Тидар


83 - Сурат Альмут1аффифийна (Терза нийса цалелораш , эшораш)
(Маккахь доьссина , 36 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Шаьш чохь 1азап хьоьгар долу жоьжахатан боьр кечбина Дала , терза (юстар) нийса цалелочарна
2.Наха шайна терза оьзча шайн хьакъ (сов ) схьаоьцаш
3.Шаьш нахана терза оьзча церан хьакъ эшош болчу
4.Шаьш г1овтор хиларх ца теша уьш (ца кхоьра уьш)
5.Буьрсачу (доккхачу) (къемата) денахь
6.Адам г1оттара (д1ах1уттара) долчу денах , 1аламаш кхиош , кхобуш волчу Далла хьалха
7.Юхадовла неха хьакъ даарха ! Баккъалла а , харцона дай боьрза меттиг готта набахта ю шуна , (церан тептарш оцу чохь хир ма ду)
8.Оцу набахтан хьал хаъа мукъане хаий хьуна ?! (боккха болх бу иза , даиманна хир йолу набахта ю иза , лазош хиндолу 1азап ду иза)
9.Билгало йина (мух1ар тоьхна) ду церан тептараш (1амалаш вуо хилар)
10.Ма 1азап хир дукха оцу (къемата) денахь иза харц диначарна
11.Шаьш иза х1уттарг хиларха цатешаш хилла болу
12.Ткъа иза къобал ца дийраг ша хьарам дерг лелош , дуьйцаш верг бен вац
13.Цул совнаг1а , шена гергахь (къур-ан) аяташ дешчи , "Хьалха баханчеран туьйранаш ду уьш " олу цо
14.Духа довла харцо кхолларха , аларха ! Бакъ долуш , дегнаш т1е макх лаьцна (к1урз биллина , пардо лаьцна) церан къинош дукха хиларна
15.Сам довла ! Баккъалла а , царна а , Далла а юкъахь пардо хир ма ду , царна иза ган йиш йоцуш (Дела диканах хаьдда хир бу уьш)
16.Цул совнаг1а , бакъ долуш уьш жоьжахате г1ур ма бу (16)
17.Т1аккха царга эра ду : "Х1ара дара шуна аша харц динарш!"
18.Шеко йоцуш , баккъалла а , бакъона дай боьрза меттиг доза доца ялсаманеш ма ю . (церан тептарш оцу чохь хир ма ду)
19.Цун хазалла , дикалла хаий хьуна ! (б1аьргана гина доцуриг , лергана хезна доцуриг , адамана дага деана доцуриг хир ду оцу чохь)
20.Билгало йина (МухIар тоьхна) ду церан тептарш (1амалаш дика хилар)
21.Сийлахь , деза маликаш теш хир ду уьш яздечу хенахь
22.Баккъалла а , бакъона дайша ялсаманий дика хьоьгар ду
23.Исбаьхьа кечдинчу маьнгеш т1ехь тевжина , Дала шайна кечдина цкъа а къачор доцчу дикане (совг1аташка) хьоьжар бу уьш (ишта везачу Деле а)
24.Церан йоьхьмашка хьо хьаьжча гур бар хьуна уьш биэла белла , бекхабелла , г1ад бахана , хазчу басахь , нуьре лепаш йоьхьмаш йолуш хьоьгачу диканна
25.Ялсаманий ц1ена , тоьлла малар муьйлаш (цара бен даста йиш йоцуш , мух1ар тоьхна)
26.Бетера д1адаьккхича миск хьожа етталуш (мискаца эдина ша долуш) . Ша къовсачо оцу дикане кхача къовсийла
27.Оцу малар кечдар , ялсаманийн ох1лана маларха уггаре тоьллачух ду
28.Далла т1ех герга болчарна мала т1ех ц1ена долуш , иэдина доцу шовда хир ду
29.Баккъалла а , зулам дай (дуьненахь шаьш болуш) бусалба нахах цабашарца боьлар
30.Шаьш бусалба нахана уллехула чекх бовлаш , царах кхаьрдаш вовшашка б1аьргаш те1абора , муьшкаш йора цара
31.Шайн х1усамашка бирзача , шайн мел оьшуриг долшнехьа , оцу бусалбанех шайн кхардарха баккхий буьйша боьрза уьш
32.Ткъа уьш (бусалбанаш) шайна гича , "Баккъалла а тилла бу х1орш " алар цара
33.Цара лиэлочунна а , олучунна а 1уналла да (векал бина) бахкийтана ма бацар уьш
34.Ткъа тахана (къемата дена) , бусалбанаш боьлар бу керстанах (церан белар дуьхьал)
35.Шайн исбаьхьа кечдинчу маьнгеш т1ийра д1ахьоьжаш(везачу шайн Деле)
36.Карийн ткъа керстана (шайн кхардар , цабашар , биэлар) бекхам ?! (Дера кара ма би) .