Тидар


78 - Cурат Аннабаъ (Хабар , хаъам)
(Маккахь доьссина , 40 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Х1ун ду цара вовшашка хоьттург (къобал дар доцуш) ?!
2.Боккха хаъам бу (хабар ду) и . (къемат де , сийлахь къур-ан , белларш г1овтор)
3.Уьш (адам) шен хьокъехь биэкъа белла (тешарш , ца тешарш хилла)
4.Духа довла оцу шеконах , харц дарх ! Царна хаъне а хуъур ма ду
5.Т1аккха а (ч1аг1 ма до аса) , царна хаъне а хуъур ма ду (шайна хиндерг)
6.Латта ца дина Оха (Аллах1а) царна мотт санна аьхна , (муьт1ахь , дахарна парг1ат) ?!,
7.Лаьмнех хьостамий (хьекхий , г1ортолаш) , (оцу латтана)
8.Шу ма кхоьллина оха сте а , боьрша а (вовшех марзо эцийта , т1аьхьло хилийта)
9.Сада1арна наб елла (дуьнена белхех д1ахедаш)
10.Хьуламна (парг1ат довла) буьйса елла (дег1 хьулдо бедар хьесапехь)
11.Рицкъа лаха де делла
12.Нуьцкъала , кхачаме варх1 стигал шуна т1оьхала (тхов бина) йоьг1на
13.Серлонна къегина чиркх (санна малх) белла
14.Дог1анех юьзначу мархашкара шорта , цахеда дог1а даийтана
15.Шеца Оха х1у (буьртиг) а , сено а ,
16.Луьста бешмаш а йолуьйташ долу
17.Баккъалла а , къастаман де (къематан де) хан тоьхна ма ду
18.Оцу дийнахь (Исрафил-малийко шен) зурмачу (ц1узанчу) х1уфф аьлла , г1овтийна тобанашкахь дог1ар ду шу
19.Стигланаш йиллина (малийкаш чу дисса) некъаш дехкана (ковнаш хилла)
20.Лаьмнаш д1атилийна г1аларт (б1алг1а) бен ца дуьсаш
21.Баккъалла а жоьжахате к1ело хилла (к1ела хиъна) 1аьш ю
22.Зулам дайшна боьрза меттиг (х1усам) хилла
23.Оцу чохь 1ийр бу уьш чаккхе йоцуш
24.Дег1ера йовхо яйъа шийла хи доцуш , кийра шелбан малар доцуш
25.Ша кхоьхка хи а , жоьжахата ох1лан ноткъа а (хьацар а , б1аьрхиш а бен) доцуриг
26.Бог1аш бекхам бу иза (церан 1амалашца)
27.Баккъалла а уьш бацара хьесап хирг хиларх тешаш
28.Тхан (Аллах1а) аяташ (билгалонаш) харц дира цара х1уьттаренца
29.Массо а х1ума (лайн 1амалаш) д1аяздина (лардина) Оха (Аллах1а)
30.(жоьжахатан ох1лане эра ду) : "1овша аша шайн хало , 1азап совдаккхар доцург кхин т1екхета х1ума дац шуна" аьлла .
31.Баккъалла а , Делах кхерарна , декъала хилла чарна толам бу (ялсаманехь)
32.Бошмаш а , кемсаш а ,
33.Кхиъна бог1у (ялсаманийн) мехкарий а ,
34.(ялсаманийн) Маларха буьзна кад а баларца
35.Оцу чохь царна хезар дац пайден доцу эрна хабар а , аьшпаш (пуьташ) а
36.Хьан Дала шен къинхетамца , коьмаьршонца бина кхачаме а , шорта а болу бекхам бу иза
37.Стигланий а , лаьттий а , оцу юкъахь мелдолчу х1уманний а къинхетаме Дела ву иза . Цуьни пурбанци бен вист хила йиш йолуш вац цхьа а (ял сов яккхар , ле бала д1аъайбар доьхаш)
38.Массо а синош , малийкаш мог1анашкахь (Далла хьалха) д1ах1уьттучу (къемата) дийнахь , къинхетаме Дала пурба делларг а , бакъона дош (Аллах1 воцуриг дела вац) аьлларг а бен вист хира вац
39.И де (хилар шеко йоцуш) бакъ ду . Ткъа шена лаьачо Далла т1е боьда некъ лоцур (хоржур) бу (лиэлийна чуна дохко валарца)
40.Баккъалла а Оха (Аллах1а) д1ахаийтина шуна 1азап (къемат де) герга хилар , оцу дийнахь стагана д1агойтур ю цуо мел йина (дика , вуон , шира , керла )1амалаш , т1аккха керстано эра ду : "Латта хил делар ша " аьлла (шен хиндолу 1азап гичи) .