Тидар


75-Cурат Алкъияма (Г1овттор)
(Маккахь доьссина , 40 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Г1овторан дийнаца дуй буъу Аса
2.(дохко даларна ша шега) Бехкаш бохучу сиц дуй буъу Аса
3.Адаманна моьтту ткъа , шен (мурйоьлла) д1аь1акаш (къемата дийнахь) вовшах тоха (гулъян) Тхан ницкъ кхочур бац ?!
4.Бакъ долуш (цул совнах) , (Тхо) ницкъ кхочуш ду п1елгийн буьхьигаш (лараш) меттах1итто (шайн жималлийца)
5.Бакъ долуш , адам тийжа т1едог1ург (къемат де) харц даре
6.Цо хоьтту (ца тешаш) :"Маца ду (ахьа дуьйцу) г1овторан де ?"
7.Ткъа б1аьрг (хьере хиларна) серлабаьлчи
8.(нур д1аэцна) Бутт лаьцча (д1атилийчи)
9.Малх а , бутт а гулбича
10.Адамо олу оцу (къемата) дийнахь (цуьнан халонаш шена гича) :"Мичахь ю те вада меттиг (стенга водур вара те)"
11.Х1ан-х1а ! (оцу дийнахь) Вада (лачкъа) меттиг бац .
12.Оцу дийнахь (парг1атон) воьрзийла хьан Деле ю (кхин яц)
13.(массо а) Адамашка д1адовзуьйту (оцу дийнахь) цо (диканах а , вуонах а) динарг а , дитинарг
14.Бакъ долуш , адам шен дег1ан дуьхьал теш ду
15.Цо ялаяхь а шен бехказлонаш
16.(доссар кхочуш хилале) Хьайн мотт (х1ай Мухьаммад) хьиэ мабиэ цуьнца (къоранца) , сихо ярхьама цуьнан (дагахь латторан)
17.Баккъалла а , Тхуна т1ехь ду иза (хьан кийрахь) гулдар а , (цул т1аьхьа ахь) иза дешар (хьан матта т1ехь сацор) а
18.Ткъа Оха иза (Жабраил меттан эшарца) дешча , (ладог1арца) т1аьхьаваза цуьнан дешарна
19.Цул т1аьхьа , баккъалла а Тхуна т1ехь ду иза (къур'ан) билгал дар
20.Х1ан-х1а ! Бакъ долуш , дуьненан дахар деза шуна ,
21.Эхарт (тесна) 1ад дуьту аша (цуна 1амал ца еш)
22.Оцу (къемата) дийнахь (муъмнеха) яххьаш нур лепаш хир ю
23.Шайн Деле хьоьжуш
24.Оцу дийнахь (керстан) яххьаш (бос байна) кхоьлина хир ю
25.Шайна 1азап дийриг хиларх тешна
26.Х1ан-х1а ! Бакъ долуш , са логе кхаьччи (Деле доьрзуш)
27.Эра ду : "Мила ву (ша валарха) дарба дийриг"
28.Т1аккха тийшира (кхийтира) иза , баккъалла а иза (шена т1ех1оьттинарг) къастар дуй (шена дезачу дуьненах)
29.(са ийзор баланна) Ког когахь хьерчар бу (баланаш хьерчар бу)
30.Хьан Деле ду оцу дийнахь воьрзийла
31.(къур'ан) Бакъ ца дира цо , я ламаз ца дира
32.Делахь а (къу'ран) харц дина , (ийманна) букъ тоьхна д1авахар иза
33.Цул т1аьхьа , вирзира иза шен доьзале , курачу боларца (шех тамаш беш)
34.Хьо ваха мегар ду иштта (кхин эхь ца хеташ)
35.Юха а (хьайн Далла 1еса волу) хьо лела мегар ду иштта
36.Адаманна моьтту ткъа ша (эрна) тесна (жоьпалла доцуш) дуьтур ду ?!
37.Иза ца хилла ткъа (зудчун кийра) дутту (стеган) хих т1адам ?!
38.Цул т1аьхьа , шиэха (хих) детта ц1ий хилла , т1аккха (Дала) чу са кхоьллина , кхачаме (суьртахь) вина
39.Цул т1аьхьа , Цо (Аллах1а) дира (кхоьллира) цуьнах (стеги-зудчун хих) шина кепара (адам) , боьрши а , сте а
40.Вац ткъа (уьш кхолла ницкъ кхочуш волу) Иза (Аллах1) ницкъ кхочуш , денбан белларш ?!