Тидар


90 - Сурат Албалад (Шахьар , г1ала , мохк)
(Маккахь доьссина , 20 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам Да волчу .


1.Аса (Аллах1а) дуй буу (кхуллу) х1окху шахьарца (лерамечу Маккаца)
2.Шена чохь вехаш хьо волчу (х1ай сийдолу Мухьаммад) , (шена чохь мел долу х1ума хьуна хьанал долчу)
3.Деца - ненаца , церан т1аьхьенца , (Адам-пайхамар , цуьнан дикчу т1аьхьенца)
4.Баккъалла а , Оха (Аллах1а) адаман дуьненан дахар , эхарт халонашца (къинхьегамца) , баланашца дихкина (х1оьттина)
5.Адаманна моьтту-те шен даьхнех (шега) жоп доьхур дац (муха даьккхина , муха доьхкина ) , (я цхьаннен а ницкъ кхочур бац и деха)
6.Дукха (эрша) даьхни доьхкина ша олу цо (дазаллийна , сийлаллийна)
7.Ша цхьанне а (Аллах1ана) ца гина моьтту-те цунна (шен ният)
8.Цхьа хаза (хьажа) ши б1аьрг
9.(лебан , бийца , вистхила) мотт , (яарна , къамелана г1оьнна) ши балда ца делла Оха (Аллах1а) цунна ?!
10.Дика , во довзар т1ехь нис ма вина Оха иза
11.Ша декъала хир волчу (дикчу) новкъа т1ехь къахьегна делар цо ,
12.И муьлханиг бу хаий хьуна ?!
13.Лай маьрша ваккхар (олалла к1елар) ,
14.Я мацаллийн хало х1оьттинчу дийнахь кхача балар ,
15.Гергарчу байна (боберана),
16.Я дан амал доцчу мисканна ,
17.Т1аккха хуьлу иза , ийман а диллина , собарца весет а дина , къинхетаме хиларца весет динчарех
18.Ткъа уьш , бакъонан дай бу (аьттонан , беркатан дай)
19.Амма , Оха (Аллах1а) доссийначу къур-анан аяташца керста хилларш , харцонан (дакъазаллийн) дай бу уьш
20.Ч1аьг1на (арабовла йиш йоцуш ) жоьжахате хир ю царна