Тидар


92 - Сурат Аллайл (Буьйса)
(Маккахь доьссина , 21 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Буьйсенца , шен бодано массо х1ума хьулъечу хена
2.Дийнаца , шен серлонца сирла даьллачу хена
3.Сте , боьрша кхоьллинчунца ч1аг1о ма йо аса (Аллах1а)
4.Баккъалла а , шун къахьегар (1амалаш) цхьатерра ма дац (дика , во ю)
5.Амма ша (шега ло аьлла долун закат) д1аделларг , (ша лелочуьнгахь Делах) кхийринарг ,
6.Бакъдинарг ялсамани (бекхам) хилар ,
7.Оха цуьнан аьтто бийр бу дикан т1ехь (ялсамане боьду некъ атта барца)
8.Амма ша б1аьрмацак (сутар) хилла (шегахь долчуна) , шен бахамах кхачо йинариг (Делах д1ахаьднариг)
9.Бакъо (эхартахь бекхам хилар) харц йинариг
10.Халонаш (сийсазло) хьерчор ю Оха (Аллах1а) цуьнан новкъа
11.Шен бахамо хьалхавоккхур вац иза велча (жоьжахате хьажийча)
12.Баккъалла а , тхуна т1ехь ду (Аллах1ан бакъо ю) хьанал , хьарам билгалдар
13.Иштта , баккъалла а , дуьне , эхарт Тхан (Делан) ду
14.Аса (Аллах1а) ларлолаш бехар шоьга , буьрса йогучу жоьжахатан ц1ерах ,
15.Дакъаза ваьлларг бен шена чуг1ур воцчу ,
16.Ша бакъо харц йина , Далла г1уллакх дарха букъ тоьхна волу
17.Амма Делах кхийринарг , жоьжахатан гена воккхур ву (ларвийр ву)
18.Даьхнех закат , саг1а луш , шен дег1ана , дохнана ц1ано лоьхуш волу
19.Цхьанненна а Далла гергахь диканца бекхам карор бац
20.Сийлахь-везачу шен Далла дуьхьа 1амал хилчунна а бен
21.Ткъа иза даггара реза хир ву (Дела дуьхьа 1амал йинарг)