Тидар


74-Cурат Алмуддассир (Бедарха хьаьрчинарг)
(Маккахь доьссина , 56 аят ду)
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу

 
1.Х1ай бедарха хьаьрчинарг !
2.(ши пхьарс хьалбай) Г1атте (халкъана) кхерам таса !
3.Хьайн Дела вазварца айъа !
4.Хьайн бедар ц1анйе (догц1ена хила)
5.Боьхачух генавала
6.(нахана) Дика ма де (цуна духьала) алсамчу бекхаме сатуьйсуш
7.Хьайн Дела доьхьа собаре хила (церан новкъахьовзамашкахь)
8.(Исрапил малийко) Оцу (шен) зурманчу "х1уп" аьлчи
9.Ткъа иза оцу дийнахь хала де ду
10.Керстанашна атта доцуш
11.Витахь Со , Аса ша цхьалха (х1умма доцуш) кхоьллинчунца !
12.Т1аккха Аса делира цуна (барам боцуш) шорта даьхни а ,
13.Т1ех1иттина (гуонаха бевлла) к1ентий а
14.Аьтту барх а боккха аьтту бира Аса цуьни (юкъара дахарехь)
15.Цул т1ехьа , (кхи ца 1ебаш) Аса (даьхни) сов даккхаре сатуьйсу цо
16.Х1ан-х1а ! Баккъалла а иза вара Тхан аяташна дуьхьал ваьлла
17.Аса йоккхуьйтур ю цуьнга (халонан) ирхо
18.Баккъалла а (къорана хьокъехь) ша ойла йина , (цунах ала х1ума) кечдира (кхоьллира) цо
19.Дала д1аэцарг , цо муха бийра бара иштта (харц) кечам ?!
20.Юха а Дала д1аэцарг , муха бийра бара и кечам
21.Т1аккха д1асахьаьжира иза (бакъонна дуьхьал даккха х1ума лоьхуш)
22.Юха хьаж юккъе шед х1оттийна (юьхь-марш хибийна) , юьхь т1ийра бос байна (вусавелла) д1ах1оьттира иза
23.Цул т1ехьа (бакъонна) букъ тоьхна , (Далла муьт1ахь хиларна) куралла йира цо
24.Цо (керстано) элира :"Х1ара (къоран) ма дац д1абаханчарах дуьйцу базбуанчал бен",
25."Х1ара ма дац , адамийн къамел бен"
26.Аса (Аллах1а) вуллур ву иза (сакъар ц1е йолчу) жоьжахата
27.Сте хаийтина хьуна , х1ун ю и (сакъар олу) жоьжахате (иза муха ю хаий хьуна) !?!
28.(иза дера ю) Ша (адамаш) тесса (дийна) ца дуьтуш , (делла парг1ат) 1ад ца дуьтуш
29.Ша (адамийн) дилха (шен ц1ерца) морцуш (чахчош)
30.Оцу (жоьжахат) т1ех1оттийна ду ткъаесна (малик)
31.Оха жоьжахатан т1ех1иттийна дац малийкаш бен , Оха церан дагардалар (барам) дина дац , шаьш керстаналла динарш зерхьама бен , иштта шайна жайна доьссинарш (билгала долчуна) т1екхиийтархьама а , шаьш тешнарш тешамехь (ийманехь) совбовлийтархьама а , шайна жайна доьссинарш а , тешарш (муъм-нах) а шекончу ца эгийтархьама а , шайн дегнашчохь (кийрахь) цамгар йолчаьрги а , керстанашка а алийтархьама а : "Х1ун (билгал даккха) лиъна-техьа Аллах1ана х1окху (барамийн) масалца ?". Иштта (и ца тешарш тилорха терра) Аллах1а (бакъонах) тилаво (сийсаз во) Шена луъург , нисво Шена луъург . Хьан Дела б1ахой (дукхаллийна уьш) мел бу хаъац Цуна (Аллах1ан) бен . Иза (жоьжахате) ма яц адамашна хьехам (дегалацам) бен
32.Х1ан-х1а (шун моьттург ма дац , бакъ долуш) ! Беттаца а (нур дохьуш бог1учу) ,
33.Буьйсенца а ,(бода д1ахьуш) йоьдучу
34.Денца а , серлонца дог1учу дуй ма буъу Аса
35.Баккъалла а , иза (жоьжахате) даккхийчарах (1азапашха) цхьаъ ма ду
36.Адамашна (ша) кхерам тосуш
37.Шух (диканехь) хьалхе яккха (т1ехила) , я (вуочунга) юхавала луъучунна
38.Массо а са , ша динчух (дихкина) жоьпе ду
39.Бакъена (бакъона) дай боцурш
40.Ялсаманахь вовшашка хеттаре бевра бу уьш
41.Къинош динчу зуламдайшха
42.(цара цаьрга хоттур ду:) "Сте далийна шу х1окху жоьжахата ?"
43.Цара (жоп луш) эра ду : "Тхо дацар ламаз деш а " ,
44."Мискачуна кхача луш а , "
45."Харц луьйчаьрци (оцу) харц хабаре довлур (лер) тхо (ца хуъург дийцара оха) " ,
46."Бекхаман (къемат) де харц дора оха"
47."Тхайна билгал дерг (далар) т1едаллаца"
48.(х1ара сипаташ долчаьрна) Шапа1ат дечеран шапа1ато бан пайда ма бац цаьрна (уьш кхелхичи)
49.Цаьрна х1ун хилла ? (хьан) Хьехамах (букъ тоьхна) д1абирзина
50.Баккъалла а шаьш йолуш санна , къаьхкина варраш
51.(т1аьхьа даьллачу) Лоьмах (кхераелла) едда йолу
52.Бакъ долуш (къин эхь ца хеташ) , царах х1оранна а лаьа , шена т1е (пайхамарна санна) схьадиллина тептарш (жайнаш) дисса
53.Х1ан-х1а ! Бакъ долуш эхартах кхьруш бац уьш
54.Х1акъ долуш , баккъалла а иза (къоран) хьехам бу
55.Шена луъучо хьехам оьцур бу цунах
56.Амма Аллах1ана ца лаъахь , цара цунах хьехам оьцур бац , Иза (Аллах1) Шеха кхера хьакъ верг а , гечдийриг а ву