Тидар


76 - Сурат Альинсан (Адам)
(Маккахь доьссина , 31 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу


1.Бакъ долуш , заманах цхьа мур (хан) беана адаманна т1е , ша (адам) доцуш (стигалахь , я лаьттахь) хьахош (дойзуш) х1ума
2.Баккъалла а , Оха кхоьллина адам (стеги , зудчи) ийначу т1адамах (хих) , Тхаьш иза (адам) зуьйш . Ткъа Оха дира иза хезаш , гуш
3.Баккъалла а , Оха нисдира иза (нийсачу) новкъа , (цуьни) пуьсар (шукр) дойла цо , я пуьсар доцуш (керста) хилийла иза
4.Баккъалла а , Оха кечйина керстана з1енаш а , буржалш а , (жоьжахатан) ц1е а
5.(амма) Баккъалла а , (1амалшкахь) дикачаьра мер ду , кафурах (дег1ана аьхна долуш , чомана хаза долуш) эдар хилчу , малар кедах
6.Шовданах , Аллах1ан лайша ша молуш долчу , шайна мел деза (мичхьа деза) хьаладохуш (6)
7.Цара (Далла муьт1ахь хиларехь йина) ч1аг1о кхочуш йо , (иштта) уьш кхоьру (хьарам дерг дитарци) шен вуо (бала) даьржачу (къемата) дийнах
8.Кхача ло цара , шайна и безашнехьа , мискачуна а , байна а , йийсарна а
9.(шаьш олуш) :"Баккъалла а , оха ло шуна х1ара кхача Аллах1ан (йола) доьхьи (юьхьна) , оха ца боьху (ца лоьху) шоьгара (цуна дуьхьал) бекхам а , (нахана гергахь) пуьсар (баркалла) а"
10.Баккъалла а тхо кхоьру тхайн Делера , (гаттонашна) буьрсачу , (баланашна) дехачу (къемата) дийнах
(церан дикачу 1амалшна) Аллах1а лар а бира 11.(1алаш а бира) уьш оцу дийна (уьш кхийринчу) вуонах , (яххьаш т1ехь) нурлепар (юьхьк1ам) а , (дегнашкахь) баккхий бер а делира цаьрна
12.Цо (Аллах1а) цаьрна бекхам бира , цара (Аллах1ана муьт1ахь хиларехь) собар дарна , (ялсамани) бешций а , (дег1ана аьхначу) дариций а
13.Оцу чохь шаьш (1индаг1ера) маьнгеш т1ехь тевжина , царна гур (карор) бац цу чохь (т1екъаьрзина) малх а , шело а
14.Цуьни (ялсамани дитта) 1индаг1 шайна герга долуш , шен стоьмаш (т1екхача) муьт1ахь (т1екхача атта) дина
15.Чухьийзор бу цаьрна (ялхой) детин пхьег1ашци а , (чохь малар долу) чекх сагучу (аьнгали) к1удалшци (кедашци)
16.Чекх сагучу детех (шаьш) йолу , цара дира иза нийсачу барамехь
17.Цаьрна малабо цу чохь маларан кад , шен эдар мелачу занжабийлах долу
18.(ялсамани) Шовда а (молу цара) , "Салсабийл" : олуш долу
19.Т1ехьийзар ду цаьрна гуттар (хаза , жима) лаьтта бераш (кегийраш) , хьайна уьш гичи , (цера хазаллийна) хетара дара хьуна уьш даржийна жовх1арш долуш санна
20.Хьо цига (ялсаманийчу) хьаьжчи (Аллах1а шен дикачу лешна лурдолучуьнга) , хьуна гур дара (куц ца х1отталуш) зовкх (ни1мат) а , (доза доцуш) доккха (шуьйра) пачахьалла (бахам) а
21.Цаьрна т1ехь дуткъачу а , стоммачу дарин баьццара духар хир ду , уьш кечбийра бу детин х1азаршца , малор ду цаьрна церан Дала ц1ена малар
22.(цаьрга эра ду :) "Баккъалла а х1ара (зовкх) , бекхам (ял-мел) бу шуна , шун 1амал къобал хилла (Аллах1ана гергахь)
23.Баккъалла а Оха доссийна хьуна т1е х1ара къоран дакъошца
24.Хьо собаре хила хьайн Дела кхелана , хьо муьт1ахь ма хила царех (Далла декъашхо вечарех) къадечунна а , баркалдоцучуна а
25.ьайн Дела ц1е хьахайе (ламаз де) 1уьйранна а , суьйранна
26.Буьйсана а де Цуна сужуд (ламаз) , хаставе Иза (1уьйкъа ламаз т1ехь) ехачу буса
27.Баккъалла а х1окхаьрна дуьне деза , шайна хьалха долу (т1едог1у) хала (къемат) де дуьту цара (кечам бар доцуш)
28.Оха уьш кхолла а кхоьллина , церан кхоллар (дог1маш) ч1аг1дира , ткъа Тхайна лаъахь , Оха хуьйцур бу уьш шайха терачаьрци
29.Баккъалла а , х1ара (сурат) хьехам бу , ткъа шена луучо лоцур бу шен Далла т1е боьду некъ
30.Амма шуна луур дац , Аллах1ана ца лаъахь , баккъалла а Аллах1 ву хууш , кхетаме
31.Шена луучух Шен къинхетам бо Цо , амма з1уламдайшна Цо кечдина лазош долун 1азап .