Тидар


91 - Сурат Ашшамс (Малх)
(Маккахь доьссина , 15 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетам да волчу .


1.Малхаца а , цуьнан серлонца а (садаьржаш кхета)
2.Беттаца а , малхана т1аьххье бог1учу (шен серло йохьуш)
3.Дийнаца а , малх гучу боккхучу
4.Буьйсанца а , малх къайла боккхучу
5.Стигалца а , и йоьг1начунца а ,
6.Латтаца а , и даржийнчунца а ,
7.Сица а , и кхачаме (суьртахь) кхоьллинчунца а
8.Дика (цун хазалла) , во (цун ирчалла) билгалдарца (чудиллина волчу) оцу сина , (оцу массо дагардинчунца ) ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а)
9.Бакъ долуш , декъала ма хилла шен са ц1ан динарг (Далла муьт1ахь хиларца)
10.Иштта бакъ долуш , дакъаза ма ваьлла шен са сийсаз динарг (1асаллийца)
11.Самуда (тайпано) харц вира (Дела геланча) шайн сонталла бахьан долуш
12.Шайха уггара дакъаза ваьлларг (шех б1о боьлла) г1аттарца (Дела омранна дуьхьал)
13.Дела элчано (Салихьа) элира цаьрга : "Ларлолаш Дала шайна (совг1ат дина) еллачу эмкална новкъахьовзам барха (урс хьакхарха) , шен хималар рожах (дийнах) йохаярха"
14.Амма цара харц дира цуьнан къамел (лацадуьйг1ар) , оцу эмкална (Дала ша т1улгах ялийтана йолу , билгало хилийта Шен элча бакъ хилар) урс хьаькхар цара .
Т1аккха Дала , церан къа бахьанна , шен 1азап доссийна , х1аллак бира уьш беригге (цхьатерра)
15.Иза (Аллах1) ца кхоьру (ша динчу та1азар) т1аьхьлонах (ша жоьпе озаварна)