Тидар


77 - Cурат Алмурсалат (Дохкуьйтурш)
(Маккахь доьссина , 50 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу


1.Ца хедаш (т1аьхьа-хьалха) хьоькхуш , дохкуьйтучу мехашци а ,
2.Шок етташ хьоькхуш долчу , луьрачу мехашци а ,
3.Мархаш лоьхкуш , яржочу мехашци а ,
4.Бакъо-харцо къасточаьрци а ,
5.Хьехам кховдочаьрци а ,
6.Бехказлонца , я кхерам тасарца , (цаьрца массаьрци а) дуй буъу Аса (Аллах1а)
7.Баккъалла а шуна ч1аг1о йинарг (къемат де) дужур ма ду
8.Седарчин нур дайъичи
9.Стигал ят1ийчи
10.Лаьмнаш (бухдаьхна) сихонца д1атилийчи
11.Элчанаш гулбаран ханйилчи
12.Муьлхачу дийне теттина ?
13.Къасторан дийне
14.Хьуна сте хаийтина х1ун ду къасторан де ?
15.Сийсазвен 1азап ду оцу дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
16.Оха х1аллак ца бина ткъа (харцдарна) хьалха хилларш ?
17.Цул т1ехьа , Оха цаьрна т1аьха бохуьйтур бу (царех тера болу) кхин берш
18.Иштта , и до Оха къинош дечаьрна
19.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
20.Оха шу ца кхоьллина (Дела ницкъе дилличи) х1умма доцчу хих ?!
21.Тхаьш иза д1анисдина (нена кийрахь) тешамечу меттехь ,
22.(иза дуьненчу дала) Билгала йинчу (6-9 бутт) хене ?
23.Тхан ницкъ кхечира (оцу т1ехь) , ма говза (г1олий) ницкъ кхочурш ду Тхо
24.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
25.Оха латта ца дина ткъа (ша шена) чулоцуш (х1усам)
26.(шен букъ т1ехь) Дийна берш а , (шен кийрахь) белларш а ?
27.Оха ма дира оцу лаьтта т1ехь лекха лаьмнаш а , шуна малийра мерза (теза) хи а
28.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
29.(керстане эра ду :) "Д1аг1о (х1инца) шаьш (дуьненахь) харцдеш хиллачуьнга (жоьжахатан ц1ерга)" ,
30."Д1аг1о , кхо дакъа долчу , (к1уран) 1индаг1е (бодане)" ,
31."(ша) 1индаг1е доцу , (я) ша (жоьжахатан) ц1арах хьалха ца воккхучу" ,
32.Баккъалла а цо (жоьжахатан ц1еро) кхуьйсу г1аланаш (гуьйригаш) санна (даккхий) суьйнаш
33.Баккъалла а шаьш долуш санна , можа бос беттало 1аьржа эмкалш (я х1орд-кеман машшаш)
34.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
35.Х1ара (къемат де) уьш бист ца хуьлу де ду
36.(я) Пурба лур дац цаьрна бехказа бовла
37.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
38.Х1ара (бакъо-харцо) къасторан де ду , Оха гулдина шу а , (шул) хьалха хилларш а
39.Шай (х1окху Сан 1азапах хьалха довла) х1илла делахь , леладе иза Суна дуьхьал
40.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
41.Баккъалла а (шайн декхарш кхочуш дарци Делах) кхоьруш берш (ялсамани диттийн) 1индаг1ехь а , шовданашкахь а ,
42.Шаьш сатесначу стоьмашкахь а хир бу
43.(цаьрга эра ду :) "Даъа , мала (г1оза) аьхна (хила шун дакъа) , аша деш хилчуна (диканна) дуьхьал
44.Баккъалла а , Оха иштта бекхам бо дика дечаьрна
45.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
46.(Дала олу къемат де харц дечаьрга :) "Даъа , дика хьега к1еззиг (йолчу дуьнена заманахь) , баккъалла а шу къинош дийраш ду"
47.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
48.Цаьрга аьлчи : "Руку1 (ламаз) де" , (кураллийца юхакхетий) ца до цара руку1 (ламаз)
49.Сийсазвен 1азап ду оцу (къемат) дийнахь , (бакъ дерг) харцдечаьрна
50.Муьлхачу къамелах тешар бу уьш , цул (къоранах ца тешначул) т1аьхьа ?!