Тидар


82 - Сурат Альинфит1ар ( Екъаялар)
(Маккахь доьссина , 19 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Стигал екъаелча (къемат де х1оттарна)
2.Седарчий охьаэгна , даьржина д1адахча
3.Х1ордаш ийна д1адахча (дозанаш дохарна)
4.Кешнаш меттах даьхча (белларш г1овтарна)
5.Т1аккха хаар ду адамана ша динарг а , дитанарг а
6.Х1ай адам ! хьо сте 1ехийна , ледина , майра даьккхина хьайн Далла 1еса хиллал ?!
7.Хьо кхолла а кхоьллина , хаза меженаш а , кхачаме дег1 а делла
8.Шена лаьачу сибтехь хьуна куц делла волу
9.Х1а -х1а , бакъ долуш , къемат де (бекхам де) харц до аша (1еха делла лела шу)
10.Баккъалла а , 1уналла да т1ех1иттийна малийкаш ду шуна
11.Лераме шаьш долу , шун 1амалаш д1аязъеш
12.Аша мел лелораг шайна хаъаш ду уьш
13.Баккъалла а , бакъона дай зовкхехь хир бу (хазахетарехь , дика хьегарехь)
14.Ткъа харцона дай , баккъалла а , жоьжахатан ц1аргахь хир бу
15.Къемата дийнахь оцу чу шаьш г1ур болуш
16.Оцу чура арабевлла шаьш (1азапан) юкъар бевр боцуш
17.Иза х1ун де ду мукъане хаий хьуна ?!
18.Т1аккха а , оцу дийна луьралла хаий хьуна ?!
19.Цхьанне а дег1а ша санна долчу дег1ана да г1о ( да амал , лаца дакъа ) доцу де ду иза (Дела пурбанца , лаъамца бен) . Массо а х1уман мукъ (болх) Дела карахь бу оцу дийнахь