш /т1иэк1ел вовшийн гаьхь/
20.Ахь /х1ай Мухьаммад/ ала /керстане/ :"Баккъалла а , ас сайн Деле кхойкху , ас ца во Цуьнца цхьа а декъашхо"
21.Ахь ала :"Баккъалла а , сан долахь /карахь/ дац шуна вуо дар а , дац дика дар а"
22.Ахь ала :"Баккъалла а , со хьалха /к1елхьара/ /ваккхане а/ воккхур ма вац Аллах1ах /Цуьнан1азапах/ цхьаммо а , иштта суна /каронне а/ карор ма яц Аллах1 воцург верза /лачкъа/ меттиг
23./сан карахь дац/ Аллах1ера кхайкхам а , Цуьнан д1ахьедарш а доцург". Ткъа ша Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а 1еса верг , баккъалла а цуна жоьжахатан ц1е ю , оцу чохь шаьш /и саннарш/ лаьттар болуш гуттара а /Дала геч ца дахь/
24.Ткъа шайна гича , шайна /хирду аьлла/ ч1аг1о йийриг , т1аккха /оцу хенахь/ царна хуъур ду , мила ву г1оьнча ледар верг а , /тобан/ дагардалар к1еззиг дерг а
25.Ахь ала :"Суна ца хаъа , шуна ч1аг1о йийриг /къемат де/ герга ду , я сан Дала /хан яхлур йолун/ чаккхе йийра ю цуьнан"
26./Иза ву/ Къайлах дерг хуъуш /верг/ , /амма/ Цо ца кхиаво Шен къайленна т1е /адамех/ цхьа а
27.Элчанах Ша реза верг /хаьржинарг/ бен , баккъалла а Цо х1иттадо цуьнан /элчана/ хьалха а , т1ехьа /и 1алашван малийкех/ г1аролаш
28.Цуна хаъархьама , бакъдолуш цара /элчанаш/ д1акхайкхийна хилар шайн Делан д1ахьедарш , Цо гуо биллина царгахь долчунна , /иштта/ Цо массо а х1уман гуо лаьцна дагардарехь