Тидар


80 - Сурат 1абаса (Юьхь-марш хабийна)
(Маккахь доьссина , 42 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Реза воцуш йоьхь-марш хабийна , букътоьхна д1авирзи (Элча)
2.И б1аьрзе (Къайсан к1ант 1амр) ша волча варна (ша юкъар ваккхарна)
3.Хьуна (х1ай сийдолу Мухьаммад) х1ун хаъа , ц1ан валарехь сов вала ма тар ло иза
4.Ле хьехамах г1олий пайда эца ма тарлора цо
5.Амма хьолан дена (ахьа деанарг оьшуш воцчу)
6.Т1е ма вирзи хьо (цуьни иймане дог дохуш)
7.Хьо жоьпе ма вац цуьни ц1анонах
8.Амма хьо волче хьаьдна веанарг ( 1илманехь сов вала лаам болуш)
9.Делах ша кхоьраш ва волуш
10.Иза тесна ма вити ахьа терго ца еш (кхечунца хьо д1алаьцна)
11.И тайпа х1ума кхи ма делахь . Баккъалла а , х1ара аяташ хьехам , (кхетам) бу , (бакъо цхьатерра , къестамаш боцуш д1акховдо езар весет ду)
12.Шена луачо пайда оьцар бу
13.Лерамечу тептаршкахь ду и (аяташ , хьехамаш)
14.Далла гергахь еза меттиг йолуш , (эшамах , т1етохарха , боьхачух) шаьш ц1ена долуш
15.(шаьш адамашна т1едиссийна) Маликийн карахула
16.Лераме , Далла муьт1ахь долчу .
17.Дала шен къинхетаман гена даьккхина и (харц луьй) адам , ма ч1ог1а дукха цуьни керстаналла
18.Дала стенах кхоьллина и (хаий цуна) ?!
19.(сте , боьрша) Т1адамах кхолла а кхоьллина , хан-зама , рицкъа делла
20.Цул т1ехьа могаш-маьрша нена кийрара ара маваьккхана иза
21.Т1аккха , хан-зама чекх яьлча са эцна латте ма верзийна
22.Цул т1ехьа шена лаьачу хенахь (къемата дийнахь) г1атта мавина (ден вина)
23.Духа дала адам керстаналлах ! Дала шена т1едиллинарг дина ма дац цо х1инц-цалца
24.Шен кхачане хьажийла и адам (ойла ярца)
25.Стиглара дог1а даийтина оха (Аллах1а) шорта (1анийна)
26.Т1аккха латта декъна д1асадахийтана
27.Массо а кепара буьртигаш (х1уш)
28.Кемсаш , сийна бецаш (хасстоьмаш)
29.Зайт (даьтта) , хурма (бес-бесара)
30.Яккхий , луьста бошмаш
31.Стоьмаш , хьайбана даъарш (алаш ...) хьала довлуьйташ
32.Зовкх хьегийта , шоьга а , шун хьайбанашка а
33.Ткъа къематан де деача (лергаш къора дечу ц1ог1анца) ,
34.Дера ду и де , стаг (адам) шен вешех ,
35.Ненах , дех
36.Зудчух , доьзалх водар (къаьхкар) волу (хала) де ,
37.Оцу дийнахь , массо а стаг (адам) шен балхо (хьоло) д1алаьцна хир ву (шен синехьа дирзана , кхечунца бала кхачар доцаш) .
38.Юьхьмаш нуьре йолуш
39.Бела белла , бекхабелла , кхаьънаш дохуш хир бу оцу дийнахь (цхьаберш)
40.Бос байна (сийсаз хиларна)
41.Юьхь 1аьржа хир бу оцу дийнахь (кхиберш)
42.Ткъа уьш , дегнаш керста долуш , 1амалаш 1еса йолуш хилларш бу