Тидар


96 - Сурат Аль1алакъ (Детта ц1ий)
(Маккахь доьссина , 19 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Деша (х1ай сийдолу Мухьаммад) ! Хьо а , массо х1ума а кхоьллинчу Дела ц1арца
2.Адам кхоьллина Цо деттачу ц1ийрах (нена кийрахь)
3.Деша ! И хьан Дела т1ех (сов) комаьрша ву хьуна
4.Ша адаманна къолам-йоза 1амийна волу
5.Адаманна хаанза дерг хьехна , (довзийтана) Дала
6.Бакъ долуш , баккъалла а адамо Делан дозанаш хедадо (лар ца до)
7.Ша таро-бахам болуш хиларха 1ехалой
8.Баккъалла а , хьан Деле (х1ай сийдолу элча !) доьрзур ма ду адам (бекхамна)
9.Cхьавийцахь и (хьо) юхаветтарг (хьан некъаш хедориг)
10.Ламазна (хьо) лай маьрша ца вуьтург
11.Хьо (х1ай Абу Жах1ил) х1ун дан воллу ткъа , и (сийдолу Мухьаммад) ахьа юхаветташ верг (ламазах) нийсачу новкъа т1ехь хилча ?!,
12.Я Делах кхерарца омар (весет) деш хилча ?!
13.Хьо а (сийдолу Мухьаммад) , ахьа деанарг а харц дина , букъ тоьхна воьдучу
14.Цуна (Абу Жах1илна , цуьнах терачарна а) ца хаа ткъа , Аллах1ана ша (дийриг) гуш , (дуьйцург) хезаш вуй ?!
15.Бакъ долуш , иза ца сацахь (юха ца валахь) , (шен карзах валарха) Оха (Аллах1а) лацне а лоцур ма ву иза (Абу жах1ил ) к1ужал (б1аьштиг т1ера ник1апан) т1ийра (сийсаза , юьхь1аьржа х1отторца)
16.Къамелехь аьшпе волу , леларехь хат1е волу , к1ужал да (лоцур ву)
17.Цо кхайкхийла (к1ужал дас) тайпа-тукхам а , шен пхьоьг1а а орцаха
18.Оха (Аллах1а) кхойкхура (хьовсора) ма ду 1азап ло малийкаш
19.Бакъ долуш , (х1ай сийдолу Мухьаммад !) цунна муьт1ахь ма хила хьо, ламазан сужуд де , Далла герга хилар т1ехь къахьега .