Тидар


84 - Сурат Альиншикъакъ (Ят1ар , екъаялар)
(Маккахь доьссина , 25 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Cтигал яьт1на д1аяхча (къемат де х1оттарна)
2.Дела омарга ладоьг1на (муьт1ахь хилла) , ладог1а ша хьакъ (декхар) йолу
3.Латта даржийча (озийна ц1ока санна)
4.Шен кийрахь мелдерг ара тесна парг1ат даьлла
5.Дела омарга ладоьг1на (муьт1ахь хилла) , ладог1а ша хьакъ (декхар) долу
6.Х1ай адам ! Баккъалла а къахьоьгаш ду хьо 1амал ярца , Далла дуьхьал дахарехь , хьайн 1амалан бекхам карор бу хьуна (диканна диканца , вуонна та1зарца)
7.Амма шен тептар аьтто куьйга делларг
8.Цуна хьесап ч1ог1а атта (дай) хир ду
9.Воккха вуьйш воьрзар ву иза шен доьзале (ялсамане)
10.Амма шен тептар букъ т1ехьахула (аьрро куьйга) делларг
11.Х1аллак (эшамехь) хиликх ша бохуш мохь беттар бу цо
12.Жоьжахатан ц1арга г1ур ву иза (цуна йовхо 1овша)
13.Бакъ долуш вар иза шен доьзалехь (дуьненахь) самукъане (т1аьхьалона ойла яр доцуш , дег1а лаамах 1ехавелла)
14.Баккъалла а ша г1аттор вац (веллачул т1ехьа ден вина) моттара цуна
15.Бакъ ма ду ! (г1аттораг хилар) , Далла гуш , хааш ма ду (цо мел лелориг)
16.Ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а) ц1ечу тачанца (маьрк1ижа хенахь малх д1абузаш х1уттачу)
17.Буьйсанца а , шеначу цо мел хьулдиначунца а ,
18.Беттаца а , буьззина схьакхетча (ч1аг1о ма йо)
19.Халонна хьелаш т1ех1уьттар ма ду шуна (цхьаннах хьалха девлача кхиндерг т1ех1утташ)
20.Иймане х1унда цабог1у уьш (сте юхабетта уьш) ?!
21.Шайна къур-ан дешча сужуде х1унда ца г1о уьш (сий , лерам , хьурмат дарца)
22.Бакъ долуш , шаьш керстаналла диначарна , бакъдерг харц дар ц1ийрах доьлла
23.Аллах1 т1ех дика хааш (девзаш) ву цара гулдина вуонаш
24.Д1ахаийта царна (шийла кхаъ баккхарца) , (х1ай сийдолу Мухьаммад) лазош хиндолу 1азап хирг хилар (Дала кечдина)
25.Амма ийман диллана , дика 1амалаш йинчарна хедар йоцуш (хьесап доцуш) ял хир ю